• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Хьекъалчийн аларш

Опубликовано: 23 февраля 2009

·     Цхьана хьекъалчо шен кIантана хьехар деш аьлла: «Сан кIант, хьайна цхьана стагаца доттагIалла таса лиъча - огIазвахийтийла ахьа иза хьайна. Нагахь иза хьоьца нийса чекх валахь - цуьнца доттагIалла лелор ма дита ахьа, иштта чекх ца валахь - ларлойла хьо цуьнах!». 

 

·     «Баркалла кIохцалгашна - дуккха а хIума суна Iамийначу».

 

·     Цхьана хьекъалче хаьттина: «Хьекъал хIун ду?». Цо жоп делла: «Хьуна къасто хаар ду-кха - хьайна хуург а, цахуург а».

 

·     Цхьана хьекъалчо аьлла: «Мотт даьIахкан бац, амма даьIахкаш кегйо цо».

 

·     Цхьана хьекъалчо аьлла: «Хьайна дуьхьал нисделла дера цIоькъалом тоьлу хьуна букъа тIехьа нисъеллачу ямартчу барзал».

 

·     Цхьана хьекъалчо аьлла: «Дагчуьра арадаьлла дош – дагчу доьду, маттера арадаьлларг - лергана уллохула а ца долу».

 

·     «Iама хьайна: зезаган кIеда-марзалле, кхокханан эсалалле, накхармозин низаме, зингатан къинхьегаме, боргIалан Iуьйранна хьалххе гIаттаре».

 

·     «Шен сакхташка ладегIнарг нехан сакхташка ладегIа ларор вац».

 

·     Собарх лаьцна аьлла: «Бохамехь собаре хилар – иман ду. ХIума юуш собаре хилар – токхе хилар ду. Къайле ларъеш собаре хилар – аманат хьулдар ду».

 

·     «ДоттагIаллин дуьхьа собаре хилар – тешаме хилар лору».

 

·     Цхьана нене хаьттина: «Хьайн берех сов дукха муьлха деза хьуна?». Цо жоп делла: «Цомгашниг – тадаллалц, цIера даьлларг – цIадерззалц, жиманиг – доккха хиллалц, дайнарг – карадаллалц».

 

·     «Хьан коьртера чов го нахана, амма ахьа цуьнца хьоьгург ца хаало царна».

 

·     Саламат бин Динара аьлла: «Эхартахь хьайца цхьаьна хила луун дерг - тахханехь де ахьа. Эхартахь хьайца цхьаьна хила луур доцург - тахханехь дита ахьа».

 

·     Имам Ахьмаде хаьттина: «Синтеман чам маца карор бу лайна?». Цо жоп делла: «Шен ког ялсамани чу ма биллина».

 

·     Имам Ахьмада аьлла: «Нах кхачанал, хинал сов хьаште бу Iилмане, хIунда аьлча стагана дийнахь-буса цкъа-шозза оьшу кхача-хи, амма Iилмане хьашт садеIаран дукхаллин барамехь оьшу».

 

·     Ибн ал-Къаййима аьлла: «Дуьне – уче ю, эхарт – даймохк бу. Цундела дезарш, лаьхьалаамаш даймахкахь леха деза».

 

·     Цкъа цхьана хьекъалче хаьттина: «Ирс хIун ду?». Цо жоп делла: «Къа латонза хьан де далар ду».

 

·     «Хьайн безам - хьайн зудчунна ло, хьайн къайле - хьайн нене ло».

 

·     «Дикачу нехан дегнаш - къайленийн кешнаш ду».

 

·     «Хьайн къайле - цхьаьнга йийца, дага – эзарнах вала».

 

·     «Айхьа Iораяьккхинчу къайленна тIехтохам бан хьо-о бен ма леха».

 

·     Цхьана хьекъалче хаьттина: «Муьлха сий ду сийсазлонца дозуш?». Цо жоп делла: «Паччахьна гIуллакх деш айделла сий ду».

 

·     «Хьо Iеха ма войтуьйла ахьа деа хIумане: паччахьаша дечу сийне, мостагI велакъажаре, зударша хесторе, Iаьнан йовхоне».

 

·     Аскандаре хаьттина: «Хьайн хьехархо хIунда лору ахьа хьайн дел а сов?». Цо жоп делла: «Сан да - со чекхдер долчу дахарехь хиларан бахьана бен дац, ткъа сан хьехархо – абаделлац лаьттар долчу сан дахаран бахьана ду».

 

·     Цхьана хьекъалчо аьлла: «Деган бIаьрзалла дIаоьцуш кхо хIума ду: Iеламстагца тIекере яр, декхарах валар, везарг гар».

 

·     Цхьана хьекъалчо аьлла: «Кхоъ ву, огIазвахча, бехк билла йиш йоцуш: цомгашниг, марха дерг, некъахо».

 

·     «Лаьттана охана дар тесна дитинарг - ялта хьокхучу дийнахь дохковер ву».

 

·     «Тамаше, дуьхь-дуьхьал нислуш хIума ду-кха: адам берана дуьххьара къамел Iамо гIертар, цул тIаьхьа – цунна къамел кIезиг дан Iамо гIертар».

 

·     Лукъмана аьлла шен кIанте, хьехар деш: «Сан кIант, АллахIаца ширк ма делахь, боккъалаъ, доккха къа ду хьуна ширк».

 

·     «Хин тIадамаша тIулгана Iуьрг доккху, ца доккху – нуьцкъаха-м, доккху - хаддаза тIеэгий».

 

·     ШафиIис аьлла: «Шен вешина, ша а ваьккхина, хьехар диначо – доггаха хьехар  дина лору, нахана гуш-хезачохь хьехар диначо – иза Iораваькхина лору».

 

·     Цхьана хьекъалчо аьлла: «Ша-шен везарехь сов ваьлларг - нахана ца везарехь сов вер ву».

 

·     Цхьана хьекъалчо аьлла: «Диъ хIума ду – хаза, кхин диъ хIума ду – кхин а хаза. Божаршна эхь хетар хаза ду - амма зударшна хетар кхин а хаза ду. ХIора адамера нийсо хаза ю - амма къеданера а, амирашкара а кхин а хаза ю. Воккхачу стага тоба дар хаза ду - амма жимачу стага дар кхин а хаза ду. Хьоладай комаьрша хилар хаза ду - амма къенаш хилар кхин а хаза ду».

 

·     Цхьана хьекъалче хаьттина: «Хьоладай бу тоьлуш я Iеламнах бу?». Цо жоп делла: «Iеламнах тоьлу». Цхьамма хаьттина: «Ахьа ма бохху хилча, Iеламнах хьоладайн неIаршка хIунда хIуьтту? Хьоладай хIунда ца го вайна Iеламнехан неIаре оьхуш?». Цо жоп делла: «ХIунда аьлча Iеламнахана оцу даьхнин дозалла хиъна, ткъа хьоладайшна Iилманан дозалла ца хиъна».

 

Iаьрбийн маттера гочдинарг – Турпалан кIант Фарукъ

Нисдинарг: Абу Ахьмад

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2023, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft