• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Хьан дог муьлхарг ду?

Опубликовано: 05 февраля 2009

Дог тIехуу дийнат ду, оцу тIехь эхарта боьду некъ хадош долу. Делан хьажар цига хир долуш ду, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ма аллара:

«Боккъалаъ, АллахI хьежац шун догIмашка а, шун куьцашка а. И хьожу шун дегнашка» (Муслим).

Цундела, дог тодалар, цIена хилар, нисдалар массо дикачу хIуманан корта лоруш бу дуьненахь а, эхартахь а, массо ирсан бахьана лоруш а ду. Иштта дог дохар а, и дакъадалар а ду массо вочу хIуманан корта а, хIаллакъхиларан бахьана а лоруш.

Дог дегIах тера ду. ДегI санна толо и, цомгаш хуьлу и, мацло и, дуза а дузу и, ирсе а хуьлу и, дакъаза а долу и, тIедоьхна а хуьла и, дерзина а дуьссу и. И дагара дина дерриге дагна гонаха долучу, цунна тIе Iаткъам бечу хьелийн тайпанашка хьаьжжина хуьлуш ду.

Цундела дегнаш кхаа тайпанара ду:

Хьалхарниг: цIена дог ду, ткъа иза – шена чохь иман чIагIделларг ду. АллахI а, Цуьнан элча а везарца дуьзнарг ду. АллахIан омрина а, Цо биначу бехкамна а дуьхьал нислучу массо дегIан лаамех а, Цуьнгарчу хаамашца цхьана ца йогIучу массо шеконех а кIелхьара даьлларг ду. Къематдийнахь хьалхавер вац ишттачу цIеначу дагца АллахIана хьалха веънарг бен. АллахIа (Лекха ву И) ма аллара: «Я хьоло а, я кIентарша а цхьаннена цхьа пайда бен боцучу оцу дийнахь, бехдазачу (цIеначу) дагца АллахIана хьалха хIоьттина воцучунна».

ШолгIаниг: делла дог ду. Лакхахь дийциначу дагна нисса бIостанехьа дерг ду и, шена чохь дахар доцу дог ду ишттаниг. Цундела и дог долучуна шен Дела а ца вевза, Цуьнан омрица а, Цунна ма деззара а, И реза волучу кепара а лолла ца до цо Цунна. Цул совнаха, цо лоьху шен дегIан лаамаш а, марзонаш а кхочушъяр. Шен дегIо доьхучунна муьтIахь ву иза, цуьнга ладоьгIна ву иза, бIаьрзе ву иза – тиларан новкъахь дIасаветталуш. Шена цхьаъ вахча а, ша цхьанна оьгIазвахча а - шен дегIан лааман дуьхьа до цо и. Цхьанна цхьаъ ялар а, цаялар а шен дегIан лаамах дозуш хуьлу цуьнан. Шен дегIан лаамаша доьхург дар - хьалхара а, коьрта а ду цуьнан, ша кхоьллина а, шен долу деш а волучу шен Элано шегара лоьхург дарал а.

КхоалагIаниг: цомгаш дог ду, ткъа иза – шеконаша а, дегIан лаамаша а карадерзийнарг ду, цара биначу Iаткъамо АллахI а, Цуьнан элча а везарна тIера даьккхинарг а ду. И бахьанехь цомгаш а хилла, талха а телхина дIаьхIоьттина и. Иштта долучу дагчохь цхьаьна гулло дахар а, цамгар а. Оцу шиннах сов даьллачуьнан йийсаре доьду и. Нагахь цамгар сов ялахь - деллачу деганийн могIаре хIутту и, нагахь уьнахцIоналла сов ялахь - цIеначу дегнийн могIаре хIутту и.

Дог дакъадаларан а, къиза, буьрса даларан а бахьанаш:

- АллахIана муьтIахь хиларна гена далар, Цунна Iеса хилар.

- Дуьне дезар а, и дезарна тIехь сутара хилар а, дехха сатийсаршка валар а.

- Эхарт а, цигара зовкхе ниIматаш а дицдар.

- Дог талхочу синкъерамашка верзар (дог талхораш пхи хIума ду: тIех тIекере хилар, пайден боцу харц сатийсамаш, АллахI воцучух вазар, хIума дукха яар, дукха наб яр).

- Далла муьтIахь хиларшкахь мало яр, уьш тIаламаза дитар.

- АллахIан аятех, ваIданех, хьебечу кхерамех асар а, Iаткъам а цахилар.

 - ХIуманна гIайгIа (бала) цахилар, ткъа иза - хIаллакдеш лазар а, кхераме цамгар а ю.

- Вочу накъосташца доттагIалла лелор, телхиначу хьелашкахь а, бохамечу меттигашкахь а хиъна Iар.

 - Валар а, валаран халонаш а, каш а, кошан къаьхьа къематаш а дицдар.

Дакъаделлачу, къиза даьллачу деган дарба:

- Сийлахь-Веза АллахI хьехор а, хаддаза гечдар дехар а.

- КъурIанан аятех кхета гIортар а, Цуьнан ваIдин, кхерам хьебаран, омрин, дехкаран ойла яр а.

- Эхарт дагадаийтар а, къематдийнан, цуьнан къематечу хьелийн, Iадочу кхерамийн, ялсаманин, жоьжагIатин ойланаш яр а.

- Ша валар, ша лелочух кхиар, шен чот яр, ша лелочуьнан хьесап дар.

- Вочу накъостех ветвалар дитар, дикачу нахаца охьахийшарна тIехь сутара хилар.

АллахIа къинхетам а, маршо а йолда вайн пайхамарах Мухьаммадах, цуьнан доьзалах, цуьнан асхьабех.  

Iабдул-Iазиз бин Мухьаммад ат-ТIарийф

Гочдинарг: Турпалан кIант Фарукъ

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2023, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft