Ткъа уьш бу шайна толам лун берш, шайна гIо ден берш, хастаме тIаьхье а ю царна.
Делахь а, цхьа хIума ду: толам балале хьалха ланза йиш яц халонаш а, дуьхьалонаш а, ЖихIад а, хIунда аьлча толамо лоьху, тIевоьху шена толам луш верг а, толам бала бахьана хIуттуш дерг а. Цундела къийсамаш а, зер а, баланаш, халонаш хиланза йиш яц.
Ибн ал-Къаййима ма-аллара:
«Бакъонна гIо а кхочур ду, зуьйр а ю и. Цундела цец ма вийлалахь, хIунда аьлча Рохьманан некъ бу и».
Цундела айхьа юьхьара лаьцна долу хьайн гIуллакхаш шерра дIацадахарх ледара ма вала, малоне ма вала, амма собарехь хила, къар ца луш, юх-юха а кхочуш дан хьажа айхьа юьхьаралаьцнарг. Собаре а хила хьайн хьокъехь олуш долучунна - хьо аьшнашварна, хьо хьийзорна, хьайх кхардарна, хIунда аьлча динан мостагIий дукхе-дукха бу.
Цхьана а хьолехь хьайн негат ма дохийта, хьайн дог-ойла юханехьа ма керчийта, майданахь хьуна хьо цхьаъ бен ца каравахь а. Ткъа хьо цхьаъ ю хьуна и ЖамаIат, хьо цхьаъ бен вацахь а, бакъон тIехь хьо мел ву. Цундела тешна хуьлийла хьо хьайна гIо догIург хиларх, хьайна толам лург хиларх, ткъа и толам хила тарлуш бу хьуна я дуьненахь, я эхартахь.
Цул тIаьхьа, боккъалаъ, толам балар - къастийначу цхьана адамна балар бохучу маьIнехь лелаш дац. Бакъ болу толам балар - иза Веза-Сийлахьчу АллахIа толам балар а, гIо дар а ду ахьа кхайкхош долучу бакъдолчунна. Амма адам хIокху дуьненахь кхалхарх - толам хилар бохучунна дуьхьал нислуш дац и цхьана а агIор.
Ткъа тидаме оьцур вай пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). ЧIогIа дукха зенаш, бохамаш бина цунна, яккхийра халонаш а лайна цо, делахь а тIаьххьара а толам баьккхина цо шена зенаш диначарна тIехь. Толам а баьккхина, иштта Делера гIоьнца Макка яьккхина цо. Цигахь кхерам а хилла, араваьлла, цхьа хан яьллачул тIаьхьа цига юха а вирзина иза.
Ибн Таймис аьлла:
«Уьш (толаме тоба) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шайн хьокъехь аьлларш бу: «Сан умматах цхьа тоба хаддаза бакъонна тIехь толамехь хир ю, царна зен а дийр дац уьш теснабитиначо а, царна дуьхьалонаш йиначо а, къематде кхаччалц» (Бухари, Муслим, Ахьмад).
Ибн Таймис далийнаг: «Сан умматах цхьа тоба хаддаза бакъон тIехь» - вуьшта аьлча: хаддаза бакъонна тIехь лаьттар ю и тоба бохург ду.
Ткъа хIара тоба - хIоккхул хир бу уьш ала, шен дукхаллин доза тоьхна а яц, хIокху меттехь хир ю ала меттиг билгал яьккхина а яц, я хIокху заманчохь хир ю ала цхьа зама тоьхна а яц. Динан цхьана агIонна гIо деш йолчу цхьана меттехь хила тарлуш ю и, иштта кхечу меттехь динна гIо деш кхин тоба йолучу меттехь хила йиш йолуш а ю. И шеа а тоба толаме цхьа тоба лоруш ю.
Бух - Шайх ал-Ислам ибн Таймин «Iакъида ал-васитIиййа» жайна, «Мухьаммад ибн Салихь ал-Iусаймийна» беллачу кхетамца (530 агIо).
Чеккха дели.
«Толаме тоба» («ат-тIаифахI ал-мансурахI»)
«Суннатан а, жамаIатан а охIла» («ахIлус-суннахI вал жамаIахI»)
Уьш - АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) асхьабаш а, къематде кхаччалц уьш тIаьхьа баьзначу нийса новкъа мел лелларш а бу. Уьш - нийсачу Iакъидатан некъ лаьцнарш бу - АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) лелийна хилла болу, оцу тIехь цуьнан асхьабийн (АллахI реза хуьлда царна) барт цхьаъ хилла болу, бидаIатийн а, лачдийцарийн а мIоданех цIена болу.
Царех «суннатан охIла» («ахIлус-суннати») аьлла - уьш КъурIанах кхетош долучу пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Суннато ма-бохху Iамал еш болу дела. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлларг кхочуш деш бу уьш:
«Сан суннатна а, нийсачу новкъа лелачу бакъ халифийн суннатана а тIаьхьадаза, цхьана а хIумангахь оцу тIера юха а ца довлуш».
Уьш тешна бу пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) нийсо бакъ нийсо хиларх. Цундела цуьнан нийсонна тIаьхьа базар хаьржина цара, кхинболчу массераниг дIа а теттина.
Царех «тоба» («жамаIат») аьлла - церан барт хилла дела пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Суннатана а, хIокху умматан хьалха дIабаханчу салафийн барт хиллачунна а тIаьхьа базарна тIехь. Бакъонна тIехь барт хилла церан, цхьаьна кхетта уьш - бакъонна тIехь а, айпех, сакхтех цIена йолучу Исламан Iакъидатана тIехь а.
Иштта пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхин а, «кIелхьаръяьлла тоба» («ал-фиркъату ан-нажийахI») аьлла, цIе а елла шен Суннатана а, шен асхьабийн некъана а тIаьхьа баьзначарна, ткъа уьш а, шайх «суннатан а, жамаIатан а охIла» («АхIлус-суннахI вал жамаIахI») олуш берш а цхьаъ бу.
Цхьаболчу Iеламнаха «суннат охIланах» («ахIлус-суннахI») - уьш «асхьабул-хьадис» бу аьлла, хIунда аьлча цара ладаме эцна дела пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцина хьадисаш нийсса нахе дIакхачор а, царех цIенаниг цIена доцучух къастор а, бух берг бух боцучух къастор а, оцу хьадисашкахь еанчу Iакъидаташна а, цаьргахь долучу хьукманашна а уьш тIаьхьа базар бахьана долуш а.
Ткъа «хьадис», «суннат» боху ши дош ул-уллера маьIна долуш ду. Иштта шайх «суннатан охIла» («ахIлус-суннахI») олуш берш а, шайх къематде кхаччалц «толаме тоба» («ал-фиркъату ал-мансурахI») олуш берш а цхьаъ бу. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен Дашехь бийцинарш бу уьш:
«Сан умматах цхьа тоба хаддаза бакъон тIехь толамехь хир ю, царна зен а дийр дац уьш теснабитиначо а, царна дуьхьалонаш йиначо а къематде кхаччалц» (Бухари,Муслим, Ахьмад).
Уьзза тоба ю МуIавийата дийцинчу хьадисехь йийцина йолу «кIелхьараяьлла тоба» («ал-фиркъату ан-нажийахI») цIе ерг а.
«Хьалха хилларш» («ас-салаф») - уьш пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) асхьабаш а, царна тIаьхьа баьзнарш а, церан новкъа бахана динан имамаш а бу уггаре дика хилла долчу хьалхарчу кхаа бIе шара чохь.
«ТIаьхьарнаш» («ал-халаф») - ткъа уьш Iакъидатехь шайн некъ цхьаьна ца богIуш хилларш бу пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) некъаца а, цуьнан асхьабийн некъаца а. Царех бу - хаварижаш, рафизиташ, иштта «охIлул калам» а - ШарIан могIанел а шайн хьекъал хьалхара лерина болу (царех бу - жахIамиташ, муIтазилаш, ашаIираш, къадарийташ, муржиийташ и.дI.кх.).
Бух - IабдуллахI бин Iабдул Iазиз ал-Жибринан «ТахIзиб тасхIил ал-IакъидахI ал-Исламиййати» жайна (2,3,4,5 агIонаш)
Гочдинарг: Турпалан кIант Фарукъ