26. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) рамадан баттахь гулдина сахьнаш Iалашдар тIедиллинера суна, ткъа (цхьа хан яьлча,) цига со волча а веана, канашкахь шена дуург схьаэца вуьйлира (цхьа стаг). Ткъа аса, схьаъ лаьцна, цуьнга элира: «Боккъала а, аса хьо АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIевуьгур ву!» Цо элира: «Бкъдолуш, къен стаг вара со, (дуккха а) бераш дара сан, чIогIа таро йоцуш вара со!» Ткъа аса дIахийцира иза, тIейогIучу Iуьранна АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира соьга: «Ва, Абу ХIурайра, хIун дира оцу хьан йийсархочо селхана?» Аса жоп делира: «ХIай, АллахIан элча, хьашт хилар далхийра цо, шен (дуккха а) бераш хилар а, тIаккха аса - къа а хетта, дIахийцира иза» (Пайхамара, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Бакъдолуш, пуьчаш бу цо хьуна боьттинарш, юха а вохур вухьуна и». Цундела, суна хьалххе хууш дара, иза юхавохур волуш вуйла, хIунда аьчла АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ма вара аьлларг: «Бакъдолуш, юха а вохур вухьуна и!», - хIета, кIелхиъна, цуьнга хьоьжуш Iан вуьйлира со. Цхьа хан яьлча, ван а веана, канашкахь шена дуург схьаэца волавелира и, ткъа аса – схьаъ лаьцна, цуьнга элира: «Боккъала а, аса хьо АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIевуьгур ву!» Цо элира: «ДIахецахьара ахь со. Бакъдолуш, къен стаг вара со, (дуккха а) бераш дара сан, кхин юха а вогIур вацхьуна со!» Ткъа аса къаъ хетта, дIахийцира иза. Юха Iуьранна АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира соьга: «Ва, Абу ХIурайра, хIун дира оцу хьан йийсархочо селхана?» Аса жоп делира: «ХIай, АллахIан элча, хьашт хилар далхийра цо, шен (дуккха а) бераш хилар а, ткъа аса - къа а хетта, дIахийцира и» (Пайхамара, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Бакъдолуш, пуьчаш бу цо хьуна боьттинарш, юха а вохур вухьуна и». Ткъа цул тIахьа а (хьалха санна) кIелахиъна, вогIу ларван вуьйлира со и, кхоазлагIа а ван веана, канашкахь шена дуург схьаэца вуьйлира и, ткъа схьаъ лаьцна, аса цуьнга элира: «Бакъдолуш, (хIинца-м) тIевуьгухьуна аса хьо АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), хIунда аьлча хIинца кхоазлаха олуш ду ахьа, хьо юха вохур вац, амма юха а вохе хьакхочу хьо!» (ТIаккха оцу стага) элира: «ДIахецахьа со, (цунна дуьхьала аса хьуна) цхьа дешнаш Iамор ду, АллахIа хьуна пайдехь догIу долу!» Аса хаьттира: «ХIун (дешнаш) ду уьш?» Цо элира: «Хьайна дIавижа метта вала ойла хилча, аятул-Курси деша: «АллахI – Дела вац, И воцург‚ Дийна, Дерриге латтош Вола…», - (дуьххьара дIа) чекхдаллалц, (нагахь ахь идешахь,) хьоьца цхьана хьо ларвеш АллахIан гергара ларвархо хир ву, шайтIа улле а гIорталур дац хьуна Iуьйре хиллалца!», - ткъа аса дIахийцира и, Iуьйранна АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира соьаг: «ХIун дира оцу хьан йийсархочо селхана?» Аса жоп делира: «ХIай, АллахIан элча, цо элира, ша суна дешнаш Iамор ду, АллахIа суна пайдехь ден долу, хIета аса дIахийцира и» (Пайхамара, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна,) хаьттира: «ХIун дешнаш дара уьш?» Аса жоп делира: «Цо элира соьга: Хьайна дIавижа метта вала лиъча, аятул-Курси деша, дуьххьара дIа чекхдаллалц: «АллахI – Дела вац, И воцург‚ Дийна, Дерриге латтош Вола…», - кхин а, оцу тIе элира цо сьга: «Хьоьца цхьана хьо ларвеш АллахIан гергара ларвархо хир ву, шайтIа улле а гIорталур дац хьуна Iуьйре хиллалца!» (Соьга лаъ доьхна,) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Баккъала а, бакъ лийна и хьоьга, ша пуьчашбуттург доллушехь а! Ткъа, оцу кхаа буса хьайца къамел динарг мила ву хиири хьуна, хIай, Абу ХIурайра?» Аса элира: «ХIан-хIа». (Пайхамара, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна,) элира: «ШайтIа дара и»». (Ал-Бухари: 5010).
27. Абу МасIуд ал-Бадрийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Буса «Бакъарат» суратан тIаьххьара долу ши аят дешначунна - и шиъ цунна кхачам боллуш хир ду» (Бухари: 5009, Муслим: 808).
28. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера салам, маршалла хуьлда цунна) элира аьлла: «Шайх цхьанна ша вижина Iачу меттара хьала а гIаьттина, (дехьа а ваьлла,) юханехьа дIавижа оцу (метта) вала лиъча, шен изаран йист хьокхуш, (шен мотта) дIабегабойла цо кхоазза, хIунда аьлча цунна ца хаьа, ша хьалагIаьттиначул тIаьхьа (шен метта) хIун (яьлла) хила тарло, ткъа цул тIаьхьа (хIара дешнаш) эра ду: «Сан дела! Хьан цIарца сайн агIо охьабуьллу аса, Хьан цIарца хьала а айбо аса и. Нагахь Айхьа сан са дIаэцахь – къинхетам бе Ахь цунах, нагахь Ахьа и суна чу юхадерзадахь – ларде Ахьа и, Айхьа Хьайн дика лаьш лар бечу хIуманан юкъараллица» /Бисмика робби вадаIту жанби, ва бика арфаIухI, фа ин амсакта нафси фархьамхIа, ва ин арсалтахIа фахьфазхIа бима тахьфазу бихIи Iибадакассолихьин/». (Ал-Бухари: 6320, Муслим: 2714).
Шух цхьаъ самавьалча ала: «Хастам бу АллахIана, суна могушалла еллачу, сан са суна юхаделлачу, суна Ша хьехон пурба деллачу» /Алхьамду лиллаI, аллази Iафани фи жсади, ва радда Iалаййа рухьи, ва азина ли бизикрихI/.
29. Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) шега а, ПетIматега а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) элира аьлла: «Шайна дIадийша метта довла лиъначу хенахь, /я шу шайн метта дIадийшича/: «Ткъе кхойттаза «АллахI массо хIуманал воккха ву» ала, - /АллахIу акбар/, Ткъе кхойттаза «Сийлахь ву АллахI» ала, - /СубхьаналлахI/, Ткъе кхойттаза «Хастам бу АллахIана» ала, - /алхьамду лиллахI/ ткъе кхойт-кхойттаза». (Ал-Бухари: 536I, Муслим: 2727).
(Оцу хьадисан) кхеча ривайатехь (дийцина, пайхамара, АллахIера салам, маршалла хуьлда цунна, элира аьлла): «…Ткъе доьйттазза «Сийлахь ву АллахI» ала, - /СубхьаналлахI/».
(Оцу хьадисан) кхоалгIа ривайатехь (дийцина, пайхамара, АллахIера салам, маршалла хуьлда цунна, элира аьлла): «…Ткъе доьйттазза «АллахI массо хIуманал воккха ву» ала, - /АллахIу акбар/».
30. Хьузайфа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера салават, салам хуьлда цунна) дIавижа лиъча, шен аьтто куьг коьрта кIел дуьлле, тIаккха алара: «Я, АллахI, Хьайн Iазапех ларве Ахь со, Айхьа Хьайн лайш денбечу дийнахь» /АллахIумма къини Iазабака, йавма табIасу Iибадака/. (ХIара хьадис далийнарг ат-Тирмизи: 3395, оццо дика хьадис ду а аьлла хIара).
Абу Дауда оццу хьадисан Хьафсас дийцина кхин ривайат далийна, (Пайхамара, АллахIера салват, салам хуьлда цунна,) лакхахь хьахийна долу дешнаш кхузза олуш дара, аьлла. (Абу Дауд: 5045).
31. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина , Пайхамара (АллахIера салват, салам хуьлда цунна) метт дIавижча, гуттара а алара: «АллахIан бу хастам, вай дузийначу, вайна хи малийначу, вай лардиначу, вайна Iойла (чугIойла) еллачу, ткъа мел ду-кха букха – ларбархо воцуш, Iойла (чугIойла) луш верг воцуш. /Алхьамду лиллахIи ал-лази атI-Iамана, ва сакъана, ва кафана, ва авана, факам мимман ла кафийа лахIу ва ла муъвийа!/». (ХIара хьадис далийнарг ат-Тирмизи: 2715, оццо дика хьадис ду а аьлла хIара).
32. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) цхьана стаге омар дира, метта охьавижинчул тIаьхьа (хIара дешнаш) ала аьлла: «Я, АллахI! Боккъалаъ, Хьо вукха сан са кхоьллинарг, Хьо вукха и (сан) са оьцу верг, Хьан карахь дукха цуьнан дахар а, Iожалла а. Нагахь Айхьа цуьнан дахар цунна юхалахь, ларде Ахь иза, ткъа нагахь Айхьа цуьнан Iожал яхь – гечде Ахь цунна. Я, АллахI, бакъдолуш, аса доьху Хоьга (массо тайпа вонах) хьалхаваккхар! /АллахIумма, иннака Анта халакъта нафси ва Анта татаваффахIа, лака маматухIа ва махьйахIа., Ин ахьйайтахIа фахьфазхIа, ва ин аматтахIа, фагIфир лахIа. АллахIумма, инни асъалукал-Iафийата!/».
33. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера салват, салам хуьлда цунна) ша дIавижа метта ваьлча, (хIара дешнаш) алара: «Я АллахI! ХIай стигланийн дела, лаьттан дела, доккхачу Iаршан дела! ХIай тхан а, массо хIуманан а дела, буьртиг а, хурманан лаг а кхиош верг! ХIай Таврат а, Инжил а, КъурIан а доссийна верг! Со Хьоьца ларло массо а хIуманан вонах – Хьан куьйга кIел ду и дерриг. Я АллахI! Хьо ву Хьалхарниг – Хьол хьалха хIуммаъ хилла дац. Хьо ву ТIаьххьараниг – Хьоьл тIаьхьа хIуммаъ хир долуш дац. Хьо ву Толаме верг – Хьоьл лекха хIуммаъ дац. Хьо ву Къайлах верг (къайлах дерг хууш верг) – Хьоьл герга хIуммаъ дац. Тхуна тIера декхар дIаткхахьа, мискаллех хьалха а дахахьа тхо! /АллахIумма, Раббас-самавати, ва Раббал-арди, ва Раббал-Iаршил-Iазыми, Раббана, ва Рабба кулли шайъин, фаликъал-хьабби ван-нава, муназзилат-Таврати, вал-Инжили, вал-Къуръани, аIузу бика мин шарри кулли зи шаррин Анта ахызун би-насыйатихIи! Антал-Аввалу фа-лайса къаблака шайъун, ва Антал-Ахыру, фа-лайса баIдака шайъун, ва Антз-ЗахIиру, фа-лайса фавкъака шайъун, ва Антал-БатIыну, фа-лайса дунака шайъун, акъды Iаннад-дайна ва агIнина минал-факъри!/». (Муслим: 5052, Абу Дауд: 5051, ат-Тирмизи: 3481, Ибн Мажа: 3873).
34. Ал-Бараъ ибн Iазиба (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, (цкъа) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шега элира аьлла: «Хьайна дIавижа (метта вала) лиъча, айхьа ламаз дале хьлха ма-эццара ламаз эца, цул тIаьхьа аьтто агIон тIе дIаъ виже, (хIара дешнаш) ала: «Я АллахI, Хьуна муьтIахь ди аса сайн са, Хьан кара бели аса сайн болх, Хьох тешна ву со – сайн лаъмаца а, Хьох кхерарца а! Хьох лочкъийла, я Хьох кIелхьарволийла а яц, Хьоьга (дерзар) бен! Хьан жайне иман дилли аса - Ахьа доссийначу, Хьан пайхамаре а – Ахьа ваийтиначу». /АллахIумма, асламту нафси ийлака, ва важжахIту важхIи илайка, ва фаввадту амри илайка, ва алжаъту захри илайка, рагIбатан ва рахIбатан илайка. Ла малжаа ва ла манжа минка илла илайка! аманту би-китабика аллази анзалта, ва би-набиййика аллази арсалта/ «Нагахь (цул тIаьхьа) оцу буса хьан Iожал хилахь, вечу хенахь хилла долу хьолехь валар хир ду хьан, ткъа (цундела) айхьа (хIора дийна чаккхенгахь) тIеххьара а олуш дерш хилийта и дешнаш». (Бухари: 6315, Муслим: 2710).