Оцу нахана юккъера дIа мохь а тоьхна, аса элира:
- Хьайна луъуш болу бехкамаш бахка. Тхешан догIмаш доьхки оха, и барт кхочуш мел бен болу бехкам ларбан тIе а леци-кха оха. Схьагучабаха хIинца айхьа боху бехкамаш.
Цо элира тхоьга:
- Пхи бехкам бу тхан: уьш кхочуш бинарг - соьца цхьаьна ЖихIаде вогIур ву, ца бинарг - вухавоьрзур ву!
Массеран а маьхьарий девлира:
- Схьагучудаккхахьа айхьа доьхург хIун ду, схьабагарбехьа хьайн бехкамаш, дехахьа тхоьгара хьайна луъург а.
Кхайкхорхочо элира:
- Тхоьх схьакхета йиш йолуш вац «ал-Анфал» сурат а, «Мухьаммад» сурат а дагахь Iамийнарг бен, хIунда аьлча и ши сурат муджахIидийн байташ (нашидаш) лоруш ду.
Цеце вовшашка а хьаьвсина, цхьана ханна тийналла а хIоттийна, цул тIаьхьа элира оха цуьнга:
- Кхочушде… кхочушдехьа айхьа ала долийнарг, цкъа хьалха схьахазийтахь тхуна айхьа ала леринарг дуьззана.
Цо элира:
- Тхоьца цхьаьна тIаме вогIур вац тахана Iуьйра-ламаз жамаIатехь, хьалхарчу могIаре а хIоьттина, дина верг бен, ламаз доьхкучу хенахь олуш долучу «Акбарна» тIекхиъна верг бен.
Ткъа и хезча-м сайн корта охьабахийтира аса, хIунда аьлча тахана Iуьйра-ламазна тIекхиъна вацара со, имамо «Аттахьиййат» доьшучу хенахь, салам далале жимма хьалха бен.
Цул тIаьхьа, мохь туххуш, кхайкхира кхайкхочо:
- Тхоьца цхьаьна ЖихIад даран сийлалле кхочур вац ЖихIадан дозаллех дуьйцу итт хьадис дагахь хууш верг бен - цаьргахула ша шен дегI АллахIана духкуш барт биначу ЖихIадан сийлалла хааран дуьхьа.
ТIаккха сайна ЖихIадах лаьцна мел хуу хьадис талла вуьйлира со: цхьаъ я шиъ хьадис бен ца хууш карийра суна со, цхьаъ дерриге дагадогIура суна, ткъа важа юкъ-юккъера бен дага а ца догIура суна.
Кхайкхорхочо элира:
- ХIинца кхин шиъ бехкам биссина: тхоьх схьакхетар вац, весет-кехат а яздина, и шен доьзалехь дитина верг бен, хIунда аьлча хIинца хенаш яц вайн весеташ яздеш Iан.
Оцу сохьта дагадеара суна сайна тIехь долу цхьаьна хьенехан декхар а, сайна тIехь долу кхечу минехан хьакъ а. Оцу тIе кхин а масех де а деза суна сайна тIехь долу нехан декхараш а, хьаккъаш а дерриге дагадахкийта, сан такхадеза ахчанаш-м дийца а ца оьшура.
ТIаккха мохь туьйхира кхайкхорхочо, со хIаллаквина долу, со хьеревина долу дуьне мел ду екъаелла, яьржина дIаяханчу сайн ойланех со юкъар а воккхуш:
- ТIаьххьара болу бехкам: тхоьца цхьаьна ван йиш йолуш вац шен дахарехь муджахIид санна вехаш верг бен. Денна мостагIех дозанаш Iалашдеш гIаролехь сема Iачу муджахIидех терра, шен хIусамехь болучу доьзалца буса ламазаш деш сема Iийнарг бен, КъурIанан кехаташ дIалуьстуш сема Iийнарг бен, шайн тоьпаш керахь сема Iачу муджахIидех терра.
Оцу кхайкорхочо шен тIаьххьара болу пхоьалгIа кхайкхам охьа ма бишши, меллаша нахана юккъера схьавелира со, цо шен къамел дерзоре а ца хьоьжуш, сайн хьал Iорацадалийта.
Масех гIулч оцу стагана гена ваьллачу хенахь, сайна тIехьа хIун ду-техьа аьлла, вухавирзина, бIаьрг туьйхира аса. ДIахьаьжча, суна тIаьххьа богIуш эзарнашкахь нах бара, уьш берриге бухабирзира кхайкхорхочунна уллохь биссина болу кIеззиг нах боцурш.
Шеца цхьаьна масех стаг бен воцуш, вухаверзар хуьлуш ду-кха цуьнан аьлла, цуьнах къа а хетта, аса хаьттира цуьнга:
- ХIай, сан ваша! Юхавала йиш яц ткъа хьан - шина я кхаа бехкамах: хьайца цхьаьна, хьайн самукъа дера доцу кIеззиг нах бен боцуш ваьсса вуха ца верза а, эскарна гIоьнна бIо боцуш вуха ца ваха а?
Вела а къежна, оцу стага элира:
- ХIан-хIа, хIай сан ваша! Тахана долу вайн тIемаш догIмашкачул а Далла гIуллакх дечаьрга, Далла Iамалш еш болучу лаьшка хьаште ду. Ткъа хIара тIемаш - хьалхарчу тIегIенехь Далла муьтIахьчу дегнийн а, цIоналлийн а тIемаш ду, еккъа цхьана яккхийрачу тоьпийн а, тIеман гIирсийн а тIемаш дац.
ТIаккха цо соьга элира:
- Цул а ахьа то хIунда ца до хьайн хьал, нис хIунда ца ло хьо? ТIаккха хьан а хир ю тхоьх схьакхета йиш.
Аса хаьттира:
Хьоьжуш Iай шу тIаккха со хийцаваллалц, нисваллалц?
Цо жоп делира:
- ХIара къепалш денна а ю хьуна дIаоьхуш. Харцонца болу къийсамаш бац хьуна совцур болуш къематде кхаччалц. Нагахь хьо юкъахь воцуш, тахана тIехйолуш йолу хьайн къепал дIаяханехь, ткъа кхана йогIучунна тIекхиа ларо хьажа хьо. Амма, цхьа хIума ду хьуна: ларлолахь уьш ерриге дIа а яхана, хьо виссарх - дохко бовлучу дийнахь баланашка доьрзур долуш ду хьуна и.
Цул тIаьхьа Iалашо лаьцначу новкъа дIаволавелира кхайкхорхо, шеца цхьаьна биссиначаьрга а олуш:
- Схьадуьло, хIай сан вежарий! Шу санна болучарна тIе дуьссуш ду и Далла гергара малекаш, шу саннарш бу и Сийлахь-Везачу АллахIа ларбеш берш, шу санна черан керахула богIуш бу и АллахIера толам а.
Ткъа со, сайна гонаха дIаса а хьаьжна, декъазчу, воккхавер воцучу сайн хьелан ойла а йина, вилхина дIавахара. ТIаккха царех цхьамма элира:
- Ца оьшу, гIайгане ма хила, кхана дIакхетар ма ду вай царех!
Аса элира цуьнга, тIе а чевхаш:
- Иттаннаш шерашкахь ца еъна и ахьа юьйцу кхане, ГIазоте дIаоьху АллахIан дошлойн къепалш а йохку кхачош. ХIинца а царна юккъехь вай ваьшна лаьцна меттиг а яц.
Цул тIаьхьа аса сайн кисанара бумаьштиг хьалаяьккхира, оцу чуьра кехат хьала а даьккхина, сайн весет-кехат яздаран дуьхьа. ЦIеххьашха сайн берийн суьртех бIаьрг кхийтира сан, тIаккха царна тIехьа мехала кехаташ а карийра суна. И бахьанехь сайн весет-кехат язадан вицвелира со, цунна тIаьххье ЖихIад а дицделира суна. Иштта сайн хьалхаллерачу декъазчу хьоле дIа а вахара со.
Цул тIаьхьа самавелира со.
Хьехам кечбинарг – Шайх Халид Хьамдий, цIеяхначу АзхIаран Iеламстаг
Хьехам Iаьрбийн маттера гочбинарг – Турпалан кIант Фарукъ