Ма къа ду-кха, шен Далла дуьхьал куралла а йина, тиллачуьнан! Ма дагахьбаллам хир бу-кха, шен Делан омрина Iеса а хилла, телхиначунна!
Хастам бу АллахIана - вуьжуш воцучу а, виц луш воцучу а! Хастам бу АллахIана - вуьжуш воцучу а, виц луш воцучу а!
Хастам бу Аллах1ана - дийна волучу а, дахар латтош волучу а, наб кхеташ воцучу а, тишлуш воцучу а!
Сийлахь-Воккха, Лекха волу АллахI бакъ ву Шен къамелехь! Бакъ ву АллахI Шен къамелехь - буьйсанийн боданаша Ша гIорасиз ца веш волу! Бакъ ву Шен къамелехь лекха лаьмнаш кIоргенехь чIагIдина волу нуьцкъаллин Паччахь!
Хастам бу Цунна! Ма воккха ву и АллахI - къиношна гечдеш волу, церан дукхалле ца хьоьжуш! Хастам бу Цунна! Ма воккха ву и АллахI - къиношна гечдеш волу, церан дукхалле ца хьоьжуш! Хастам бу Цунна! Ма воккха ву и АллахI - къиношна гечдеш волу, церан дукхалле ца хьоьжуш!
ЛА ИЛАХIА ИЛЛАЛЛАХI – Дела вац, АллахI воцург! Оцу дешнашца дуьненчу довлу вай. Цаьрца дала а ле вай. Цаьрца АллахIна дуьхьал а кхетар ду вай. Цаьрца АллахIна дуьхьал а кхетар ду вай. Цаьрца АллахIна дуьхьал а кхетар ду вай. Уьйраш а тосу вай уьш бахьанехь.
Бакъ ву Ша Сийлахь – хьалхе йоцуш хьалхара волу, азаллехь дуьйна волуш волу АллахI. Шен къамелехь къиношна гечдеш волу а, гIалаташна къинтIера волуш волу а.
ЦIена ву вайн Дела кхачамбацарех а, сакхтех а. Нуьцкъала а, чIогIа а волу, кIадлуш а, хIуттуш а воцу.
Латта дIадаржийнарг а, лам чIагIбинарг а ву И Шен ницкъаца. Стигланаш а, латта а кхоьллинарг ву И. Бакъонца, тергам боцуш, вай тесна ца дитинарг а ву И. Цунна гучуьра къайла ца йолу чемхалг а - атагIи чохь а, я аренгахь а.
ЦIена ву И Сийлахь АллахI - Шен хьукматца массо а хIума кхоьллина волу, нийсо йина волу. Шен къамелехь бакъ ву Ша цхьаъ, цхьалха, Шех тоам болуш волу АллахI - Шен доьзалхо воцу, Ша дех-ненах вина а воцу. Цуьнга нийса нисван цхьа а вац.
АллахI бакъ ву Шен къамелехь - Шена наб озор а, Шех наб кхетар а ца кхуьуш волу. Цхьа а дела вац Цуьнца, цхьа накъост а вац Цуьнца. ГIорасиз ца во И лаьтта тIехь терахьо а, дукхалло а.
ЦIена ву И Сийлахь волу АллахI. ЦIена ву И Къинхетаме волу АллахI. Бакъ ву АллахI Шен къамелель - Ша нуьцкъала а, лекха а волу, лараме а, айвелла а волу. Массо а хIумано гойту Цуьнан сийлахь хилар, муьтIахь а хуьлу Цунна.
Стигал сацийна Цо - гIатта а йина. Латта дIасадаржийна Цо - шорта а дина. КIеж йохуш, духдуьйлу шовданаш даьхна Цо - царна чуьра хиш схьадуьйлуш.
Сийлахь волу Аллах1 бакъ ву! ХIордаш вовшах эдина волу - серсаш. Седарчий лоьлуьйтуш волу – ирх дахана. Мархаш лоьлуьйтуш волу - лакха айъелла. Нур нуьре дина волу - серло луш. ДогIа даийтина волу - Iанош.
Мусага къамел а дина - цунна хазийтина Цо. Ламанна гучу а ваьлла - и бохийна Цо.
Сийлахь волу Аллах1 ц1ена ву! Далар делла а, д1адоккхург дIадаьккхина а волу. Зен дина а, пайда бина а волу. Лург делла а, йолучух ваьккхина а волу. Дика довзийтина а, ШарIа юкъадаьккхина а волу. Вовшах къастийна а, вовшах тоьхна а волу. Цхьана дегIах шу кхоьллина волу, ненан кийрахь цхьаберш а, кошахь вуьш а болуш.
Сийлахь АллахI бакъ ву! Тоба къобалдеш а, гечдеш а, луш а волу. Шен воккхаллина вортанаш охьатаьIна волу. Халонаша Шен нуьцкъалла гайтина волу. Шен олаллина вортанаш муьтIахь хилла волу. Хьекъалан дайша, Шен исбаьхьачу говзаллехь тоьшаллаш а лехна, сацамна уьш тIебаьхкина волу.
Аллах1ана хастамца тасбихь деш ду стигалкъекъар а, мархаш а, ткъес а, йилбазгIала а, дитташ а, дийнаташ а.
Бахьанаш нисдинарг ву И. Жайна доссийнарг ву И. Шен халкъ кхоьллинарг ву И лаьттах. Къинна гечдийриг ву И. Тоба къабал дийриг ву И. Iазап чIогIа дерг ву И.
Кхин Дела вац, И бен. Къаьсттина Цунна тIетевжи со. Цуьнга верза а воьрзу со тобанца.
Бакъ ву Ша хаддаза Сийлахь верг! Бакъ ву Ша тоаме лоруш верг! Бакъ ву Шега богIучу нийсачу новкъа нисдийриг!
Бакъ ву АллахI! Мила ву АллахIал бакъдерг дуьйцун верг?
Бакъ ву АллахI! Бакъ бу цуьнан пайхамарш а. Бакъ ву АллахI - Ша цхьаъ а, нуьцкъала а волу, сийлахь-комаьрша волу, теш волу, гечдеш а, баркалле а, кIеда-мерза волу.
Ала: «АллахI бакъ ву Шен къамелехь, тIехьадаза ИбрахIиман динна».
Бакъ ву АллахI - сийлаллин, комаьршаллин, воккхаллин, паччахьаллин да Ша волу! Цуьнан ду исбаьхьа белхаш, даккхийра совгIаташ, къинхетамаш бар, ниIматаш далар, кхачам, тоам болуш хилар. Тасбихь до Цунна сий долчу малекаша а, дийнаташа а, сагалматаша а, мехаша а, мархаша, серлонаша а, боданаша а.
АллахI ву И - паччахь, веза, беркат Ша долу.
Вайн Дала - Ша хастор сийлахь долуш волчу - аьллачунна тIехь ду вай. Шен еза цIераш йолуш волчу, беркате Шен гIуллакхаш тайна долуш волчу.
Тоьшалла дина Цуьнан латтано а, стиглано а. Тоьшалла деш бист хилла Цуьнан элчанаш а. Цуьнан пайхамарш а бу теш. Аллах1а дина тоьшалла - кхин Дела ца хиларца, Ша воцург. Малекаша а, Iелимнаха а дина тоьшалла.
Нийсо латтош а ву И. Кхин Дела вац, хьукмате а, нуцкъала а волу, И бен. АллахIана гергахь дин – Ислам ду. Вай а ду тоьшалла деш - АллахIа а, Цуьнан малекаша а, Цуьнан халкъах болчу Iелимнаха а дина долу, хIай Iаламийн Дела!
