44. Анаса (Аллахl реза хуьлда цунна) дийцина, Аллахlан элчано (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: (нагахь шен хlусамера араволучо хlара дешнаш) алахь: «Аллахlан цlарца (араволу со)! Аллахlан тlе таваккал ди аса. Аддамехь я ницкъ бац, я гlор дац, сийлахь-везачу Аллахlехь бен. /Бисмиллахlи, таваккалту lалаллахlи, ва ла хьавла ва ла къуввата илла биллахl/», цуьнга олу: «(Хlокху дийна вонах) ларвина хьо, (массо зенах) кlелхьарваьккхина хьо, нийса новкъа а нисвина хьо», ткъа шайтlа гена а долу цунах. (Абу Дауд: 5059, ат-Тирмизи: 3426, Ибн Мажа: 3886).
(Оцу хьадисан) Абу Дауда далийначу ривайатехь, аьлла: (Цхьана шайтlано) вукхуьнга олу: «(Хьайн lалашо кхочуш) мичара ялур яра хьоьга, стаган тlехь, нийса новкъа нисвина а волу, (вонах) ларвина а волу, (зене мел долучух) к1елхьарваьккхина а волу?!».
45. Умм Салама (Аллахl реза хуьлда цунна) дийцина, шен хlусамера араволучу хенахь, пайхамара (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хlара дешнаш алара: «Аллахlан цlарца (араволу со)! Аллахlан тlе таваккал ди аса. Я, Аллахl! Боккъала а, Хьан lуналлийца ларло со тиларах а, со кхечо тилорах, сайгара гlалат далийтарах а, кхечара со гlалат ваккхарах, айса зулам дарах а, кхечара сайна зулам дарах, айса кхечаьрца кхетам боцучех терра сонта юкъаметтиг лелорах а, кхетам боцучара сайца лелорах а цу кепара сонта юкъаметтиг. /Бисмалахlи, таваккалту lалаллахlи! Аллахlумма, инни аlузу бика ан адылла ав удалла, ав азылла ав узалла, ав азлима ав узлима, ав ажхlала ав йужхlала lалаййа/». (Абу Дауд: 5094, ат-Тирмизи: 3427,
ан-Насаи: 5486, Ибн Мажа: 3884).