3. Зудчо шен хазаллин ечу тергоне хьаьжжина - хазлуш а, терго ца еш йитаре хьаьжжина - эшаме йоьдуш а йолу хазалла.
Зударийн дегнаш кхаа тайпана ду:
1. Стеган хьекъал Iалашо лаьцнарш.
2. Стеган киса Iалашо лаьцнарш.
3. Муьлххачу а стагана схьаделладелларш.
Зударирйн хьекъал деа тайпана ду:
1. Ойла а еш, гIуллакхаш ден хьекъал.
2. Ойла а еш, хIумма а ца ден хьекъал.
3. Ша дийриг ойла а ца еш ден хьекъал.
4. Я ойла а ца еш, я хIумма а ца ден хьекъал.
Жималлехь шен хазаллин заза Делах кхераран хазалло дIадаьхьна хилла йолучу цхьана къеначу зудчуьнга хаьттина хилла:
«Муьлха басар-пударан гIирсаш лелабора ахьа - хьо кечлучу, хазлучу хенахь?».
Цо жоп делла:
«Сайн балдашна – нийсо, бакъо. Сайн озана – АллахI хьехор. Сайн шина бIаьрганна – къинхетам, доглазар. Сайн шина куьйганна – диканиг дар. Сайн когашна – цIаналла, бакъхьаралла. Сайн дагна – АллахI везар».
Гочдинарг: Турпалан кIант Фарукъ