Со хIокху студичу вогIучу хенахь,
вежарша доццачу кехаташца (смс-ашца) яздина долу,
цхьацца соьга дахкийтина хаттарш схьаделлера соьга. ХIокху хаттаршна юккъехь къаьсттина сан тидам чIогIа тIебаханарш - никъабах (юьхь къовлуш)
йолучу паранджах лаьцна долу хаттарш дара,
иштта оцу юьхь къовлучуьнан хьокъехь деш долу къамелаш а дара.
Цхьаболучу
наха хоьтту: «Паранджан банне а бух бан
а буй-те бусалба динехь? Хьере хилла-кха тхо! Хьере хилла-кха тхо! Цхьа а бух
болуш юй-те и паранджа бусалба динехь? Я бух боцуш хIума ду-те иза?».
Вайн
передача чекхъяьлла, халахеташ делахь а. Хан чеккха-м яьлла цуьнан, делахь а,
цхьа пхи минот хан схьаоьцур ю аса тIейогIуш йолучу передачин чоьтах, передача
дIахьучуьнан пурбанца, кхуьнах цхьа юьхьиг хир яцар-те аьлла. Кхин а сатесна ву
со: сайна хан караяре, деккъа оцу хаттарех лаьцна передача ялур яцар-те
аьлла.
Аллане
а алалур дац цхьана а къонахчуьнга, КъурIан а, Суннат а Iамийна волучу,
политикех генаваьлла а волучу: паранджа лелор Iадат ду аьлла. Бакъ дац, цо и эра
ду бохург! Нагахь и нах тилон гIерташ ша иза вацахь! Бакъду, вайна гуш долу
хIара дерриге фатваш - политика ю, динаца хоттаделла хIуммаъ дац церан, еккъа
цIенна политика ю иза.
Никъаб
Iадат ду бах! Iадат муха ду и?! ШарIехь бух болуш могIанаш (насс) ма ду вайна Суннат
чохь деана. КъурIан чохь долучарех лаьцна ца дуьйцу вай хIинца, хIунда аьлча
КъурIанан тоьшаллаш мелла а шуьйро ду (дийца): «ХIан-хIа, хIара иштта дуй,
хIара вуьштта дуй» бохуш. КъурIанехь
буьйцу могIа ца буьйцу аса.
Вайна
Суннатехь ма ду дуккха а тоьшаллаш, кхачам боллуш. ХIокху пхеа минотехь ши
хIума хьахийча кхачам хир бу вайна.
Хьалхараниг.
Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Хьаьж дихкина йолучу зудчо юьхь къайла ма йоккхуьйла, куьйгашна тIе
каранаш а ма духийла цо». ТIаккха къамелан тоьшаллица вайна гучудолу: зудчо,
ша хьаьж дихкина яцахь, никъаб юхуш (юхь къайлайоккхуш) хилар, куьйгаш а
къайладохуш хилар.
Иштта
Абу-Бакаран йоIа Асмаа дийцина хьадис а ма ду вайна, ша хьаьж деш яра аьлла. Ткъа
хIара-м, хаза неха санна (кхин хилча цамаггал), бакъ (сахьихь) хьадис ду шуна,
тIех бакъ иснад а долуш, къегина кхетта малх санна, шен цIена зIе а йолуш.
Иштта
Iайшата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина хьадис а ду.
ХIара
шиъэ хьадис цхьа маьIна долуш ду: «Божарий
тхуна тIехбовлучу хенахь, тхайн чухтанаш яххьашна тIехула охьатосура оха».
Аса
Асмаъ хIунда хьахий кхузахь? Дера хьахий, оцу наха олун дела: «Iайшат бусалба нехан нана ма ю, ткъа
бусулба нехан наношна тIехь парз ма хилла паранджа лелор, амма кхиндIа болучу
зударшна тIехь дац и лелор».
Амма
Асмаъ ма яц бусалба нехан нанойх, Абу-Бакаран йоI Асмаъ ма яц бусалба нехан
нанойх. Ша царех йоццушехь, цо боху: «Тхоьх
хIораммо а шен чухта юьхьана тIехула охьатосура тхайна божарий тIехбовлучу
хенахь».
Цхьамма
ала тарло соьга: «ТIаккха иштта хилча а
ма ца хуьлу и важиб». Аса боху: со и важиб хилар дуьйцуш вац хIинца. Со и
важиб хилар а, я кхин хилар а дуьйцуш вац. Со никъаб лелор Iадат ду, Iибадат
дац бохучарна жоп луш ву. И тоьшаллаш стенга хьо цара, берриге а Iеламнаха
дуьйцуш долу? Хьалхалерачу Iеламнехан жайнаш вай схьадиллича, хIун, и Iеламнах
аьшпаш буьттуш хилла вайна тIаккха? И Iеламнах хIуманах кхетам боцуш (похIма
доцуш), жехIала нах хилла тIаккха?!
Зударий
суннат барах лаьцнарг хьахийча, цара олу: «Зударий
суннат бар суннатехь дац». Дика ду тIаккха. Суна (вайна) кхета лаьа: Асхьабийн
хенахь дуьйна схьадийцина болу и Iеламнах, кхозлагIчу бIешарера дуьйна хIижарин
терахьца, иштта кхиндIа схьа а - уьш кхетам боцуш хилла тIаккха?! Уьш, хIун,
дин ца девзаш хилла?! Уьш вайна аьшпаш буьттуш хилла?! Вайна тоьшаллаш а, дин а
харцдеш, галдоккхуш хилла цара?! Жоп лойша вайна оцу хIуманна! Вайн берриге а
Iеламнах гIалат бевла хилла-те, хIижарин тIерахьца кхозлагIчу бIе шарера дуьйна
хIокху дийне кхаччалц, шаьш аьлла болу: зударий суннат бар (машруI) мегаш хIума
ду, магарний, важиб хиларний юккъехь хьийзаш долу? Ткъа и важиб хилар тоьлуш
ду, билггал.
Важиб
хилар гойтуш долу тоьшаллаш дуккха а чIогIо ду и мустахьаб хиларрий, мегаш
хиларрий дуьйцучарел а. Ткъа иза ШафиIин а, Имам Нававин а, уьш боцучу кхечеран
а дош ду. Оцунна тIедоьгIна цара шайн далилаш.
Амма
со хIинца и я важиб хилар а, я мустахьаб (дича дика хилар) а дуьйцуш вац.
Цара-м
гуттар а гена (ара) дехи вай. Цара боху: «Динах
хIуммаъ дац иза».
ТIаккха
жоп лойша тхуна! И дIабахана Iеламнах берриге а тилла хилла-кха?! Цара массара
а Iехийна хилла-кха вай?!
Цкъа
делахь, гIала ян а воьлла, пачхьалкх йохаяр санна хIума ду и.
ШозлагIа
делахь, хIусам ян а воьлла, гIала йохаяр санна хIума ду и.
Хьажал
хьо, хIокхо дийриг-м, цхьа хIусам йогIа а воьлла, дийнна шахьар йохаяр санна
хIума ма ду бохург ду и!
Цхьадолучу
мехкашкахь – Шемахь, Мисарахь, иштта кхечанхьа а - ма-аллара: «ДогIанна кIеллахь дара тхо. Ткъа цуьнах
девдда апарина кIел лилхира тхо». ГIийла догIучу догIане тIада ца вайта
дIалечкъина волу хIара, ваха а вахана, оцу апарина кIел иккхина, алссам хи
схьатоттуш долучу, чухчарис санна.
Я
йовхонна дуьхьал цIарца гIо лоьхуш волучух терра ду и.
ХIокху
гIуллакхан цхьа чIогIа бодане (зуламе) агIо ю, иза - дин ца девзаш болу
могIарера нах ШарIан жайнашкахь шекбовлар ду.
Дика
ду, хIета. Ма дойла оцу «хьекъалечу» наха сан а я кхечуьнан а къамел къобал.
Тхо дерриш а юьстаха дуьтийла цара.
«ХIорданга кхача лууш волучунна татолаш кегий хетта» олуш ду-кха. ТIаккха хIорш - хIара кегий татолаш - Iадда
а дитина, хIорданна тIе доьлху вай.
ХIокху
хаттарехь муьлхха а шена тIетовжийла йолу фикъхIан жайна схьа а диллина, иза цига
хьаьжча, тIаккха
а цунна карадо-кха вай дуьйцуш долучунна бIостанехьа къамел. Шиннах цхьа хIума
хуьлу цунна: я и Iеламнах бехке бо цо - уьш тилабелла хилла-кха бохуш, я тхо
бехке до цо - хIокхара хIара дин галдаьккхиний, тIе хIун тоьхна а ца хаьий, я
дIа хIун даьккхина а ца хаьий бохуш.
Никъабан
хьукма важиб хиларний, суннат (мустахьаб) хиларний юккъехь лаьтташ ду Iеламнахана
гергахь.
Царна
юккъехь къовсам буй, ткъа, оцунна тIехь? ХIаъ, бу: иза важиб ду, я суннат
(мустахьаб) ду аьлла. Амма вайн бакъо яц шуна хIокху гонна юкъара арадовла,
важиб ду, я суннат (мустахьаб) ду бохучу. ХIунда аьлча, массо а Iеламнехан барт
хилла, бусалба динехь бух болуш хIума и долун дела.
Цхьана
дас цкъа а аьлла дац: паранджа (никъаб) бидаIат ду аьлла, жехIала нахий бен. «Никъаб
хьарам ярца накъостий самабахар» цIе йолу жайна яздиначо а боху и.
ЖехIала
стага ала тарло: и хIуммаъ дац. Амма Дала ларвойла-кха Iеламстаг бехваларах
хIара санна долучу хаттарехь. Iеламстагана-м хIара тайпа хаттар кегалойла а ма
дац!
Со
иза Iадат ду бохучу нахана дуьхьал жоп луш ву шуна. Со вац шуна и ШарIех долуш
хиларах а, я суннат хиларах а, я важиб хиларах а лаьцна дуьйцуш.
Суннат
хиларрий, важиб хиларрий дийца цунна кхин меттиг бу. Цара и суннат ду аьлча а -
бакъонна герга бу уьш. Цо (цара) ала тарло: «Соьгахь далилаш ду иза суннат хилар толош». Я кхиндерг ала а тарло
цо (цара): «Хуьлуьйтур вай оцу кепара...».
ШарIехь магош болучу къовсамах лорур
вай иза, масала, Iеламнахана юккъехь уггаре а лахарчу дарже диллича а.
Амма
цхьамма, ван а веана, аьлча: «Динах
хьакхалуш хIуммаъ дац цуьнан», тIаккха и хIун бохург хуьлу?? Цо аьллера
аьлла, и къа сайна тIелаца деза аса?!
Сийлахьчу
Делора, аса шен жайнин цIе яьккхина волучу, и бидаIаташ юкъадохуш волучу оцу хьенеха
ала ма-элира: «Хийистехь луьйчуш йолучу
меттигехь лелаш йолу зуда АллахIна мел а герга ма ю и паранджа (никъаб) лелош
йолучул а».
Ойла ян
а йой ахьа: оцу кепара адам муха хир ду?! Ша дуьйцучух кхеташ а волуш, шен
коьртара схьадолург хаа а хууш волучу стага оцу тайпана дош муха эра ду?!
«Луьйчуш духуш долу духар а доьхна, хийистехь лелаш йолу
зуда никъаб лелош йолучул а Далла гергоха ю?» аьлла, шега хаьттича, «ХIаъ, ю!»
боху-кх цо.
Дика
ду тIаккха. «ХIунда ю?» хаьттича, цо
боху: «Хийистехь лелаш ерг - иза, ша
Iеса юй а хууш, Iеса ю, цо тоба дан а тарло. Амма паранджа (никъаб) лелош йолу
зуда – иза Iеса ю, ша сийлахь ю а моьттуш. Иза шен «бидаIатна» тIехь дIалела,
иштта, оцу «бидаIатца» АллахIна герга хила а гIерта иза».
Адамо
хIокху тайпана къамел дечу хенахь, цхьана а адамо ша къобалдийр доцуш долу,
шуна соьгара хIинца хезаш долу хIара къамел, суна хаьа, паранджана (никъабана)
реза боцучара къобалдийриг цахилар. И дера ду, мини-юбкий, микро-юбкий, миний,
цаминий а йоьхна, оцу цхьайолучу арахьарчу паччхьалкхашкахь лелаш берш,
АллахIна мел а гергоха бу, паранджа а йоьхна, оьзда, цIена лелаш болучарел а,
шайн яххьаш къайла а яьхна, АллахIна герга гIоьртина болучарел а бохург!
ХIара
хIума жима хIума дац шуна, вежарий! ЧIогIа кхераме даьлла шуна хIара гIуллакх.
Бусалба динан Iилманашкахь шеко кхуллуш ду шуна. Шеко кхуллуш ду шуна вайн Iелам
а болучу дайшкара, ворххIе а дайшкара вайна схьадеана долучу жайнашкахь. Цара и
Iеламнах харц бича а - боккха бохам бу и, цара уьш бакъ бахь а – тIаккха а тхо харц дийр ду шуна цара.
Вай
масална аьлча: «Хьенеха иштта а, иштта а
хьукма дина, иштта а, иштта а боху цо», цара олу: «Хаац, АллахI ву-кха дика хуург. Цунна маслаIате хила а там бу и, я ца
хила а там бу и, я жехIала хила а там бу иза, я кхин хила а там бу иза…». ТIаккха хIара дин вовшахдалар хир ду цуьнах,
я хIокхарна а тIаьхьа ца бозуш, я вукхарна а тIаьхьа ца бозуш.
ХIара
гIуллакх-м, бакъдолуш, чIогIа къаьхьа а, сингаттаме а гIуллакх ду шуна, кхин ца
хиллал чIогIа.
Делахь
а, Делан кхоллам (къадар) кхочуш хир бу шуна. Аса боху-кха шуьга: АллахIан йоза
лелар ду шуна!
Суна
ала луург (хIун ду шуна аьлча): «Ша
юьхь-кIайн а волуш, Далла дуьхьал хIотта лууш верг - Делах кхоьрийла! Делах
кхоьрийла!».
АллахIна
хьалха луш долу жоп хIораммо а ша-ша волуш лур долуш ду шуна!
«ХIора стаг а ша гулдиначуьнан закъалтахо ву шуна!».
«Массо а дегI ша
гулдиначуьнан закъалтахо ду шуна!».
«Цхьана а адамо кхечуьнан мохь такхор бац шуна!».
Адам
ша ши ког стенга буьллу хьажа деза. Аса, сайн бакъдерг дIаала ницкъ кхачахь, - дIаала
деза бакъдерг. Бакъдерг дIаала ницкъ сан бацахь - бакъдерг харц а ца деш, тапъаьлла
Iадда Iан веза со. Дарж соьгара дIадаккхахь а, аса къамел деш йолу меттиг
соьгара дIаяккхахь а - сайн чохь Iийра ву-кха со, сайн Далла Iибадат а деш.
ХIокху таIзарех муьлха а таIзар суна дахь (муьлхха а гIуда суна тохахь) - сайга
далуш дерг дина-кха аса. ТIаккха Дала соьга хаьттича: «Бакъдерг хIунда хьулдира ахьа?» аьлла, «Сан Дела! Соьга цаалийтира-кха цара» жоп лур ду аса. Амма къамел
дан некъ мел бу - АллахI реза волу къамел дийр ду вай. Вайн дIабахана болучу
Iеламнахана дуьхьал а ца дуьйлуш, хIунда аьлча вайга иштта схьадеана ирс ду
хIара.
Цхьанне
а бакъо яц - шегахь Iеламнехан барт хилла болучу кхиэлана а, цул совнаха толош
долучу дашна а дуьхьал вала. ИжмаIана дуьхьал вала цхьаьллиг цхьанна а мегаш
дац!
Iеламнахах
цхьаболучара толийна кхиэл иза елахь, тIаккха цунна тIехьавазар гIолехь ду,
нагахь санна со суо хьукма схьадаккхарна охIла (мужтахIид) вацахь. Амма и
хьукма схьадаккхарна охIла со велахь, соьгахь и хьукма схьадаккха гIирсаш а белахь,
тIаккха-м суна мегар ду оцу кхиэланна дуьхьал вала, дукхаха болучу Iеламнаха и
кхиэл къобалъеш елахь а. Юха а бах вай, нагахь санна ижтихIад дан гIирсаш
вайгахь белахь.
Амма,
нагахь санна соьгахь ижтихIад дан гIирсаш бацахь, тIаккха Iеламнаха хаттарехь
толош долучунна тIе схьаван веза со.
Сайн
къамел дIадолалуш аса ма-аллара, дисина кхиндолу хаттарш ду, шинне а агIор
цхьатерра далилаш (тоьшаллаш) долу. Цигахь-м шена нийсоха хетарг харжа паргIато
ю цунна, хьалхарчуллий, шолгIачуллий.
Лекха,
ЦIена волучу АллахIе доьху-кх вай: Цо вай нисдар а, вай бахьана долуш, кхиниш
нисбар а! Цо аса шуьга дийцина долу хIара къамел оцу АллахIе боьдуш болучу
ирсечу а, декъалечу новкъа кхачадар а!
Иштта
бехк цабиллар а доьху аса - хIара къамел аса цхьажимма шога дарна. Вуьшта
къамел кIеда дар дезаш ву со, ша кхача дезаче и дикоха дIакхачийтархьамма.
Делахь а, со (чIогIа) гIайгIане ву, сан дагчохь (боккха) сингаттам бу. Цундела юха
а бехк цабиллар доьху аса - сайн дешнаш цхьажимма шога хиларна.
ХIокху
тIехь сайн къамел дIадерзадо аса.
Лекха
волучу АллахIе сайна а, шуна а гечдар а доьху аса!
Хьехам бинарг: Абу Исхьакъ ал-Хьувайни
Хьехам гочбинарг: Бахlауддинан кlант Аслан