АЛЛАХIЦА ГIИЛЛАКХЕ ХИЛАР
Бусулбано АллахIаца-Лекха ву И-тIелаьцна гIиллакх леладо. Цо бохучунна муьтIахь хуьлу. ХIокху гIиллакхех ду:
-АллахI-Лекха ву И-везар ду: Бусулбанна АллахI-Лекха ву И-веза, Цунна и муьтIахь хуьлу Iибадат дарца. Вайна АллахIа хаийтина муьъма стаг АллахI-Лекха ву И-везаш хирг хилар. Цо-Лекха ву И-аьлла: ,,Муьъма нехан АллахI везар чIогIа ду . (Аль-бакъара: 165 аят ).
-АллахI-Лекха ву И-дагахь латтавар ду: бусулбанна АллахI виц цало къайлах а, гучах а. Цунна хаьа АллахIана-ТаIала-цхьа хIума къайлах доций. Иза, тIаккха, хууш ву цуьна массо хIума а. Цо-ТаIала-аьлла: ,,Шу мичхьа хилчи а Иза шоьца ву, Аша дийриг АллахI гуш ву . ( Аль-хьадид: 4 аят ).
-АллахIах-ТаIала-кхерар ду: Иза массо хIумана корта бу. Цуьнца бусулба АллахI реза хиларе кхочу. Цо-ТаIала-аьлла: ,,АллахIах кхоьруш верг, Цо цунна цуьна балхах аьтто бийр бу . ( Ат-тIалакъ: 4 аят ).
-АллахIана-ТаIала-муьтIахь хилар ду: Бусулбано АллахIа омра динарг кхочуш до, АллахIа дихканчух гена волу, цуьнгахь ойла цахьийзош. Цо-ТаIала-аьлла: ,,Муьъма нехан дош хилла, АллахIана а, цуьна элчанна а уьш тIекхайкхича, царна юкъахь цуьнга хьукма дойта: тхуна хаза а хези, тхо муьтIахь а ду алар . ( Ан-нур: 51 аят ).
-Iибадатехь даггара хилар ду: Бусулбано дуьззина до ша деш долу Iибадат. Цо-ТаIала-аьлла: ,,Аша диканиг дича АллахI и хууш ву . ( Аль-бакъара: 197 аят ) Пайхамара-IалайхIис-салам-аьлла: ,,Ихьсан бохург ахьа АллахIана Iибадат дар ду и хьуна гуш волуш санна. Хьуна И гуш вацахь а Цунна хьо гуш ву ( Аль-бухарий, Муслим ).
-АллахIах тешар, Цунна тIе болх биллар ду: Иза ийман баккъалла хиларан билгало ю. Цо-ТаIала-аьлла: ,,АллахIана тIе болх биллинарг-Иза цунна кхачаме ву . (Ат-тIалакъ: 3 аят ).
-АллахIе-ТаIала-верзар, Цуьнгара гIо лахар ду: АллахI-ТаIала-уггар дика накъост а, гIоьнчи а ву. Цо-ТаIала-аьлла: ,Гатвеллачунна жоп луш верг мила ву, иза Цуьнга кхайкхича, вониг дIадоккхуш верг а?" ( Ан-намл: 62 аят ).
Пайхамара-IалайхIис-салам-аьлла: ,,Ахьа дехахь АллахIе дехалахь, ахьа гIо лахахь АллахIера лахалахь . ( Ат-тирмизий ).
-АллахIана-ТаIала-Цуьна ниIматашна шукру дар ду: Бусулба стага АллахIана шукру до Цуьна дагарлун доцчу ниIматашна. Стага шен Далла шукру моссуз ди дукха ниIматаш ло Цо цунна. Цо-ТаIала-аьлла: ,,Шун Дала дIакхайкхийна аша нагахь санна шукру дахь шу сов дохур ма-ду аса. Баккъалла а, сан Iазап чIогIа ма-ду, Аша нагахь санна керстаналла дахь . ( ИбрахIим: 7 аят ).
-АллахIан новкъа ( Цуьна дин бахьна долуш ) цхьа хIума цакхоор ду: Бусулбано цхьа хIума ца кхоа до АллахI реза хилар лоьхуш.