ЦIена ву Шена муьтIахь хуьлу веза паччахь волу Аллах1. ЦIена ву АллахI - дечара доIа мел ди а. ЦIена ву АллахI - лаьтта тIехь леларг мел лела а. ЦIена ву АллахI - лено ламаз мел ди а, «Акбар» мел эли а. ЦIена ву АллахI - бIаьрхи хьадаран а, и Iанадахаран а барамехь. ЦIена ву АллахI - Iуьйранна сатасаран а, нур даржаран а барамехь.
ЦIена ву АллахI! Хастам бу АллахIана! Кхин Дела вац, АллахI бен. АллахI Воккха ву!
ЦIена ву стигалахь Шен Iарш ерг. ЦIена ву лаьтта тIехь Шен паччахьалла дерг. ЦIена ву хIорда чохь Шен некъ берг. ЦIена ву ялсамани чохь Шен къинхетам берг. ЦIена ву жоьжагIати чохь Шен Iазап дерг.
АллахI цIена ву! Хастам бу АллахIана! Кхин Дела вац, АллахI бен. АллахI Воккха ву!
Я АллахI! Айхьа нисбиначеран новкъа нисде Ахьа тхо. Айхьа гечдиначеран могIарехь гечде Ахьа тхуна. Тхан Iуналла де Ахьа - Айхьа Iуналла дечарна юкъахь. Беркат де Ахьа тхуна Айхьа деллачуьнгахь. Хьайн кхинхетамца кIелхьар даха Ахьа тхо. Тхоьх дIа а хьовзаде Ахьа Айхьа лерина долу вон.
Боккъалаъ, Хьо ву-кха сацам бийриг. Хьуна тIехь сацам бийриг вац-кха цхьа а. Ахьа доладийриг сийсаз ца хуьлу. Ахьа мостагIалла лелийнарг сийлахь ца хуьлу.
Тхан Дела! Беркате а, лекха а ву Хьо.
Я АллахI! Гечдар доьху оха Хьоьга - дерриге къиношна а, 1есаллина а. Хьоьца тоба а до оха.
Я АллахI! Хьайх кхерар ло Ахьа тхуна - хьайна Iеса хиларх тхо духа тухун долу. Хьайна муьтIахь хилар а ло Ахьа тхуна - цо тхо Хьан ялсамани чу кхачор долу. Даггара долу Хьайх тешар а ло Ахьа тхуна - дуьненан баланаш цо тхуна байн бийр болу.
Я АллахI! Пайда эцар а ло Ахьа тхуна тхайн хазарх а, гарх а, ницкъах а - Айхьа тхо дийна латточу массо а хенахь. Тхоьгара верасашна кхочург а хилийта Ахьа иза. Оха чIир лехар тхуна зулам диначуьнгара хилийта Ахьа. Динехь дакъаздовлар ма хилийта Ахьа тхан. Тхан коьрта лазам ма хилийта Ахьа - дуьне а, тхан кхетаман барам а. Я тхан доьрзу меттиг жоьжагIати а ма е Ахьа. Ялсамани е Ахьа тхан хIусам.
Тхан къинош бахьанехь тхуна тIе ма таса Ахьа тхан хьокъехь Хьайх кхоьруш воцург а, тхоьца къинхетаме хир воцург а, Хьайн къинхетамца, хIай къинхетам беш верг!
Лайлакъадаран (лайлатул-къадран) буьйсанан йоле кхачаде Ахьа тхо! Лайлакъадаран буьйсанан йоле кхачаде Ахьа тхо! Лайлакъадаран буьйсанан йоле кхачаде Ахьа тхо! Лайлакъадаран буьйсанан йоле кхачаде Ахьа тхо!
Я АллахI! Гечдеш а, комаьрша а, гечдар дезаш а ву Хьо - гечдехьа тхуна! Я АллахI! Гечдеш а, комаьрша а, гечдар дезаш а ву Хьо - гечдехьа тхуна! Я АллахI! Гечдеш а, комаьрша а, гечдар дезаш а ву Хьо - гечдехьа тхуна, хьайн къинхетамаца, хIай къинхетам беш верг!
