Сийлахь-везачу Аллахlа аьлла: (Тесбаьхь дарца сийлахь ве Иза буьйсанна а, седарчий къайладовлучу хенахь а) (ат-Тlур: 49).
Сийлахь-везачу Аллахlа аьлла: (Сийлахь ве Аллахl, шеш суьйранга девлчи а, lуьйранга девлчи а) (ар-Рум: 17).
Сийлахь-везачу Аллахlа аьлла: (Ламаз де дийнан юьххьехь а, дийнан чаккхенгахь а. Баккъала а, дикачу гlуллакхаша, вонаш (къинош) д1адоху) (Хlуд: 114).
20. Шаддад бин Авса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(АллахIе) гечдар дехарехь эла-доIа - лайно (хIара дешнаш) алар ду: «Я, АллахI! Хьо - сан Дела ву. Хьо воцург, кхин дела а вац. Ахьа кхоьллина со, ткъа со - Хьан лай ву. Сайн ницкъ мел бу Хьан IахIданний, ваIданний тIехь хир ву со. Со ларве Ахьа аса диначу вонах! Со къера ву Ахьа сайна диначу диканна а, къера ву со сайн къинна а. Гечдехьа суна, хIунда аьлча, боккъалаъ, къиношна гечдийриг вац-кха Хьо бен!».
Ша суьйренга ваьлча и доlа дешнарг, нагахь цу буса лахь, ялсамане гlура ву. Ша lуьйранга ваьлча и доlа дешнарг, нагахь цу дийнахь лахь, ялсамане гlура ву.
21. Абу Хlурайрас (Аллахl реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) Абу Бакар ас-Сиддикъа (Аллахl реза хуьлда цунна) элира: «Хlай, Аллахан элча! lуьйранна а, суьйранна а аса хlун дешнаш ала деза хьехахьа суна», - х1етахь (Пайхамара, Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна,) элира: «Ала: «Я АллахI! ХIай къайлах дерг а, гучахь дерг а хууш верг! ХIай стигланаш а, латта а кхоьллина верг! ХIай массо хIуманан Дела, массо хIуманан Паччахь! Аса тоьшалла до Хьо воцург кхин дела цахиларца. Хьоьгара гIо лоьху аса сайн син вонах ларвала. ШайтIанан вонах а, цуьнан ширках а ларло со Хьоьца. Айса сайна вониг дарх а я айса и кхечу бусалбанна дарах а ларло со Хьоьца» /АллóхIумма IáлималгIайби вашшахIáдати, фáтIыроссамáвáти валъарди, робба кулли шайъин ва маликахIу, ашхIаду аллá илáхIа иллá анта, аIỳзу бика мин шарри нафси, ва мин шарришшайтIóни ва ширкихIú, ва ан акътарифа Iалá нафсú сýан, ав ажуррахIý илá муслимин/.
(Ткъа, цул т1аьхьа Пайхамара, Аллах1ера къинхетам а, маршо ахуьлда цунна,) элира: «И дешнаш (ала) lуьйранна, суьйранна, метта дlавуьжучу хенахь». (Абу Дауд: 5067, ат-Тирмизи: 3389, оццо «дика», «бакъ» хьадис ду а аьлла хlара).
22. lусман бин lаффана (Аллахl реза хуьлда цунна) дийцина, Аллахlан элчано (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Хlор lуьйранна а, хlор суьйранна а кхоккхаза хlара доlа дина волу (Аллахlан) муьлхха а лайна, цхьана а хlумано зен дан йиш яц: АллахIан цIарца - Шен цIарца хилча, лаьттахь а, стиглахь а долучу цхьана а хIумано зен ца деш волу. И – Хезаш, Хууш ву». /БисмиллáхIиллазú лá йадурру маIасмихIú шаъун филъарди, ва лá фиссамáи, вахIувассамиIул Iалúм/. (Абу Дауд: 5088, ат-Тирмизи: 3385, оццо «дика», «бакъ» хьадис ду а аьлла х1ара).
23. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIора Iуьйранна а, хIора суьйранна а хIокху тIаьхьара дешнаш аланза ца дуьтура: «Я АллахI! Аса ирс доьху Хьоьга – сайн кху дуьненахь, эхартахь. Я АллахI! Аса (массо баланех, цамгарех, военх ларвеш) ирс а, гечдар а доьху Хьоьга - сайн динехь а, сайн дуьненан гIуллакхашкахь а, сайн доьзалехь а, сайн бахамехь а. Я АллахI! Сан (вон) къайленаш къайлаяха Ахьа, кхерамех Iалашве Ахьа со. Я АллахI! Со ларве Ахьа хьалхашхула а, тIехьашхула а, аьтту агIорхула а, аьрру агIорхула а, тIехула а. Хьан Сийлахь-Воккхаллица ларло со - сайна бухахула цIеххьашха тешнабехк барах (со тешнабехкаца верах)!» /АллóхIумма иннú асъалукал Iафий фú динú, ва дунйáйа, ва ахIлú, ва малú. АллóхIуммастур Iавратú, ва áмин равIатú, вахьфазнú мин байни йадаййá, ва мин халфú, ва Iан йаминú, ва Iан шимáлú, ва мин фавкъú, ва áIузу биIазаматика ан угIтáла мин тахьтú») (хIара хьадис дийцина ан-Насаис, ибн Мажата, ткъа ал-Хьакима бакъ (сахьихь) ду аьлла хIара/.