Цо-ТаIала-аьлла: ,,Баккъалла а, АллахIа муьъманашкара эцна цера синош а, цера даьхнеш а дуьхьал ялсамане луш . ( Ат-тавба: 111 аят ).-АллахIе тоба дар ду: Муьъма стаг шен Далла Iеса хилча оцу Iасаллеха вухавоьрзу и, АллахIе тоба до цо. Дала-ТаIала-аьлла: ,,Массара АллахIе тоба де, хIай муьъманаш, декъал хир ду шу . ( Ан-нур: 31 аят ).
Пайхамара-IалайхIис-салам-аьлла: ,,АллахIе тоба де, хIай нах, аса, баккъалла а, Цуьнга дийнахь-буса боьIазза тоба до ( шуна ) . ( Муслим ).
ХИНА КЕМАНАН ДИЙЦАР
Цхьана дийнахь бусулбанийн цхьа халиф волче веара Делах цатешаш волу стаг. ЧIогIа ша-шех тешна волуш цо элира цуьнга: Суна цхьа цакарво Дела хиларха со тешо, шун мел воккхачу Iилманчийца къовсар дара аса, со цул тоьларг хиларха тешна ву со .
Халиф кIеззиг сецна Iийна ша-шега элира: Аса и ве аьлча наха эр ду-кх цунна дуьхьал даккха хIума ца хили тхан. Цул тIаьхьа шен везир схьа кхойкхина цуьнга омра дира цо имам Абу-хьанифат Ан-нуIман схьа кхайкха аьлла.
Дукха хан цаелира Абу-хьанифат веана чукхача, тIаккха цунна дIахаийтира халифа Делах цатешачуьна ( мулхьидан ) болх. Цо цуьнга дийхира цуьнца къамел дар а, иза АллахI-ТаIала-хиларха тешор а.
Абу-Хьанифата элира: Аса цунна чIагIдеш хоуьйтур ду АллахI хилар, амма аса хьоьга пурба доьху цаторуш болу цхьа болх чакхбаккха луларчу юьртахь, цул тIаахьа сиха схьавогIур ву со. Цунна пурба делира халифа дIаваха .
Хан дIаяхара, Абу-Ханифат дукха тIаьхьа висира. Мулхьид дазалла, куралла гучуяха волавелира. Халифе элира цо: Суна дIаваха пурба ло, Абу-Хьанифат ведда, со тешо ша гIорасиз волун дела .
Мулхьид дIаваха наьIарехьа вола валарца чувеара Абу-хьанифат, ша тIаьхьа висарна бехказа волуш. Цо хаийтира царна ша вогIучу некъахь доккха хи карийна хилар. Кема ца хиларна охьахиира иза кема даре хьоьжуш. Хьоьжуш Iар дахделира. ЦIехьхьана Абу-Ханифатана инзаре, тамашийна болх гира.. гуллуш дечигаш гира цунна. Дечигашна тIедогIаделла лаьтташ хьостамий дара. Мичара ели ца хууш цхьа жIов гучуяьлла хьостамий дIадетта йолаелира. Лерина, дика дина хина кема IахIоттина гира цунна шена хьалха. ТIаккха цунна тIехиъна схьавеара ша. Мулхьид цо и дийцича вела волавелира, цо элира: Хьераваьллачо бен дийр дац хIара къамел. Цхьаммо я бакъдийр дац и. ХIаваэхь тIема муха довлу хьостамий, аннаш хи тIехь гуллуш, царех тIаккха кема хуьлуш, цхьаммо дина доцуш.?
Кхузахь велакъежира Абу-хьанифат, цо элира: Жима кема хилар, динарг цхьа воцуш, хьекъало бакъдеш цахилча, ткъа бакъдийр дуй хьекъало хIара дерриге дуьне, шена чохь мел долчу лаьттаца, маьлхаца, баттаца ша-шех хилла бохург, цхьана ницIкъ болчу кхуллачо кхоьллина доцуш?
Дан хIума доцуш висира мульхьид, цул тIаьхьа элира цо: Бакълуьй хьо, хIокху дуьненан кхоьллинарг ца хилча йиш яц. И ву и ( дуьне ) кхоьллинарг, низамехь и дIахIоттийнарг.. Иза сан Дела ву!
САН ДЕЛАН ХАЗА ЦIЕРАШ
АллахIан элчано-IалайхIис-салам-аьлла. | АллахIан езткъай ткъайасна цIе ю, баьIа ю уьш цхьаъ тIеоьшуш . Цхьаммо уьш дагахь Iамор яц иза ялсамана вахана бен; (Аль-бухарий, Муслим).
АллахIан хаза цIераш хIорш ю:
АллахI - Далла шенна бен тилла ца мегаш цуьна цIе ю и (вай долахь цIе олуш йолу). И цIе хьахийча (яьккхича) хьекъал Цунна тIе Бен цадоьрзу-Сийлахь, цIена ву И.
Ар-Рахьман - Юкъара къинхетам дукха берг ву И . Цундела Цо къинхетам бо муьъманах а, керстанах а. АллахIана-ТаIала-шенна бен цамегаш куц ду и.(АллахIана бен и куц дало мегар дац).
Ар-Рахьим - Кьинхетам дукха болуш верг ву И.АллахIа хIара куц Мухьаммадана-IлайхIис-салам-далийна КъорIана тIехь. Иза АллахIа эхартахь къаьссттина муьъмачу нахах къенхетам бийриг хилар хоуьтуш Цуьна цIе ю.
Ал- Малик - Шен паччахьаллехь шена луург дийриг ву И.
Ал- Къуддус - Сакхатех, эшамех (кхачамбацаршха) цIанвинарг ву И.
Ас-Салам - Шен халкъана машар, тешам, деган паргIато, бехке цавар луш верг ву И.
Ал- Муъмин - Шен халкъана ша ваIада (дош делла) йина мел а, Iазап а (таIзар) бакъдийриг, кхочуш дийриг ву И.
Ал- МухIаймин -: Куьгалла дерриге шен карахь дерг ву И.
Ал- Iазиз - Ницкъ болуш верг, тоьлларг ву И. Массо хIума Цунна муьтIахь ду.
Ал- Джаббар - Шен омранаш чакхдохуш, кхочуш деш верг ву И.
Ал- Мутакаббир - Сийлахь-воккха хиларан куц Шена бен доцуш верг ву И - СубхьанахI.
Ал- Халикъ - Махлукъаташ (кхоьллина хIуманаш ) хилийтинарг, уьш кхоьллинарг ву И.
Ал- Бариъ - Махлукъаташ кхоьллинарг ву И, цера бух боцуш.
Ал- Мусоввир - Ша кхуллучу массо хIуманна и кхечух къастош сурт луш верг ву И.
Ал- ГIаффар - Гечдар дукха долуш верг ву И.
Ал- КъаххIар - Масо хIума шен паччахьаллийна , ницкъана кIел далийнарг ву И.
Ал- ВаххIаб - Шен лайшна совгIаташ, ниIматаш цакхоош луш верг ву И.
Ар-Раззакъ - Халкъашна массарна рицкъа луш верг ву И.
Ал- Фаттахь - Хьукма деш верг (Куьгалла дийриг) ву И.
Ал- Iалим - Шена цхьа хIума къайла доцуш, массо хIума хууш верг ву И.
Ал- Къабид - Шен лайшха шена луъчунна рицIкъа гаттдеш верг ву И.
Ал- БаситI - Шена луъчунна рицIкъана шорто еш верг ву И.
Ал- Хафид - Къинхетам боцу , зулме нуьцIкъа дай охьатаIош , уьш сийсаз беш верг ву И.
Ар-РафиI – Муьъманашха хьалаваккхарна хьакъ верг хьалаойъуш верг ву И.
Ал- МуIизз - Сийлалла шен лайшха шена луъчунна луш верг ву И.
Ал- Музилл - Сийсазалла шена луъчунна хуьлуьйтуш верг ву И.
Ас-СамиI - Хезаш мел йолчу хIумнах кхуьуш верг ву И.
Ал- Басир - Гуш мел йолчу хIумнах кхуьуш верг ву И.
Ал- Хьакам - Лайшна йукъахь хьукма деш верг ву И.
Ал- Iадл - Юьззина нийсо еш верг ву И.
Ал- ЛатIиф - Шен лайшха къахеташ верг ву И.
Ал- Хабир - Мел кIеззиг долу (жима долу) хIумнаш хууш верг ву И.
Ал- Хьалим - ТаIзар да сихлуш воцург (собре верг) ву И.
Ал- Iазим - Сийлахь-воккха хиларан даржашха уггар лакхара куц шегахь долуш верг ву И.
Ал- ГIафур - Лайн къиношна къинтIийра волуш верг ву И.
Аш-Шакур - Муьъманашна бекхам ( мел ) совбоккхуш верг ву И.
Ал- Iалий - Ша хесточул сийлахь а , лекха а ву И СубхьанахI.
Ал- Кабир - Хьекъалш а , хIума хаадаларан меженаш а шех кхиа ницIкъ боцуш верг ву И.
Ал- Хьафиз - Шех цхьа хIума къайла ца дериг ву И.
Ал- Мукъит - Хууш верг ву И.
Ал- Хьасиб - Шен лайшна оьшучунна кхачо еш верг ву И.
Ал- Джалил - Сийлахь воккха верг ву И.
Ал- Карим - Дика дукха долуш верг. Ша луш долу хIума цакхачош верг ву И.
Ар-Ракъиб - Шех цхьа хIума къайла цадолуш верг ву И.
Ал- Муджиб - Шега доIа динчунна жоп луш верг ву И.
Ал- ВасиI - Шен массо халкъана рицIкъа тоьаш верг ву И.
Ал- Хьаким - Куьгалла деш верг. Ша деш долу массо хIума нийса долуш верг ву И.
Ал- Вадуд - Шен лайшна дика лууш верг, царна дика болх беш верг ву И.
Ал- Маджид - Сийлаллехь , воккхаллехь, хастамехь чаккхенга кхаьчнарг ву И.
Ал- БаIис - Халкъ деллачул тIаьхьа ден дийриг ву И.
Аш-ШахIид - Шена хаарха цхьа хIума къайла ца дериг ву И.
Ал- Хьаккъ - Ша хилар а , Iибадатана хьакъ волуш Дела хилар а чIагIделла сецна верг ву И.
Ал- Вакил – Лайн рицкъанашна юкъара верг ву И.
Ал- Къавий - Буьззина болчу нуьцкъана да верг ву И.
Ал- Матин - Онда, ницкъ болуш верг , хало шех цакхуьуш верг ву И.
Ал- Валий - ГIодеш верг ву И.
Ал- Хьамид - Массо хьолахь хастаме верг ву И , хаставарна хьакъ верг ву И .
Ал- Мухьси - Шен хаарха цхьа хIума къайла доцург ву И.
Ал- Мубдиъ - Доцчуьра хIумнаш кхоьллинарг ву И.
Ал- МуIид - ДIаевллачул тIеьхьа хIумнаш юха кхуллуш верг ву И.
Ал- Мухьйи – Массо дийна долчу хIумангахь дахар кхоьллинарг ву И.
Ал- Мумит - Садолчу хIумнашкара дахар дIахьуш верг ву И.
Ал- Хьайй - Даим дийна вераг ву И, тIаккха цуьна дахаран чаккхе яц.
Ал- Къаййум - Шен халкъан балхе хьожуш , и дIанисбеш верг ву И , уьш кхуллуш, царна рицкъа луш верг ву И.
Ал- Ваджид - ЦIкъа а къелур воцуш хьалдолуш верг ву И.
Ал- Маджид – Ша Сийлахь Воккха хиларна шен халкъо хестош верг ву И.
Ал- Вахьид - Iибадатана хьакъ волуш Дела хилар шенна долуш верг ву И , И бен кхин Дела вац.
Ас-Самад - Шена адамаш муьтIахь долуш волу Эла ву И.
Ал- Къадир – Ницкъ болуш верг ву И.
Ал- мукътадир - Ницкъ болуш верг ву И.
Ал- Мукъаддим - Хьалха татта хьакъ верг хьалхавоккхуш верг ву И.
Ал- Муаххир – Тiаьхьа татта хьакъ верг тIаьхьавуьтуш верг ву И.
Ал- Аввал - Шел хьалхара цхьа хIума доцуш верг ву И.
Ал- Ахир - Шел тIаьхьа цхьа хIума доцуш верг ву И.
Аз-ЗахIир - Шена тIоьхула цхьа хIума доцуш верг ву И.
Ал- БатIин - Ма-варра ша муха ву цхьнне цахууш верг ву И.
Ал- Вали – Массо хIуманийн да, цараха дезар деш верг ву И.
Ал- МутаIали – Моссо эшамах цIена верг ву И.
Ал- Барр - Дика дукха долуш верг, дика болх боккха болуш верг ву И.
Ат-Тавваб – Шен лайшкара тоба къобалдеш верг ву И.
Ал- мунтакъим - ТаIзарна хьакъ волчунна таIзар луш верг ву И.
Ал- Iафувв - Къиношна гечдеш , царна ( уьш бахьанехь) таIзар цалуш верг ву И.
Ар-Рауф - Шен лайшха къинхетам беш царах къахеташ верг ву И.
