Аса тоьшалла до: АллахI воцург кхин дела цахиларца а, Мухьаммад (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Цуьнан лай а, элча а хиларца а.
Цул тIаьхьа…
Боккъалаъ, Беркатечу а, Сийлахь-Везачу а АллахIа вайна, парз а дина, тIедиллина шайтIанца мостагIалла лелор, дуккха а нах шега бен доцуш хьуьйсуш а, нехан цуьнан бала боцуш а долучу.
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Боккъалаъ, шайтIа шун мостагI ду, мостагIчуьнца санна хила цуьнца».
Делахь а, дагахьбалламца дуккхаъчу наха дезарг дина цуьнах, шайн гуламашкахь къамелахо дина иза, шайн некъашкахь доттагI дина иза, шайн хIусамийн неIарш схьайиллина цунна. Цул а сов, шайн буьйшучу чоьнийн неIарш а йиллина схьа. Кхин ца дийцича а, тоьуш ду-кха иза а.
Нахана юккъехь-м дера ву шен дог цунна схьадиллинарг: цо диначу омрина тIаьхьа а возуш, цо дихкинарг ша дарах а ларлуш, АллахIана метта шен лолла дийриг а дина дIаа хIоттийна цо иза.
Беркатечу а, Сийлахь-Везачу а АллахIа аьлла:
«Ткъа Аса весет ца дина шуьга, хIай, Адаман кIентий, шайтIанна лолла ма де (аьлла), билггал шайн мостагI долучу».
Цундела юьхьаралаьцна аса хIара дешнаш - бусалба стагана хьоьхург – яздар: Дала Шен къинхетамах даьккхиначу боьхачу мостагIчух-шайтIанах шен хIусам муха ларъян еза довзийта. ХIунда аьлча ша хIусаме деъча - цигахь вонаш а, зенаш а, бохамаш а даржадо цо. Доьзалан барт бохабо цо. Берийн барт эгIабо цо. Майрий-зудий вовшех доккху цо. Марзо хийцало мостагIалле. Къинхетамалла хийцало Iазапе.
Я АллахI! КIелхьара даха Ахьа тхо а, массо бусалба нах а шайтIанан хIилланех-мекарлонех. Боккъалаъ, Хьо цхьаъ ву-кха тхан доладийриг, тхан гIоьнча верг. Дика доладийриг а, дика гIонча а ву-кха Хьо.
ХIара яздина: уггаре а АллахIе хьаштIе волучу
Вахьид бин Iабдуссалам Балис
Сийлахьчу Маккахь: 16.02.1410
Хьалхара гIап
ХIусамна чу волуш Дела хьахор
Абу Малик ал-АшIарийс дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Стага ша шен хIусамна чу волучу хенахь олийла: «Я АллахI! Аса доьху Хьоьга диках долу чуволийла а, диках долу араволийла а. АллахIан цIарца чу а даьхки вай, АллахIан цIарца ара а девли вай, вайн Далла-АллахIана тIе болх а билли вай». Цул тIахьа шен доьзале салам лур ду».
(Абу Дауд: 4 ̸ 325. «Тахриж ал-калимуттIаййиб» жайнахь, лоьмар 43 йолуш, Албанийс аьлла: оцу хьадисан иснад «сахьихь» ю, амма цул тIаьхьа, ша аьллачух юха а ваьлла, «заIиф» лерина цо и хьадис).
ШолгIа гIап
Доьзале салам далар
Нававис (АллахIа къинхетам бойла цуьнах) аьлла:
««БисмиллахI» алар а, дуккха а Сийлахь-Веза АллахI хьахор а, хIусамна чу ваьлча, оцу чохь адам делахь а, дацахь, а салам далар а хастаме лерина хир ду, хIунда аьлча Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: «Шаьш хIусамашна чу доьлхучу хенахь - шаьшка (вовшашка) салам ло, АллахIера беркатечу а, дикачу а маршонца»» («ан-Нур»: 61).
Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:
«(Цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) соьга элира: «ХIай, кIант, хьо (хьайн хIусамна чу воьдучу хенахь) хьайн доьзале салам ло - беркат хир ду хьуна цуьнах хьуна а, хьан доьзална а»» («Тирмизи»: 4 ̸ 161, цо аьлла хIара хьадис «хьасан, сахьихь» даржехь ду).
