«ХIай, иман диллинарш! Шу кхоьрийла АллахIах - кхера ма-деззара, шу дала а ма лойла - бусалбанаш долуш бен» («Али Iимран»: 102).
«ХIай, нах! Шайн Делах кхера - цхьана дегIах шу кхоьллина волучу, цуьнах цунна зуда а, ткъа оцу шиннах дуккха а зударий а, стегарий а кхоьллина (уьш баржийна) волучу. АллахIах кхера - Цуьнан цIарца аша вовшашка хIума доьхуш волучу, гергаралонаш хедохорах а кхера. Боккъалаъ, АллахI шун терго еш ву» («ан-Нисаъ»: 1).
«ХIай, иман диллинарш! АллахIах кхера, нийса дош а ала - тIаккха Цо шун дуьхьа шун Iамалш тойийр ю, шун къиношна а гечдийр ду. АллахIана а, Цуьнан элчанна а муьтIахь хилларг боккхачу кхиаме кхаьчна» («Ахьзаб»: 70-71).
«ХIай, иман диллинарш! Ларде (кIелхьара даха) шаьш а, шайн доьзалш а жоьжагIатех, шен латориг адамаш а, тIулгаш а хин долучу. Царна тIехула луьра а, нуьцкъала а малекаш ду. АллахIа шайга диначу омрина Iеса ца хуьлу уьш, Цо шайга омра мел динарг кхочуш а до цара» («ат-Тахьрим»: 6).
Цкъа цхьана стага, имам Iела (АллахI реза хуьлда цунна) волучу а веана, цуьнга дийхира:
«ХIай, имам, цхьа цIа эцна аса, и эцаран тоьшаллин барт язбехьа суна».
Ткъа имам Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дIаяздира:
«Валанза цаволучо валанза цаволучуьнгара цIа эцна, йиъ гIортор а йолуш: хьалхарниг - Iожалла, шолгIаниг – каш, кхоалгIаниг: барт хаттар, йоьалгIаниг: я ялсамани, я жоьжагIати».
Оцу стеган юьхь кхоьлира, юьхьа тIера бос а баьхьира цуьнан. Оцу стага элира тIаккха:
«Со долара а ваьлла, хIара ков-керт сагIина дIадели-кха аса пекъаршна а, мискачарна а».
Цуьнгахьа дIа а хьаьжна, имама элира:
«Сино дукха суьтара сатуьйсу дуьнене - и дитар маршо юйла шена хуъушехьа. Веллачул тIаьхьа хIусам яц-кха стагана ша валале хьалха цо йоьгIнарг а бен. Нагахь цо иза диканца йоьгIнехь – томе, аьхна хир ю цуьнан Iойла, нагахь цо иза вонца йоьгIнехь – дакъазалло Iовшур ю иза йоьгIначо».
Хьекъалечу аларшкахь олуш ма-хиллара: «Охуш аьлларг - оруш карийна!», «БIаьста хье кхихкиначуьнан - Iай яй кхихкина!», «Къахьегначунна – карийна!».
Ялсамани а, жоьжагIати а - хIора адамо тосучу гонан чаккхе ю, хIунда аьлча хIара дуьне АллахIа дохкуьйту денош бен дацахьара, адамо и дерриге а дуьне дузур ма дара – тиларах а, бохамах а, зуламах а, харцонах а, кураллех а, хьаьгIнех а, Сийлахь-Везачу АллахIан ниIматашна ечу инкарлонех а. Делахь а, хIара дуьне - Сийлахь-Везачу АллахIа пана хилла, йоьхна дIаяла, адамаш зеран дуьхьа кхоьллина хIусам ю. Цундела АллахIа цунна тоьхна хан а, йиллина зама а ю.
Сан лараме ваша, сайн хьоьх лозучу дагна, хIара мехала жайна кечдо аса хьуна, шена чохь гулдина жоьжагIате вохуьйту 33 бахьана долу. Сийлахь-Везачу АллахIа Iалашдина, хьалхадохийла вай цуьнах!
Билгалдаккхар
ХIара къинош бахьанехь жоьжагIатIе гIон берш - тоба а данза, дохкох а бовланза, Сийлахь-Везачу АллахIе а берзанза белларш бу. Вуьшта аьлча: оцу къинойх юха ца бовлуш белларш бу. Цундела жоьжагIатин цIергахь Iазап лур ду царна. Амма, тоба а дина, дохкох бевлларш - цара кIелхьарадаьхна шаьш жоьжагIатин цIеран Iазапах, хIунда аьлча Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Ала шаьш шайна зулам (хайраза дерг) лелийначаьрга: АллахIан къинхетамах дог ма дилла. Боккъалаъ, АллахI гечдеш ву дерриге къиношна» («аз-Зумар»: 53).
Сан бусалба вежарий! Айса жоьжагIатах а, адам жоьжагIате озочу бахьанех а лаьцна хIара жайна яздаре терра, адам ялсамане дохуьйтучу бахьанех лаьцна а яздина аса жайна. Дехар ду сан шуьга: хIара жайна шайн дегнашца а, шайн хьекъалца а, ойла а еш, дешар.
АллахIана бу хастам а, шукар а!
Шайх Iали Ахьмад Iабдул-Iалий атI-ТIахIтIавий
Сийлахьчу КъурIан чохь жоьжагIати йийцар
1. ((ЖоьжагIатин) цIарах кхера, шен латориг адамаш а, тIулгаш а долучу. Гаурашна кечйина ю иза» («ал-Бакъарат»: 24).
2. «Керстаналла а дина‚ Тхан билгалонаш (КъурIанан аяташ) харц динарш жоьжагIатехь хир бу. Оцу чохь даима а хир бу уьш» («аьл-Бакъарат»: 39).
3. «Цара (жоьжагIатин) цIерга кхойкху» («ал-Бакъарат»: 221).
4. «Уьш жьоьжагIатин цIеран ягориг (цIе ягош буха тосург) ю» («Али Iимран»: 10).
5. «Церан боьрзу меттиг жоьжагIати хир ю - иштта бу цара лелийначунна дуьхьал бекхам» («ат-ТовбахI»: 95).
6. «Зуламхойн агIор ма тийжа - шайх жоьжагIати ца хьакхаялийтархьама» («ХIуд»: 113).
7. «Оха (къемат) дийнахь билггал гаурашна дIагойтур ю жоьжагIати» («ал-«КахIф»: 100).
8. «Цхьа а шеко йоцуш, жоьжагIати гур ю шуна. Шайн бIаьргашца ма-ярра гур ю шуна и» («ат-Такасур»: 6-7).
9. «Хьоьга хоьттур дац жоьжагIатехь болучарех» («ал-Бакъарат»: 119).
10. «Боккъалаъ, Тхайн Iаламатех ца тешна берш Оха (жоьжагIатин) цIергахь багор бу. Церан чкъор (цIока) кийча моссазза хили а (цIаро кхоччуш дага моссазза ди а) - кхечу чкъуре хуьйцур ду Оха, цаьрга Iазап Iовшийтаран дуьхьа) («ан-Нисаъ»: 56).
ЖоьжагIатин неIарш
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Боккъалаъ, жоьжагIати – царна массарна а ваIда йина меттиг ю. ВорхI неI ю цуьнан, хIора неIаран къастийна дакъа а ду царах (нахах)» («ал-Хьижр»: 43-44).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Боккъалаъ, жоьжагIати – царна массарна а ваIда йина меттиг ю». Вуьшта аьлча: Иблисана а (АллахIан неIалт хуьлда цунна), цунна тIаьхьа баьзначарна а ваIда йина меттиг ю иза.
«ВорхI неI ю цуьнан...» - вуьшта аьлча: тIек-тIекала гIаьттанаш ю цуьнан. «…хIора неIаран а…» - вуьшта аьлча: хIора гIаьттан а. «…(нахах) къастийна дакъа ду» - вуьшта аьлча: адамех билгалдаькхина дакъа ду.
ЖоьжагIатин цIераш тIек-тIекала ю, уггаре бухахь ерг – жахIаннам ю, цунна тIехула ерг – ал-хьутIама ю, цунна тIехула ерг – сакъар ю, цунна тIехула ерг – ал-жахьим ю, цунна тIехула ерг – лаза ю, цунна тIехула ерг – саIийр ю, цунна тIехула ерг - ал-хIавийа ю. Оцу гIаьттанех бух-бухара гIат, шена тIехуларачу гIаьттан йовхаллица йуьстича, кхузтIкъе иттазза йовха ю.
Тафсирашкахь дийцарехь а, дукхах болучу Iеламнаха билгалдаккхарехь а, жахIаннам – уггаре а лакхара тIегIа ду. ЖахIаннам - Мухьаммад пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) умматах Далла Iеса хиллачарна, къинош летийначарна къастийна ю. Цхьа хан йогIур ю иза, ясса а елла, мехаша шен неIарш дIаса а лестош, неIарш тIеттIа а етташ, лаьтташ. Цул тIаьхьа йогIу – хьутIама, цул тIаьхьа – сакъар, цул тIаьхьа – жахьим, цул тIаьхьа – лазá, цул тIаьхьа – саIийр, цул тIаьхьа – хIавийа.
Даххьака аьлла:
«Уггарех а лакхарачу гIаьттахь Мухьаммад (пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) умматера Iеса лелларш хир бу, шолгIачунна чохь – насараш хир бу, кхоалгIачунна чохь – жуьгтий хир бу, йоьалгIачунна чохь – седарчашна лолла деш берш (сабиунаш) хир бу, пхоьалгIачунна чохь – цIарна лолла дийриш хир бу, ялхалгIачунна чохь – Iаьрбойх болу мушрикаш хир бу, ворхIалгIачунна чохь – мунепикъаш а, пирIунан го а, цуьнан гергаранаш а хир бу».
Сийлахь-Везачу АллахIе лардар доьху вай жоьжагIатах а, жоьжагIатин цIеран Iазапах а, массо а вай оцу жоьжагIатин цIарна герга дуьгун долучу гIуллакхех а.
1. Лулахочунна новкъарло яр
Лулахочуьнца вон хиларан хьокъехь дерг аьлча: мел дукха делахь а, дийца ахьа цуьнах лаций, эхь долуш цхьа а хIума дац хьуна, юхаийзавала а эшац хьуна… ХIунда аьлча ахьа мел дукха лехарах а, ца карош висса тарло хьо хIусам, оцу чохь шен лулахошца вон хуьлуш лулахо воцуш йолу – АллахIа шех къинхетам бинарг воцург. Оцу кепара лулахошца вон хилар генадаларан бахьана цхьаъ бен дац хьуна - дегнашкара иман гIелдалар, дакъадалар.
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIах а, къематдийнах а тешачо - шен лулахочунна зен ма дойла. АллахIах а, къематдийнах а тешачо - шен хьаша ларамца дика тIеоьцийла. АллахIах а, къематдийнах а тешачо - дика хIума олийла я вист ма хуьлийла иза» (Бухари: 6018, Муслим: 48).
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) мохь туххуш элира: «Аса дуй буу АллахIах: иман диллина ма вац! Аса дуй буу АллахIах: иман диллина ма вац». Аса дуй буу АллахIах: иман диллина ма вац!». Цхьамма хаьттира (цуьнга): «Мила, хIай, АллахIан элча?». Цо жоп делира: «Шегарачу зенах шен лулахо кхерамазаллехь (тешамехь) воцург!» (Бухари: 6016, Муслим: 46).
Муслиман ривайатехь ду: «Ялсамане гIур вац цуьнан лулахо цуьнгарачу зенах кхерамазаллехь (тешамехь) воцу (стаг)».
Ибн Iумара а, Iайшата а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Жабраил (малек) суна хьехар дечуьра ца сецира лулахочуьцна дика юкъаметтиг лелон езаран хьокъехь, сел цо иза сайн верасашна юкъавалор ву а мотталуш!» (Бухари: 6014-6015, Муслим: 2624-2625).
2. Дарин хIума тIейохар
ХаттIабан кIанта Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ТIехь дари ма леладойла аша. Боккъалаъ, хIокху дуьненахь дари лелийначо эхартахь тIедухур дац» (Бухари: 5830, Муслим: 2069).
ХаттIабан кIанта Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Дари леладо шена (эхартахь диканан) дакъа доцучо» (Бухари: 5835, Муслим: 2068).
Бухарис далийначу цхьана кхечу хьадисехь а ду, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «…эхартахь шена дакъа доцучо».
Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дуьненахь дари доьхначо эхартахь духур дац» (Бухари: 5832, Муслим: 2073).
Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гира суна, дарин (кийсак) схьа а эцна - иза шен аьтту куьйга а лаьцна, дешин (бIелиг) схьа а эцна - иза шен аьрру куьйга а лаьцна. ТIаккха элира цо: «Боккъалаъ, хIара шиъ хьарам ду сан умматан божаршна» (дика иснад а йолуш, Абу Дауда далийна хьадис ду хIара).
3. Деши лелор
Деши - АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), стегаршна хьарам а дина, зударшна хьанал диначух цхьаъ ду.
Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гира суна, дарин (кийсак) схьа а эцна - иза шен аьтту куьйга а лаьцна, дешин (бIелиг) схьа а эцна - иза шен аьрру куьйга а лаьцна. ТIаккха элира цо: «Боккъалаъ, хIара шиъ хьарам ду сан умматан божаршна» (дика иснад а йолуш, Абу Дауда далийна хьадис ду хIара).
АшIарерчу Абу Мусас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дарин бедарш а, деши а (лелор) хьарам дина сан умматерачу божаршна, ткъа зударшна - хьанал дина» (Тирмизи: 1720, цо аьлла хIара хьадис «сахьихь, хьасан» даржехь» ду).
Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) Аллахан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьана стеган пIелгахь дешин чIуг гина. Цуьнан пIелгара и схьа а яьккхина, ласттийна дIа а яхийтина, хаьттина цо: «Ткъа шух цхьанненга а шен керахь бовха кIега латталур барий?». Аллахан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дIавахача, (цигахь болучара чIуг йолучу дега) аьлла: «Схьаэца хьайн чIуг, (муьлххачу а хьайн цхьана хьаште а хьовзаяй) пайда эца хьайна цуьнах». Цо жоп делла: «ХIан-хIа, аса дуй буу АллахIах! Аллахан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дIакхоьссиначул тIаьхьа аса схьаоьцур ма яцара и цкъа а» (Муслим: 16).
4. Йохка-эцарехь вовшийн Iехор
Юкъараллехь даьржиначу Iесаллех а, къилахьчу гIуллакхех а цхьаъ ду: йохка-эцарехь вовшийн лебар а, Iехор а. АллахIа а, Цуьнан элчано а дихкиначу хьарамаллех дагардеш ду иза.
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Вайна дуьхьал герз айдинарг - вайх вац, вай Iехийнарг - вайх вац» (Муслим: 101).
5. Зенехь хин долу весет дар
АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Боккъалаъ, Сийлхь-Везачу АллахIа хIоранна догIу хьакъ дIаделла, цундела верасна (дола берриг бахам боккхуш) весет дан бакъо яц».
Бакъдолуш, ШарIан баххех цхьаъ бу: я шена а, я кхечунна а зенехь дерг дан мегаш цахилар, я шена а, я нахана а зенехь дерг дар дихкина хилар. Цундела стеган бакъо йолуш дац: ШарIо кхачийначу массо верасашна хуьлда и, я царех цхьаболучарна хуьлда и - зенехь хин долу весет дар.
АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«(Кхечарна) зен дан гIертачунна - АллахIа зен дийр ду, кхечарна халонаш кхуллучунна - АллахIа халонаш кхуллур ю » (Ахьмад, Абу Дауд, Тирмизи, ибн МажахI, ад-Дулаби, ат-ТIабарани, ал-БаIхIакъи, ибн ал-Асир, ал-Мази).
6. Зудчунна тIехьа дар
Зудчунна тIехьа (кIега) дар - ШарIо хьарам диначу боьхачу, ирчачу гIуллакхех цхьаъ
лоруш ду, лартIехьчу адамо а, оьздачу кхолламо а улло дита йиш йолуш хIума дац иза. Цул а сов, Ислам-дино дагардиначу даккхийра къинойх цхьаъ ду иза. Сийлахь-Везачу Делера неIалт тIедуссуш а, доллучунна ницкъ кхочуш волучу АллахIа эккхийна, Шен къинхетамах гена воккхуш долу вон къа а ду иза.
АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«АллахIан неIалт ду шен зудчунна тIехьа (кIега) дина волучунна».
АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«ЦIано йоьхначу хенахь шен зудчух кхеттачо а, зудчунна тIехьа (кIега) диначо а, (шайтIанашца, жинашца) тайначух (дагавала) ваханачо а Мухьаммаде доссийначуьнца керстаналла дина».
