• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Опубликовано: 10 августа 2008

Я Аллах1! Тхол т1аьхьа дуьсург а де Ахь и. Толам ло Ахь тхуна – тхоьца мостаг1алла лелочарна т1ехь. Тхан къинош бахьанехь тхуна т1е ма таса Ахь – Хьайха кхоьруш воцург а, тхоьца къинхетаме воцург а.

Я Аллах1! Тхан бохам тхан динехь ма хилийта Ахь, тхан коьрта сингаттам дуьне а ма хилита Ахь, тхан 1илманан барам а, сатийсамийн чаккхе а. Тхан доьрза меттиг Жоьжахате а ма е Ахьа, тхан т1аьххьара доьрза х1усам Ялсамане е Ахьа, Хьайн къинхетамаца, Х1ай, къинхетаменаг!

Я Аллах1! Гечде Ахь тхуна, х1окху тхан буса – массарна а. Гечде Ахь тхуна, Х1ай, боккхачу къинхетаман Да, Хьан къинхетам бе Ахь тхоьх!

Я Аллах1! Х1окху тхайн буса, оха доьха хьоьга Ахьа тхан къиношха цхьа а къа цадитар - гечданза, сингаттам а – Айхьа д1аайбанза, сакхат а – Айхьа д1ахьулданза, декхар а – Айхьа д1атакханза, цомгуш верг а – Айхьа тованза, велларг а – Айхьа къинхетам банза, тоба динарг а – Айхьа и къобул данза, тилларг а – Айхьа нийсачу новкъа нисванза, мостаг1 а – Айхьа вохонза, г1айг1а а – Айхьа д1ааййанза, дуьненан хьашташха цхьа а хьашт а – Хьо реза волуш а, тхуна цуьнгахь дика долуш долу а – Айхьа кхочуш дан тхуна г1о данза а, Айхьа тхуна и атта данза а. Хьайн къинхетамаца, Х1ай, къинхетаме верг.

Я Аллах1! Доллучунна гечдийриг а ву хьо, гечдар дезаш верг а ву Хьо, ткъа гечде Ахь тхуна.

Я Аллах1! Лайлатул-къадр буьйсанан йолах ма даха Ахь тхо, лайлатул-къадр буьйса ларйинчу ох1ланех  де Ахь тхо – дерриш.

Я Аллах1! Могшалла ло Ахь тхуна, къинхетам бе Ахь тхох, Хьайна муьт1ахь хила г1о де Ахь тхуна. Хьо воцучух тешна ма дита Ахь тхо. Хьайн къинхетам бе Ахь тхоьха, Х1ай, тхан эла – тхан тоба къобал де Ахь!

 «Тхан Дела! Дика ло Ахь тхуна, кху  дуьненахь а, эхартахь а‚ цIеран Iазапах а лар де Ахь тхо» бакъарат:201.

Дикачаьрца Ялсаманичу дахийта Ахь тхо, Х1ай, нуьцкъала верг! Х1ай, гечдеш верг! Х1ай, 1аламийн Дела!

Х1ай, Хьайга дехча - луш верг, орца аьлча – к1елхьара воккхуш верг, г1о де Ахь тхуна – Хьо хьехон а, Хайна шукар дан а, Хьайна хаза 1ибадат дан а.

Я Аллах1! Айхьа Жоьжаг1атех хьалха битинчех де Ахь тхо, кху сийдолчу баттахь.

Я Аллах1! Хьалха йита Ахь тхан я1наш а, тхан дайн-наной я1наш а, тхан бусулба вежарийн я1наш а.

Хьайн къинхетамца, Х1ай, къинхетам беш верг! Х1ай, 1аламийн Дела! Х1ай, къинхетаме верг!

Я Аллах1! Къобал де Ахь тхан марханаш, тхан 1уькъехь г1иттарша, тхан ламазаш, Айхьа шайн 1амал къобал йиначех де Ахь тхо. Тхо ма де Ахь, юхатоьхначу вочех, хьайн къинхетамца, Х1ай, къинхетаменаг!

Я Аллах1! Гечде Ахь тхуна, могшалла а ло Ахь тхуна, къинхетам а бе Ахь тхоьх, Хьо воцучух тешна а ма дита Ахь тхо. Хьайн къинхетамца – къинхетам бе Ахь тхоьх!

«Хьан Дела нуьцкъаллин Дела ву, т1ехц1ена а, гена а ву И цара Цунна т1ехь кхуллучух. Маршо ю элчанашна. Хастам бу Аллах1ана, 1аламийн Дела волучу» ас-саффат:180-182.

Аллах1а къинхетам бойла Мухьаммадах, цуьнан доьзалех, цуьнан асхьабех, массарех.

Гочдинарг: Турпалан к1ант Фарукъ

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2021, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft