«ХIума лачкъийнарг Мухьаммадан йоI ПетIамат хиллехьара а, цхьа а шеко йоцуш, цуьнан а доккхур ма дара куьг».
Чулацаме нийсо ю и, харцонах ийна йоцуш бакъ йолу бакъо ю и.
АллахIан къинхетам а, маршо а хуьлда цунна а, цуьнан доьзална а, цуьнан асхьабашна а, диканехь царна тIаьхьа мел ваьзначунна а.
Цул тIаьхьа…
ХIай, муъма нах! Веза-Сийлахьчу АллахIах кхера, хаарца а, тешарца а ойла а е Цуьнан кхиэлийн а, Цуьнан хьукманийн а, Цо хIиттийначу таIзарийн а. Уьш карор ду шуна шайх хьикмат а, маслаIат а схьадолуш хьост - массо заманахь а, массо меттехь а. И дозанаш дехкинарг - доза доцуш къинхетамениг ву, йист йоцуш нийса кхиэлахо ву. Шена гIолехь хаарна: лаьшна маслаIаташ царех дозуш хилар - уьш диссийна Цо. Шена гIолехь хаарна: лаьшха бохаме мел дерг духатохар царех дозуш хилар - омра дина тIедехкина Цо уьш.
Ткъа Дала хIиттийначу таIзарша (хьудудаша) зуламаш ца оьгуьйту, эгале хьалха бохамаш а совцабо, летийначу къинойх а, динчу зуламех зуламхой дIа а цIанбо цо.
Хьовсийша цкъа ларре Дала хIиттийна долу таIзараш кхочуш дечу, лелочу мехкашка. Цигахь гур ду шуна уьш кхочуш дар бахьанехь дIахIоьттина долу кхерамазаллин хьал, хIоьттина синтемалла. Ва амма, Дала хIиттийна таIзараш кхочуш ца дечу, лелош доцучу мехкашка хьаьвсича - ткъа цигахь алссам ду зуламаш а, доккха терахь бохамаш а, луълуурш лелор а, низам дацар а, гIелонаш яр а, ницкъаш бар а, хьийзораш а.
Веза-Сийлахьчу АллахIа хIиттийначу таIзарех ду стаг вийна волу стаг вер. Ткъа хуъушехь стаг вийнарг – иза вен вогIуш ву, нагахь (ШарIо) чIир эца кхачош долу бехкамаш кхочуш хилла делахь:
«Лечуьра кIелхьара доху шу чIир (бекхам) эцаро» («ал-Бакъарат»: 179).
ХIунда аьлча стаг вен леринчу стагана ша цунна дуьхьал вуьйра вуйла хиъча, стаг вен хIуттур вац иза, адам ден гIертар вац иза - и бахьанехь лечуьра кIелхьара дер ду адаман дахар. Цул тIаьхьа бекхам эцар, чIир екхар - веллачуьнан гергарачеран хьакъ ду. Нагахь шайна лаахь, церан бакъо ю - шайн стаг вийнарг вен, шайна лаахь - ишттанехьа гечдина вуьтур ву цара иза, шайна лаахь - мехах вита бакъо а ю церан иза.
Ткъа шаьш сацам тIеоьцучу хенахь цара коьрта тидаме а, тIаламе а эца дезаш дерг - пайда-маслаIат лахар ду, юкъараллин маслаIат муьлхачуьнгахь ду хьовсар а ду. Цундела царна юккъера уггаре маслаIат сов долуш болу сацам тIеоьцур бу цара: я гечдина витар, я мах схьаэцар, я чIир-бекхам эцар.
Хьовсийша цкъа къуьнан хьоле. Динар олучу цхьана ахчанан доьалгIачу декъан мехе нислуш йолу муьлхха а хIума цо лачкъийча, и бахьанехь цуьнан куьг доккху - зуламех даьхний Iалашдархьама. Ткъа къунна хиъча, ша хIума лачкъийча шен аьтту куьг доккхур дуйла, - цо хIума лачкъон йиш яц.
Даккха бакъо йоцуш долу лараме куьг бакъо йоцуш даьккхича - цунна дуьхьал ах мах кхачабо, диятан ах мах - пхи бIе динар ду.
Я АллахI! Ма исбаьхьа, ма лаккхарчу тIегIанехь хьикмат ду-кха и! Ма кхачаме хьекъал ду-кха и! Ма чIогIа адамашна хьаштечу маслаIаташца догIуш ду-кха и! Куьг доккху оцу куьйго динарах доалгIачу декъан мехе нислуш йолу хIума лачкъийча - биссиначаьрга нехан бахамаш а, даьхний а лардайтаран дуьхьа. Амма, нагахь и куьг зуламна даккхахь, ткъа цунна дуьхьал такхам бойту - пхи бIе динар - биссиначаьрга догIмаш а, дегIан меженаш а ларъяйтаран а, уьш кIелхьара яхаран а дуьхьа.
ЛадогIийша цкъа, АллахIа Шен къинхетам бойла шух, «зина» олучу зуламе - цIармата, вон, ирча талхам бу и. Зина дарна дуьхьал АллахIа оцу зина дина волучуьнан хьолаца нийсса догIуш долу таIзар муха хIоттийна? Нагахь зина динарг кIантстаг я йоIстаг делахь - зуда ялонза кIант, маре яханза йоI - Дала царна хIоттийна долу таIзар - бIе гIаж тохар а, оцу тIе цхьана шарна шайн махках бахар а ду: цо и вониг диначу меттера иза генаваккхаран дуьхьа а, цунна и дицдаларе а, цо тоба даре а сатесна а.
Ва амма, зина динарг жеро, я марехь хилла йитина, я марехь йолу зуда хиллехь, иштта зуда йолуш я зуда ялийна хилла стаг хиллехь - иза АллахIа шена дика динарг ву ШарIан бехкамашца нислуш зуда ялон аьтто а, таро а йина, ша ялийначу зудчуьнца вижар а хилла волу - ткъа царна Дала хIоттийна таIзар - тIулгаш тохар ду, уьш баллалц. ХIунда аьлча АллахIа шена зуда ялон а, хьаналчу новкъа зудчуьнца вижаран гIуллакх дан а таро йиначул тIаьхьа зина динарг - юкъараллина талхаме чинка (микроб) ю, адамашна юкъара дIаяккхар доцург кхин цхьа а хIума ца дуьссуш, цуьнах юкъаралла дIацIанъяр ду догIуш ерг.
АллахIан Iаламатечу хьикматех ду Цо зина диначунна хIоттийна долу таIзар - тIулгаш тохар. Цуьнан дерриге дегI лаздайтар чулаьцна ду и, зина дечу хенахь цуьнан дерриге дегIо марзо ма-эццара, цо диначуьнга хьаьжжина бекхам бу и.
Ва амма стигал-басахьаллин зулам - дукха доккха, цIармата, боьха, вон, ирча хIума ду. Боккха бохам а бу и, инзар бала а бу и. Дала тохар! Ма доккха зулам а, ма боккха талхам а бу-кха и! Ма цхьа а шеко а йоцуш, хьакъ ву-кха и шегара даьлла волу стаг хIаллакван!
Ибн Iаббаса (Веза-Сийлахь АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Нагахь шаьш ЛутIан къомо лелийна долу (къилахь дерг) дечарна тIе кхачахь, ткъа воьйла аша ша и деш верг а, шена и дойтуш верг а» («сахьихь» - цIена хьадис ду: Абу Дауд (4462), ат-Тирмизи (1406), ибн Маджат (2561), Ахьмад (2722); «сахьихь» лерина и цIеяхханчу ал-Албанийс (АллахIа къинхетам бойла цуьнах) «Ирваъ» жайнахь (230), «Сахьихьул-джамиI» жайнахь (6589)).
Шайхул Ислама ибн Таймийас (АллахIа къинхетам бойла цуьнах) аьлла:
«Иза вен вогIуш хиларехь цхьана а кепара ойланаш екъа ца елла асхьабийн, амма цхьа хIума ду - иза вер муха хир ду бохучунна тIехь ойланаш екъаялар хилла церан. Дукхаха болу салафаш цуьнан вер тIулгаш тоьхна хила дезарна тIехь бу. Муьлххачу агIор а вер кхачош бен ца хилла оцу вонан таIзар - цуьнах йоьзна йолу юкъаралла бехъяр бахьана долуш а, цуьнах ларцабар дуьненахь а, эхартахь а бохаме хир долун дела а».
Милла велахь а, Веза-Сийлахьчу АллахIа дIахIиттийначу таIзаршкахь АллахIан сацаме (хьукмане) ладоьгIнарг, хьаьжнарг - доккха хьикмат (хьекъал) шена чу лаьцна карор бу цунна и сацамаш, хьекъалш а бIарздеш. Иштта билгалдер ду цунна: АллахIчул хаза а, Цуьнниг санна умматна маслаIате а хьукма ца хилар.
Оцу тIе, цунна хаа таро хир ю: Цуьнниш доцу хьукманаш, сацамаш - жехIилалла а, тилар а дуйла, Дала хIиттийначу таIзарийн барамашкахула бен юкъараллина хайр а, халкъана ирс а доцуш хилар, я церан гIоьнца бен бохамаш а, талхамаш а бухатохалург ца хилар.
Веза-Сийлахьчу АллахIа аьлла:
«ЖехIалаллин заманера кхиэл (хьукма) лоьху-те цара? Хьена кхиэлаш (хьукманаш) хила тарло АллахIан кхиэлал а дика» («ал-Маидат»: 50).
АллахIа беркат дойла суна а, шуна а Cийлахьчу КъурIанехь…
ХутIба дешнарг: Мухьаммад ибн Салихь ал-Iусаймийн
Iаьрбийн маттера гочдинарг: Турпалан кIант Фарукъ