53. Абу Саlид ал-Худрис (Аллахl реза хуьлда цунна) дийцина, Аллахlан элчано (Аллах1ера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Муэззинан аз хезнарг милла
велахь а, хуьлда и жин, я адам, я кхин муьлхха а (кхоллам), цунна тешалла дийра
ду цара къематдийнахь». (Бухари: 609).
54. Абу СаIийд ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шайна ламазе беш кхайкхам хезча - муаззина олуш дерриг тIаьхьара ала» (Бухари: 611, Муслим: 383).
55. IабдуллахI Iамр бин ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Шайна моллалла кхойкхуш хезча - аша а ала, моллалла кхойкхучо олуш дерг тIаьхьара. Цул тIаьхьа салават дилла суна. Боккъалаъ, суна цхьа салават диллина волучунна - АллахIа цунна дуьхьал иттазза салават дуьллур ду. Цул тIаьхьа АллахIе доIа де суна - со «василе» кхачавар (доьхуш), ткъа иза – Ялсамчуьра меттиг ю, АллахIан лайшха цхьана лайна а бен хила йиш йоцуш. Ткъа и лай со хиларе догдогIуш а ву со. Суна «василат» дехначунна - билггал, сан шапаIат хир ду» (Муслим: 384).
56. lумар ибн ал-Хаттlаба (Аллахl реза хуьлда цунна) дийцина, Аллахlан элчано (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь моллал кхойкхучо аьлча: «Аллахl воккха ву массо х1уманал, Аллахl воккха ву массо хlуманал!» /Аллахlу акбар, Аллахlу акбар!/ шух муьлххачо а алахь: «Аллахl воккха ву массо х1уманал, Аллахl воккха ву массо х1уманал», нагахь (молла кхойкхучо) аьлча: «Аса тешалла до, кхин дела ца хиларца, Аллахl воцург!» /ашхlаду ан ла илахlа иллаллахl!/ ткъа, (шух муьлххачо) а алахь: «Аса тешалла до, кхин дела ца хиларца, Аллахl воцург», нагахь (молла кхойкхучо) аьлча: «Аса тешалла до, Мухьамад – Аллахlан элча хилар!» /ашlаду анна Мухьмаддан расулуллахl!/ ткъа, (шух муьлххачо) а алахь: «Аса тешалла до, Мухьамад – Аллахlан элча хилар», нагахь, (моллал кхойкхучо) аьлча: «Сихо е ламазе!» /хьаййа lалас солат!/ ткъа, шух (муьлххачо а) алахь: «Ницкъ а, гlор а дац, Аллахlехь бен!» /Ла хьавла ва ла къуввата илла биллахl!/, нагахь (муаззина) аьлча: «Сихо е декъал хиларе!», ткъа, шух (муьлххачо а) алахь: «Ницкъ а, гlор а дац, Аллах1ехь бен!» /Ла хьавла ва ла къуввата илла биллахl!/, нагахь, моллал кхойкхучо аьлча: «Аллахl воккха ву массо х1уманал, Аллахl воккха ву массо х1уманал», шух муьлххачо а алахь: «Аллах1 воккха ву массо х1уманал, Аллахl воккха ву массо х1уманал», нагахь (моллал кхойкхучо) аьлча: «Кхин дела вац, Аллахl воцург», шух муьлххачо а алахь: «Кхин дела вац, Аллахl воцург», иза - Ялсаме гlура ву, нагахь (цо и дерриг) цlеначу даггара алахь». (Муслим: 385).
57. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь моллалла кхойкхуш хезначо алахь: «Я АллахI! ХIокху буьззиначу кхайкхаман а, хIокху дIахIотточу ламазан а Дела! Мухьаммадна ялсаманехь лаккхара дарж лохьа. Кхин болучу кхолламел а лакхаваккхахьа иза. Айхьа цунна ваIда йина йолу хастамечу меттиге а кхачавехьа иза. Боккъалаъ, Хьайн ваIда йохош вац-кха Хьо!» («АллахIумма рабба хIазихIид-даIватит-таммати вас-салатил къаимати ати мухьаммадан ал-василата вал-фадилата, вабIасхIу макъаман махьмудан аллази ваIадтахIу, иннака ла тухлифул миIад») - сан шапаIат хир ду цунна къематдийнахь» (хIара хьадис далийнарш Ахьмад: 657, Абу Дауд: 205, ат-Тирмизи: 1164, ан-Насаи: 137, 140, ибн Хьиббан: 816).
58. lабдуллахl ибн lамр ибн ал-lаса (Аллахl реза хуьлда цаьршинна) дийцина, цхьана стага элира аьлла: «Хlай, Аллахlан элча, боккъалла а, моллал кхойкхуш берш гlолехь букха тхолла а!» Оцу хьокъехь Аллах1ан элчано (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Цара олуш дерриг тlаьхьара ала, ткъа хьо (тlаьхьара баьхна) ваьлча, (Аллахlе) доlанаш де, (ахь дехнарг) лурдухьуна хьуна». (Абу Дауд: 2540, ад-Дарами: 1200, ал-Хьаким: 712).
59. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Моллалла кхайкхарний, къамат дарний юккъехь дина доIа - жоп даланза юхатухуш дац» (Абу Дауд: 521, Тирмизи: 212, цо аьлла хIара «хьасан» дарж долуш хьадис ду).
60. СахIл бин СаIда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
элира аьлла: «Ши (доIа, жоп даланза) юхатухуш дац, я
наггахь бен: ламазна моллал кхойкхучу хенахь дина доIа а, тIамехь (мостагIий) чучча боьлхучу хенахь дина доIа а» (Абу Дауд: 2540,
ад-Дарами: 1200, ал-Хьаким: 712).