Тоьшалла до аса: АллахI воцург, кхин дела цахиларца. Ша цхьаъ ву И, шеца нисван цхьа а накъост а воцуш, сийлаллин а, возаллин а Да ша волу.
Аса юха а тоьшалла до: Мухьаммад цуьнан лай а, элча а хиларца, ламаз диначарех а, закат деллачарех а, хьаж диначарех а, марха кхаьбначарех а уггаре диканиг ша хилла волу. АллахIа кьинхетам а, маршо а йойла цуьнах а, цуьнан доьзалах а, цуьнан асхьабех а, де-буьйса хийцалуш мел лаьтта а, церан новкъа царна тIаьхьа баьзначу массарех а.
Цул тIаьхьа…
ХIай нах! Сийлахьчу АллахIах кхера, хьаж-цIа а гIо - АллахIа шайна парз дина долу хьаж дан, нагахь и некъ бан шайн таро, аьтто, йиш елахь.
АллахIа (Лекха ву И) аьлла:
«Нах АллахIана хьалха деккхар бу хьаж дан баха, нагахь и некъ бан церан таро (аьтто, йиш) елахь. Нагахь цхьаммо керстаналла дахь (хьаж дар дитахь), ткъа АллахI-м Iаламашка хьаште ма-ваций» («Али Iимран»: 97).
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Ислам - ахьа тоьшалла дар ду: АллахI воцург, кхин дела цахиларца а, Мухьаммад АллахIан элча хиларца а; ламаз дар ду; закат даккхар ду; Рамадан бутт кхабар ду; хьаж-цIа вахар ду, нагахь и некъ бан хьан таро (аьтто, йиш) елахь».
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцина - Ислам дин лакхахь дагардиначу пхеа хIуманна тIедоьгIна хилар. Делан лайн бусалбаналла дуьззина хир дац цо хьаж даллалц. Цуьнан бусалбаналлин гIишло кхочуш хилла дIа а хIуттур яц цо хьаж даллалц.
Iумар бин ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:
«Оцу мехкашка къонахий бахийта кечам бан ойла ма хиллера сан - шен (долахь хьаж-цIа ваххал) хьал а долуш, хьаж данза Iаш верг мила ву а хьовсийтина, ткъа царна тIе жизйат йожо. Бусалба ма бац уьш, бусалба ма бац уьш, бусалба ма бац уьш».
Хьаж дар хIора стагана парз долуш хилар тIечIагIдина ду Сийлахьчу АллахIан Жайнера а, Цуьнан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Суннатера а берриге бусалба нехан сецначу бертан тоьшаллица.
Хьаж дар парз хиларна инкарлоне хилларг - керста ву. И парз хиларна мукIара хилла, амма шен ледарло бахьана долуш а, бала кIезиг хилар бахьана долуш а и данза дитинарг - боккхачу кхерамна хьалха лаьтташ ву.
АллахIа, Ша хьаж парз дина тIедиллар хьахийначул тIаьхьа, аьлла:
«Нагахь цхьаммо керстаналла дахь (хьаж дар дитахь), ткъа АллахI-м Iаламашка хьаште ма-ваций» («Али Iимран»: 97).
Бусалба стаг реза муха хир ву - хьаж дар дита, и кхочуш дан шен даьхница а, дегIаца а ницкъ болуш волу, оцу тIе шена хуъушехь и дар Исламан парзех цхьа парз а, цуьнан арканех цхьа рукна а юйла?
Шен дуьхьа парз хьаж кхочуш дарехь шен даьхнех харж ярна бIаьрмецигалла муха йийр ю цо, кхоамза шен даьхнех чуваьржжина шен дегIана хуьлу там лоьхуш, раз-пурх духкуш лелаш хилча?
Парз хьаж кхочуш дечу хенахь хало хиларна кхоьруш, шен дегI кхоон муха гIерта иза, дуьненан хIуманаш бахьанехь са хаддалц шена хало а еш, кIад а луш лелаш хилча?
Парз хьаж тIера даккхарна кIадо муха йо цо, шен ерриге оьмарехь цкъа бен и дан дезаш а ца хилча?
Ледарло муха йо-те цо, хьаж тIера даккхар тIаьхьа а муха тоьтту-те цо, шена хууш ца хилча, оцу шарахь ца водахь тIаьхьа йогIучу хенахь ша цига кхачалур ву я вац?
ХIай АллахIан лаьш! Кхера АллахIах, АллахIа парз дина шайна тIедиллина долу хьаж кхочуш дай тIера а даккха, Сийлахьчу АллахIана лолла деш, Цуьнан хьукманна реза хилий, Цуьнга ладогIий, Цуьнан омрина муьтIахь хилий, нагахь шаьш муъма нах далахь:
«Муъма стеган а, муъма зудчуьн а харжам бац - цара шайггара сацам бан, нагахь АллахIа а, Цуьнан элчано а сацам бина белахь. АллахIана а, Цуьнан элчанна а Iеса хилларг - билггалачу тиларчу вахана» («ал-Ахьзаб»: 36).
Боккъалаъ, муъма стага, хьаж а, Iумрат а, ша гIеметтахIоьттиначул тIаьхьа цкъа динехь - парз шена тIера даьккхина ваьлла иза, ша и дарца шен бусалбаналлин арканаш а юьзна цо. Цул тIаьхьа цунна тIехь дац - я хьаж, я Iумрат, нагахь юха а цкъа хьаж я Iумрат дан цо нузар (чIагIо) ца йинехь, ткъа чIагIо йинехь-м - ша йина чIагIо кхочуш яр тIехь ду цунна.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Муьлхха а АллахIана муьтIахь хила чIагIо йина верг - муьтIахь хуьлда и Цунна».
ХIай бусалба нах! АллахIан къинхетам боккха хилар а, Цуьнан хьикмат кIорге хилар а ду шуна: Ша тIедехкиначу парзашна Цо дозанаш а, бехкамаш а дехкина хилар - парзаш рожехь хилийтаран дуьхьа а, жоьпалла билгалдаккхаран дуьхьа а. Ша билгалдаьхна долу дозанаш а, бехкамаш а Iаламат чIогIа хьаж дечунна а, муьлхха заманна а, меттигна а догIуш хIиттийна Цо.
Оцу парзех цхьаъ хьаж ду, ткъа цуьнан дозанаш а, бехкамаш а ду. Уьш цхьаьна хилча а, уьш долуш хилча а бен тIедужуш дац хьаж дар бусалба стагана, ткъа царех ду: гIеметтавахана хилар.
Боьрша стаг гIеметтавахар къасталур ду кхаа билгалонца: оралла йоссарций, я пхийтта шо кхачарций я кIел чо баларций.
Зуда гIеметтаяхар къасталур ду оцу кхаа билгалонций, царна тIе кхин а йоьалгIачу билгалонций, иза - цIано йохар ду.
ГIеметтаваханазачунна хьаж дар тIехь дац, иза мел вехаш велахь а. Амма нагахь цо Делан дуьхьа аьлла негатца хьаж дахь, ткъа цуьнан хьаж нийса лоруш ду, цунна и дарна ял а хир ю. Амма ша гIеметтаваханачу хенахь юха а парз хьаж дан хьаж-цIа ваха дезар ду цуьнан, хIунда аьлча гIеметта вахале цо диначу хьажо парз хьаж тIера ца даьккхина цунна (оцу хенахь парз хьаж тIехь дацара цунна). Цуьнах масал далийча, иза тера ву - даьхний закат лучу бараме а кхачале, закат тIера даккха негат а долуш, сагIа деллачух.
Оцу тIедоьгIна аьлча: нагахь цхьамма хьаж дахь шен кегийрачу кIентаршца я шен кегийрачу йоьIаршца, нагахь цара (кIентарша я йоьIарша) шайн деца хьаж динехь - церан дена а ял хир ю, царна а хир ю хьаж даран ял. Нагахь уьш хьаж а ца деш Iахь - церан дена а дац къа я царна а дац къа.
Хьаж дар тIедожочу бехкамех ду - шен даьхница а, дегIаца а хьаж дан таро йолуш хилар, хIунда аьлча Сийлахьчу АллахIа и бехкам биллина, нагахь и хилахь хьаж важиб хилла тIедужур долуш:
«Нагахь и некъ бан хьан таро (аьтто, йиш) елахь» («Али-Iимран»: 97).
Хьаж-цIа ваха ницкъ, таро йоцучунна тIехь дац хьаж дар. Ткъа даьхница ницкъ кхачар бохург - стеган долахь даьхнех хьаж дан тоъал барам хилар ду, шен хIусаман хьашташна а, хIусамехь оьшуш долучу рицкъанна а, шена а, шен доьзална а тIедуху духарна а, шо ханна хIусамна бала мах а, иштта карарчу хенахь тIера декхар дIатакхарал а сов. Нагахь стеган долахь даьхний делахь, лакхахь дагардиначу хьашташна оьшуш, - хьаж дар тIехь дац цунна.
Сихха дIадала дезаш тIехь декхар долуш волучунна - и дIатаккхалц йолучу ханна хьаж дар тIехь дац. Декхар аьлча - оцу юкъа догIу стага дIа мел такха дезаш долу хIума: декхар, юхкучу хIуманан мах, йолах пайда эцаелла хIума. Нагахь цхьаннна тIехь цхьа дирхIам ахча декхар делахь, аьтто ма-хилла дIадала дезаш, ткъа иза декхархо лоруш ву. Хьаж дар тIехь дац цунна и декхар дIатаккхалц - я дIаделла, я долучо гечдина, хIунда аьлча декхар дIадалар - чIогIа коьрта хIума ду. Стаг АллахIан новкъахь, ШахIид а хилла, кхелхича а, цо даькхиначу цуьнан ШахIидалло массо къинойх дIацIанво иза, декхар доцучух, ткъа ШахIидалло а ца воккху иза декхарх хьалха.
ДегIаца ницкъ кхачар бохург - адам, йоккха хало а йоцуш, шен дегIаца хьаж-цIенна тIе (Макка) кхача ницкъ болуш хилар ду.
Нагахь хьаж-цIеннна тIе кхача таро, ницкъ боцуш велахь, я ваха ницкъ-м кхочу, амма йоккхачу халонца, масала: цомгаш ву иза - оцу хьолехь верг, нагахь тIаьхьа тIейогIучу ханчохь ницкъ кхачаре сатуьйсуш велахь, - ницкъ кхочун болучу хене валлалц собар а дина, тIаккха хьаж дийр ду цо.
Нагахь хьаж дан ца ларош иза лахь - цуьнан метта цуьнах бухадиссиначу даьхница кхечо дийр ду хьаж.
Нагахь тIаьхьа тIейогIучу ханна ницкъ кхачаре сатийса агIо боцуш иза велахь - воккхаллина, таваларе дог диллина цомгаш хиларна, ткъа цо шен гергарачех, я гергара боцучарех а мегар ву, цхьаъ шен метта хьаж дан векал вийр ву. Нагахь и тIе а диллина цхьаъ векал вале хьалха иза кхалхахь - цуьнан метта цуьнан бухадиссиначу даьхница хьаж дийр ду.
Нагахь зудчуьн, иза цуьнца новкъа яла бакъо йолуш волу гергара стаг (махьрам) вацахь, ткъа цунна тIехь дац хьаж дар, хIунда аьлча хьаж-цIа боьду некъ арабаккха таро йоцучарех лоруш ю иза, ШарIехь уллехь гергара махьрам а воцуш новкъа ялар дихкина ю иза шена.
Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла:
««Зудчуьнца ша ма волийла стаг - цуьнца цуьнан гергараниг (махьрам) волуш бен, зуда новкъа а ма йолийла ша - шеца цхьаьна шен гергараниг (махьрам) волуш бен». Цхьана стага, хьала а гIаьттина, аьлла: «ХIай Аллах1ан элча, сан зуда хьаж дан араяьлла, ткъа со, хIокха-эца гIазоте ваха язвелла ву». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Вало, хьайн зудчуьнца хьаж де»» (Муслим, Бухари).
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) омра дина оцу стаге - хьайн зудчуьнца хьаж де аьлла, иза гIазотхошна юкъа язвелла воллушехь а. Дуьхе кхиа а ца гIиртина пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) - жима стаг яра-те цуьнан зуда, кхин зударий барий-те цуьнца я бацара-те аьлла.
ХIара - тоьшалла ду, хIуъа хилча а, зудчунна новкъа ялар хьарам хиларан муьлхха а хIуманна тIехь - кема хуьлда и, машен хуьлда и, шеца цхьаьна шен гергара стаг (махьрам) волуш бен.
