9. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, (хIара дешнаш) алар: «ЦIена ву АллахI! Хастам бу АллахIана! Массо хIуманал воккха ву АллахI» («СубхьаналлахIи, валхьамду лиллахIи, валлохIу акбар») - суна дукхаха дезаш ма ду тIе малх кхетта мел долучу хIуманал а!».
10. Самурат ибн Жундуба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIна уггаре дукха деза дешнаш (хIара) диъ ду: «ЦIена (Сийлахь) ву АллахI! Хастам бу АллахIна! Кхин дела вац, АллахI воцург! Массо хIуманал Воккха ву АллахI!» («СубхьаналлахI! Валхьамду лиллахI! Ва лаилахIа иллаллахI! ВаллахIу акбар»). Царех хьалха муьлххарг аьлча а башхалла яц».
11. Саlд ибн Абу Ваккъаса (Аллахl реза хуьлда цунна) дийцина: (Цкъа) тхо Аллахlан элча (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волчахь долуш, цо элира: «Дийнахь эзар дика далур дарий шуьга цхьаннега а?» цуьнан къамелхошха цхьам элира: «Денна цхьацца эзар дика муха далур дара тхох (стаге)?!» - (тlаккха пайхамара, Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна,) элира: «(Дийнахь) бlозза (субхьаналлахl) олуш, Аллахlана тасбихь дахь, цунна - эзар дика а яздийра ду, эзара къих дlа а цlанвийра ву» (Муслим: 2698).
12. Хьарисан йоIа Жувайрийата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шега элира аьлла: «Хьо (йолучуьра со араваьллачул) тIаьхьа кхузза диъ дош аьлла аса. Амма дийнан юххьехь дуьйна ахьа мел баьхначу дешнашца дозаллехь (дуьстича), билггал, бакъдолуш (сан дешнаш царел а) дезаха хир ма дара! Аса аьлларг: «Сийлахь ву АллахI, хастам бу Цунна - Цо мел кхоьллина долучу хIуманан барамехь, И реза хиларан барамехь, Цуьнан Iаршан йозаллин барамехь, (и дIаязбан) Цуьнан дешнаш (дIаяздеш ма-эшшара, оццул дукха) шекъа оьшур долуш» («СубхьáналлóхIи ва бихьамдихIи, Iадада холкъихIи, ва ридó нафсихIи, ва зината IаршихIи, ва мидáда калимáтихI» (Муслим).
13. Саlд ибн Абу Ваккъаса (Аллахl реза хуьлда цунна) дийцина: Цкъа цхьана lаьрбочо Аллахlан элча (Аллахlера къинхетам а, маршо ахуьлда цунна) волча а веана, элира: «(Дела хьехош) баха дешнаш lамадехьа суна», - (Пайхамара, Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цуьнга элира: «Ала: «Кхин дела вац, цхьа Аллахl воцург, Шеца цхьан-цхьа накъост воцу, массо хlуманал дукхе-дукха воккха ву Аллахl, дукхе-дукха хастам бу Аллах1ана, сийлахь ву Аллахl – lаламийн дела волу! Цхьаьнгехь ницкъ а, гlор а дац, доллучунна ницкъ кхочуш, хьикмате волчу Аллахlехь бен!»» /Ла илахlа иллаллахlу вахьдахlу ла шарика лахlу. Аллахlу акбару кабиран, вал-хьамду лиллахlи касиран, ва субхьаналлахlи раббил lаламийн! Ва ла хьавла, ва ла къуввата илла биллахlил lазизил хьаким!/ (оцу lаьрбочо) аьлла: «Иза – сан дална ду, ткъа суна хlун ду?» (Пайхамара, Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Ала: «Я, Аллахl, гечдехьа суна, къинхетам бехьа сох, нийса новкъа нисвехьа со, lар-дахаран рицкъа а лохьа суна!» /Аллахlуммагlфирли, вархьамни, вахlдини, ва 1афини, варзукъни!/». (Муслим: 2696).
14. Ибн Масlуда (Аллахl реза хуьлда цунна) дийцина, Аллахlан элчано (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: Со стигала ваьккхиначу буса, Ибрахlимах кхитира со, хlетахь, цо элира соьга: «Х1ай, Мухьаммад, хьайн уммате салам-маршаллаъ ло соьгара, дlа а хаийта царна: «Ялсаманара латта – ниlмате (беркате) хилар, ткъа цигара хи – мерза хилар. (Ялсамане) ерриг шерра аре ю, ткъа цигахь доьгlна ораматаш – «Сийлахь ву Аллахl!» /Субхьаналлахl/, «Аллахlана хастам бу!» /алхьамду лиллахl/, «Кхин дела вац, Аллах1 воцург!» /ла илахlа иллаллахl/, «Аллахl массо х1уманал воккха ву!» /Аллахlу акбар/ боху дешнаш ду»». (хlара хьадис далийнарг Тирмизи: 3458, оццо дика хьадис ду аьлла хlара).