• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Опубликовано: 26 мая 2012

48. Анаса (Аллахl реза хуьлда цунна) дийцина, Аллахlан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) маьждиг чуволучу хенахь, алара: «Аллахlан цlарца! Я Аллахl, сийлахь-вазве Ахь Муьхьаммад», ткъа (маьждигера) араволучу хенахь, алара: «Аллахlан цlарца! Я, Аллахl, сийлахь-вазве Ахь Муьхьаммад». (хlара хьадис Ибн ас-Суннис даладо, шен «lамал ал-йоум вал-лайл» цlе йолучу жайнахь. Хьадисан лоьмар: 87). 

49. Абу Хьумайда я Абу Усайда (Аллахl реза хуьлда цаьршинна) дийцина, Аллахlан элчано (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шайх цхьаъ маьждиг чуволучу хенахь, пайхамарна (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) маршо а ехий, тlаккха (хlара дешнаш) ала: «Я, Аллахl! Хьайн къинхетаман неIарш дlаелла Ахьа суна! /Алла́хlумма ифтахь ли́ абва́ба рахьматика/» - маьждигера араволучу хенахь, (хIара дешнаш) ала: «Я, Аллахl! Хьайн къинхетам бар доьху ас Хьоьга! /Алла́хlумма инни́ асъалука мин фадлика/». (Муслим: 713, Абу Дауд: 465, ан-Насаи: 729, Ибн Мажа: 773, Ибн Хузайма: 1/231 (452), Ибн Хьиббан: 5/395 (2047)).

50. lабдуллахl ибн lамр ибн ал-lаса (Аллахl реза хуьлда цаьршинна) дийцина, маьждиг чуволучу хенахь пайхамара (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Неlалт дахначу шайтlанех ларло со Сийлахь-воккхачу Аллахlаца а, Цуьнан сийлахьчу юьхьаца а, Цуьнан даим долчу паччахьаллийца а» /Аlу́зу билла́хlил lази́ми, ва султlа́нихlил къади́ми, минаш шайтlа́нир ражими/. Пайхамара (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Стага и (дешнаш) аьлча, шайтlано олу: «Дерриг хlокху ден чохь сох ларвеш хир ву иза». (Абу Дауд: 466).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2025, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft