Пайхамара IалайхIис-салам, церан хьокъехь аьлла: «Цхьа тайпа а денош дац, шайна чохь йина Iамал АллáхIана дукха езаш, хIокху итт дийнахь йиначу Iамалал». Цара (сахьáбаша) аьлла: АллáхIан дин толо деш долу джихIад дац? Цо аьлла: «АллáхIан дин бахьнехь деш долу джихIад дац, шен дохнаца шá араваьлла стаг воцург, цунаха цхьа хIума духа ца деана волу». Бухарис дийцина и.
Баккъалла а, вайха хIокху дуьненахь муьлхха адамна цхьа стаг везча, шен ницкъ кхочуш долу уггар лакхараниг а. доккханиг а дан къахьоьгу цо иза ирсе а, декъала а варан дуьхьа. Цунна дезачу хIуманца цуьнан гергар хилар лоху цо. Ткъа АллáхI-Сийлахь-Воккха ву Иза, везар уггар сийлахь-доккха везар хила дезаш ду хIора бусулбанан дагчохь. Иза иштта хила муха ца деза?... Вайгахь мел долу ниIмат (дика, зовкх) ишттанехьа вайна латтош верг АллáхI-ТаIáлá, хилча. Цундела вайн декхар ду АллáхIан-СубхьáнахI-гергара хила гIортар, Цунна мел дезаш долчу хIуманца. Цунна ца дезаш мел долчу хIуманах къахкар. АллáхIана-ТаIáлá - ваьш дезар даккхаран дуьхьа.
ХIун дан деза ас хIокху деношках?
ХIун раж а, Iалашо а ю хIотто езаш ерг
Уггар дикачу агIор цунах пайда эцаран дуьхьа?
1- Марха кхабар ду: Бусулбанна суннат ду, шен ницкъ кхачахь хIокху деношкахь я царах цхьадолу деношкахь марха кхабар. Марха кхабар уггар дикчу Iамалех цхьаъ йолун дела. Цуьнан хьокъехь АллáхIа-ТаIáлá - аьлла Къудсийн долчу хьадийсехь: «Адамо еш йолу массо Iамал цунна шена ю, марха доцург, ткъа иза Суна ду. Цунна дуьхьал совгIат Ас лур ду цунна». Пайхамарна чIогIа лууш а, дезаш а хилла хIокху денойн марха кхабар. Суннат долчу, цхьана дийнан мархано жьожахатенах бусулба гена воккхуш хиларна кхузткъе итт шарна. Пайхамара – IалайхIис-салам – вайна хаийтина ма хиллара шен хьадийсехь.
2- Такбúр дар ду: Итт дийнахь такбúр (АллáхIу акбар), тахьмйид (Алхьамду ЛиллáхI), тахIлийл (Лá илáхIа иллаллáхI), тасбúхь (СубхьаналлáхI) бáхар суннат ду. Вайна кхачаме а, тоьаш а ду АллáхI-СубхьáнахIу ва таIáлá – Ша хьехош волчуьнан накъост хилар. Дар суннат долчу такбúран куц хIара ду: АллáхIу акбар, АллáхIу акбар, Ла илáхIа иллаллáхI, валллáхIу акбар, ва ЛиллáхIил хьамд.
3- Ерриг чулаьцча, дика Iамалш сов яхар ду: Дика Iамал АллáхIана-таIáлá, езаш хиларна. Иза: ламаз, Къурáн дешар, зикр, доIа, сáгIá, дена-нанна дика хилар, гергарлонаш леладар, диканиг де алар, вониг ма де алар, и доцург кхин а и саннарш ду, диканан а, муьтIахь хиларан а некъашха... ХIара берриг белхаш хьоьх бусулба веш хиларна, хьоьх нахана масал хуьлуш. Хьан ийман а совдоккху цара, хьуна АллáхI-ТаIáлá – везар а. ТIаккха АллáхIана-СубхьáнахI – хьо везар совдолу, Цо хьуна деган ирс хаадалар ло, АллáхI-таIáлá – мел ца везачунна тIе ца тоьаш долу. АллáхIа-Сийлахь ву Иза – аьлла: «Сан зикранах (Къурáнах) дIа вирзинарг, баккъалла а, цуьнан вáхар хала хир ду» (ТIахIа: 124)..
4- ГIурба ду: дикачу Iамалашха ду хIокху итт дийнахь АллáхIана-ТаIáлá – муьтIахь хилар а, герга вахар а гIурбанаш дерехулá (дайарехула), церан кхоалгIа дáкъа къечу, мискачу нахана сагIийна даларехулá. Церан лазамашна дáкъа а лоцуш вай юкъа дахаран дуьхьа а, уьш ирсе, декъал бар вайн лаам (безам) хиларнá а. СагIа вайна пайхамара-IалайхIис-салам, ма-хаийттара ду: «Баккъалла а, сагIано делан оьгIазалла дIайойу». Тидаме эца дезаш хиларца цхьаьна: гIурба ден лууш верг шен месех, мIарех, чкъурах хIумма схьа ца оьцуш, хада ца еш вухаозалур ву, ша гIурба деллалц. ГIурба а дуьйр дац Iийд ламазера нах ара бовллалц.
5- АллáхIе-ТаIáлá – дохко ваьлла, Цуьнга воьрзуш тоба дар ду: ХIокху итт дийнахь чIагIлучух ду АллáхIе-ТаIáлá – тоба дар, Iасаллаш, массо къинош дитар. Тоба дар кхаа муьрах лаьтташ ду.
Хьалхарниг: Къа дитар ду.
ШолгIаниг: Цунна дохко валар ду.
КхоалгIаниг: Оцу къине шолгIа ца верза чIогIа лаам, сацам хилар ду.
ХIокху хенашкахь тоба дар-иза сийлахь-боккха болх бу. ХIара хенаш АллáхIа луш а, йохкуьтуш а ю тоба дечаьрга тоба дайта а, АллáхIана-ТаIáлá, уьш тIебахкийта а, тIеберзийта а. Ма Сийлахь-Воккха дела ву Иза! ТIаккха хьакъ вац Иза вай Шена лолла (Iибáдат) дан а, вайна Ша веза а? Цо-сийлахь ву Иза – аьлла: «Амма (царех) тоба динарг, АллáхI цхьаъ хилар бакъдинарг, дика Iамал йинарг - иза декъал хиллачех хила герга ду». (Аль-Къасас: 67).
Кхин а аьлла Цо: «Ахь ала (Мухьаммад) хIай Iасаллашкахь дозанал тIехдийлина, сан леш, АллáхIан къинхетамах дог ма дилла, баккъалла а, АллáхI дерриг къиношна (тоба дича) гечдеш ву. Иза, баккъалла а, Гечдийриг, Къинхетамениг ву». (Аз-Зумар: 53).
АллáхIе-ТаIáлá – вай доьху, хIара баккхин аьттонаш, хьовзо ма-беззара, пайде хьовзо хууш, ира хьекъал долчеха дар.
ХIара чекхдели. Кху тIехь нийса дерг АллáхIера ду. ГIалатниг, вицвалар тхоьгара а, шайтIанера а ду. АллáхIа гечдойла тхуна а, шуна а, бусулба божаршна а, зударшна а.
Оха, тIедогIучу гIурбанан Iийдаца, декъал бо массо вай бусулба махкахой а, кхин болу дуьнен тIийра массо вайн бусулба вежарий а!!
Шун бусулба ваша ИбрахIим