Абу Умамата ал-БахIилийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Кхоъ ву Доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волучу АллахIа Iуьналла деш. Доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волучу АллахIан Iуналлехь ву Доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волучу АллахIан новкъахь гIазоте араваьлла стаг, нагахь иза кхалхахь - ялсамане вахийта, я цIаверзо – цо яьккхиначу йолаца а, хIонсаца а. Маьждиге вахана стаг а Лекхачу АллахIан Iуналлехь ву, нагахь иза кхалхахь - ялсамане вахийта, я цIаверзо – цо яьккхиначу йолаца а, хIонсаца а. Салам а луш, шен хIусамна чу вахана стаг а Лекхачу а, Сийлахьчу а АллахIан Iуналлехь ву» (1).
(1) Нававис щен «Азкар» жайнахь аьлла: «Дика иснад ю аьлла, Абу Дауда дийцина и хьадис».
Нававис аьлла:
«АллахIан Iуналлехь ву бохург - АллахIан доланна кIел ву, Цо ларвеш а, Iалашвеш а ву бохург ду».
КхоалгIа гIап
ХIума юуш а, хи молуш а АллахI хьахор
Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла:
«Стага ша шен хIусаме чу вогIуш а, ша хIума юуш Сийлахь-Веза АллахI хьахавахь, шайтIано (шен накъосташка) олу: «Буьйсайоккхийла а яц шуна (кхузахь), я пхьор а дац шуна. Ша чу волуш Сийлахь-Веза АллахI а ца хьахош (хIусамна) чу ваханехь, шайтIано олу: «Буьйсайоккхийла хили шуна». Ткъа цо ша хIума юуучу хенахь а ца хьахавахь Сийлахь-Веза АллахI, шайтIано олу: «Буьйсайоккхийла а, пхьор а хили шуна»» («Муслим»: 2017).
Гой хьуна, сан ваша, АллахI хьахоро хIусамера шайтIа муха эккха до. Ахьа Дела хьахоран бахьаница иза хIусамера эккхийча - цо дакъа ца лоцу хьоьца ахьа хIума юучу хенахь а, хи молучу хенахь а, наб ечу хенахь а.
Гой хьуна, сан ваша, ахьа АллахI ца хьахийча, айхьа шайтIанна мел мехала таро ло: хьан хIусамехь буьйсайоккхийла карайо цуна, цул сов, шена яахIума карайо цунна, иштта молург а карайо цунна.
ХIай, сан ваша, оцу цхьана шайтIанна шенна бина Iац хьо и аьтто а, таро а: цуьнца цхьаьна долучу, цуьнан накъостий долучу шайтIанийн тобанна а цхьаьна беш бо ахьа изза аьтто а, таро а. И бахьана долуш, хьан хIусамехь дахка а дехкий, хIоаш до цара, тIаккха оцу хIоанех кIорнеш йоху цара.
ХIай, сан ваша, ларлохь АллахI хьахор бен ца хеташ дитарх, Дела хьахорца бала цахиларх! Сийлахь-Веза АллахI хьехавойла ахьа, хIунда аьлча иза – онда муш бу, бакъболу нийса некъ а бу.
ЙоьалгIа гIап
ХIусамехь дуккха а КъурIан дешар
ХIунда аьлча КъурIан доьшучу хIусамехь хаза хьожа яьржа, томехь хьожа айло, оцу чуьра шайтIа а эккхадо.
Абу Муса ал-АшIарийс (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«КъурIан доьшуш волу муъма стаг (Делах тешаш волу стаг) - мерзачу лимонах тера ву, хаза хьожа а, тамехь чам а болуш йолучу, ткъа КъурIан ца доьшуш волу муъма стаг - хурманах тера ву, хьожа яцахь а, мерза чам болуш йолучу. КъурIан доьшуш волу шалхонча (мунепикъ) - хаза хожа йолучу бецах (базилик) тера ву, хьожа хаза елахь а, чам къаьхьа болуш йолучу, ткъа КъурIан ца доьшуш волу мунепикъ - хьерчаш йолучу бецах (колоквинт) тера ву, хьожа а йоцуш, къаьхьа чам а болуш йолучу» (Бухари: 5059, Муслим: 797).
Ойла тIе а ерзийна, хIусамехь КъурIан дешча - малекаш герга догIу цунна.
Абу СаIид ал-Худрийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина:
«Цкъа цхьана буса, Усайд бин Хьудайр КъурIан доьшуш а волуш, цIеххьашха цуьнан говр синтемза меттахъхьен йоьлла (синтем байна, хьийза йоьлла). (Иза доьшуш волучуьра сецча, говр дIатийна). Цо юха а деша долийча, говр юха а синтемза меттахъхьен йоьлла. (Иза юха а доьшуш волучуьра сецча, юха а дIатийна гов). Эххар а рогIера деша воьлла иза, тIаккха а синтем байна хьийза йоьлла говр. Усайда элира: «Кхеравелира со, говро шена уллохь волучу (сайн) кIантана Яхьъяна тIе когаш тохарна. Со, хьала а гIаьттина, говранна герга вахара. Циггахь сайн коьртана тIехула цхьа лабанах тера хIума гира суна, хетарехь, оцу чохь къуьданаш а долуш. Иза (лаба) леккха хьалаяхара, гучуьра къайлаяллалц. ТIаьхьадогIучу дийнахь, АллахIан элча (АллахIера къихетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а вахана, аса элира цуьнга: «ХIай, АллахIан элча! Со дIаяханачу буса КъурIан доьшуш а волуш, сан говр (дукха чIогIа) синтем байна хьийзара». И хезча, АллахIан элчано (АллахIера къихетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «ДIадеша дезаш хиллера ахьа, хIай, ибн Худайр». Ибн Худайрас жоп делира: «ДIа-м дийшира аса, тIаккха а синтемза хьийзачуьра ца тера (ца соцура) иза». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) юха а элира: «ДIадеша дезаш хиллера ахьа, хIай, ибн Худайр». Ибн Худайрас юха а жоп делира: «ДIа-м дийшира аса, тIаккха а синтемза хьайзачуьра ца тера (ца соцура) иза». Ибн Худайрас элира: «(ХIай, АллахIан элча!) Со доьшучуьра сецира, хIунда аьлча Яхьъя дукха уллохь вара (говранна), цо цунна тIе когаш дахарна кхеравелира со. (ТIаккха) цхьа лабанах тера хIума гира суна, хетарехь, оцу чохь къуьданаш а дара. И (лаба) стигалехьа леккха хьалаяхара, гучуьра дIаяллалц». И хезча, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Уьш малекаш дара, хьоьга ладоьгIуш хилла долу. Ахьа (сатассалц) дIадешна хиллехьара, ткъа нахана а гур ма дара уьш Iуьйранна, уьш (малекаш) царех лечкъа а хIуьттур ма дацара»» (Бухари: 9 ̸ 63, фатхь. Муслим: 6 ̸ 82, Навави).
ПхоьалгIа гIап
ХIусамехь «Бакъарат» сурат дешар
Хьуна хьайн хIусамехь новкъарлонаш хааелча, аьзнаш айдала а доьлча, гIовгIанаш сов йийла а йоьлча, дуьхьалонаш гучайийла а йоьлча, духахьаралла а сов даьлча, хьуна хоийла: оцу чохь шайтIа дуйла. Оцу хьолехь хьуна дуьссуш дерг а, хьан декхар дерг а – иза эккхо а, иза гена даккха а, иза чуьра арадаккха а къахьегар ду.
Къахьега дезар хиъна вайна, амма муха хьега дезаш ду и къа?!
ХIан, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп ло хьуна оцу хаттарна. Цо (элчано) боху:
«Массо хIума а шен бохь болуш ду, ткъа КъурIанан бохь «Бакъарат» сурат ду. Боккъалаъ, шайтIанна «Бакъарат» сурат доьшуш хезча, «Бакъарат» сурат доьшуш йолучу хIусамера шайтIа арадолу»
(Хьакима дийцина, «сахьихь» лерина цо и, оцу тIехь цуьнца бертавахана ЗахIаби а. Албанийс «хьасан» даржехь лерина и «Сахьихьат» чохь, лоьмар 588).
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Шайн хIусамех кешнаш ма де. Боккъалаъ, чохь «Бакъарат» сурат доьшуш йолучу хIусаме шайтIа ца догIу» (Тирмизийс «хьасан, сахьихь» даржехь ду алла хIокху хьадисана).
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Шайн хIусамех кешнаш ма де. Боккъалаъ, шайтIа уьду чохь «Бакъарат» сурат доьшучу хIусамера» (Муслим: 780).
ЯлхалгIа гIап
Иблисан аьзнех а, мукъамех а хIусам дIацIанъяр
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Хьайн озаца леве ахьа царех хьайга левалуш верг» («ал-Исраъ»: 64).
МужахIида аьлла:
«ШайтIанан аз иллеш ду».
Абу Малик ал-АшIарийс (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Сан умматехь нах бевр бу, къаьркъа муьйлуш, цунна кхин цIе а туьллур ю цара, эшаршка (иллешка) ла а доьгIур ду цара. АллахIа латтане худур бу уьш, маймалш а, хьакхарчий а дийр ду царех» (ибн Мажат: лоьмар 4020, «ИгIасат» жайнахь ибн ал-Къаййимас аьлла (1 ̸ 251) цуьнан иснад «сахьихь» ю).
Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:
«Эшарша (иллеша) дагчохь мунепикъалла кхиайо, хино хасстоьмаш кхиоре терра».
АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Сан умматехь нах бевр бу, зина а, дари а, чагIар а, эшарш (иллеш) а магош болу» (Бухари: 10 ̸ 51, фатхь).
Абу Хьанифа аьлла:
«Эшаршка (иллешка) ладегIар талхар ду (песикъалла ю)».
Имам Малика эшарех лаьцна шега хаьттича, аьлла:
«Цхьана телхиначара (фасикъаша) бен ца доьгIу эшаршка (иллешка) ла».
Имам ШафиIийс аьлла:
«Эшарш (иллеш) телхина гIуллакх (самукъа) ду, дош доцург ду и, цаьрга ладоьгIуш верг – кхетаме вац, цуьнгара тоьшалла а магош дац».
Ахьмад бин Хьанбала аьлла:
«Эшарша (иллеша) дагчохь мунепикъалла кхиайо, суна ца еза уьш».
Сан бусалба ваша, хIинца хьуна билгалдели йиш лакхар (илли алар) хьарам хилар а, иза шайтIанан (иблисан) аз хилар а. Цхьана хIусамехь шайтIано тIекхайкхича, массо а маьIIера цуьнан бIо дIагулло цига. Оцу хIусамехь бохамаш баржабо цара, оцу чохь барт эгIабо цара, бертахь бехаш берш вовшех боху цара, юкъа оьгIазлонаш а, ваьснаш а, хьаьгIнаш а юхку цара. ХIусамехь эшарш (иллеш) дукха лекхийтича-м, йир дукха лекхча-м - шайтIанаша бен бо оцу чохь, тIаьхьало йоллуш, хIусам лоцу цара и шайна.
ХIай, сан бусалба ваша! Цундела Хьо чохь вехаш йолу и хьайн хIусам эшарех (иллех) а, йир лекхарах а дIацIаньян декхарийлахь ву хьо – радио чохь елахь а, тилвизор чохь елахь а, муьлхха а кхечанахьара схьалоькхуш елахь а башхалла а яц, ерриге а дIаяха еза уьш.
ВорхIалгIа гIап
Горгалин аьзнех хIусам дIацIанъяр
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Горгали иблисан шедаг ду (зурма ю)» (Муслим: 14 ̸ 94, Навави. Абу Дауд: 3 ̸ 25).
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Шайца цхьаьна жIаьла я горгали болучу нахаца цхьаьна малекаш ца хуьлу».
(Муслим: 14 ̸ 94, Навави. Абу Дауд: 3 ̸ 25. Тирмизи: 3 ̸ 123, цо аьлла хIара хьадис «хьасан, сахьихь» ду).
Малекаш Къинетамечу АллахIан бIо бу, даима а шайтIанан бIоца тIамехь а, къийсамехь а ду уьш. АллахIан лаьш, дола ца деш, малекаша дIатесча – шайтIанан бIоно, дIалоций, юкъаберзабо уьш.
Кхузахь ца магийна болу горгали - иза я озехь, я кепехь, я суьртехь килсерачу горгалех тераниг бу. Цундела цамегачу горгалийн хьукмина юкъара болу – карарачу хенахь тилпонаш чуьра хьала аз декош болу горгалеш а, иштта дукхах йолучу хIусамийн неIарийн горгалеш а, шайн озехь килсерачу горгалех тера боцуш болу. Иштта цамагийначу горгалешна юкъадогIу пенах туху цIалк-сахьт а (маятниковые часы), цуьнан аз килсерачу горгаличух тера долун дела.
Кхузахь мукъамийн (музыкальные) горгалеш хьарам хилар билгалдоккхийла лаьа суна: уьш килсерачу горгалех терахиларна дац иза - дукха хан йоццуш, лакхахь вай билгалдиначу шайтIанийн шедагах а, зурманах а уьш терахиларна ду.
БархIалгIа гIап
ЖаIарех хIусам дIацIанъяр
ХIунда аьлча жаIарш (жIараш) керстанийн керста хилар тIечIагдеш йолу билгалонех цхьаъ лоруш ю, ткъа вайна дихкина ду жуьгтех а, керстанех а тардалар.
Дагахьбалламца аланза ца долу: ма дукха бусалба нехан хIусамашка йирзина-кха жаIарш. Хьо муьлхха а бусалба нехан цхьана хIусаме вахача, жаIарш ца гуш ца вуьссу-кха хьо цу чохь: я куза тIехь, я коре ухкучарна тIехь, я пена тIерачу суьрташна тIехь.
Бусалба нехан хIусамашкахь яьржина ца Iа жаIарш, цул а сов, Беркатечу а, Сийлахь-Везачу а АллахIан хIусамашка - маьждигашка а кхаьчна уьш. Мел дукха ду-кха маьждигаш, дикка терго а еш, хьо царна чуьрачу кузашка а, церан кечдарашка а хьаьжча, царна тIехь, ган а гуш, жаIарш карош. Ткъа муха ца хуьлура иза – и кузаш ма дуй керста нехан мехкашкара чу дохьуш. Заманара жаIарийн охIланан тIетаIар долуш санна (крестовый поход йолуш санна).
Сан бусалба ваша! Ларлуш хила хьо, айхьа оьцуш йолучу массо хIумане, тергамца бIаьрг тухуш а, дикка хьожуш а хила хьо: духар делахь а, вуьжу мотт белахь а, куз белахь а, и.кх.дI.а. Ахьа ма ала: «ЖаIарш ян негат долуш еана яц аса уьш сайн хIусаме, сайна хуъушехь еана яц аса уьш сайн хIусаме» алий, хIунда аьлча пайхамара (АллахIера къинхетам, маршо а хуьлда цунна) шен хIусамехь шена хаалуш йолу муьлхха а жаIар а, жаIаран сурт а дохош ма хилла. Цхьана а хьекъалехь волучо ала йиш йолуш ма дац: «Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIусаме, цунна йохьий а хууш, еана яра и жаIарш» аьлла.
Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина:
«Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цкъа а шен хIусамехь карийна йолу цхьа а жаIар ца йитира йохонза» («Бухари»: 10 ̸ 385, фатхь. Абу Дауд: 4 ̸ 72).
ИссалгIа гIап
Суьртех а, хIолламех а хIусам дIацIанъяр
ХIора бусалба стагана тIехь важиб ду - шен хIусам хIолламех а, тайнигех а дIацIанъяр, цамагийначарна юкъара а яьхна, мегаш ю аьлла къастийнарш йоцучарех (магийнарш - йоьIарийн ловзош йолу тайнигаш (кукалш) ю). Иштта суьртех а ю хIусам дIацIанъян езаш, цаторина лелон лерина долу суьрташ доцучарех (паспортан суьрташ, вовзийтаран тоьшаллин суьрташ, леррина долучу кехатийн суьрташ). Цамагаран бахьана - чохь суьрташ а, хIолламаш а долучу хIусамна чу маликаш ца догIуш хилар ду. Дукха хан йоццуш вай ма-аллара, хьан хIусамера малекаш арадевлча, чу а догIий, шайтIанаша бен бо оцу чохь.
Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина:
«Аса, тIехь суьрташ а долуш, гIайба эцнера (пайхамарна). Ткъа иза, цIа чу вогIуш, неIарехь дIахIоьттира, цуьнан юьхь а хийцаелира. Аса элира: «АллахIе а, Цуьнан элчане а тоба дийр ду аса. ХIун къа дина аса, хIай, АллахIан элча?». Цо хаьттира: «ХIара хIун гIайба бу?». Аса жоп делира: «ХIара гIайба бу, аса хьуна хьо оцу тIе охьахаийта а, дIатовжийта а эцна». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) мохь хьаькхира: «Хьуна ца хаьа, суьрташ дехкинарш (динарш) къематдийнахь Iазапехь баллор болуш буйла, цаьрга баха а бохуш: «Ден де шаьш кхоьллинарг»».
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Чохь суьрташ а, хIолламаш а болучу цIа чу ца доьлху малекаш» (Муслим: 14 ̸ 94, Навави).
Хьуна хоийла, хьарам диначарна юкъадогIуш хилар массо тайпанара суьрташ: суьрташ делахь а, хIолламаш белахь а, IиндагI долуш делахь а, IиндагI доцуш делахь а, куьйга дина делахь а, доккхучу а, дечу а гIирсашца дина делахь а башхо а яц.
Нававис (АллахIа къинхетам бойла цуьнах) аьлла:
«Оцу хьокъехь долучунна башхо йолуш дац - шен IиндагI долуш дерг а, шен IиндагI доцург а. ХIара тхан (ШафиIин) мазхIабехь дерг доццу алар ду. Оццу маьIнехь ду дукхах болучу асхьабаша, табиIинаша, царел тIаьхьа баьхкиначу Iелимнаха а аьлларг а. Саврин а, Маликан а, Абу Хьанифан а, уьш боцучеран а мазхIаб ду и» (Шархь Муслим: 14 ̸ 94).
Хьарам диначу суьрташна юкъарадаьхна, магийна ду чохь са доцучу хIуманийн суьрташ: диттийн, татолийн, ораматийн, дийна йоцучу хIуманийн и.дI.кх.а.
СаIийд бин Абу ал-Хьасана дийцина:
«Цкъа со ибн Iаббас (АллахI реза хуьлда цунна) волучохь вара. Иза волучу а веана, цхьана стага элира: «ХIай, ибн Iаббас! Боккъалаъ, со сайна хене вала сайн куьйга бечу балхах хилларг бен йоцуш стаг ву, хIара суьрташ деш ву со». Ибн Iаббаса жоп делира: «Аса сайна АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезнарг эра ду хьоьга, ткъа суна цо олуш хезна: «Муьлхха а чохь садолучу хIуманан цхьа сурт диллиначунна АллахIа таIзар дийр долуш ду - цо цунна чу са диллалц, ткъа цуьнга цкъа а диллалур долуш а дац иза». И къамел хезча, чIогIа гIайгIане вуьйжира и стаг. ТIаккха ибн Iаббаса элира цуьнга: «Бала хир бу хьуна, хIинца а хьо уьш дахка валлахь, нагахь кхин дIа а уьш дахканза хьо ца Iан валлахь - дитташ а, чохь са доцу муьлхха а хIуманаш а яхка» («Бухари»: 6 ̸ 312, фатхь. «Муслим»: 14 ̸ 84, Навави).
ИтталгIа гIап
ЖIаьлех хIусам дIацIанъяр
Абу ТIалхьас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Чохь жIала я суьрташ долучу хIусам чу ца догIу малекаш» (Бухари: 5958. Муслим: 2106).
Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:
«(Цкъа) Жабраил (малико), IалайхIис салам, АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ваIда йина хилла, йиллиначу хенахь иза волучу догIур ду ша аьлла. Амма йиллина хан тIехIоьттича, ца деана иза. (Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна)) аьлла: «(Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) керахь Iаса яра, шен (керара и Iаса) агIор дIа а ластийна, цо элира: «Ойн, АллахIа а, Цуьнан геланчаша а йина ваIда йоха-м ма яц!». Ткъа цул тIаьхьа схьавирзиначу цунна цIеххьана шен маьнгин кIеллахь долу кIеза гира. Цо хаьттира: «Iайшат, хIара жIала хIокху чу маца деана?!». Цо жоп делира: «Аса дуй буу АллахIах! Суна-м ца хаьа!». Цуьнан омрица чуьра и кIеза арадаьккхира, цул тIаьхьа иза волучу деана схьакхечира Жабраил (IалайхIис салам). ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (цуьнга) элира: «Ахьа суна ваIда йинера, ткъа со хиъна Iийра (хьо догIу лардеш), ткъа хьо дан ца деара со волучу!». (Цунна жоп луш, Жабраила) аьлла: «Хьан хIусамехь хиллачу жIаьло ца доуьйтура со, хIунда аьлча, боккъалаъ, чохь жIаьла я сурт долучу цхьана а цIа чу доьлхуш дац тхо!» (Муслим: 14 ̸ I7, Навави. Бухари: 6 ̸ 312, фатхь).
ШарIо юкъарадаьхна, магийначарех ду - Iаьржа ца хилчахьана, таллархойн жIала а, ха ден жIала а, хIунда аьлча пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Iаьржа жIаьла шайтIа ду» (Муслим: 4 ̸ 227, Навави).
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла:
«ЖIаьла кхобуш волучу стеган (дикачу Iамалшна) дуьхьал догIу совгIат хIора дийнахь ши къиратI кIезиглуш ду, нагахь цо иза я талларан дуьхьа, я даьхний лардайта (кхобуш дацахь)» (Бухари: 9 ̸ 68, фатхь. Муслим: 10 ̸ 237, Навави).
ЦхьайтталгIа гIап
Дуккха а навафил-ламазаш дар
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) аьлла, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Шайн ламазех цхьадерш шайн цIахь де, царех (шайн хIусамех) кешнаш а ма де» (Бухари: 1 ̸ 528, фатхь. Муслим: 6 ̸ 86, Навави).
Билггал хууш ду, кешнаш а, гIум-аренаш а, чохь Iаш аддам а воцуш, дIатийсина йолу йоьхна меттигаш а - шайтIанийн хIусамаш хилар. Элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) лууш ву: цхьадолу навафил-ламазаш вай вешан цIахь, хIусамашкахь дойла - вайн хIусамашкара шайтIанаш лелхоран дуьхьа.
Нававис аьлла:
«ТIедеш долу (нафил) ламазаш цIахь дарна тIехьехна цо: хIунда аьлча уьш цIахь деш хилча – къайлах до ахьа, риIа (моттаргIанаш) хила тардалар чIогIа гена а ду, дика Iамалш йохочу гIуллакхех лардаларна сов герга а ду. Иштта хIокху ламазан гIоьнца хIусаман беркат хир ду, цунна тIе къинхетам а, малекаш а дуьссур ду, оцу чуьра шайтIа а додур ду» (Нававис Муслиман жайнина белла кхетам: 6 ̸ 68, Навави).
Сабитан кIанта Зайда (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«ХIай, нах! Шайн хIусамашкахь ламазаш де, хIунда аьлча, боккъалаъ, парз-ламаз ца лерича, уггаре дикаха (дезаха) ламаз стага шен цIахь дийриг ду» (Бухари: 731. Муслим: 781).
Абу Муса ал-АшIарийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Шен Дела хьехош верг, шен Дела ца хьехош верг – дийначух а, веллачух а тера ву» (Бухари: 6407).
Оцу хьадисан Муслима дийциначу ривайатехь аьлла, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«АллахI хьехош долу цIа, АллахI ца хьехош долу цIа – дийначух а, веллачух а тера ду» (Муслим: 779).
ШийтталгIа гIап
Хаза дош, делакъажар
Билггал хууш ду шайтIа даима а, бусалба юкъаралла йохон лууш, Iалашо лаьцна Iаш хилар. Бусалба нехан юкъара уьйраш йохоран дуьхьа мекара хIилланаш, хIуьмалгаш леладо цо. Тешнабехке гуранаш хIиттадо цо. Оцу гуранех цхьаъ - юкъаралла кхолларехь хьалхара юьллуш йолу кибарчик йолу бусалба доьзалан лаба йохор ду. И вайна билгалдоккху Жабиран (АллахI реза хуьлда цунна) хьадисо. Цо аьлла, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Иблисан Iарш хIорда тIехь ю. Цигара цо дIахьесадо шен эскарш. Даржехь цунна уггаре гергах дерг - уггаре питанна тIера дерг ду. Цхьаммо, шена тIе а деана, аьлча: «Аса хIара-иза а дина», «Иза хIуммаъ доцург ду» аьлла, жоп делира иблиса. Цул тIаьхьа деана кхин а цхьаммо аьлча: «Аса ца витира хьуна иза шен зудчуьнца вовшех къастталц», цунна герга а доьдий, иблиса олу: «Ахьа чIогIа дика дина иза»» (Муслим: 17 ̸ 157, Навави).
Оцу хьадисо билгал ма-даккхара, иблисана уггаре а дукха дезачух ду зуда а, майра а вовшех къастор, хIунда аьлча иза – буххера дуьйна юкъаралла йохор ду, и ю и Делан неIалт даханачу мелIуна лаьцна йолу Iалашо а.
Цундела майрачунна тIехь декхар ду шен зудчуьнца а, шен охIланца а хаза юкъаметтиг лелор, шен зудчуьнца а, доьзалца а дика хилар, ша цхьаъ олучу хенахь уггаре а хазачу дешнашца алар а – шайтIане шен а, шен хIусамненан а барт ца эгIабайта.
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Сан лаьшка уггаре диках дерг ала (але омар де) - шайтIано царна юккъера барт эгIабо дела» («ал-Исраъ»: 53).
Хазачу дашо дагна синтем бо, доттагIалла а, гергарало а латтадо, мар-зудчунна юккъехь ирс а даржадо, тем а хуьлу, зударшкара стегарша сатуьйсуш долу хаза гIиллакхаш а хуьлу, безаман уьйраш а чIагIло, мар-задчунна юккъехь гергарлонан марзо а латтайо.
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Цуьнан билгаллонех ду - Цо шух шуна зударий кхоллар, шуна цаьргахь синтем карабайта, шуна юккъехь безам а, къинхетам а кхоьллина Цо. Боккъалаъ, цуьнгахь билгалонаш ю ойлаечарна» («ар-Рум»: 20).
