64. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Папйхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен зударех цхьанна барт а баьккхина, ламаз а ца оьцуш, ламазе вахара» (ХIара хьадис далийнарг Ахьмад ву: 6/210. Ткъа ал-Бухарис гIийла хьадис ду аьлла хIара).
65. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шух муьлххачу а цхьанна шен кийрахь (къур-къур дарца я мох хьийзарца) сингаттам хьаьвзина хаалахь, и бахьанехь мох бели-те шен я ца бели-те аьлла, цуьнан шеко а кхоллалахь - маьждигна чуьра арамаволийла иза, шена я гIовгIа ца хазахь, я хьожа ца хаалахь» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 362).
66. ТIалкъ ибн Iалис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана стага Пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьда цунна) хаьттира: «Сайн Iовратах (куьг) кхетта сан». Я цо иштта хаьттира: «Стага ламаз эца дезий-те - нагахь цуьнан, ламазехь а волуш, шен Iоврат-меженах (куьг) кхеттехь?». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира: «Ца деза, хIунда аьлча иза хьан дегIах цхьа меже ю» (хIара хьадис далийнарш Ахьмад: 4/23, Абу Дауд: 182, ат-Тирмизи: 85, ан-Насаи: 165, ибн Мажа: 483. Ткъа ибн Хьиббана: 3/402 бакъ хьадис ду а аьлла хIара. Ал-Мадинис аьлла: хIара хьадис дикаха ду Бусрин хьадисал а).
67. Бусра бинт Сафвана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьда цунна) элира аьлла: «Шен Iоврат-меженах (куьг) хьакхаделлачо - ламаз эца деза» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 6/406, Абу Дауд: 181, ат-Тирмизи: 82, ан-Насаи: 447, ибн Мажа: 479. Ткъа ат-Тирмизис а, ибн Хьиббана а бакъ хьадис ду аьлла а хIара. Ал-Бухарис аьлла: хIара уггаре а бакъ хаам бу оцу хаттаран хьокъехь болучу хаамех).
68. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьда цунна) элира аьлла: «Нагахь цхьаъ Iеттийнехь, я цуьнан мерах цIий деанехь, я Iуьпаш яьхкинехь, я мазйу охьаIовдаеллехь - цо шен ламаз юкъара а даьккхина, вахана ламаз эца деза. Цул тIаьхьа (юкъарадаьккхиначунна тIера кхин дIа) шен ламаз чекхдаккха деза, оцу юккъехь къамелаш а ца деш» (ХIара хьадис далийнарг ибн Мажа: 1221. Ткъа Ахьмада а, кхин болучу динан Iилманчаша а гIийла ду аьлла хIара хьадис).
69. Жабир ибн Самурас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана стага Пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «УьстагIан жижиг диъча ламаз эца дезий аса?». Цо жоп делира: «Хьайна лаахь». Оцу стага юха а хаьттира: «Ткъа эмкалан жижиг диъча эца дезий аса ламаз?». Цо жоп делира: «Деза» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 360).
70. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьда цунна) элира аьлла: «Дакъа лийчийнарг луьйчийла. Велларг тIехь барам дIабаьхьначо ламаз оьцийла» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 9553, ат-Тирмизи: 993. Ткъа тIаьххьарачо дика хьадис ду а аьлла хIара).
Амма Ахьмада аьлла: «Оцу хаттаран хьокъехь цхьа-цхьаъ бакъ хаам бац».
71. IабдуллахI ибн Абу Бакра (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iамр ибн Хьазме дIахьийтиначу кехатахь яздина дара: «КъурIанах ма хьакхалойла цIенаниг бен» (ХIара хьадис, «мурсал» а долуш, далийна Малика: 468. Ан-Насаис а: 4853, ибн Хьиббана а: I4/504 дийна зIе ялийна хIокху хьадисан. Делахь а, къайладина сакхташ ду кхуьнан).
72. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) даима а хьехавора Сийлахь-Веза АллахI» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 373).
73. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цIий даьккхира. Цул тIаьхьа, ламаз а ца оьцуш, ламаз дира цо» (ХIара хьадис далийнарг ад-ДаракъутIни ву: 1/151. Оццо гIийла ду а аьлла хIара).
74. МуIавис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(Сема) бIаьрг гоьта тIекъовлучу тIийригах тера бу. Ткъа шина а бIаьрганна наб кхетча - и муш дIабастабелла бу» (хIара хьадис далийнарг Ахьмад ву: 4/97).
Ат-ТIабаранин ривайатехь аьлла: «Наб кхеттачо ламаз оьцийла» (ат-ТIабарани: 19/372).
Изза дешнаш Абу Дауда далийначу Iелин (АллахI реза хуьлда цунна) хьадисехь а ду. Делахь а, оцу хьадисехь хIара дешнаш доцуш ду: «…и муш дIабастабелла бу» (Абу Дауд: 203. Оцу далийначу ривайатийн зIенех дерг аьлча, ткъа и ший а зIе гIийла лерина ю).
Абу Дауда ибн Iаббасан (АлахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) хьадис далийна, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Вижина Iуьллуш наб йиначо ламаз эца дезаш ду» (Абу Дауд: 203. Хьадис дийциначеран зIе гIийла лоруш ю).
75. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ШайтIано, дан а деана, шух хьанна а ламазехь волучу хенахь гоан тIе мох тоха тарлуш ду, ткъа цунна шен кийрара мох арабаьлла а мотталуш, ша и арахецна боццушехь а. Нагахь шух цхьанна и хIума мотталахь - шен ламаз юкъахмадоккхийла цо, шена гIовгIа хаззалц я хьожа хааяллалц» (ХIара хьадис далийнарг ал-Баззар ву: 281. ХIокху хьадисан бух ал-Бухарис а: 137, Муслима а: 361 балийна, IабдуллахI ибн Зайдера (АллахI реза хуьлда цунна) бу аьлла. Кхин а ду цуьнах тера Муслима: 362 далийна хьадис, Абу ХIурайрера (АллахI реза хуьлда цунна) ду аьлла).
Цуьнах тера хьадис ал-Хьакима а далийна, амма Абу СаIида (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Нагахь шух муьлххачу а цхьанна, дан а деана, шайтIано дагчу тийсахь - хьан ламаз карара даьлла хьуна бохуш (хьан мох баьлла хьуна бохуш), ткъа цо жоп лойла цунна: «Аьшпаш буьтту ахьа!»» (ал-Хьаким: 134).
Ибн Хьиббанан ривайатехь аьлла: «…ткъа цо шен дагахь олийла…» (ибн Хьиббан: 2666).