Массо зенах ларво, цIеххьана буссу бала а кхочур бац, цхьана хIумано зен а дийр дац | Iуьйранна а, суьранна а кхуз-кхузза | «БисмиллáхIиллазú лá йадурру маIасмихIú шаъун филъарди, ва лá фиссамáи, вахIувассамúIул Iалúм» |
Зенах меттигаш ларъеш, гезиган, муьлхха а кхин йолучу хIуманан дIаьвшана дуьхьало еш ду | Сарахь а, муьлхха а цхьана меттехь сецначо а кхузза | «АIýзу бикалимáтиллáхIит-«Тáммáти мин шарри мá холакъо»» |
Дуьненан а, эхартан а гIайгIанех хьалхаваккха кхачам болуш ду | Iуьйранна а, суьйранна а ворхI-ворхIазза | «ХьасбийаллóхIу, лáилáхIа иллá хIува, IалайхIи таваккалту, ва хIува роббул-Iаршил Iазúм» |
Иза резавар хьакъ ду АллахIана тIехь | Iуьйранна а, суьйранна а цкъацкъа | «Родийту биллáхIи роббан, ва билислáми дúнан, ва бимухьаммадин соллаллóхIу IалайхIи ва саллама набиййан» |
Iалашвен онда гIап ю. Цунна дуьхьал бIе дика яздо, бIе къинах цIанво, итт лай хьалха витаран ял ло. Базара ваьлча эзарза эзар дика а яздо цунна, эзарза эзар къа дIа а доккху цуьнан. Кхечу ривайатехь аьлла: «Ялсаманехь хIусам югIу цунна». | Iуьйранна а, суьйранна а уьтт-уьттазза, дийнахь бIозза я кхин а сов, базара юкъа волучу хенахь цкъа | «Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIу лá шарúка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду ва хIува Iалá кулли шайъин къадúр (базара юкъа вала лиъча, «лахIул хьамду» аьлча, цигар кхидIа тIеэра ду) йухьйи ва йумиту вахIува хьаййун ла йамуту бийадихIил хайру вахIува Iала кулли шайъин къадир» |
Сингатам, гIайгIа дIабоккхур бу цуьнгара, декхар такха аьтто карор бу цунна | Iуьйранна а, суьйранна а цкъацкъа | «АллóхIумма иннú аIýзу бика минал хIамми вал хьазани, ва аIузу бика минал Iажзи вал касали, ва аIузу бика минал жубни вал бухли, ва аIузу бика мин гIалабатиддайни, ва къахIриррижáл» |
ГIайгIа-баланаш дIаайбеш а, къиношна гечдеш а, и бахьанехь Мухьаммадан (салават, салам хуьлда цуна) шапаIат а хир ду | Барам боцуш ду, уггаре а кIезиг Iуьйранна а, суьйранна а уьт-уьттазза | Пайхамарна (салават, салам хуьлда цунна) дуккха а салаваташ дахкар, уггаре а дезаниг «ИбрахIиман салават» ду |
ШайтIанех а, кхиндолучу зенах а Iалашво, беркат дохьу | Массо ладаме хIума долош | «БисмиллахI» |
Ялсаманин хазна ю, дезткъе исс лазарна дарба ду, уггаре а дайниг гIайгIа а йолуш | Мел дешало а дешар | «Лахьавла вала къуввата илла биллахI» |
Оцу балано, бохамо, цамгаро лаца йиш яц иза | Цамгаро лаьцнарг а, бохам хилларг а, царех тераниг а гича | «Алхьамду лиллáхIиллазú Iáфáнú миммабталáка бихIи, ва фаддаланú Iалá касирин мимман холакъо тафдúла» |
Дуьззина цхьана дийнахь шайтIанех Iалашвийр ву иза | Маьждигана чу волучу хенахь цкъа доьшур ду | «АIузу биллахIил Iазим вабиважхIихIил карим васултIанихIил къадим минашшайтIанир ражим» |
Лачкъорах, хIаллакьхиларах доьзал а, даьхний а, кхиндерг а Iалашдеш ду | Iалашдан лууш долучу хIуманна тIехь цкъа доьшу | «АставдиIукумул-лахI аллази ла тадиIу вадаиIухIу» |
1. Дерриге зуькарш бакъ хьадисашкаара схьаэцна ду.
2. Денна доьшуш долу зуькарш - Iуьйра-ламаз диначул тIаьхьа а, малхбузал я маьркIажал тIаьхьа а доьшуш ду.
ДоIанаш гочдинарг: Турпалан кIант Фарукъ