Я АллахI! Тахана КъурIан дешна даккхар хилийта Ахьа беркате а, пайдехь а дешар, хIай Iаламийн Дела!
Я АллахI! И бахьанехь ялсаманешка кхачаде Ахьа тхо. И бахьанехь лакхара даржаш а ло Ахьа тхуна. И дешар бахьанехь тхайн къинойх а цIанде Ахьа тхо. И бахьанехь тхан гIалаташна а гечде Ахьа, хIай тхан дола дийриг, хIай Iаламийн Дела!
Я АллахI! Хьан КъурIан дерриге дешна доккхучохь хилла тхо. Хьан неIарехь гор хIиттийна оха тхайн дегнаш - Хьан къинхетаме сатуьйсуш а, Хьан Iазапах кхоьруш а.
Я Аллах1! Тхан Дела! Ахьа тхо дIатасахь - мила ву тхуна тIетовжа? Ахьа тхо Хьайх гена дахахь - мила ву тхо гергадалон?
Я Аллах1! Тхан Дела! Тхан къинош хьалаоьху Хьоьга. Хьан къинхетам охьаоьху тхоьга, хIай массеран Дела, хIай массо паччахьийн Паччахь!
Я АллахI! ХIара доIа, хIара дехаран аьзнаш, хIара белхарш, хIара ламаз – х1окху Рамазан баттахь дерриге КъурIан дешна чекхдаккхар ду-кха.
Я АллахI! ХIара тхан бутт Хьайна реза хиларца а, Хьайн жоьжагIатех хьалха дитарца а берзабе Ахьа, хIай Iаламийн Дела!
Я АллахI! Тхан Дела! Тхо де Ахьа марханаш кхаьбначарех, КъурIан дешначарех, КъурIано ялсаманешкахь уггаре лакхарчу дарже лакхабаьхначарех. Тхо ма де Ахьа, КъурIан а дешна, и бахьанехь жоьжагIате кхийсиначарех, хIай Iаламийн Дела!
Я АллахI! Хьо хьал долуш ву-кха, тхо пекъарш ду-кха. Хьо нуьцкъала верг ву-кха, тхо гIийла ду-кха.
Я АллахI! Оха доьху Хьоьга - мискачу наха ма деххара. Оха доьху Хьоьга - Хьоьх кхоьручара ма деххара. Шен дуккхаъ къинош долчо Хьан дикане сатуьйсуш ма деххара. Шен диканаш кIеззиг бен доцчо ма деххара. 1есалло хьулвиначо ма деххара. Хьо воцург къинхетам бан цхьа а ца карийначо санна. Хьо бен гIоьнча ца карийначо сана, хIай къинхетам бийриг! ХIай Iаламийн Дела! ХIай Хьайн комаьршалла шорта ерг! ХIай Хьайн гечдар шорта дерг!
Я Аллах1! Тхан Дела! Тхайн къинош стигалан мархашка хьала кхаьчнехь а, оха дог дуьллур дац Хьан къинхетамах.
Я АллахI! Хьалха йита Ахьа тхан а, тхан дайн а вортанаш жоьжагIатин цIарах. Я АллахI! Хьалха йита Ахьа тхан а, тхан дайн а вортанаш жоьжагIатин цIарах. Я АллахI! Хьалха йита Ахьа тхан а, тхан дайн а вортанаш жоьжагIатин цIарах.
Я АллахI! Шайн 1амалийн таьптарш ялсаманин лакхенехь долучийн мог1арехь хилийта Ахьа тхо. Тхан таьптар аьтто кара а кховдаде Ахьа, хIай Iаламийн Дела!
Я АллахI! Хьайн Iаршан IиндагI кIеллахь IиндагI де Ахьа тхуна - Хьайниг бен IиндагI хир доцучу дийнахь. Хьан юьхь бен яц-кха буха юьсун ерг.
Тхан пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Мухьаммадан ялсаманера Хьод хи маладе Ахьа тхуна - гIоза а, тамехь а долуш, цул тIахьа цкъа а хьаглур а доцуш, х1ай къинхетам бийриг!
Я АллахI! Рамазан баттана Iибадат диначарех ма де Ахьа тхо, Хьайна Iибадат дечарех де Ахьа тхо, хIай Iаламийн Дела!
Я АллахI! Айхьа церан марханаш а, буса гIиттар а къобал диначарех де Ахьа тхо. Айхьа церан къиношна а, бехкашна а гечдиначарех де Ахьа тхо. Айхьа къематдийнан кхерамах маьрша баьхначарех а, церан дог1маш а, даьIахкаш а жоьжагIатина хьарам йиначарех а де Ахьа тхо, Хьайн къинхетамца, хIай къинхетам бийриг!
Я АллахI! Сийлахь КъурIан тхан дегнашна бIаьсте е Ахьа, тхан дегнашна дарба а де Ахьа, тхан гIайгIанаш дIайохург а де Ахьа, тхан сингаттамаш дIаайбийриг а де Ахьа.
Я Аллах1! Цуьнах тхуна дицделларг 1амаде Ахьа тхуна.
Я АллахI ШапаIат дайта Ахьа цуьнга къематдийнахь, хIай Iаламийн Дела!
Я АллахI! Хьайн новкъахь болчу муджахIидашна гIоде Ахьа массо меттехь а, хIай Iаламийн Дела!
Я АллахI! Тхан вежаршна гIоде Ахьа Боснехь а, ХIерсагехь а, хIай Iаламийн Дела!
Я АллахI! Церан когаш чIагIде Ахьа, церан нигаташ чIагIде Ахьа.
Я АллахI! Собар ло Ахьа царна шайга боьссина бала лан.
Я АллахI! Церан шахIидалла къобалде Ахьа.
Я АллахI! Церан хьокъехь бехказалло лоху оха Хьоьгахь, хIай Iаламийн Дела!
Я АллахI! Тхан карахь дац-кха доIа дар Бен. ХIара до1а а ду-кха оха тхайн вежаршна деш.
Я АллахI! Толам ло Ахьа царна шайн мостаг1чунна тIехь. Цара дечу жихIадан йолан декъах ма даха Ахьа тхо, хIай Iаламийн Дела!
Я АллахI! Дог вон болу сербаш хIаллакбе Ахьа.
Я АллахI! Цеста Ахьа уьш. Кхечарна масал де Ахьа уьш х1аллакьхилар, хIай Iаламийн Дела!
Я АллахI! ХIаманаца а, ПирIунаца а дIагулбе Ахьа уьш махьшаре, хIай Iаламийн Дела!
Я АллахI! Кхета масал де Ахьа уьш х1аллакбарх гIелоечарна а, зуламхошна а, хIай Iаламийн Дела!
Я АллахI! ГIоде Ахьа гIелонехь болчу бусалба нахана, хIай Iаламийн Дела!
Я АллахI! ДаIватхой арабаха Ахьа зуламхойн а, Iазапхойн а набахтешкара, хIай Iаламийн Дела!
Я АллахI! Х1окху цхьаьнакхеттачуьра дIаса ма дохийта Ахьа тхо - къиношна гечдина бен, баркалле къахьегна бен, къинойх ц1андина бен, дика Iамалш къобалйина бен, Хьайн къинхетамаца, хIай къинхетам бийриг!
Я АллахI! ХIокху тхо лаьттачу меттехь къа ма дита Ахьа тхан - Айхьа гечданза! ГIайгIа ма йита Ахьа - Айхьа дIаайъанза. Бала ма бита Ахьа - Айхьа дIабаккханза. Декхар ма дита Ахьа - Айхьа дIадала аьтто банза. Тилларг ма вита Ахьа - Айхьа нисванза. Жимстаг ма вита Ахьа - Айхьа бакъахьара ванза. Бале лаьцнарг ма вита Ахь - Айхьа могашалла яланза, ХIай къинхетам бийриг!