Зудчух кхетаран бакъонийн хьокъехь дерг а, зудчуьнца нийса вижаран хьокъехь дерг а вайн пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен умматана дийцина а, хьехна а, билгалдина а ду. Зудчух кхетар массо а агIор магош ду - хьалха хIоьттина а, тIехьа хIоьттина а: коьрта дерг - стеган бехке меттиг чуюллуш йолу зудчун бехке меттиг бер дуьненчу долуш йолу меттиг хилчахьана. Цхьанненна а къайле яц: тIехье - аравахаран хьашт кхочуш ден а, дегIах боьхалла дIакъаьсташ а йолу меттиг хиларехь, иштта хууш ду: доьзал дуьненчу волуш йолу меттиг иза йоцийла а.
7. Карахь деттар (онанизм)
Кегийрахойн дахарехь йолу динан есалла а, кегийрахошна юккъера дайна эхь а, дино бечу хьехамашца церан бала бацар а бахьана долуш, дуккхаъчу кегийрахошна юккъехь яьржина хIара вон амал а, ирча къа а. И тайпа вон амал а, сийсаза хIума а, боьха къа а Сийлахь-Везачу а, доллучунна ницкъ кхочуш волучу а Кхоллархочо (АллахIа) хьарам йина.
Имам ШафиIийс а, цуьнан йоллу ойла йолучара а, карахь деттар (мастурбация, онанизм) хьарам хилар тIечIагIдеш, тоьшаллина хIара сийлахь аят далийна:
«Массарех а, шайн стен-боьршаллин бехке меттигаш ларъеш берш, шайн (долахь болу) зударий а, дола берзийна йийсархой а боцучарех, - оцу тIехь (цаьрца бийшар-гIовттарехь) бехк баккха багIац».
Цо аьлла: карахь деттар - оцу шиннах цхьанненна а юкъадогIуш дац. Кхин дIа аьлла Сийлахь-Везачу АллахIа:
«Цундела оцул а сов дерг лууш берш – зуламхой бу».
Оцу кепарчу вон амалах ша-шен кIелхьарваларан дуьхьа, оцу кепарчу сийсазчу Iадатах маьршаваларан новкъахь жима стаг даима а шен Делах кхоьруш а, Цунна ша гуш вуйла хууш а, Цунна ца гуш ша хIумма а деш цахилар хууш а хила веза.
Иштта, дуккха а марханаш кхаба а деза, хIунда аьлча марханаш кхабаро зудчух кхета ирабелла дегIан лаам артбо, гIелбо, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цуьнах дерг дийцина ма-хиллара.
Иштта, жима стага шен бIаьрг дIасахьежош хила а ца веза, шен бIаьрахьежарш лардеш хила веза иза, ШарIо магийначу новкъахь зуда ялон къахьоьгуш хила а веза, ша цхьаъ ваьлла Iан а ца веза, ша дIавуьжучу хенахь дIавижар ШарIан гIиллакхашца нисдина вижа а веза, шен гай тIе вижа а ца веза...
Оцу дийциначунна тIе, жима стага спортана тIевола а веза. Собаре а, оьзда а, дегацIаналла ларъеш хила а веза. Сийлахь-Везачу АллахIе ша оцу вочу къинах, боьхачу Iесаллех, сийсазчу амалех Iалашвайтаран дуьхьа дуккха а доIанаш деш хила а веза.
8. Маж яшар
Маж яшар а ду бусалба нахана юккъехь даьржина долу элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iеса хиларах а, хьарамчу гIуллакхех а цхьаъ. Ткъа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) маж охьахеца аьлла омра дина.
Муслима дийциначу хьадисехь аьлла пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна):
«Мекхаш ларга, мажош охьахеца, цIарна лолла дечарех къаьсташ хила».
Маж охьахецарах дерг аьлча - иза Мухьаммадан суннат ду, адамийн дикаллин башхало ю. Маж яшарах дерг аьлча - иза къилахь гIуллакх ду, АллахIана дукха везначу Мухьаммад пайхамар (АллахIаера къинхетам а, маршо а хуцьлда цунна) йохьуш веаначу нийсонах генавалар а ду, АллахIа адамана делла долу кхолларан куц-кеп хийцар а ду, керстанех дIатарвалар а ду.
Сан лараме ваша! Хьуна хаийла: гIиллакхехь, оьзда хьо кхиориг хьайн маж юйла, маж кхиориг хьо воцийла а, хIунда аьлча хьуна муьлхха а цхьа къа латон дагадеача, хьан дагчу Далла Iеса хила ойла йоьссича, хьан мажо олу хьоьга:
«АллахIах кхера, хьо санна волучу къонахчуьнгахь догIуш ма дац иштта долу Iеса хилар, хьо санна волучу бусалба стагехь догIуш ма дац оцу кепара къа латор. Масал дай хьо-м - хьайна гонаха болучарна а, хьайн накъосташна а, хьайн гергарачарна а».
9. Можа юккъера а, коьртара а къоьжа чоьш схьадахар
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Къоьжа чоьш схьа ма даха, хIунда аьлча къематдийнахь бусалбанна нур хилла (дIахIуьттур) долуш ду уьш».
Цхьаболучу нахана моьтту: къоьжалла бахьана долуш шен сурт а, юьхь а, куц-кеп а эрча долу, къоьжа чоьш (месаш) бахьанехь нахана ша къена, воккха стаг хетало.
Ва амма, Далла дукха везначу Мухьаммад пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаам бина вайга: къоьжа чоьш къематдийнахь бусалба стеган нур хилла дIахIуьттур долуш ду аьлла.
10. Месаш тIехиттар а, чкъор дагор а
Сийлахь-Везачо аьлла:
«Цара АллахIан метта шайга кхойкхуш ерш – зударийн кепара хIуманаш бен яц. Цара шега кхойкхуш дерг - (Далла) муьтIахь доцу шайтIа бен дац. АллахIа неIалт аьлла цунна, тIаккха (шайтIано) аьлла: «Шеко а йоцуш, (сайгахьа) дерзор ма ду аса хьан лайх билгалдина дакъа. Аса билггал тиларчу буьгур бу уьш, цаьрлахь сатийсарш а дохур ду аса карзах, хьайбанийн лергаш хедаде (аьлла), омра а дийр ду аса цаьрга, АллахIан кхоллар хийца (аьлла), омра а дийр ду аса цаьрга». Шен доладийриг а, гIоьнча а АллахIан метта шайтIа динарг - билггал дакъазваьлла» («ан-Нисаъ»: 117-119).
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина:
«АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) неIалт аьлла: коьртах месаш юхкучунна а, шена (уьш) йохкар доьхучунна а, чкъор дагочунна а, шена и дагор доьхучунна а» (Бухари: 5937, Муслим: 212).
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) коьртах месаш юхкучу (парик лелочу) зудчунна неIалт аьлла хилча, ткъа мел доккха неIалт хир ду-кха ша и парик лелориг стаг хилча?! Парикаш лелор къаьсттина даьржа оьздангаллех телхиначу а, АллахIан хьехамех генаевллачу а юкъараллашкахь.
Чкъор дагорах (татуировках) дерг аьлча, ткъа иза – къаьсттина къоьлла а, жехIалалла а яьржиначу юкъараллашкахь алсам даьржина хуьлу. Цундела хаалуш хуьлу: цхьана жима стага, шена цхьа йоI езаелча, ша цуьнах вехкавелча, шаьшшиннан уьйраш чIагIъелча, вовшийн марзделча – хьарам ду иза – чкъор дагочунна тIе а воьдий, шен белшана я пхьаьрсана тIе шена езаеллачу оцу йоьIан цIе дIаязйойту, чкъор а дагош.
11. Мотт-эладитта
Сан лараме ваша! Хьайн вежаршна юккъехь мотт-эладитта дарах ларлолахь! Хьайн вежарийн юккъаметтигаш йохорах ларлолахь! Нехан юккъаметтигаш талхош волучо лехьориш - бохамаш а, дакъазалла а, сингаттамаш а, гIайгIанаш а ду хьуна дуьненахь а, эхартахь а.
ХIокху дуьненахь цо Iовшун долучу баланех дерг аьлча: АллахIа цуьнан дагчуьра дIаоьцур бу синтем а, тийналла а, ирс а, токхо а, аьтто а, беркат а. ХIунда аьлча, нахана юккъехь эладитта лелош а, мотт бетташ а, нехан юкъаметтигаш талхош а лелаш долучу адамо и бохамаш даран кхин цха а бахьана дац – цуьнан хьогIане а, хIуьттарене а, оьгIазе а, цабезаме а, ачоне а хилар доцург. Цундела Сийлахь-Везачу а, доллучунна ницкъ кхочуш волучу а АллахIа дийна а волуш - цуьнан дагчохь латтайо сийна цIе, ткъа коша виллича - цуьнах верригенах а латайо и цIе, цо шен бусалба вежаршна юккъехь питанан цIе латоре терра.
