ПхоьалгIа: велар дукха ма де, хIунда аьлча АллахIаца дозу дог эсала а, тийна а хила дезаш ду.
ЯлхалгIа: забарш ма е, хIунда аьлча умматан бIо ладамалла бен евзаш бац.
ВорхIалгIа: хьайн аз ма айде ладоьгIучарна дIахазо оьшучул сов, хIунда аьлча иза кхетам цахилар а, новкъарло яр а ду.
БархIалгIа: нахана гIийбат дарх а, нах сийсазбарх а ларло, диканна лерина бен къамел а ма де.
ИссалгIа: хьайн вежарех дуьхьал кхеттарг вовза гIорта, цуьнга ца хьоьжуш, хIунда аьлча вайн даIватан бух – вовшийн дезар а, чу-кере хилар а бу.
ИтталгIа: Iалашонаш (декхарш) хенал дукха хуьлу, кхечуьнан хенах пайда эца хьажа, нагахь хьайн ладаме гIуллакх делахь – йоццачу ханна кхочуш дай вала.
ал-Имам аш-ШахIид ал-Банна
Гочдинарг: Турпалан кIант Фарукъ