Я АллахI! Тхан бIаьргаш цIанде Ахьа ямартлонех, тхан меттанаш - харц лерах, тхан дегнаш - мунепикъаллех, тхан Iамалш - моттаргIанех, тхан даьхний - рибах, хIай Iаламийн Дела!
Я АллахI! Берриге беллачу бусалба нахана гечде Ахьа - Хьо цхьаъ хиларца тоьшалла дина хилла болучу, Хьайн пайхамар элча хиларца тоьшалла дина хилла болучу, оцу тIера хийца ца луш белла болучу.
Я АллахI! Гечде Ахьа царна, къинхетам а бе Ахьа царех, ирсе а бе Ахьа уьш, къинойх д1а а ц1анбе Ахьа уьш. Айхьа сий дина йолу Iан меттигаш а ло Ахьа царна, чубоьлху меттиг шор а е Ахьа церан. ЦIан а бе Ахьа уьш хица а, лайца а, шаца а. Къинойх а, Iесаллех а дIацIанбе Ахьа уьш - кIайн духар м1оданех д1а ма цIандарра.
Я АллахI! Хьайн къинхетам бе Ахьа тхоьх - уьш бирззинчу тхо дирзича.
Я АллахI! Бакъонна т1ехь чIагIде Ахьа тхо - тхоьга Iожалла еъначу хенахь, къинош Iа1ар а сецна, дохко дийларш диссинчу хенахь.
Я АллахI! Г1оьнча хила Хьо тхуна - зурманна чу хIуп аьллачу хенахь, кешнашкахь берш гIиттийна, Хьайга д1агулбечу хенахь. Тхан Дела! Хьоьга ю-кха доьрзийла.
Я АллахI! Тхан когаш совцаде Ахьа Суртан тIай тIехь. Я АллахI! Тхан когаш совцаде Ахьа Суртан тIай тIехь.
Я АллахI! Тхан кешнаш нуьре де Ахьа - кешнаш тхуна бодане х1иттиначу хенахь, тхайн хIусамех а, гIаланех а тхо къаьстиначу хенахь, хIай Iаламийн Дела!
Я АллахI! Айхьа тхан къинош а, сакхташ а дуьненахь хьул ма-дарра, къематдийнахь а хьулде Ахьа уьш - баланечу а, дохко дийр долучу а, тхоьх хIора адамна ша мел динарг шена хьалха гур долучу а дийнахь, Хьайн къинхетамаца, х1ай къинхетам бийриг!
Я АллахI! Къематдийнахь шайга кхойкхучарех де Ахьа тхо: «ГIоза-маьрша яа шайна, мала шайна - дIадаханчу деношкахь шаьш дина диканаш бахьанехь». Тхо ма де Ахьа цигахь шайга олучарехь: «К1орге гIо шайна жоьжаг1атин ц1ергахь, къамел а ма де Соьга». Хьайн къинхетамца хIай къинхетам бийриг!
Я АллахI! ХIара Рамазан баттах дIакъаьста де ду. Хьо ву-кха Рамазанан Дела а, дерриге беттанийн Дела а, хIай Iаламийн Дела!
Я АллахI! Тхо де Ахьа - Айхьа ялсаманешкахь къобал биначарех, жоьжагIатин цIарах хьалха битиначарех, хIай Iаламийн Дела!
Я АллахI! Тхан карахь хIара доIа дар ду-кха, жоп далар Хьоьгара ду-кха. ХIара оха дина тхайн ницкъ кхочург ду-кха, амма товжар Хьуна тIе ду-кха тхан.
ЦIена ву Хьо, Сийлаллин Дела, керстанаша дуьйцучух!
Маршо хуьлда элчанашна!
Хастам бу АллахIана - Iаламийн Дела волучу!
АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда вайн пайхамарна Мухьаммадана, цуьнан доьзална а, цуьнан асхьабашна а!
Гочдинарг: Турпалан кIант Фарукъ.