ХIан, ойла ехьа соьца цхьаьна хIокху суьртан.
Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шина кошах тIех волучу хенахь элира аьлла: «Боккъалаъ, цаьршинна* Iазап ду луш. Доккха къа бахьанехь дац царна луш долу Iазап, делахь а (хIораннан) къа доккха дара: цаьршиннах цхьаьннах дерг алча - ткъа иза эладиттанаш даржош вара, шолгIачух дерг аьлча - ткъа иза шен хьоткъах ларлуш* вацара» (Бухари: 216, Муслим: 292. Кхузахь далош дерг Бухарин ривайат ду).
* Вуьшта алча: оцу кошахь волучу шинна.
* Вуьшта алча: шен дегIана а, духарна а тIе кхетта долу хьаткъа дIадоккхуш вацара иза, я нахана хьалха шен хьашт кхочуш деш вара иза, лечкъа а ца лечкъаш.
Ва амма, эхартахь цо Iовшун долучу баланех дерг аьлча:
Хьузайфа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Эладиттанча ялсамане гIур вац» (Бухари: 6055, Муслим: 105).
12. Хьанал-хьарам ца къестор
Сийлахь-Везчау АллахIа аьлла:
«Шайгара иштта долу хIума далийтар - (шайга хаьттича) ладам боцуш хетало шуна, АллахIана гергахь иза инзаре доккха къа доллушехь а» («Нур»: 15).
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Цхьа зама йогIур ю нахана: стагана, хьал (ахча-бахам) миччанхьара карадеача а, бен доцуш - хьанал делахь а, я хьарам делахь а».
Баширан кIанта НуIмана (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Боккъалаъ, магийнарг - хууш ду, цамагийнарг а - хууш ду, ткъа царна юккъехь - шеконаш ерг ду, дуккха а нахана цуьнах дерг ца хууш. Цундела шеко йолучух ларлуш верг - шен дин а, шен сий а лардеш ву…» (Бухари: 52, Муслим: 1599).
Цундела хIора бусалба стаг АллахIах кхоьруш хила веза. Шен хIусаме хьанал рицкъа бен ца дохьуш, шен доьзал хьаналчу рицкъанах бен ца кхоьтуьйтуш. Хьанал доцучу рицкъанах ша а ларлуш, шен зуда а ларъеш, шен бераш а лардеш хила веза иза.
Хьалха заманахь цхьа дика зуда хилла, шен майра Iуьйранна дуьненан рицкъа лаха аравала воьлча, цо олуш хилла:
«Тхан хьокъехь АллахIах кхералахь. Хьарам рицкъа даа ма дааделахь тхуна: мацаллина тоха са хир ду хьуна тхан, амма жоьжагIатина тоха са хир дац хьуна тхан».
13. Ламаз дитар я хенах тилийтар
Цхьаболучу наха ламаз дуьту я Дала тоьхначу хенал тIаьхьатоьтту иза… Муьлххачу а бусалбанна шегара иштта хIума далийтар хьарам ду, хIуъа хилча а, ШарIо могуьйтуш хIума а дац иза, ШарIо магош йолу бехказло хилча а бен.
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«ТIаьхьа цхьа нах хир бу - ламазана ледарлонаш еш, дегIан лаамаш кхочуш барна тIаьхьа хIиттина, (жоьжагIатехь) ГIай цIе йолучу боьранна чу кхуьссур бу уьш, (царех) тоба а дина, Делах тешна, дика Iамалш йина воцург. Ткъа уьш ялсамане гIур болуш бу, царна цуьрриг а зулам дийр дац» («Марьям»: 59).
ХIокху аятехь дуьйцуш долу «ламазана ледарлонаш еш» нах хир бу бохург – «ламаз дан а ца деш, дитина хир бу» боху маьIна дац цуьнан, «Дала ламазашна хIиттийна йолучу хенел а уьш хьедеш, хенаш туьлуьйтуш хир бу» боху маьIна ду.
Ва амма, ламаз дан а ца деш, дитина волучуьнан хьокъехь Сийлахь-Везачо аьлла:
«ХIора стаг ша диначунна закъалтхо хир ву, аьтту агIонан адамаш доцурш. Ялсаманин бошмашкахь вовшашка хоьттур ду цара къинош долучарех (зуламхойх): «Шу жоьжагIати чу доьхкинарг хIун ду?» (бохуш). Цара эра ду: «Ламаз дечеран могIарехь дацара тхо. Мискачарна хIума ца яийна оха. Къамеле буьйлучаьрца къамеле дуьйлура тхо. ТIаьххьара догIу де харц дора оха. Тхайга (Iожалла) яллалц». ГIодечеран гIоно пайда бийр бац царна» («Муддассир»: 38-48).
Цундела ламазаш цадинарш, АллахIана суждане цаихнарш - къематдийнахь Сакъар боьранехь дIагулбийр бу. Я, АллахI, ларде Ахьа тхо цуьнах!
Сан лараме ваша! Ламазаш дитарх а, иштта уьш хенал тилийтарх а ларлуш хила хьо.
14. Нахаца лелар (зина)
Зина - кегийрахошна юккъехь чIогIа даьржина, уггаре а даккхийрачу къинойх къа ду, зуламех уггаре а доккха зулам ду, бохамех уггаре а бокха бохам бу. АллахIа хьарам дина зина дар, дихкина нахаца лелар.
Сийлахь-Везачо боху:
«Зинана герга ма гIо, хIунда аьлча боьха хIума ду иза, вон некъ а бу иза» («ал-Исчраъ»: 32).
Цул а сов, ШарI доггIушехь боьха мел долучу массо а хIумане кхачош долу некъаш къовлар юьхьарлаьцна деана ду. Цундела, тIехь хьижаб лелор парз дина, бIаьрган дола де аьлла омра дина, хийрачу зудчуьнца ша цхьаъ валар а дина хьарам…. Уьш йоцурш а, дуккха а дуьхьалонаш а хIиттийна, кегийрахой вочу хIуманашна а, сийсазчу гIуллакхашна а чуэгарах ларбеш йолу.
ТIаьххьара. Сан ваша, хьуна ца хаьа, АллахIа зинаш дечарна мел къиза Iазап ло дуьненахь а, кошахь а, къематдийнахь а, жоьжагIатин цIергахь а?!
АллахIе доьху аса: вайн кегийрахошна а, йоьIаршна а бакъхьаралла а, дегацIаналла а, эсалалла а, оьздангалла а ялар, царна массарна а хьанал дерг дан некъаш атта дар.
15. Эвлаяийн кешнашка эхар
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Шайн тIеховшучу дийнаташна нуьйр ма тилла, кхаа маьждиге кхача Iалашонца а бен: дихкиначу маьждиге (аль-Масджид aль-Харам), элчанан маьждиге, геннарачу маьждиге (аль-Масджид aль-Акса)».
Ткъа эвлаяийн кешнашка эхар - нийса йолучу Iакъидатана дуьхьал догIуш хIума ду. Цул а сов, пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кошана тIе эхар а дац магош, хIунда аьлча воьдург Далла дукха везначу Мухьаммад пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) маьждиге ваха везаш ву, ткъа цуьнан кошана тIе воьду аьлла ваха везаш вац.
Сан лараме ваша! Билггал хьуна хууш хила деза: пайда бар а, зен дар а шен карахь дерг – Шен Жайнахь аьлла волу, цхьаъ бен воцу АллахI хилар:
«Хьаште волучуьнан доIанна жоп луш верг мила ву, цо Цуьнга кхайкхича, зен дIадоккхург а, шух лаьтта тIехь халифаш (дай) бийриг а? Дела ву, ткъа, АллахI воцург? Дагахь ма кIеззиг латтабо-кха аша хьехам!» («ан-Намл»: 62).
Зен-пайдий шен карахь долуш вац я пайхамар а, я эвлаяъ а, и дерриге а Шен карахь дерг – Комаьрша а, Сийлахь-Веза а волу цхьа АллахI ву.
16. ЦIано йоьхначу зудчух кхетар
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Цара хоьтту хьоьга (зударийн) цIано йохарах дерг. Ала: «Бала хьоьгуьйту цо. ХIуъа хилча а, цIано йоьхначу юккъанна зударех (кхетарах) ларло, герга а ма эха царна - уьш цIанбаллалц йолучу ханна» («ал-Бакъарат»: 222).
Цхьана а стагана цIано йоьхна йолучу шен зудчух кхетар магийна дац - цIанбеллачул тIаьхьа уьш лийччалц йолучу юкъанна, хIунда аьлча Сийлахь-Везачо аьлла:
«Ткъа уьш цIанбелча - тIаккха кхета шу царех, шайга АллахIа омра ма-дарра» («ал-Бакъарат»: 222).
Оцу къинан волла а, боьхалла а гойту АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьллачу дешнаша:
«ЦIано йоьхначу хенахь шен зудчух кхеттачо а, зудчунна тIехьа (кIега) диначо а, (шайтIанашца, жинашца) тайначух (дагавала) веаначо а Мухьаммаде доссийначуьнца керстаналла дина».
Шен лаамехь доцуш, цахаар бахьаница, гIалат а ваьлла, шегара иштта хIума даьллачунна тIе къа яздийр долуш дац. Шен лаамехь, ша дийриг хIун ду а хууш, иза диначунна - каппарат даккхар тIедужу.
Каппарат даккхар тIедожош долу хьадис бакъ лериначарех болучу цхьаболучу Iилманан дайша аьллачунна тIедоьгIча, цуьнан барам цхьа динар я ах динар ду. Царех цхьаболучара аьлла: цу шиннах шена луъург харжа бакъо йолуш ву иза: шена лаахь - дуьззина цхьа динар дала а, шена лаахь - ах динар дала а. Ткъа цхьаболучара аьлла: нагахь цуьнан зудчух кхетар цIано йоьхначу юьххьехь, оьху цIий чехка долучу хенахь нисделлехь – ткъа цунна цхьа динар каппарат тIедужу. Амма нагахь зудчух кхетар цIано йохаран хенан чаккхенехь, цIий кIезиг даьллачу хенахь я цIий сецча, иза лийча лараяле кхеттехь – ткъа цунна ах динар каппарат тIедужу.
Динар - лелаш болучу мехаца дуьстича, 4,25 гарам деши ду. И деши сагIина дIалур ду, я оцу дешин меха нислуш долу кехатан ахча дала а мегар ду.
17. Тем боцуш ламаз дар
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Уггаре вон къу лоруш ву шен ламазах лечкъориг». (Наха) хаьттина: «ХIай, АллахIан элча, ткъа шен ламазах лечкъор муха нисло?». Цо жоп делла: «(Иза дера ду, ламазехь) рукуI а, сужда а дуьззина цадар».
Духхера аьлча, ламазехь тем ца бар дагахь а доцучу кепехь даьржина ду нахана юккъехь, дукхах болу нах хууш боллушехь а: ламазехь дог-ойла Далла тIехь латтор а, тем бар а ламазан рукнех цхьа рукна юйла а, леррина уьш лар ца яхь, ламаз ца хуьлуш йолу.
Цундела пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Стеган ламаз дуьззина хир дац - цо шен букъ рукуIехь а, сужданехь а дIанисбаллалц».
Абу IабдуллахI ал-АшIарийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), шен асхьабашца ламаз а дина, царех цхьана тобанца хиъна Iачу хенахь, цхьа стаг маьждиг чу а веана, ламазе а хIоьттина, дан ма деззара рукуI а ца деш, сужда дечу хенахь мераца «тIак-тIик» деш хилла. ТIаккха пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Гой шуна дIораниг? И стаг оцу хьолехь а волуш валар хилча - Мухьаммадан динехь а воцуш лийр ма вара иза, шен ламазехь, цIийх зIок еттачу къийго санна, «тIак-тIик» деш, (лаьттах) мара Iуьттуш цо. Дуьззина рукуI ца деш верг, сужда дечу хенахь шен мераца «тIак-тIик» деш верг - мецачу стагах терра ву, царах цхьа а пайда а боцуш, цхьаъ-шиъ хурма йууш волучу».
Тем боцуш, рукуI а, сужуд а дуьззина ца деш, чехкаллехь ламаз диначунна тIехь ду: шена тем боцуш диначу ламазийн хьукма девзича, оцу ламазан хан дIаяланза а елахь, и ламаз юхадар. Яханачу хенашкахь ша диначарна тоба дан а деза цо, амма и ламазаш юхадан эшац, хIунда аьлча хьадисехь аьлла:
«Вало (хьайн) ламаз юхаде, ткъа ахьа динарг ламаз дацара».
18. Рузбанан ламаз дитар
Дуккха а нехан шайн динан гIуллакхашкахь тидаме цахилар, ледарлонаш яр, кIадонаш яр сел генадаьлла, маьждигехь рузбанан ламазаш дар а дуьтуш. Рузбанан ламазан метта шайн цIахь диъ ракIат делкъа-ламазаш до цара. Цара и даран бахьана - маьждигехь рузбанан ламаз даран ял а, и дитаран къа а генна цадовзарна ду.
Абу ХIурайрас а, ибн Iумара а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ша дечиган минбар тIехь (лаьтташ волуш), олуш хезна шайна аьлла: «Аса дуй буу: нах я рузбанан ламазаш дитарах юхабевр бу, я АллахIа, церан дегнаш дIа а къевлина, тIе мухIар тухур ду, ткъа цул тIаьхьа, билггал, гIайгIа-бала боцучеран могIарехь хир бу уьш» (Муслим: 865).
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Цхьа а бехказло а йоцуш, кхо рузба дитина верг - мунепикъийн могIарехь дIаязво».
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «КIадо а йина, кхо рузба дитина волучуьнан дагна тIе АллахIа мухIар туху».
Сан лараме ваша! Ойла ехьа, ткъа, рузбанан ламаз а ца деш, и дитина волучуьнгахь АллахIа кхо Iазап муха гулдо:
Цхьаъ: гIайгIа-бала боцучеран могIаре хIутту иза.
Шиъ: мунепикъийн могIарехь дIаязво иза.
Кхоъ: АллахIа дагна тIе мухIар туху цунна.
19. Маьждигехь жамаIатехь ламаз дар дитар
Оцу къинна а, оцу Iесаллина а чуэгна - дуккха а АллахIа цига оьхуш берш хастийна йолу АллахIан хIусамаш дIатасар шайтIано шайна хаздина берш. Цо аьлла:
«ЦIеношкахь, АллахIа догIа пурба делла долучу, Цуьнан цIе ю хьехош. Царна чохь хеставо И Iуьйренашкахь а, малх чубузучу хенахь а. Стегарий бу я махлелоро а, я йохка-эцаро а АллахI хьехорна а, ламаз дарна а, закат даларна а тIера ца бохуш. Дийнах кхоьруш бу уьш, цигахь дегнаш а, бIаьргаш а тIекIелдийр долучу» («ан-Нур»: 36,37).
Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Моллалла кхойкхуш хезча, цхьа а бехказло а йоцуш, ламазе цаваханачо динарг ламаз дац».
Абу Дардаа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Нагахь муьлххачу а юьртахь я гIум-аренгахь (вехаш) волучу кхаа (стага) ламаз (вовшах а кхетта, жамаIатехь) ца дахь, - царна тIехь, шеко а йоцуш, шайтIано толам боккхур бу. Цундела ламаз, цхьаьна а кхетий, (жамаIатехь) де, хIунда аьлча барзо (кхин долучу жах къаьстина) генабаьлла уьстагI буу» (хIара хьадис Абу Дауда дийцина: 547, «хьасан» иснад а йолуш).
Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «…Нагахь шу ламазаш шайн хIусамашкахь дан хIиттахь, шен цIахь виссиначу оцу (стага) ма-дарра, - иза шу шайн пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) суннатах юхадовлар (лоруш) ду шуна, ткъа нагахь шу шайн пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) суннатах юхадовлахь - билггал, тир ду шу…» (Муслим: 256).
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Билггал, кегийрахошка дечиган цIевнаш а гулдайтина, тIаккха, бахьана а доцуш, шайн цIахь ламазаш деш болу нах болучу а вахана, церан уьш, цIе а тесна, дагон ойла хиллера сан».
Имам ибн Таймис аьлла:
«Муьлхха а бусалба нехан маьждигехь дечу ламазал а шен цIахь деш долу ламаз дезах хеташ верг - берриге бусалба нехан цхьана бертахь тилла мубтадиI ву».
20. Зударех тарвалар
Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) неIалт элира: зуда тайпана стегаршна а, стаг тайпана зударшна а».
Оццу (хьадисан кхечу) ривайатехь (ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна)) аьлла: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) неIалт элира: зударех дIатарлуш болучу стегаршна а, стегарех дIатарлуш болучу зударшна а» (Бухари: 5886).
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) стегаршна неIалт аьлла - зударийн бедарш тIеюхуш болучу, зударшна а - божарийн бедарш тIеюхуш болучу» (Абу Давуд: 4098).
21. Доьзалехь эвхьазло яржор
Сийлахь-Везачу АллахIа муъма нахе доккха аманат шайна тIеэца аьлла омра дина:
«ХIай, Делах тешнарш! Шаьш а, шайн доьзалш а цIарах ларбе, шен ягориг нах а, тIулгаш а хин долучу. Царна тIехула буьрса а, нуьцкъала а малекаш ду. АллахIа диначу омрина тIера ца довлу уьш, шайга омра мел динарг кхочуш а до цара» («ат-Тахьрим»: 6).
Ткъа оцу аманатана ямарт хилла уьш, шайга лардан деллачу аманатана тешнабехке хилла уьш. Цундела къематдийнахь церан хьал а хир ду Ша Бакъволучу, Сийлахь-Везачу АллахIа ма-дийццара.
Цхьаболучара эвхьазло, хьарамло, бохам шаьш беана шайн хIусамашка. Цхьаберш шаьш бу шайн бераш а, шайн зударий а талхарехь бахьана хилла дIахIиттинарш, шайн доьзалш а, шайн хIусамнаной а ялсаманех бохуш бахьана хилларш. Цундела Сийлахьчу АллахIа сацам бина: оцу бохаман бахьана хилла волу иза ялсаманех воккхуш, цо шен доьзал а, зударий а ма-баххара оцу ялсаманех. ХIунда аьлча бекхам - диначуьнга хьаьжжина бу.
Оцу дерригенан бахьана - вай дехачу хIокху вайн заманчохь дай хилар ду – АллахIа шайх къинхетам бина боцурш: шайн коьртачу гIуллакхера, уггарех ладамечу декхарера берриге а цхьаьна балхара дIа а бевлла. АллахIа царна тIедиллина коьрта а, ладаме а гIуллакх – оьзда доьзал кхиор дара, гIиллакхе бераш кхиор дара, бусалба хIусам кхоллар дара, АллахIан Жайнера а, элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Суннатера а цIеначу хьостехула.
22. Сийлахь-Веза АллахI воцучух дуй баар
(Мухха а цкъа) ибн Iумарна (АллахI реза хуьлда цаьршинна) цхьана стага олуш хезна: «ХIан-хIа, аса дуй буу КаIбанах!». Ибн Iумара аьлла: «АллахI воцучух цхьаннах а дуй ма баа, хIунда аьлча АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршала а хуьлда цунна) олуш хезна суна: «АллахI воцучух (стенцца а) дуй биъначо - керстаналла дина (я ширк дина)» (Тирмизи: 1535, цо аьлла хIара хьадис «хьасан» дарж долуш ду).
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршала а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, АллахIа шуна дихкина шайн дайх дуйнаш даар. Дуй баа лериначо - АллахIах боийла, я вист ма хуьлийла иза» (Бухари: 6646, Муслим: 1646).
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршала а хуьлда цунна) аьлла: «Шайн дайх дуйнаш ма даа (я дуйнаш ма кхолла)! АллахIах дуй буучо - бакъ дерг ала, ткъа шена (кхечо) АллахIах дуй биъна верг - реза а хила. Нагахь цунна цуьнах кхачам ца хиллехь – АллахIах генаваьлла иза».
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршала а хуьлда цунна) аьлла: «Дуйнаш ма даа шайн дайх а, я шайн нанойх а, (шаьш шайн Делаца) нисбиначаьрца а. АллахIах бен дуй ма баа. Дуй буучу хенахь, билггал, бакъдерг а ала».
Сан лараме ваша! Боккъалаъ, муьлхха а цхьана хIуманах я цхьана хIуманан цIарах дуй бааран чулацам - шех дуй бууш йолу хIума язъяр а, сийлахь яр а, йоккха яр а ду, ткъа Сийлахь-Везачу АллахIал дезий, доккхий, сийлаххьий хIума цхьа а дац. Цундела хьуна тIехь важиб ду хьуна: АллахI воцучух дуй цабаар, АллахIан цIарца а бен дуй цабаар. Ва амма, Сийлахь-Везачу, Хастамечу АллахIана бехкаме дац: Шен кхолламех шена луъучу хIуманех дуй баар.
23. Телхиначу, Iесачу нахаца доттагIалла лелор
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стага шена уллерачу доттагIчо лелош доллу дин леладо, цундела шух хIора а хьожийла ша хьаьнца доттагIалла лелош ву» (Абу Дауд: 4833, Тирмизи: 2379, Тирмизис аьлла хIара «хьасан» даржехь хьадис ду).
Абу Муса ал-АшIарийс (АллахI реза хуьлда царна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, дика накъост а, вон накъост а – (хаза хьожа йогIу) миска дохкархочух а, (аьчкапхьеран куьркара цIе) марсайохучух а тера ву. Миска дохкархочух лаьцна аьлча: цо (шен духкучу мисканах хIума) совгIатана яла а тарло хьуна, я ахьа цуьнгара цхьаъ оьцур ю, я цуьнах (гIуьттуш йолу) хаза хьожа кхетар ю хьуна. (Аьчкапхьеран куьркара цIе) марсайохучух лаьцна аьлча: цуьнан куьркан цIеро я хьан бедарш ягор ю, я цуьнах (гIуьттуш йолу) вон хьожа кхетар ю хьуна» (Бухари: 5534, Муслим: 2627).
Цундела пайхамара (АллахIера кинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дикачу нахаца доттагIалла лелорна тIехьехна, хIунда аьлча дикачу нахаца гергарло а, доттагIалла а лелийча - бусалба стеган иман совдолу, ямартло ца хуьлу.
Абу СаIийд ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ДоттагIалла а ма леладе - муъма стагаца бен, хьан кхача а ма боийла – Делах кхоьручо бен» (хIара хьадис вон йоцучу иснадаца Абу Дауда а: 4832, Тирмизис а: 2397 далийна).
24. Вахош долу маларш мийлар
Ма йоккха докъазалла а, бала а бу-кха дуьненахь вахош долу маларш (чагIар, къаьркъа) муьйлучаьрга хьоьжуш. Ткъа дуьненахь цуьнах хин болучу сингаттамах лаьцна аьлча: и боцу кхин бохам тIе ца хилча а, тоьаш ду-кха цунна и бахьанехь иза Сийлахь-Везачу а, доллучунна ницкъ кхочучу а АллахIан къинхетамах генна эккхийна хилар.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Со волучу а деана, Жабраил (малека) элира соьга: «ХIай, Мухьаммад! Сийлахь-Везачу а, доллучунна ницкъ кхочучу а АллахIа неIалт аьлла – чагIарна, иза доккхучунна, доккхуьйтучунна, молучунна, дIакхоьхьучунна, шена тIекхоьхьучунна, духкучунна, оьцучунна, дуттучунна, шена доттуьйтучунна».
НеIалт аларан маьIна – АллахIан къинхетамах гена ваккхар ду.
Къаьркъа меллачунна шайтIано йоьллий дIайохуьйту кхин а талхаме, бохаме, эрчоне, воне… кхачош йолу неIарш.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «ЧагIар – массо вонийн нана ю, даккхийрачу къиношлахь уггаре доккха къа а ду, и мелларг – шен ненаца а, ненайишица а, дейишица а лелларг санна ву».
Иштта къаьркъа меллачунна герга малекаш а ца доьлху. ВаллахIи! Ма доккха, балане Iазап ду-кха - лай малекаш улло довлучуьра валар.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Кхаа адамна улло малекаш ца догIу…». Царех цхьаъ вагарвира цо: «…меллачунна а».
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «ЧагIар – массо вонийн нана ю, (Дала, чагIар) меллачуьнан шовзткъа дийнахь ламаз къобал ца до. Кийрахь (чагIар) долуш лахь - жехIилийн заманахь санна валар хир ду цуьнан».
Ткъа эхартахь царна чагIарах хин йолучу дакъазаллех а, баланах а, гIайгIанах а лаьцна аьлча, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Кхо (адам) цкъа а ялсамане гIур дац…». Царех цхьаъ вагарвира цо: «…къаьркъане вирзинарг».
