65. Абу ТIалибан кIанта Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина:
«АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша ламазе хIоьттиначу хенахь олура: «Сайн юьхь
ерзий аса стигланаш а, латта а Кхоьллиначуьнга. Цхьана АллахIах тешна ву со,
мушрикех а вац со. Боккъалаъ, сан ламаз а, сан Iибадат а, сан дахар а, сан
валар а АллахIна хьажийна ду аса, Iаламийн Дела волучу, Шеца цхьана а кепара
накъост воцучу. Иза – суна тIедиллинарг ду, бусалбанех цхьаъ а ву со. Я, АллахI! Хьо ву-кха – Паччахь, Хьо
воцург кхин дела а вац-кха. Хьо – сан Дела ву, ткъа со – Хьан лай ву.
Айса-сайна зуламе хили-кха со, сайн къиношна къера а ву-кха со. Гечдехьа суна
сан дерриге а къиношна - хIунда аьлча Хьо воцург кхин цхьа а вац-кха къиношна
гечдеш! Некъ гайтахьа суна уггаре а оьздачу гIиллакхашка - хIунда аьлча Хьо
воцург кхин цхьа а вац-кха царна тIехьажон! Вочу амалех хьалха а ваккхахьа со -
хIунда аьлча со царех хьалхаваккха кхин цхьа а вац-кха Хьо воцург! ХIан, Хьуна
хьалха ву-кха со - Хьуна гIуллакх дан а, Хьо резаван а. Дерриге а дика - Хьан
карахь ду-кха, ткъа вониг - Хьоьгара дац-кха. Хьан гIо лоьху аса. Хьоьга ду сан
товжар а. Хьоьга доIа а до аса. Хьо ву-кха – Беркатениг а, Сийлахь-Воккханиг а.
Гечдар доьху аса Хьоьга! Тоба а до аса Хьоьга». /Важжахlту важхlийа лиллази фатlарассамавати валъарда хьанифан ва ма
ана минал мушрикийн. Инна солати, ва нусуки, ва махьйайа ва мамати лиллахlи роббил lаламийн, ла шарика лахlу, ва бизалика умирту ва ана
миналмуслимийн. Аллахlумма анталмалику, ла илахlа илла анта. Анта робби, ва ана lабдука. Заламту нафси ваlтарафту бизанби, фагlфир ли зунуби жамиlан, иннахlу ла йагlфируззунуба илла анта, вахlдини лиахьсанил ахлакъи, ла йахlди лиахьсанихlа илла ант, васриф lанни саййиахlа, ла йасрифу lанни саййиахlа илла анта. Лаббайка ва саlадайка, валхайру куллухlу фи йадайка, вашшарру лайса илайка,
ана бика ва илайка, табарокта ва таlайта, астагlфирука ва атубу илайка/» (ХIара
хьадис далийнарг Муслим ву/ (Муслим: 201/771)
66. lайшата (Аллахl реза хуьлда цунна) дийцина: Пайхамара
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша бусу
ламаз дан хlоьттича
(хlокху доlан тlера) дlадоладора: «Я, Аллахl, Жабраилан, Микаилан,
Исрапилан дела, стигланаш а, латта а Кхоьллинарг, къайлехь дерг а, къайлехь
доцург а хууш верг. Хьо вукха Хьайн лайшна юккъехь кхел ен верг, церан
цхьаьнацадеаначуьнгахь. Нийса новкъа нисьвехьа со Хьайн пурбанца, церан
цхьаьнацадеаначуьнгахь, боккъала а, Хьо вукха нийса новкъа нисвийриг Хьайна
лиънарг» /Аллахlумма, Робба жибраила ва
Микаила ва Исрафила, Фатlирас-самавати
вал-арди, lалимал-гlайби ваш-шахlадати, Анта тахькуму байна
lибадика
фи-ма кану фихlи
йахталифун. Ихlдини
лимахтулифа фихlи
мин-ал-хьаккъи биизника, иннака тахlди ман ташаъу ила сиратlин мустакъым/.(Муслим:
57/6).
67. Ибн lаббаса (Аллахl реза хуьда цаьршина) дийцина, Аллахlан элчано (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) ша бусу ламаз дан хlоьттича (хlокху доlан тlера) дlадоладора: «Я, Аллахl, хастам бу Хьуна, стигланийн а,
лаьттан а, цигахь мел дехачу хlуманийн нур ду Хьо. Хастам бу Хьуна!
Стигланийн а, латтан а, цигахь мел долу хlуманийн а лардархо ву Хьо. Хастам бу
Хьуна, стигланийн а, лаьттан а, цигахь мел долучу хlуманийн а дела ву Хьо. Хастам бу
Хьуна, бакъ верг ву Хьо, хьан ваlдаъ ю – бакъ, Хьан дош ду – бакъ, Хьуна
дуьхьаладогlург хилар ду – бакъ, Ялсамане ю – бакъ, Жоьжагlате ю – бакъ, Пайхамараш бу – бакъ,
Мухьаммад ву – бакъ, Къематде ду – бакъ. Я, Аллахl! Муьтlахь хили со Хьуна, иман дилли ас
Хьоьга, Хьуна тlе болх билли ас, Хьоьга тоба ди ас, Ахь
(сайна довзийтиначу тешаллашца) къийсам бехьи ас, (инкарло мел йинарг) Хьан
кхеле а вели со. Ткъа, гечдехьа суна, ас хьалха диначунна, тlаьхьа (дан) дитиначунна, ас къайлах
диначунна, лечкъош доцуш диначунна, Хьо – сан дела ву, Хьо воцург кхин дела вац»
/Аллахlумма, лакалхьамду, Анта нурус-самавати
вал-арди ва ман фихlинна, валакалхьамду, Анта къаййимус-самавати вал-арди ва ман фихlинна, ва лакал-хьамду,
Анта раббус-самавати вал-арди ва ман фи-хlинна, ва лакал-хьамду, Антал-Хьаккъу,
ва ваlдукал-хьаккъу, ва къавлукал-хьаккъу, ва ликъаука хьаккъун, вал-жаннату хьаккъун,
ван-нару хьаккъун, ван-набиййуна хьаккъун, ва Мухьаммадун хьаккъун, вас-саlату хъаккъун. Аллахlумма, лака асламту, ва
бика аманту, ва lалайка таваккалту, ва илайка анабту, ва бика хасамту, ва илайка хьакамту,
фагlфир ли ма къаддамту, ва ма аххарту, ва ма асрарту, ва ма аlланту, Анта илахlи, ла илахlа илла Анта/. (ал-Бухари:
1120, Муслим: 199/769).