1277. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) иттех гергга стагах йолучу дошлойн тобанна тIаьхьакхиъна. Царна юккъехь Iумар ибн ал-ХаттIаб хилла. Ткъа нисса оцу хенахь шен ден цIарах дуй бууш воллуш хилла Iумар. ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), мохь а тоьхна, аьлла цаьрга: «ЛадогIалаш! Боккъалаъ, АллахIа дихкина шуна - шайн дайх дуйнаш даар. Дуй баа луучо - АллахIах боийла, я вист ма хуьлийла (иза)» (ал-Бухари, Муслим).
1278. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дуйнаш ма даа шайн дайх, я нанойх, я АллахIца нисбиначарех. Ткъа шаьш АллахIах дуй буучу хенахь - бакъдерг бен ма ала» (Абу Дауда, ан-Насаис далийна).
1279. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ахь бууш болу хьан дуй - хьан къамелахочо дагалаьцначунна тIехь хила беза».
Кхечу ривайатехь аьлла: «Дуй - дуй баар дехна волучуьнан ойланца (негатца) богIуш баа безаш бу» (Муслим).
1280. Iабдур-Рохьман ибн Самурас (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь айхьа цхьаъ дан чIагIо а йина, цул тIаьхьа хьайна кхечу кепара дар цул а дикаха гинехь - хьайн дуйна тIера дуй къарбаран каппарат а даккхий, дикаха дерг де» (ал-Бухари, Муслим).
Бухарин ривайатехь иштта аьлла: «Дикаха дерг де, хьайн дуйна тIера дуй къарбаран каппарат даккха».
Абу Даудан ривайатехь иштта аьлла: «Хьайн дуйна тIера дуй къарбаран каппарат а даккхий, цул тIаьхьа дикаха дерг де» (хIара хьадис дийциначеран зIе бакъ (сахьихь) ю).
1281. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь стага цхьаъ дан дуй а биъна, тIаккха аьллехь: «…Нагахь АллахIна лаахь» - цо дуй къарбаран каппарат дала ца деза, нагахь цо ша йина чIагIо йохаяхь» (хIара хьадис Ахьмада, Абу Дауда, ат-Тирмизис, ан-Насаис, ибн Мажата далийна, оцу тIе ибн Хьиббана бакъ (сахьихь) хьадис ду аьлла хIара).
1282. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шена дуй баа лиъча, иштта олура: «ХIан-хIа, аса дуй буу адамийн дегнашна тIехь Iуналла дечух!» (ал-Бухари).
1283. IабдуллахI ибн Iамра (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цкъа пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIе а веана, цхьана акха Iаьрбочо хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Уггаре доккхаха къа муьлхарг ду?». Цо жоп делира: «АллахIца накъостий нисбар ду». Акха Iаьрбочо хаьттира: «Цул тIаьхьа муьлхарг ду?». Цо жоп делира: «Дега-ненега лацадогIар ду». Акха Iаьрбочо хаьттира: «Цул тIаьхьа муьлхарг ду?». Цо жоп делира: «Тешнабехке дуй баар ду». Оцу юккъехь IабдуллахIа хаьттина: ««Тешнабехке дуй» бохург хIун ду?». Цо жоп делла: «Иза – къера дуй бу, и бахьанехь стага шена кхечу бусулба стеган бахам дола берзош бууш болу» (ал-Бухари).
1284. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Сийлахь-Везачо аьлла хIара дешнаш: «АллахIа таIзар дийр дац шуна - ларамаза диъначу дуйнашна…» (5:89) - нехан хьокъехь диссийна дара, кест-кеста олуш болучу: «АллахIах дуй ма буу аса, хIан-хIа! АллахIах дуй ма буу аса, хIаъ!» (ХIара хьадис ал-Бухарис далийна, ткъа Абу Дауда, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла ду аьлла далийна).
1285. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан езткъе ткъесна цIе ю - уьш дагахь латтийнарг муьлхха а ялсамане гIур ву» (ал-Бухари, Муслим).
Ткъа ат-Тирмизин а, ибн Хьиббанан а ривайатехь Сийлахь-Везачу АллахIан езткъе ткъесна цIе ягарьеш ю. Амма хьадисашка леррина хьажаро тIечIагIдо - уьш дерриге а дийциначарех цхьамма белла кхетам хилар (идраж).
1286. Усама ибн Зайда (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь цхьана стага вукху стагана дика дича, ткъа цо и диначунна хIокху дешнашца баркалла аьллехь: «АллахIа диканца бекхам бойла хьуна!» («ЖазакаллахIу хайран!») – цо цунна дуьззина пусар дина (я: цо цунна дуьззина баркалла аьлла)» (хIара хьадис ат-Тирмизис далийна, ткъа ибн Хьиббана бакъ (сахьихь) ду аьлла хIара).