Маликул мулк - Массо хIумана да верг ву И.
Зул-Джалали, вал икрам - Сийлахь воккха хиларан а, кхоччуш хиларан а куцош шегахь бен доцуш верг ву И.
Ал- МукъситI - Шен хьукманехь Iедале верг ву И.
Ал- ДжамиI – Къемата дийнахь халкъаш гулден дерг ву И.
Ал- ГIанийй - Цхьана хIумангахь цхьанге хьашт воцург. Массо хIума шега хьашт дерг ву И.
Ал- МугIни – Шен лайшха шена луург хьал долуш веш верг ву И.
Ал- МаниI – Хiаллак хиларан а, валаран а бахьнашха Iалаш вийриг ву И.
Ад-Дарр – Шен мостагIашка таIзар доссош верг ву И.
Ан-НафиI - Шен дика массаьрга кхаьчнарг ву И.
Ан-Нур - Нисвеш верг ву И.
Ал- Хiади - Массо хьума цунна дика долчунна тIе нисдинарг, цунна и гайтнарг ву И.
Ал- БадиI - Кхоллар долийнарг цхьаннах тардар доцуш ву И.
Ал- Бакъи - Даим волуш верг ву И.
Ал- варис – Массо хIумнаш дIаевллачул тIаьхьа вуьсар верг ву И.
Ар-Рашид - Халкъ царна маслахьате долчу хIумнашка нисдеш верг ву И.
Ас-Сабур - Iесачу нахаца собаре верг. Цаьргара чIир эца сих цалуш верг ву И.
АЛЛАХIАН КУЦОШ
1-Волуш хилар: Дуьне а, Iалам а шен чохь мел долчу латтаца, стигланца, лаьмнашца, хишца, ялтийца, дитташца, адмца, хьайбанца, чохь садоцчу хIумнашца, уьш доцчаьрца.. массо гойтуш схьабохуш ду массо хIума нийса а, шен меттахь а, цхьаннах тарцадеш а шаьш кхоьллинарг волуш хилар. Дала-ТаIала-аьлла: ,, Ахь ала АллахI массо хIума кхоьллинарг ву. Иза ша бен Дела воцург ву, шен паччахьаллина, ницкъана кIел массо хIума далийнарг ву; ( Ар-РаIд: 16 аят).
2,3-Цулхьалха хIума цахилар, даим Иза хирг хилар: АллахI хилла ву шеца цхьа хIума доцуш. Лаьттахь, стигланашкахь мел верг дIавер ву, АллахI-СубхьанахI-ша вуьсур ву. АллахIа-ТаIала-аьлла: ,,Иза шел хьалха цхьа хилла воцуш хьалхара ву, шел тIаьхьа цхьа хир воцуш тIаьхьара ву, шена тIоьхула цхьа хIума доцуш ву, ма-варра цхьаьнне ша мила ву цахуург ву. Иза массо хIума хууш ву; ( Аль-Хьадид: 3 аят ). Иштта Цо аьлла: ,,Массо хIума хIаллак ( лийр ) хирдолуш ду Цуьна юьхь йоцург. Хьукма Цуьна ду. Цуьнга шу дерзор ду; ( Аль-Къасас: 88 аят ).
4- АллахI Ша кхоьллинчу хIумнех тера цахилар: Цундела АллахI-СубхьанахI-Шен дерриге халкъах тера вац. Иза цIена ву да шена хиларха, доьзалехочуха, шех терниг хиларха. Цо-ТаIала-аьлла: ,,Цунах тера цхьа хIума дац. Иза хезаш а, гуш а ву; ( Аш-Шура: 11 аят ).
5-АллахI хIумманга хьашт цахилар: АллахI цхьанге хьашт вац, массо халкъ цуьнга хьашт ду. Дала-ТаIала-аьлла: ХIай адамаш щу АллахIе хьашт ду, АллахI-Иза цхьангера хIума цаоьшург а, хастаме верг а ву; ( ФатIир: 15 аят ).
6-Цхьаъ ша хилар: ТIаккха АллахI цхьаъ Дела ву, Цуьна накъост вац шен мулкехь, паччахьаллехь. АллахI-ТаIала-аьлла: ,,АллахIан доьзалхо вац, Цуьна цхьа Дела а хилла вац. Хиллехьара хIора Дала ша кхоьллинарг шена дуьтур дара, вукхулла тола гIертар вара. АллахI цIена ву цара ( керстнаша ) хIитточу куьцех; (Аль-Муъминун: 91 аят ).
