• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

Дика Iамалш дага яхкийтар

Опубликовано: 10 декабря 2008

Хаттар: Хьайна АллахIа салават дуьллийла лаьий хьуна?

Жоп:  Элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла: «Суна (цхьа) салават диллиначунна - цунна дуьхьал АллахIа уьттазза салават дуьллу» (Муслим). 

Хаттар: Ялсаманехь цIа дезий хьуна?

Жоп: Элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла: «Муьлхха а бусалба (АллахIан) лай, хIора дийнахь Сийлахь-Везачу АллахIан дуьхьа парз-ламазал сов шен лаамехь долу шийтта ракаIат ламаз деш волу, - АллахIа ялсаманехь билггал цIа дугIур ду цунна» (Муслим).   

Хаттар: ХIара весет хезний хьуна?

Жоп: Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Суна уггаре дукха везачу сан доттагIчо (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхаа (хIуманан) хьокъехь весет дира соьга: хIора баттах кхаа дийнахь марха кхабарца, ши ракаIат духьа-ламаз дарца, со охьавижале хьалха витар-ламаз дарца» (Бухари, Муслим).

Хаттар: Хьайн дика Iамалш ца совцийла лаьий хьуна, хьо веллачул тIехьа а?

 Жоп: Маьждигаш догIар, гIунаш ахкар, иманехь бакъхьара доьзалхо кхиор, Iилма даржор; жанийн зорба тохар а, уьш дIаса далар а, касетийн записаш яр а, уьш дIасаяржор а, уьш кечъян а, яржон а даьхнаца гIодар а. 

Пайхамара, Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла: «Адам делча, цуьнан ерриге Iамалш совцуш ю, кхо Iамал йоцург: ца хеда сагIа а, (нехан) цунах пайда эца йиш йолуш долу Iилма а, цунна доIа ден долу бакъахьара бераш а» (Муслим).

 Хаттар: Хьайн доIана жоп хила лаьий хьуна?

Жоп: Элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла: «Муьлхха а бусалбачу (АллахIан) лайно, къайллах шен вешина (ша и дой а ца хоуьйтуш) АллахIе доIа дича, (цунна юххехь долучу) малико олу: «Изза хьуна а хуьлда»» (Муслим).

Хаттар: АллахIана уггаре дукхах деза къамел муьлхарг ду хаьий хьуна?

Жоп: Элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла: «Аса дийца хьуна массо хIуманал АллахIана дукха деза дешнаш? Боккъалаъ, АллахIана уггаре дукха деза дешнаш: «ЦIена ву АллахI Цуьнца там боцучух, хастам бу Цунна!». (ду) - «СубхьаналлахIи ва бихьамдихIи» (Муслим).

Хаттар: Хьайн къиношна гечдойла лаьий хьуна, уьш мел дукха делахь а?

Жоп: Элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла: «Дийнахь бIозза «АллахI цIена ву, хастам бу Цунна» («Субхьаналлах1и ва бихьамдих1и!») Аьллачунан къиношна гечдийра ду, хIурда чопане нислуш (дукха) делахь а» Бухари, Муслим.

Хаттар: Хьайн Далла уллохь хила лаьий хьуна?

Жоп: Элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла: «Лай шен Далла уггаре гергахь хуьлу сужданехь волучу хенахь, ткъа (оцу миноташкахь) доIанаш дукха дойла аша» (Муслим).

Хаттар: Хьайна тIе синтем боссар а, хьайха къинхетам хулийла а лаьий хьуна?

Жоп: Элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла: «Адамаш (миччахь а цхьанхьа гуллучу хенахь), доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волу АллахI хьехош, билггал гонаха маликаш хIуьтту царна, къинхетам бо царех, синтем а буссу царна тIе, Шена гергахь болучарна (маликашна) юккъехь хьаха а бо уьш АллахIа» (Муслим).

Хаттар: ХIокха хьадийсан ойла йиний ахь?

Жоп: Пайхамара, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла: «Бусалба стаге кIадвалар, еха цамгар, сингаттам, гIайгIа, бохам кхачахь, Iотталуш долу кIохцал а - АллахIа и бахьанехь билггал гечдийр ду цуьнан цхьадолчу къиношна» (Бухари, Муслим). 

Хаттар: Йуьззинчу буса дина Iибадатан ял езий хьуна?

Жоп: Элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла: «Пхьуьйра-ламаз жамаIатехь диначунна - ах буьйса ламазаш деш яьккхича санна (дIаяз) до, ткъа Iуьйра-ламаз жамаIатехь диначунна - ерриге буьйса ламазаш деш яьккхича санна (дIаяз) до» (Муслим). 

Хаттар: Лаьмнашха тера даккхийра дикнаш дезий хьуна?

Жоп: Пайхамара, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла: ««Докъа-ламаз даллалц йолчу юкъанна тезетахь сецначунна - цхьа къийрат ял хир ю, дIаволлалц Iийначунна – ши къийрат (ял) хир ю». (Наха) хаьттира: «Ткъа шина къийратан барам мел бу?». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Боккха ши лам бу»» (Бухари, Муслим).

Хаттар: Хьо АллахIа ларвойла лаьий хьуна?

Жоп: Пайхамара, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла: «Iуьйра ламаз деш верг АллахIан гIоьна (долан) кIел лаьцна ву» Муслим.

Хаттар: АллахIа хьайна а, жоьжагIатийна а юкъ кхузткъе итт шеран некъан бохалла гена яккха лаьий хьуна?

Жоп: АллахIан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла: «Муьлхха а лай, АллахIан новкъахь цхьа де марха кхаьбна волу - АллахIа билггал и де бахьанехь цуьнан юьхь кхузткъе итт шеран (некъан бохалла) генайоккхур ю жоьжагIатах» (Бухари, Муслим).

Хаттар: Хьо Ялсамане кхачон волу некъ безий хьуна?

Жоп: АллахIан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла: «Iилма лоьхучу новкъа ваьллачунна - (и бахьанехь) АллахIа ялсамане боьду некъ атта бийр бу». (Муслим).

Хаттар: Даим марха кхобучуьнан, я са хиллалца ламазаш дечуьнан, я муджахIидан хуьлуш йолу ял езий хьуна?

Жоп: АллахIан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла: «Биссиначу зударийн а, таро йоцучеран а доладийриг - АллахIан новкъахь тIом бечух терра ву. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «…цо элира аьлла тешна ву со: «… кIад ца луш буьйсанна ламазаш дечух а, хаддаза марханаш кхобучух а тера ву и»» (Бухари, Муслим).

Турпалан кIант Фарукъ

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft