Тешал до аса кхин Дела цахилар, Ша-цхьаъ волу АллахI воцург, Шеца цхьа накъост а, декъашхо а воцу, стигланаш а, латта а кхоьллина волу, билгалдинчу а, инзаре ирчачу а дийнахь нах дIагулбийра болуш волучу, цара диначу гIулкхашнадуьхьала бекхам бан, дика динехь –диканца, во динехь вонца (ХIора дегIана ша дина дерриге дика а, во а гучу дийнахь, сатосур ду цо, шений а шен (вонашний) а юккъехь тIех гена юкъ хиларе) Али-Iимран:30.
Юха а тоьшал до аса, Мухьаммад Цуьнан лай а, элча а, Шен хаамашна тIехь Цо тешна винарг а, Цо Шен холкъах хаьржинарг а хиларца. Лекхачу АллахIа ваийтна и – имане кхойкхуш, Ялсаманин чу кхойкхуш, диканца омар деш, вонаг доьхкуш.
Парз дина АллахIа Шен лайшна цунна муьтIахь хилар а, цуьнан хьаккъаш лардар а. Ялсамане доьлху дерриг некъаш дIакъевлина Цо, цхьаннена схьа а ца диллина Цо уьш – цуьнгахула а бен. Шен Делан хаамаш дIакхачина цо холкъашка, АллахIан лайшна дикнаг хьехна цо, ша АллахIана дуьхьала ваххалца. Шен уммат дитна цо – цхьа томмагIа доцучу кIайчу новкъахь, цу новкъа а бевлла - неIматечу ялсаманешка шовкъе берш. Цу новкъа тIера а бевлла, жоьжахатан новкъа бевлла - сийсаза хилларш. АллахIан Къинхетамаш а, Цуьнан маршо а хуьлда цунна, цуьнан доьзална, цуьнан асхьабашна, диканца царна тIехьабаьзначарна, къематан де даллалца.
Цул тIаьхьа: ХIай нах, АллахIах – лекха ву И – кхера: (Сихо е шайн Делан гечдаре а (гечдийра дола бахьанаш лелоре - Цунна муьтIахь хиларца а, Цуьнан омранаш лардарца а), ялсаманене а, шен шоралла стигланийн а, латтанийн а барам болучу, АллахIах кхийринчарна кечйина йолу. Уьш - хазахетарехь (я токхонехь) а, баланехь а харж йийраш, оьгIазло сацораш а, нахана къинтIера бовлуш берш а, бу. Баккъалла, АллахIана дика дийраш беза. Ирча къа а дина, я шайна зуламе хIума а дина, тIаккха АллахI дага а веана, шайн къиношна гечдар дехначарна а, ткъа мила ву къиношна геч дийриг, АллахI бен? Шайна хаа а хууш, шаьш дина (вонаг а, къа а) кхидIа цалелийначарна а кечйина ю, ялсамане) Али-Iимран:133,135.
Сихонца тIехьолха Ялсаманенна, шен зовкхаш пана доцучу, хедаш доцучу, чекхдовлуш доцучу. Шен ниIматийн хадар доцучу, телхаш доцу, цатаме доцучу. Цу чохь хинболу бахархой АллахIан уггар дика лайш бу: - элчанаш, пайхамараш, авлияаш, хаьржинарш, дика нах, шахIидаш. вежарий хир бу уьш цу чохь, менгеш тIехь дуьхь-дуьхьала бирзина. АллахIа, дIаеккхина хир ю церан дегнашкара хьагI, цабезам, гамо, ачо. ЦIена, къегина, сирла хир ду уьш. Вочух дIацIанбина хир бу АллахIа церан меттанаш, нийсах дерриг бен эра дац цара: (Цигахь хезар дац царна, даьсса хабарш, къехьа къамелаш. «Маршо! Маршо!» (боху) дешнаш доцурш) ал-вакъиIат:25,26.
Шаьш-шайна юкъахь, вовшашка къамелаш дийра ду цара, дуьненчохь шайна тIехь лелларг дуьйцуш а, АллахIа шайна дина долу нийсачу новкъа нисдаран дика дуьйцуш а. Лекхачу АллахIа аьлла: (Вовшашка хоьттар ду цара. Цара эра ду: «Хьалха, вайн доьзалашна юккъехь долуш, кхоьруш дегош дара вай. АллахIа къинхетам бина вайха, тов хьийзочу мохан (я жоьжагIатан) Iазапах хьалха а даьхна Цо вай. Хьалха а дара вай Цуьнга кхойкхуш. Боккъалла а, Иза – дика, къинхетаме ву) ат-т1ур:25-28.
Оцу чохь, массочу айпех, эшамех, сакхтех, моданех, боьхачух дIацIанбина зударий хир бу царна, лакхарчу оьздангаллехь болу зудари хир бу царна, исбаьхьа тIеххаза яххьаш, эсала, мадаре, эхье, четаршна чохь сацабелла, цIен алмазах а, маржанех а тера, АллахIа юханехьа – исбаьхьачу хазаллехь кхоьллина. Даим-дIа йоIстегарий а бина Цо уьш. ТIоьхале а, чухале а хазъярца шайн майрошна безаш а кхоьллина Цо уьш. Цхьана хенара а хир бу уьш.
(Уьш а, церан зударий а бийшина (я тевжина) Iохкура бу, маьнгештIехь IиндагIашкахь. Стоьмаш а, цара мел доьхург а хир ду царна цигахь. Маршо ю шуна, - олуш, дела вист хир ву цаьрга) ясин 56.57.58.
Дуккха а стоьмаш хир ду царна цу чохь – царех дуур ду цара, ма-тов, охьасеттина хир ду и стоьмаш- шена безначо тIекхевдина атта схьабоккхуш – лаьтташехь, хиъна Iаччохь, тевжина Iаччохь, массо а хьолехь а, чекх а ца довлуш, тIекхочийла долуш. Шайна цу чуьра стоьмашха рицкъа моссазза дели а цара эра ду: «кхул хьалха делларг ма ду хIара-м, юха а цкъа луш, хIунда аьлча, басехь цхьа-тера, чомехь тайп-тайпана хир ду цу чуьра стоьмаш. Iуьйренашкахь а, суьйренашкахь а рицкъа ду царна ма-дезза.
Хин татолаш хир ду царна цу чохь, лаьттина талхаза. Шуьран татолаш хир ду царна цигахь, шен чам талханза. ЧагIаран татолаш хир ду царна цигахь, молучарна чоме долуш. ЦIеначу мазан татолаш хир ду царна цигахь. Хаддаза гонаха хьийзар бу царна – кегийра, зовкхе кIентий. Хьо цаьрга хьаьжча – Iанийначу, даржийначу жовхIарех тарлуш. Гонаха хьийзар бу уьш царна, кедашца, сурийлашца, хьостанан мерзачу-маларан кедашца, и бахьанехь корта ца лозучу, кхетам чуьра а ца воккхучу.
Гонаха хьийзар бу уьш царна – детийн пхьегIашца, цIеначу аьнгалин кедашца, тIехула тIехьаьжча чухале а гучу, ангалех терачу детех пхьегIашца, молучунна дезаран барамехь мерг чохь долуш – цунна дезачулла а сов ца долуш, цо мелча цунах хIумма буха а ца юьсуш, цунна дезачулла эшна а цахуьлуш, кхиъ тIе дан дезар доцуш. ДогIмашна мел дезарг а, бIаьргана мерза мел дерг а.
(Цхьанна а адамана ца хаьа, шаьш диначунна дуьхьала шайна совгIатана (бекхамана) къайла яьккхина йолу бIаьргийн марзо) ас-саждат:17.
Царна тIе Iанор ду АллахIа Шен реза хилар. Цкъа а оьгIаз гIура вац И царна. Гуча вера ву И царна, Ша царна гойтуш, ткъа хьоьжур бу уьш цуьнга, АллахIе хьежарел кхачаме, дуьзна, исбаьхьа ниIматаш гур дац царна. АллахIа боху: (Цу дийнахь, цхьа йолу яххьаш, лепаш хир ю, шайн Деле хьожуш) ал-къийамат:22,23.