КхойтталгIа гIап
Доьзал ларбар
IабдуллахI бин Iамр бин ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Муьлххачо а шух цхьамма зуда ялийча я ялхо лаьцча, цо олийла: «АллóхIумма иннú асъалука хайрахIá ва хайра мá жабалтахIá IалайхIи, ва аIýзу бика мин шаррихIá ва шарри мá жабалтахIá IалайхI» («Я АллахI! Боккъалаъ, Аса хIокхуьнан дика доьху Хьоьга, Ахьа хIара шен дуьхьа кхоьллина долу дика а доьху Хьоьга. Со Хьоьца ларло хIокхуьнан вонах, Ахьа хIара шен дуьхьа кхоьллиначу вонах а»).
Кхечу ривайатехь аьлла:
«КIужал тIе куьг а диллий, зудчуьнгахь а, ялхочуьнгахь а беркат дар доьхуш, доIа де. Нагахь стага эмкал эцахь, тIебаьлла дума схьа а лаьцна, изза эра ду».
(Абу Дауд: 2 ̸ 249. «Тахриж ал-калимут-тIаййиб» жайнахь, 15I агIонехь, Албанийс аьлла: «хьасан» ю цуьнан иснад).
Зуда ялийначу майрачо, ша иза йолучу чу вахча, ша далийна долу нускал тIехьа а хIоттийна, ши ракаIат суннат-ламаз дийр ду, хIунда аьлча мар-зудчуьнан дахар лардийр ду оцо массо вочу хIуманех а, цатемех а.
Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:
«Хьайн зуда хьо волучу схьаеъча, хьайна тIехьа а хIоттий, ши ракаIат ламаз де алий, омра де цуьнга, тIаккха (хIара доIа) деша: «Я АллахI! Сайн зудчуьнца йолучу юкъаметтигашкахь беркат де Ахьа суна, царна а де Ахьа беркат соьца йолучу юкъаметтигашкахь. Я АллахI! Диканца цхьаьнатоха Ахьа тхо, вовшахдовлучу хенахь диканца вовшахдаха Ахьа тхо»» (ТIаранийс дийцина, Алханис «сахьихь» даржехь лерина и).
ЕйтталгIа гIап
Бераш шайтIанех лардар
Бусалба стагана тIехь ду зудчуьнца вижаран гIуллакх догIучу хенахь доьшуш долу зуькарш, юкъах а ца дуьтуш, дешар, хIунда аьлча уьш дешарехь доьзалхо ларвар ду шайтIанех.
Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршина) аьлла, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Муьлххачо а шух цхьамма, шен зудчуьнца вижаран гIуллакх даита лиъча, алахь: «АллахIан цIарца! Я АллахI! ШайтIа генадаккха Ахьа тхоьх, Айхьа тхуна лундолучух а генадаккха Ахьа шайтIа», шайтIане цхьа а зен далур дац берана, нагахь шуна иза хила доьгIна хиллехь» (Бухари: 1 ̸ 242, фатхь. Муслим: 10 ̸ 5 Навави).
ШайтIа эккхочу а, генадоккхучу а бахьанех цхьаъ ду моллалла кхайкхар. Цундела, бусалба стеган бер дуьненчу ма делли, цуьнан лерга моллалла кхайкхар деза суннат лерина ду.
Абу РафиIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина:
«АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гира суна, иза Iелин кIентан Хьасанан лерга моллалла кхойкхуш, ПетIамата иза виначу хенахь» (Абу Дауд: 4 ̸ 328. Тирмизи: 3 ̸ 36, цо аьлла хIара «хьасан, сахьихь» даржехь хьадис ду).
ПхийтталгIа гIап
Садолучу хIуманех а, хьаьгIнех а бераш лардар
«Аса гIо лоьху шуна АллахIан дуьззиначу дешнашца массо шайтIанех, зенечу садолучу хIуманех, вочу (хьогIечу) бIаьргех шу Iалашдан».
Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) оцу доIин гIоьнца Хьасан а, Хьусайн а Iалашвар лоьхуш хилла.
Чаккхе
ХIорш ерриге а пхийтта гIап ю. Уьш лар а еш, царна тIегIиртина верг - цо шен хIусамера шайтIа эккхор ду, АллахIан Iуналлехь а, доланна кIел а хир ву иза.
Сийлахь-Везачу АллахIе доьху аса: хIара болх Цо цIенна Шен юьхь резаян бина болх ларар, иза суна а, сан муъма вежаршна а пайдехь баккхар.
Я АллахI! Сийлахь ву Хьо, хастам а бу Хьуна!
Аса тоьшалла до кхин дела цахиларца, Хьо цхьаъ воцург. Хьоьга гечдар доьху аса, Хьоьца тоба а до аса.
Яздинарг: Вахьид бин Iабдуссалам Бали
Гочдинарг – Турпалан кIант Фарукъ