• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Хьекъалчийн аларш

Опубликовано: 23 июня 2010

* «Цхьа оьмар бен яц, сов мел ели а - оьшуш ерг».

* «Дегнаш - къайленан пхьегIаш ю, балдаш - церан тIеухку догIанаш ду, цергаш - церан къовлу догIанаш ду. Ткъа хIора адамо а лардойла шен къайленан догIанаш!».

* «Хьал дика ялхо велахь а - телхина эла а ву».

* «Дошан (хIоъан) озах кхера ца оьшу - хьан Iожалла йохьун долучу дошан аз хезар дац хьуна».

* «Мел воккха миска ву-кха цуьнан майра - цуьнан еха месаш а езаелла, амма царел а беха мотт карийна волу».

* «Вайн дахарах ах чекхдолу - даьхний а, кхиам а, гIарадалар а лоьхуш, диссина ах – дарбанна лоьраш лоьхуш».

* «Шена цаоьшург эцначо - шена оьшург доьхкина».

* «Цхьамма цхьаъ хастийча - кIеззиг нах теша цуьнах, ткъа цо иза емал вича - массо а теша цуьнах».

* «Айхьа дIаалале хьалха хьайн къамел харжа, кхачам боллуш хан а ло хоржучу хенахь - хьайн къамел хилла хилийтаран дуьхьа, хIунда аьлча къамел стоьмех тера ду, хила кхачам боллуш хан езаш болучу».

* «ГIалат вера вац - дагаваьлларг».

* «Ирча диъ хIума ду, ткъа уьш веангахь кхин а ирча ду: хьоладайшкахь - писалла, зударшкахь – гIиллакхе цахилар, къеданехь - аьшпаш, хьаькамашкахь – зулам».

* «Кхоъ ву кхаа меттахь бен вовза йиш йоцуш: эсаланиг – огIазвахача, майраниг - тIамехь, ваша – хьаштехь».

* «Сан кIант! Дерриге а диканаш Iаьвшина аса - амма могашаллел а дикаха цхьа а хIума ца карийна суна. Къахьонаш а Iаьвшина аса - амма нахе хьаште хиларал а къаьхьаха цхьа а хIума ца карийна суна. Ийдеш эчиг а, тIулгаш а кхехьна аса - аммма декхарал а деза цхьа а хIума ца карийна суна».

* «Iеламнахах цаваьшначо - шен дин дайъина, куьйгалхойх цаваьшначо - шен дуьне дайъина, вежарех цаваьшначо - шен сий дайъина».

* «Чевнех кхаьрда - лазар ца хаалуш верг».

* «Хьекъалечуьнан мотт - цуьнан дагна тIехьа хуьлу, ткъа Iовдалчуьнан дог - цуьнан маттана тIехьа хуьлу».

* «Токхе вахар - аманат хиларан тоьшалла ду, аманат - баркалле хиларан тоьшалла ду, баркалле хилар – кхин а сов дебар хиларан тоьшалла ду».

* «Цкъа гIалат ца вала - шозза хаттар тоьлу хьуна».

* «Зулам лар гIолехь ду хьуна - зулам дечул а».

* «Цхьа цхьаьнга аьшнаш валур вац хьо - хьайн гIоьнца бен».

* «Дашехь дика дац - цо аьлларг дарца бен. Даьхнехь а - комаршаллица бен. Бакълерехь а - кхочушдарца бен. ФикъхIанехь а - Делах кхерарца бен. СагIанехь а - цIеначу негатца бен».

* «Уггаре а жехIаланиг - цхьана тIулгах шозза тасалуш верг ву».

* «Ши юьхь йолуш ваьхнарг - цхьа а юьхь йоцуш лийр ву».

* «Кхиаме адам - шен бага дIакъовлуш дерг ду, наха шайн лергаш дIакъовлале хьалха. Шен лергаш схьадоьллург а ду - наха шайн бага схьаеллале хьалха».

* ИбрахIим бин АдхIамна цхьа стаг гина хилла гIайгIане. Цо аьлла цуьнга: «ХIай, къонах! Аса кхо хIума хоттур дара хьоьга, жоп лур дарий ахьа суна?». Оцу къонахчо аьлла: «Дара». ИбрахIим бин АдхIама хаьттина цуьнга: «ХIокху дуьненахь лела йиш йолуш дуй АллахIана ца лиъна долу цхьа а хIума?». Жоп делла цо: «ХIан-хIа». ИбрахIима хаьттина: «АллахIа хьуна доьгIначу рицкъанах хIумма а эша йиш йолуш дуй?». Жоп делла цо: «ХIан-хIа». ИбрахIима хаьттина: «ХIокху дуьненахь яккха АллахIа хьуна язйиначу хенах бIаьрганегIар тоххал юкъ эша йиш йолуш юй?». Жоп делла цо: «Янне а яц». ИбрахIим бин АдхIама аьлла цуьнга тIаккха: «Ткъа гIайгIане стенна ву хьо?».

* Хьекъалечу Лукъмане хаьттина: «Хьекъал хьаьнгара Iамийна ахьа?». Цо жоп делла: «ЖехIалачу нахера. Сайна цаьргара сакхте дерг мосазза ги а - цуьнах ларвелира со».

* Ибн Таймис аьлла: «Нийсо лелочу пачхьалкхана АллахIа гIо до - и керста елахь а, зуламечу пачхьалкхана АллахIа гIо ца до - и бусулба елахь а».

* Саймура аьлла: «Боккъалаъ, бер бакъахьара кхиор дIадолало - иза дуьненчу далале ткъа шо хьалха, цуьнан нана бакъахьара кхиорна тIера».

Iаьрбийн маттера гочдинарг – Турпалан кIант Фарукъ

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2023, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft