ХIай АллахIан лаьш! ТIекхаьчна шуна сийлахь бутт а, беркате-комаьрша хан а - шена чохь диканаш сов дохий дебаш йолу, шена чохь къинош летор кхераме хуьлуш йолу.
Боккъалаъ, Рамадан бутт бу и - шена чохь КъурIан доссийна болу.
Боккъалаъ, марханаш кхобу а, Iуьйкъахь гIуьтту а бутт бу и.
Боккъалаъ, сагIанаш доху а, диканаш ден а, гIоьнна куьг кховдон а бутт бу и.
Бутт бу и - шен хьалхара дакъа къинхетам болуш, шен юкъ гечдар долуш, шен чаккхе жоьжагIатах хьалхабитар йолуш.
Бутт бу и – АллахIа оцу чохь хIокху умматах къинхетам беш пхи хIума делла болу, цхьана умматна делла а доцуш долу.
Хьалхарниг: марха кхобуш волучуьнан багара йогIу хьожа миска хьожанал хаза а, томехь а ю АллахIана гергахь.
ШолгIаниг: марха досту хан кхаччалц йолучу юккъехь малекаша гечдар доьху царна.
КхоалгIаниг: оцу баттах хIора дийнахь а хазъеш латтайо АллахIа Шен ялсамани.
ДоьалгIаниг: оцу баттахь зуламен, вон шайтIанаш дIадоьхку, цундела оцу баттахь ца дало цаьрга адамашна кхечу беттанашкахь шайга далуш долу зуламаш а, вонаш а.
ПхоьалгIаниг: оцу беттан тIаьххьарачу дийнахь Мухьаммадан умматна гечдо АллахIа.
Бутт бу и - Делах а тешаш, АллахIера ял хиларе са а туьйсуш, и кхаьбначунна АллахIа гечдеш дIаяханчу хенахь цо диначу къиношна.
Оцу баттахь Делах а тешаш, АллахIера ял хиларе са а туьйсуш, буса гIаьттиначунна АллахIа гечдеш дIаяханчу хенахь диначу къиношна.
Бутт бу и - оцу баттахь ялсаманин наьIарш схьайоьллуш, жоьжагIатин неIарш дIакъовлуш.
Шина а «Сахьихь» жайнахь ду, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Адаман кIентан муьлхха а (дика) гIуллакх алсам долу диначу дикачу гIуллакхна дуьхьал (уггаре кIеззиг а) уьттазза сов, (кхин а совдала тарлуш а ду) ворхI бIенга кхаччалц. АллахIа, Лекха ву И, аьлла: «Марха доцург, хIунда аьлча, боккъалаъ, марха Сан дуьхьа кхобуш ду, цунна дуьхьал хьакъ болу бекхам Аса бийр бу, (хIунда аьлча) шен лааман (дог Iабор) а, хIума яар а, хи малар а дитина цо Сан дуьхьа! Марха кхобучуьнга хьоьжуш Iаш ши хазахетар ду: цхьаъ - и марха достучу хенахь, важа – иза шен Далла дуьхьал кхеттачу хенахь»».
Сарахь ша марха достучу хенахь воккхавево иза, хазахетар хуьлу цунна шина хIуманца: оцу дийнахь марха дуьззина кхаьбна чекхдаларна а, и кхаба АллахIа шена собар а, дегIехь ницкъ а баларна а, сарахь АллахIа шена хьанал диначу хих а, кхачанах а кхетарца а. Иштта воккхавийр ву иза, хазахетар хир ду цунна шен Далла хьалха хIуттучу дийнахь а, шена и ша кхаьбначу мархина дуьхьал шен Далла гергахь дIайиллина ял карийначу.
ХIай АллахIан лаьш! Боккъалаъ, Рамадан бутт - хIонсан а, санийн а, пайданийн а бутт бу.
Пайда эца цуьнах - лолла дарца а, алссам ламазаш дарца а, КъурIан дешарца а, зуькарш дарца а, нахана гечдарца а, къинтIера довларца а, дика дарца а.
ДIаяха шайна юккъера мостагIалла а, оьгIазло а, хьагI а, хIуьттаренаш а, гамонаш а.
Боккъалаъ бакъ долуш, шун Iамалш Сийлахь-Везачу АллахIана хьалха хьуш ю шуна хIора оршотан дийнахь а, хIора еарин дийнахь а.
Нагахь Шега гечдар доьхуш верг хилахь – гечдо Цо цунна. Нагахь тоба дина Шегара и къобалдар доьхуш верг хилахь – цуьнан тоба къобалдо Цо. Амма шайна юккъехь хьаьгIнаш а, оьгIазлонаш а йолучу нехан Iамалш къобал янза юха а тухий, уьш царна юха охьайохкуьйту Цо - цара тоба а дина, шайна юккъехь барт а бина машаре уьш дIахIитталц.
Рамадан баттахь сов доккхийла аша къаьсттина диъ хIума: царех шиъ - аша шайн Дела реза веш долу ши хIума ду, ткъа диссина долу ши хIума - и шиъ доцуш шун йиш йоцу ши хIума ду.
Аша шайн Дела реза веш долу ши хIума: «لا إله إلا الله» («Кхин Дела вац, АллахI воцург») боху тоьшалла а, «أستغفر الله» («АллахIе гечдар доьху аса») аьлла, АллахIе шайна гечдар дехар а ду.
Ткъа и шиъ доцуш, шун йиш йоцуш долу ши хIума - аша АллахIе ялсамани ехар а, Цуьнга шаьш жоьжагIатах хьалхадахар дехар а ду.
Сутара хила, доггах доIанаш деш хила, къаьсттина суьйранна марха достучу хенахь.
Боккъалаъ, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Марха кхобуш волучуьнан марха достучу хенахь доIа ду жоьпаза ца дуьтуш (жоп даланза ца дуьссуш)».
Шуна хоуьйла, боккъалаъ, и марха кхабар тIедиллина дуйла! «ТIе хIунда диллина-те марха?» аьлча… Делах кхерар тIедохарца кечвалийта а, цуьнга шен меженийн дола дайта а, меженаш ларъяйта а АллахIа хьарам мел диначух, хьарам мел дерг дитийта а диллина (хуьлда и хьарамло - Iехор, левар, зулам, барамаш а, терза а эшор, нехан хьаккъаш дIацадалар, хьарам долу хьежар, хьарам йолучу эшаршка ладегIар).
Боккъалаъ, ладегIар хьарам долучу эшаршка ладегIаро – мархин ял эшош ю.
Марха дерг дита декхарийлахь ву массо хьарам долу дош – хуьлда и пуьташ боттар, цхьаъ сийсазваккхар, юьхьIаьржахIоттор, лер, дов дар, бага леяр, сий доцу хIуманаш дийцар.
Нагахь хьайн марха а долуш, цхьаъ хьайга бага леян волахь, сий доцу хIуманаш дийца хIоттахь, ткъа цуьнга олийла ахьа: «Марха долуш ву со». Цо аьлларг санна дерг дуьхьала тухуш долу жоп ма лойла ахьа цунна. Цо дуьйцуш долу сий доцурш хIуманаш дуьхьал ма олийла ахьа цунна. ХIунда аьлча, хIай бусалба стаг, хьан марха долун дела а, хьан марха долу де а, хьан марха доцу де а юккъехь башхо а йоцуш цхьабосса ца хилийтархьамма а.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Нагахь (стага шен марха долучу хенахь) пуьташ боттар а, харц луьйш лелар а, кхетамазалла а ца дитахь, ткъа АллахIана а дац оьшуш иза шен даарх а, маларх а дIахадар».
Марханаш кхабийта шайн берашка – йоьIаршка а, кIентаршка а, нагахь уьш марха кхаббал хилла а, марха кхабалур долуш а белахь. ХIунда аьлча - уьш марханаш кхабаре марздалийта а, уьш цуьнга болийта а.
Боккъалаъ, асхьабаша (АллахI реза хуьлда царна) шайн берашка марханаш кхобуьйтуш хилла, уьш кегийра а долуш. Цкъацкъа бер, доьлхий, карзах долуш-м хилла церан мацаллина. Ткъа иза делха доьллачу хенахь цуьнан кара ловзон хIума луш хилла цара - марха досту хан герга гIортталц цуьнах ловзийта, цуьнах Iехаделлачохь суьйранна марха достучу хене далийта.
Амма кхаьбначу мархин ял оцу берашна шайнна хир ю, ткъа дай-наношна а, гергарачарна а - уьш бакъахьа кхиоран а, дикачу хIуманна тIенисбаран а, дика хьехар даран а, и бераш мелечу новкъа дахаран а ял хир ю.
Бутт гой хьовсуш хила шайна ШаIбан беттан ткъе итталгIачу буса. Нагахь оцу буса шайна и гахь – кхаба доладе марханаш. Нагахь оцу буса шайна и цагахь - марханаш кхаба долор тIаьхьататта, ШаIбан беттан ткъе итт де дуззалц.
Ша шеконехь волучу дийнахь марха кхаьбна верг - Абу-Къасимна (пайхамарна) Iеса хилла лоруш ву. Ткъа шайна и (бутт) гиначо - къедане дIа хаам бойла.
СаIудин пачхьалкхан радиочухула и хезначунна, мархин бутт боьлла хилар билггал къаьстина а долуш цунна и цигара хезнехь - марханаш кхаба долор тIехь ду.
Шух цхьаммо ма кхобийла Рамадан бутт тIекхача цхьа де, я ши де диссиначу хенахь суннат долу марха, ша даима марханаш кхобуш лелош долу денош оцу хеначохь ца нисделлехь. Амма нагахь Рамадан баттал хьалхарчу цхьана, я шина дийначохь цо даима марханаш кхобуш лелош долу денош нисделлехь - уьш кхабарх хIуммаъ дац.
АллахIехь ларло со Цо Шен къинхетамах гена даькхина эккхийначу шайтIанех.
АллахIа, Лекха ву И, аьлла:
«ХIай Делах тешнарш! Марха кхабар тIедиллина шуна, шул а хьалха хиллачарна тIедилларх терра‚ Делах кхоьруш хила мегар-кха шу» («Бакъарат»: 183).
АллахIа беркат дойла суна а, шуна а сийлахь долучу КъурIанехь.
Хьехам хIоттийнарг: ибн Iусаймин
Гочбинарг: Турпалан кIант Фарукъ