7-Ницкъ кхочуш хилар: АллахI-СубхьанахI-массо хIуманна тIехь ницкъ кочуш ву, цхьана хIумано гIорасиз веш вац И, Цуьна ницкъ доза доцуш хиларна. АллахI-ТаIала-аьлла: ,,Баккъалла а, АллахI массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву; ( Ан-Нур 45 ).
8-Лаам: АллахIан лаам массо лаамал тIоьхула бу. Цундела, адмна цхьа хIума лиъча, АллахIана и хIума хила лууш доцуш иза хир дац. АллахIа-ТаIала-аьлла: Цхьа хIума Цунна лиъча Цуьна болх цуьнга алар ду,, Хьо хила; тIаккха и хуьлу; ( Йасин: 82).
9-Хууш хилар: АллахIан Iилма ( хаар ) доккха ду. Иза-СубхьанахI-массо хIума хууш ву, массо хIума Цуьна хаарна чудогIуш ду. АллахIа-ТаIала-аьлла: ,,Баккъалла а, АллахI массо хIума хууш ву; ( Аль-МуджадалахI: 7 аят ).
10-Дийна хиалар: АллахIан-ТаIала-куц ду дуьззина долу дахар Цуьна хилар дуьйцуш кхузахь цул дуьззина дерг дан а доцуш. АллахIа-ТаIала-аьлла: ,,АллахI ша бен Дела воцург ву, даим дийна верг ву И, шен халкъа болх дIанисбеш верг ву И. Йай наб ез наб кхеташ яц Цунна. Стигланашкахь дерг а, лаьттахь дерг Цуьна ду; (Аль-Бакъара: 255 ).
11,12-Хезаш гуш хилар: АллахIан куц ду хезаш, гуш хилар. Иза-субхьанахI-массо хIума хезаш ву, массо хIума гуш ву. Цунна цхьа хIума къайлах дац. Дала-ТаIала-аьлла: ,,Цо аьлла: шуьшиъ ма кхера , Со баккъалла а, шуьшинца ву шуна, хезаш а, гуш а; ( ТIахIа: 46 аят ).
13-АллахIа къамел деш хилар: АллахIан-ТаIала-къамел ду, амма иза вай къамел доцург ду. Дала-ТаIала-аьлла: ,,АллахIа Мусаца къамел дина; ( Ан-Ниисаъ: 164 аят).
АллахIан сибаташ ( куцош ) кхачалур долуш дац: Сийлахьчу КъорIано Делан дуккха куцош дийцина, цундела АллахIан-СубхьанахI-кхачалун доцу сибаташ ду. Царна адамин хьекъалш тIекхуьур дац. Вай И цIанво Цуьнца тамбоцчу хIумнех. И мел хасто веза вайна хуур дац. Иза ЦIа ша-шен хаста маварра ву.
Бусулбано АллахIан махлукъатин ( Цо кхоьллинчу хIуманин ) хьокъехь ойла йо Цуьна ницкъ гойтуш йолчу, Цуьна-СубхьанахI-шен хьокъехь ойла йир яц цо. АллахI адамана цамоьттарг волун дела. Дала-ТаIала-аьлла: ,,Цунах тера цхьа хIума дац. Иза хезаш, гуш ву; ( Аш-шура: 11 аят ).
КЪИНХЕТАМЕ САН ДЕЛА
Весет:
Хьлха заманахь вехаш дукха къинош долуш цхьа стаг хилла. АллахIана-ТаIала-Iеса хилар дуьтуш цахилла цо. ДIакхалха герга ваххалц оцу тIехь еххачу хенахь дIавахана и. Ша валле хIокху стага шен кIентий гулбина цаьрга весет дина: ша велча шен дакъа дагаде аьлла. Цул тIаьхьа цунах чим бе, тIаккха хIара чим хIурдана тIоьхула дуккха меттигашкахь хIаваъехь баржа бе. Цуьна хичохь и башиттар а, толгIенашка дIасхьа бахьиттар а дуьхьа. ТIаккха цуьна лар цаиисийта. Цул тIаьхьа цаьрга аьлла цо: Аса АллахIаха дуй буу, сан Делан суна тIехьницкъ кхачахь ша цхьанне цадделла Iазап лур ма ду Цо суна. Х
Iара стаг велла, тIаккха цуьна кIенташа цуьна дакъа дагийна, хьаккхийна чим бина цунах, цул тIаьхьа хIара чим схьаэцна хIурда чу тесна цо ма-аллара.
ТIаккха АллахIа-ТаIала-лаьтте аьлла: Айхьа схьаэцнарг охьадилла. Чиман буьртигаш, тIаккха, гулделла, хIара стаг АллахIана-ТаIала хьалха дIахIоьттина.
ТIаккха цуьнга АллахIа хаьттина. Ша дика хууш воллушехьа, кIенташка хIара весет даран бахьана хIун дара аьлла. ТIаккха оцу стага аьллера: Сан Дела, Хьоьх кхоьруш динера аса и. И шех оццул чIогIа кхоьруш хиларна, тIаккха, АллахIа гечдира цунна ( Аль-Бухари, Муслим ).
Совдегархо а, цуьна декхарш а:
Гена заманахь вехаш цхьа совдегархо хилла. Кхечарна юхкуш а, цаьргара оьцуш а хилла цо. Цхьана дийнахь хIара совдегархо велира. ТIаккха малийкаша цуьна синна дуьхьал дахана схьаийцир и, цуьнга элира цара: Диканах цхьа хIума диний ахь?
ТIаккха Цо цаьрга элира: Декхарш тIехь долчьргара уьш схьалахьо сайн хьадалчаш хьовсабора аса. Амма аса цаьрга весет дора: шайна цхьаъ хала воллуш, декхар схьадала ницкъ кхочур боцуш карвахь, иза цунна диталуш, цуьнгара хIумма схьа ма эцалуш. Со цаьрга олуш вара: цунна деккхар диталуш, АллахIа вайна дуьтур дара шен декхар.
ТIаккха цунна АллахIа гечдира, цунна къинтIийра велира, къечарна цо гечдеш хилар бахьана долуш. ( Аль-Бухари ).
АллахIан сибат:
Вай массара муьлхха цхьа хастаме болх болош ,,БисмиллахIир-рахьманир-рахьийм олу Вай и олу Сийлахь КъорIа деша долош а, хIума яа йолош а. ,,Раббил Iаламин бохучул тIаьхьа АллахIа ша вийцина вайна ,,Ар-рахьман, Ар-Рахьим ву ша аьлла. ТIаккха Цо-СубхьанахIу, ва ТаIала-Шен сибаташкахь гулдина цхьана далийна Шех кхерар а, Шега ойла, безам бахийтар а. Дала-ТаIала-ма аллара: ,,Сан лайшна дIахаийта, Со баккъалла а, гечдеш верг а, къинхетамен верг а хилар. Сан Iазап а, баккъалла а, лазош Iазап хилар; ( Аль-Хьиджр: 49-50 аят ).
Пайхамара-IалайхIис-салам-аьлла: ,,Муьъма стагана АллахIана гергахь долу таIзар хаахьара, Цуьна Ялсаманега цхьаммо дог дохур дацара.
Керста стагана АллахIана гергахь болу къинхетам хаахьара Цуьна Ялсаманеха цхьаммо дог дуьллур дацара; ( Муслим ).
АЛЛАХI ХИЛАР
Хьехархочуьна хьекъал:
Цхьана ишколехь АллахI-ТаIала-хиларха цатешаш цхьа хьехархо хилла. Цхьана дийнахь хIара хьехархо классчу а веана дешархошка аьлла: Со гуш вуй шуна?
Цара-ву-аьлла.
Хьехархочо аьлла: Делахь со волуш ву-кх. ЦултIаьхьа аьлла цо цаьрга: У ( фанер ) гой шуна? Го-аьлла цара. Цо аьлла: Делахь у долуш ду-кх? Цул тIаьхьа хаьттина цо цаьрга: ГIанташ гой шуна? Го-аьлла цара. Цо аьлла: Делахь гIанташ долуш ду-кх? Цул тIаьхьа аьлла цо цаьрга мекарлонца: АллахI гуш вуй шуна? Вац-аьлла цара. Цо аьлла: ТIаккха АллахI мичахь ву вайна И гуш цахилча? ТIаккха хьекъал долчу дешархошха цхьамма аьлла хьалагIеттина шен накъосташка: Хьехархочуьна хьекъал гуш дуй шуна? Дац-аьлла цара. Цо аьлла? Делахь хьехархочуьна хьекъал а доцуш ду-кх.