25. Дена-нанна вон хилар, гергаралонаш хедор
Сийлахь-Везчау АллахIа аьлла:
«Хьан Дала тIедиллина хьуна: Ша воцучунна цхьанна а лолла ца дар, дена-нанна чIогIа дика хилар а. Нагахь дех-ненах цхьаъ я ший а къанлахь, ткъа ма олийла ахьа цаьрга: «Тпуй». ТIе а ма чийха царна, дош а лараме ала цаьрга. Къахеташ, муьтIахьаллин тIам охьа а таIабе царна хьалхахь, ала а ала: «Сан Дела! Къинхетам бе Ахьа царех, жима волуш цара со кхиочу хенахь соьх къинхетам ма-барра»» («ал-Исраъ»: 23-24).
Абу Бакрата НуфайI бин ал-Хьариса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Даккхийра къинош довзийтий аса шуна?». (Юха-юха а деш, кхузза дира цо и хаттар). Оха элира: «Дера довзийта, хIай, АллахIан элча!». (ТIаккха) цо элира: «АллахIаца накъост лацар (ширк дар), да-нана цаларар». (И олучу хенахь, пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) куьйгана тIе дIатевжина вара, тIаккха, охьа а хиъна, цо элира: «Боккъалаъ, харцдерг дийцар - харцтоьшалла дар ду!». Юх-юха а бохуш, и (дешнаш) бехира цо, оха аллалц, иза дIатийча: «ЭхI»» (Бухари: 2654, Муслим: 87).
Жубайр бин МутIIимас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Гергарало дохош верг (я юкъаметтиг йохош верг) ялсамане гIур вац».
Абу ХIурарас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, Сийлахь-Веза АллахI дерриге хIума кхоьллина ваьлча, (шаьш долучуьра) хьала а гIевттина, гергарлонаша аьлла: «ХIара – (гергарлонаш) хедорах ларвала Хьоьгара гIо лоьхуш волучуьнан меттиг ю». (Оцу хьокъехь) Цо аьлла: «ХIаъ, ткъа реза дац шу - шу лелочарна Аса доккха дика делча, шу хадочаьрца Аса хада а дича?». ТIакккха цара аьлла: «Ду». (Цул тIаьхьа) Цо аьлла: «Шуна (луш) ду иза». Цул тIаьхьа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Ткъа шайна лаахь дIадеша-л хIара (аяташ): «Нагахь шу куьйгалла дан хIиттахь - лаьтта тIехь бохамаш баржо а, гергаралонаш дохо а тарло аша. Иштта болучарна АллахIа неIалт аьлла, хазарх а, бIаьрсих а баьхна уьш»» («Мухьаммад», 22,23) (Бухари: 5987, Муслим: 2554).
Оцу хьадисан (Бухарис далийначу) ривайатехь (пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла): «Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: «Шу лелочарна - Аса доккха дика дийр ду, шу хадочуьнца - Аса а хадор ду».
Сан лараме ваша! Хьуна хаийла, дена а, нанна а вон хилар, цаьршинга лацадогIар - дуьненахь а, эхартахь а доккха Iазап луш долучу бахьанех цхьаъ дуйла.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Цхьа а къа ма дац, сийлахь-веза АллахIа Iазап сихдан сов хьакъ хилла, эхартахь цунна кечдиначу (Iазапна) тIе - гIело яр а, гергаралонаш дохор а санна».
Ткъа шен дена а, нанна а вон хилла волучунна эхартахь хин долучу Iазапах а, сингаттамах а, баланах а лаьцна дийцина.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «АллахI шайга хьожур воцуш кхоъ ву…». Царех вагарвира цо: «…шен дас а, нанас а аьлларг ца деш верг». «Ялсамане гIур воцуш кхоъ ву…». Царех вагарвира цо: «…шен дас а, нанас а аьлларг ца деш верг».
26. Стегарий вовшашца лелар
Иза – уггаре вон, боьхаллехь вуно боьха, ирчаллехь вуно ирча зулам ду. Кхолламаш бIостанехьа бирзиначу нахера а бен божа йиш йолуш бац и бохам. И зулам сел ирча, боьха, вон, кхераме хиларна, Сийлахь-Везачу АллахIа и диначарна диъ тайпана Iазап делла, шаьш саннарш цул хьалха а, цул тIаьхьа а цхьана а къомана делла а доцуш долу: церан бIаьргаш дIашардина Цо; бух тIехула а, тIехуле буха а хорцуш, тIекIал тоьхна Цо уьш; тIеттIа тIе даттаза кхийра тIулгаш хецна Цо царна; цIогIане мохь а хьажийна Цо царна тIе.
ШарIехь царна догIуш долу таIзар, сов бакъахьара долучунна тIедоьгIна: тур тоьхна вер ду - ша и динарг а, шена и дайтинарг а, нагахь цара иза реза а болуш, шайн лаамехь динехь.
Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шайна ЛутIан къомо динарг деш (берш) гучубовлахь – тIехула верг а, иштта бухахь верг а ве».
Вай заманахь баьржина болу шайн лаамехь кхерсташ болу зуд-стегарий а, яьржина тайп-тайпана цамгарш а, вайл хьалха дIабаханачарна юккъехь хилла а йоцуш йолу (царех цхьаъ ю - лен цамгар СПИД а, и доцурш кхин дуккха а лазарш а) - и дерриге дийцинарг доккха тоьшалла ду, оцу зуламна оцу кепара доккха таIзар хIотторехь долу, ШарIа ден хьикмат гойтуш.
27. Аьшпаш боттар
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Ткъа цул тIаьхьа, доIа а дина‚ харц луьйчарна АллахIан неIалт кхайкхор ду вай» («Али-Iимран», 61).
Бухарин а, Муслиман а шина а «Сахьихь» жайнахь ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, бакълеро - дикалле кхачаво, ткъа дикалло - ялсамане кхачаво. Иштта, боккъалаъ, стаг (даима) бакъ луьйр ву - АллахIана гергахь бакълуьйриг аьлла дIавазваллалц. Боккъалаъ, аьшпаша - волле (я къилахь долучуьнга) кхачаво, ткъа волло (я къилахь долучо) - жоьжагIате кхачаво. Иштта, боккъалаъ, стаг (даима) харц луьйр ву - АллахIана гергахь аьшпийн лежиг аьлла дIавазваллалц» (Бухари: 6094, Муслим: 2607).
Иштта шина а «Сахьихь» жайнахь долучу кхечу хьадисехь пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Шалхончин (мунепикъан) кхо билгало ю: ша (цхьаъ) дуьйцучу хенахь – аьшпаш буьтту цо, ша ваIда йича – (ша йина ваIда) йохайо цо, шех тешча – тешнабехк бо цо» (Бухари: 33, Муслим: 59).
(Оцу хьадисан кхечу ривайатехь) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «…Цо мел марха кхабахь а, ламазаш дахь а, цо ша мел бусалба ву бахахь а».
Цул а къилахь ду къера дуйнаш даар. Сийлахь-Везачу АллахIа мунепикъех лаьцна аьлла:
«Цара хьалххе дуьйна, шайна хуъушехь, къера дуйнаш дуу» («ал-Мужадалат»: 14).
Нагахь муьлхха а цхьана маслаIатана а, пайденна а деш къамел дацахь, бусалба стаг декхарийлахь ву шен маттана доладан а, шен мотт ларбан а, пуьташ ца ботта а, харц ца лен а. Къамел кIезиг дарехь беркат ду, ткъа беркате нислуш цхьа а хIума а дац.
28. ГIийбат
Боккъалаъ, гIийбат - дуккхаъчу гуламийн а, кхеташонийн а чоме стом а хилла дIахIоьттина. Бусалба нахана гIийбаташ дар а, нехан сийнах мотт хьекхар а доза доцуш йорт эцна доьду. Сийлахь-Везачу АллахIа Шен лайшна иза а, цуьнах тера вон мел дерг а, уггаре дог дера долучу а, синош къаьхкан долучу цIарматечу а суьртехь, дихкина, АллахIа шаьш цуьнах дIакъехкоре а, Цо шайна и дехкаре ца хьоьжуш.
Доллучунна ницкъ кхочуш а, Воккха а волучу АллахIа аьлла:
«Вовшашна букъ тIехьа гIийбаташ ма де. Шух цхьаннена а шен веллачу вешин жижиг даар дезар дарий, нагахь шайна и дегаза хетахь» («ал-Хьужурат»: 12).
«ГIийбат» бохучу бохамечу дешан маьIна хIун ду олуш, кхетам белла вайн пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна):
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира аьлла: ««ГIийбат хIун ду хаьий шуна?». Наха аьлла: «(Оцу хьокъехь дерг) АллахIана а, Цуьнан элчанна а диках хаьа». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) аьлла: «(Иза) ахьа хьайн (дин) ваша хьехавар ду-кха, (ша хьехор) цунна дезалун доцучу куьцара». (Цуьнга) хаьттира: «Алахь, нагахь аса дуьйцург сан вешехь долуш делахь?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) аьлла: «Нагахь ахьа дуьйцург цуьнгахь далахь-м - ахьа цунна динарг гIийбат ду, нагахь и (ахьа ма вуьйццу) вацахь–м - хIета ахьа цунна динарг бухIтан ду»» (Муслим: 2589).
29. Хийрачу зудчуьнца ша цхьаъ виссар
Хийрачу зудчуьнца ша валар ШарIехь мегаш хIума дац.
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«(Шаьш цаьрга (пайхамаран зударшка) муьлхха а цхьа хIума йоьхучу хенахь - дуьхьалонан тIехьашхула йоьхийла аша» («ал-Ахьзаб»: 53).
Iукъбат бин Iамира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух цхьа а, хIуъа а хилча а, хийра зударий болучу чу ма гIойла!». Ансарех цхьамма хаьттина: «Алахь соьга, нагахь иза майрачунна юххера гергараниг велахь (муха ду чувахар)?». Цо жоп делла: «Юххера гергараниг – хIаллак хилар ду!» (Бухари: 5232, Муслим: 2172).
Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIуъа а хилча а, шух цхьа а (хийрачу) зудчуьнца шаьшшиъ ма дуьссийла (шаьшшиъ ма долийла), нагахь цуьнца цхьаьна (цуьнан) юххера гергараниг вацахь» (Бухари: 5233, Муслим: 1341).
30. Бусалба нехан кхачамбацарш лехьор
Кхин а цхьана тайпа нах бу - нехан кхачамбацарш а, сакхташ а лехьош, шаьш-шайна а бала а бина лелаш, шайн ерриге хан оцу сийсазчу балхана хьажийна.
АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «ХIай, маттаца иман а диллина, дегнаш чу иман кхачанза берш! Бусалба нахана гIийбаташ ма де, церан сакхташ а ма лехьаде. Нагахь (муьлхха а цхьаъ) шен бусалба вешин сакхташ лехьон волахь - АллахI а ваьр ву цуьнан сакхташ лехьон. АллахIа сакхташ лехьон воьлларг Iоравоккху, шен хIусамехь велахь а».
31. Бакъахьарачу зударшна цIекхоллар
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIаллаквеш долучу ворхI (къинойх) ларло…». Царех дагардира цо: «…йоI-стогалла йолу муъма зударий, нахаца лелла аьлла, бехкебар (я цIекхоллар), (лелар-м дуьйцучохь а дацара, шайгара иштта дерг далийтар) дагахь хилла а боцу» (Бухари: 2766, Муслим: 89).
Ойла ехьа соьца цхьаьна: мел йоккха дакъазалла ю-кха эхартахь цаьрга хьоьжуш.
Доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Веза а волучу АллахIа аьлла:
«Боккъалаъ, йоI-стогалла йолу муъма зударий (бух боцуш) нахаца леларна тIехь бехкебеш берш, (и тайпа къа дан) дагахь хилла а боцу, - неIалт ду царна хIокху дуьненахь а, эхартахь а! Царна кечдина инзаре доккха Iазап ду, церан меттанаша а, куьйгаша а, когаша а цара динарг (дуьйцуш) царна дуьхьал тоьшалла дечу дийнахь» («ан-Нур»: 23-24).
Ма йоккха сийсазалла ю-кха адамана дуьхьал цуьнан дегIан меженаша цо мел лелийнарг охьадуьйцуш тоьшалла дечу дийнахь хин ерг.
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Шен йийсархо нахаца лелла аьлла, бехке вина (я цIе кхоьллина волу) стаг - и бахьанехь къематдийнахь (цIе кхоьллиначунна догIуш хIоттийначу) Iазапе озор ву, нагахь и (йийсархо боккъалаъ) цо ма-аллара ца хиллехь» (Бухари: 6858, Муслим: 1660).
32. Цхьа а бехказло а, бакъо а йоцуш, Рамазан баттахь марха дохор
Абу Умамат ал-БахIилийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дуьйцуш хезна шена аьлла: «Со наб кхетта а волуш, гIенах цхьа ши стаг веара суна. Сан куьг а лаьцна, со цхьана галцаш йолучу лома тIе а валийна, цаьршимма элира соьга: «Хьалавала». Аса элира: «Сан ницкъ кхочур бац оцу тIе хьалавала». Цаьршимма элира: «Оха атта дийр ду хьуна иза». ТIаккха, хьала а ваьлла, со лома юккъе кхаьчначу хенахь, цхьа чIогIа хьоькхучу маьхьарийн цIогIанаш хезира суна. Аса хаьттира: «Уьш хIун маьхьарий ду?». Цаьршимма элира: «ЖоьжагIатахь болучийн угIар ду иза». Цул тIаьхьа кхин а дIавигира цаьршимма со. ТIаккха цхьана нахана тIекхечира со, голин пхенашна тIе хьалаоьхкина латтош болучу, дохийна моччагIалш а, моччагIалех Iенаш цIийш а долуш. Аса хаьттира: «ХIорш муьлаш бу?». Цо элира: «Марха досту хан тIекхачале марханаш дохош хилларш бу».
Имам аз-ЗахIабийс аьлла:
«Муъма нехан цхьа сацам болуш ду: я цамгар, я бехказло йоцуш, Рамазан беттан марханаш цакхаьбнарг вон лоруш хиларна тIехь – ясакх гулъечул а, къаьркъане марзвеллачул а».
33. Кхаьънаш ийдар а, далар а
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Шайна юккъехь харцонца шайн даьхний ма даа, кхиэлахой а ма эца - нехан цхьа дакъа бахам баархьама, шайна хуъушехь къа а деш» («ал-Бакъарат»: 188).
Ткъа кхаьънаш ийдар - доккха зулам ду, хIунда аьлча хьаккъаш долучу дайшна зуламе долу иза, юкъараллашкахь бохамаш баржорехь юкъара хуьлу иза. Амма нагахь адамо кхаъ шен хьакъ юхадерзоран я шена тIе кхозаделла зулам юхатохаран Iалашонца, ца ваьлла беллехь, шен хьакъ юхадерзо а, зулам юхатоха а кхаъ баларехула бен кхин цхьа а некъ ца карийнехь, ткъа ишттачу хьолехь къа кхаъ схьаэцначух хьаьрчар ду.
Вайн кху заманахь Iаламат шуьйра а, барам боцуш дукха а даьржина ду кхаьънаш ийдар а, далар а.
Цул а сов, гIуллакхехь болучу цхьаболучу нехан тIедогIучуьнан доккха хьост хилла дIахIоьттина иза.
Цул а сов, дуккхаъчу белхан меттигийн ахча-бохчанан (бюджет) Iалашо хьуламе еш, хийцина елла цIераш а йолуш, цхьа дакъа а хилла дIахIоьттина ю иза.
Цул а сов, дуккха а гIуллакхаш, юкъаметтигаш дIа а ца йолало и дIаялар хьалха даьккхича а бен. Цуьнах къаьсттина доккха зен даьлла пекъаршна а, къехошна а, мискачарна а. И бахьанехь дуккха а жоьпаллаш, даггара леларш доьхна. И бахьанехь болх латточеран дуккха а белхахой талхийна. Иштта белхахоша дуккха а болх латториш талхийна меттигаш а ю.
И дагара диначу а, кхин а дагар данза диисина дуккхаъчу а бахьанашка хьаьжча, тамаша бан диссина цхьа а хIума дац. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) оцу зуламехь, оцу бохамехь дакъа мел лоцучу массо декъашхочунна а, агIонашна а, АллахIан къинхетамах уьш гена бахар доьхуш, доIа дина.
Iамран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан неIалт хуьлда кхаьънаш лучунна а, кхаьънаш схьаоьцучунна а».
Яздинарг: Шайх Iали Ахьмад Iабдул-Iалий атI-ТIахIтIавий
Гочдинарг: Турпалан кIант Фарукъ