Цаьрца зуда яхан магош махьрам лоруш ву: цуьнан мар, даима дIа цунна цаьрга маре яхан ца мегаш берш а – да, денда, кхин хьала а - кIант, кIентан кIант, иштта кхин охьа а - ваша, вешин кIант, вешин кIентан кIант, иштта кхин дIа а - йишин кIант, йишин кIентан кIант, иштта кхин дIа а – деваша, ненаваша. Башхалла а яц и уьйраш гергаралонехула тасаелла елахь а я вакхор/якхор юкъадар бахьана долуш тасаелла елахь а: марда, иштта кхин дIа а – меракIант (пасынок), йоьIамар (муж дочери), ненамар (отчим).
Махьрам лоруш верг - гIеметтавахана а, кхетамчохь а хила везаш ву. ГIеметтаваханза верг махьрам лорур вац, хIунда аьлча зудчунна махьрам улле ваккхаран Iалашо - цуьнга иза ларъяйтар, цуьнан дола дайтар, Iалашъяйтар, цуьнан сий лардайтар ю, ткъа и - гIеметтахIоттанза волучу жимачуьнга далур долуш хIума дац.
ХIай бусалба нах! Муьлхха велахь а, иза хилча хьаж тIедужуш долу бехкамаш шегахь кхочуш хилларг, - хьаж-цIа а вахана, хьаж тIера доккхийла цо шена, тIаьхьа а ца тоьттуш, хIунда аьлча АллахIан а, цуьнан элчанан а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) омранаш хьем боцуш, тIаьхьа а ца тоьттуш кхочуш дан дезаш ду. Оцу тIе цхьана адамна а ца хаьа тIейогIучу ханна шех хIун хир ду.
АллахIа (хастам бу Цунна) аьтто бина вайна хIокху мехкашкахь, кхечарна ца нисбелла болу, - хьаж-цIенна тIе кхача атта хилар, хьажан Iибадаташ дан аьтто хилар. Шукар деш, къобал дай тIеэца аша хIара ниIмат.
АллахIа шайна тIедиллина долу парз кхочуш де. Нагахь и кхочуш дале хьалха шайна Iожалла тIекхачахь - дохкодевр ду шу, дохкодовларо бан цхьа а пайда боцучу хенахь.
ЛадогIа Сийлахь-Везачу АллахIан къамеле:
«Шайн Деле дерза (шайн дегнашца), Цунна муьтIахь а хила (шайн меженашца) - Iазап шайга Дале, цул тIаьхьа гIо хир дац шуна. ТIаьхьадаза шайн Дала шайга доссийначу уггаре дикачунна - шайга цIеххьашха Iазап кхачале хьалха, шайна и тIедогIуш хаа а ца хучу хенахь. Стага алийта ца деза: «ЭхI, сан дакъаза валар, АллахIаца йолучу юкъаметтиган аса ледарло яр бахьана долуш - (дуьненчохь а волуш сайх) кхаьрдачарех цхьаъ хили-кха со». Я алийта ца деза: «Со АллахIа нийсачу новкъа нисвина хиллехьара - Делах кхоьручарех цхьаъ хилла хир ма вара со». Я шена Iазап гиначу хенахь цуьнан алийта ца деза: «Сан кхин цхьа таро елахьара - дика дечарех цхьаъ хир ма вара со»» («аз-Зумар»: 54-58).
АллахIан дуьхьа негат цIенна цIан а дина, АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIаьхьа а возуш, ШарIо ма-доьхху диначуьнан хьаж - кхочуш хилла хьаж ду.
АллахIа суна а, шуна а товфикъ (кхетам) лойла - Ша тIедехкина долу парзаш лелон а, церан дозанаш лардан а.
АллахIа Шен къинхетам а, дика а, уггаре хазачу куьцара Шена лолла дар а лойла вайна - и бахьана долуш вайн парзаш дуьззина хилийта а, вайн диканаш сов довлийта а, вайн иманаш дуьззина хилийта а, вайн динехь чIагIалла чIагIъялийта а. Боккъалаъ, комаьрша а, дика а ву И!
ХIокху айса дийциначунна тIехь тоам бо аса.
АллахIе сайна а, шуна а, берриге бусалба нахана а массо къиношна гечдар а доьху аса. Ткъа гечдар деха шайна Цуьнга. Боккъалаъ, гечдеш а, къинхетаме а ву И!
ХутIба дешнарг: Мухьаммад бин Солихь ал-Iусаймин
Гочдинарг: Турпалан кIант Фарукъ