Ницкъ болуш волу АллахI:
Цхьана дийнахь Пайхамара-IалайхIис-салам-вийцина шен осхьабашна тIаьхьара текхаш жоьжагIатара араверволу стаг. Цуьнга эр ду: Вай Ялсамана гIо тIаккха иза вахана Ялсамана чукхочур ву. Цигахь Ялсаманан охIлу карор бу цунна шайн меттигаш дIалецна бевлла. ТIаккха цуьнга эр ду: Хьайна хила луъчуьна цIеяккха. ТIаккха цо шена хила луург эр ду. ТIаккха цуьнга эр ду: Хьуна хила луург ду хьан, уьттаза цунна тIе сов ло хьуна. ТIаккха оцу лено эр ду шен деле: Сан дела, соьх цавешаш ву хьо, хьо-х Iаламин да ву?! Цул тIаьхьа Пайхамар велавелира-IалайхIис-салам. ТIаккха цуьна асхьабаша элира цуьнга: АллахIан элча, хьо стенах воьлу? Цо элира: ,,Iаламин да волу Дела велаваларха ( воьлу со ). Лайно аьлча хенахь: Соьх цавешаш ву хьо, хьоьх Iаламин да ву?! ,,ТIаккха цуьнга АллахI-ТаIала-эр ду: ,,Со хьоьх цавешаш вац, амма Со сайна луург дан ницкъ болуш ву; ( Муслим ).
БЕШАН ДА
ЦIера йоккхачу бешахь хьоьжуш латтара де-да беш юьзначу дитташка, зезагашка. Цул тIаьхьа цуьна бIаьрг сецира кемсин таьллангана тIаьхь. Цуьна кенаш охьаохкаделла дара, кIеззиг дийнош бен цаоьшуш маддала а, даа мегаш хилла дIахIитта а. Кенашка хьажна де-дас элира: Тхан Дела, АллахI, беркат делахь тхуна хIокхутаьлланган тIийрачу стоьмашкахь.
Генара де-дега хьоьжуш вара, цо деш долу доIа а хезаш, цуьна кIентан кIант Басим. ТIаккха и юкъах ваьккхира цо хаа гIоьртина хаттар деш: Сан де-да, доIа стенна до ахь? Таьллинг юьзна маяьлла кенех, кIеззиг дийнош бен мацадисина угар чам болу кемсаш вай яц?
Цунна жоп делира де-дас: цуьна къайле хаа лаьий хьуна?
-ЧIогIа лаьа, сан де-да!
-Басим, цуьна жоп хIара хаза дийцар ду хьуна..
дийцаррий?! элира Басима собар дайна. Дийцахь, сан де-да. Со чIогIа дийцарш дезаш ву.
Дедас элира: Хьалха заманахь вехаш цхьа шиъ доттагI хилла, цаьршиннах цхьаъ чIогIа хьал долуш хилла, важа чIогIа къе хилла.
Цхьана дийнахь хьолада а, цуьна къе доттагI а хьоладен йоккхчу беша вахана, кемсин а, хурманин а диттех юьзна йолчу. Цунна юккъехь АллахI татол даийтанера. Хьолада Iехавелира бешан йоккхаллех а, цуьна стоьмин дукхаллех а. Цо шеен накъосте элира: ХIокху бешан тоьмаш чакхдевр ду аьлла хеташ вац со. Цуьна Iехавалар кхин а совделира. Цо чIагIдора ша велча а цуьна (бешан ) диканех ша хадор вац бохуш. ТIаккха цуьна къечу доттагIчо хьехар дира цунна АллахIана шукру а де, Цо деллачу ниIматашна куралла ма е аьлла, амма хьоладас лацадуьйгIира цуьна хьехаре.
Iуьйранна хьалагIатина шен беша велир цуьна диканех, хазаллах пайда эцар дуьхьа, амма цунна шега хьоьжуш къиза кхаъ карийра.
Беш карийра цунна стоьмаш доцуш, гIаш охьа эгна, цуьна стоьмаш телхина дара, диттийн гIаш охьа эгна дара. Шийла кхаъ боккха хиларна куьйгаш вовшех детта волавелира и, шен къечу доттагIчуьнга ша аьллачунна дохко велира и, цо элира: Сайн Делаца цхьа накъост ванза хила велир со.
Иштта хир ю хьуна, Басим, шена АллахIа деллачуха Iеха мел веллачуьна тIаьхьае, шен далла тIе цатоьвжаш а, Цо деллачу рицкъанехь беркат дар цадоьхуш волчуьна чаккхе.