Ялсаманийн охIла Ялсаманен чу дахча, мохь тухур бу: «Даима могуш лаьттар ду шу, цкъа а цомгуш а ца хуьлуш». Даима дийна лаьттар ду шу, цкъа а лан а ца леш. Даима къона (кегийра) лаьттар ду шу, цкъа а къан а ца луш. Даима зовкъ хьоьгар ду шуна, цкъа а ирс дар хIун ду а ца хууш.
Х1ай бусалба нах! Боккъалаъ, хIара хIусам, юкъара ю, АллахIах тешна,Цуьнан омранца нисвеллачу хIоранна а – Цуьнга ла а духуш, муьтIахь хуьлуш, АллахIан гергахь дерг дезаш, ша Аллах1ах гена воккхун долчух юхаозавелла а волуш.
(Боккъал, аьллачарна: «Тхан Дела – АллахI ву», цул тIаьхьа чIоггIа нийсонан тIехь нисбеллачу, тIе маликаш дуьссур ду: «Кхера а ма кхера, гIайгIане а ма хила, муххал а Ялсаманица кхоийла хила (я дакккхиде), шунна ваIда йина йолучу. Тхо ду шун гIоьнчий (я шу лардийраш) дуьненахь а, эхартахь а. Цигахь шуна кечдина массо хIума ду, шун синошна мел дезаш долу! Цигахь шуна кечдина массо хIума ду, аша мел доьхундолу. Оца тайпа ду, гечдеш, къинхетам беш волучуьнгара далар) фуссилат: 30,31,32.
Докъазалла юкха, бала бу-кха нахе хьоьжуш – эхарт дIа а теттина, дуьне хержинчу. Цкъа а пана хин доцу, дIаден доцу дахар хийцинчу – ша бала бохьуш, халонаш еш, цатемаш беш, дог этIош долу, дIадера долучу дахаран дуьхьала.
Ша хьо кIеззига велийча – дуккха а велхош долу. Цхьана дийнахь хазахетийтича – беттанашкахь гIайгIане-бале веш долу. Цуьнан сатуьйсилаш – лазарш, бала хьегарш ду.
Цуьнан бакъдерш – гIенаш ду. Цуьнан хьалхе – кхерамаш бу, цуьнан чаккхе – гуттарен меттиг бу. Бала-Iазап Iовшар ду наха, дуьненахь зовкх хьегначу – цунна дуьхьа шаьш кхоьллина хилча санна.
Бала-Iазап Iовшур ду наха, массо агIорхула дуьне гулдан къахьоьгучу новкъа бевллачу, хьарамчух, хьаналчух – цу дуьхьа даима баха кхоьллина шаьш болуш санна. Ткъа шаьшша ма бу уьш хууш, цигахь долу – сингаттамаш, баланаш, гIайгIанаш, хьелийн хийцадаларш, хенан хийцадаларш.
Бала-Iазап ду-кха нахана – эхарт дицдиначу, тIаламза и дицдиначу, терго йоцуш и дитинчу, цуьнца бала боцуш хиллачу. АллахIан омранаш ладоханза, тесна, бала боцуш дитинчу, кхана эра ду цаьрга: (Iовша шайна (Iазап), хIокха шайн денна доьхьала кхетар шаьш дицдарна. Баккъала а, шу-шаьш дицди Оха (вуьшта аьлча: Iазапехь дити Оха шу) ) ас-саждат:I4.
Я АллахI! Оха доьха Хьоьга, тхеш Ялсаманийн охIланах дар, ЖоьжагIатех тхеш гена дахар – баланийн хIусам ша йолучу. Тхеш дIакхалхор доьха Хьоьга – иманехь а, товхьидехь а долуш. Тхеш лардар доьха Хьоьга – керистаналлех а, ширкех а, Делаца накъост нисварех а. Боккъала а, сийлахь, комаьрша ву Хьо. АллахIан къинхетам а, маршалла а хуьлда вайн пайхмарна Мухьаммадна а, цуьнан доьзална а, цуьнан асхьабашна а, массарна а.
Хьехам хIоттийнарг: Ибн Iусаймин
Гочбинарг: Турпалан кIант Фарукъ