1286. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) нузар дар дихкира, хIунда аьлча дика ца дохьу цо, бIаьрмецигчу стагера хIуъа а цхьаъ яккха гIо бен дац цо дийриг» (ал-Бухари, Муслим).
1287. Iукъбат ибн Iамира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нузар дохоран каппарат - къарбиначу дуйнан каппарат санна ду» (хIара хьадис Муслима, ат-Тимизис далийна).
Цул сов, тIаьхьарачуьнан ривайатехь иштта аьлла: «…Нагахь стага шен нузар, цIе а тоьхна, къаста ца динехь» (ат-Тирмизис бакъ (сахьихь) хьадис ду аьлла хIара).
1288. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь стага нузар динехь, шен нузаран бух билгал а ца баьккхиинехь (я: нузар даран Iалашонан цIе ца яьккхинехь) - цуьнан каппарат къарбиначу дуйнан каппарат санна ду. Нагахь адамо къа латон нузар динехь - цуьнан каппарат къарбиначу дуйнан каппарат санна ду. Нагахь стага шен кхочушдан ницкъ кхочур боцу нузар динехь - цуьнан каппарат къарбиначу дуйнан каппарат санна ду» (ХIара хьадис Абу Дауда далийна, бакъ (сахьихь) зIе а йолуш. Делахь а, дуккхаъчу гIарабевллачу динан Iилманчаша юкъахдаьлла (мавкъуф) ду аьлла хIара).
1289. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIна муьтIахь хила нузар динарг - муьтIахь хуьлийла Цунна, ткъа АллахIна Iеса хила нузар динарг - Iеса ма хуьлийла Цунна» (ал-Бухари).
1290. Iимран ибн ал-Хьусайна (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь адамо къилахь дерг дан нузар динехь - иштта долу нузар кхочушдан мегаш дац» (хIара деххачу хьадисан цхьа кийсак ю).
1291. Iукъбат ибн Iамира (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Сан йишас когашIуьйра АллахIан (хьажин) цIа хьаьждан яха нузар динера. Цул тIаьхьа цо соьга дийхира - оцу хьокъехь долучунна АллахIан элчанах (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дагавалар. Со цуьнах дагаваьлча, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо ахуьлда цунна) элира: «ГIаш а гIойла иза, тIехиъна а гIойла иза» (хIара хьадис ал-Бухарис, Муслима далийна, ткъа хьадисан дIаяздар тIаьхьарачуьнан ду).
Ахьмада а, Абу Дауда а, ат-Тирмизис а, ан-Насаис а, ибн Мажас а далийначу ривайатехь дийцина: «Боккъалаъ, Сийлахь-Везачу АллахIа дан цхьа а хIума дац - оцу хьан йишин оцу кепарачу бала хьегарах. Омра де цуьнга - корта дIахьулбе, тIехуучу дийнатна тIе хаа, кхаа дийнахь марханаш кхаба (алий)».
1292. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «СаIд ибн Абу Ваккъасан (АллахI реза хуьлда цунна) нанас нузар дина хилла, амма и кхочушдале елла иза. Цо иза АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), дийциначу хенахь, цо аьлла: «Цуьнан цIарах кхочушде и» (ал-Бухари, Муслим).
1293. Сабит бин ад-Даххьака (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа цхьана стага АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийна волучу заманахь нузар динера – Бувана (олучу меттигехь) эмкална урс хьакха. Ша дина нузар кхочушдарах дерг хаьттина цо, пайхмар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана. Ткъа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цунна дуьхьал хаттар дина цуьнга: «Цхьа а цIу лаьттаний оцу меттигехь, мушрик-наха цунна лолла деш хилла йолу?». Цо жоп делла: «ХIан-хIа». Пайхмара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) юха а хаьттина: «ЦIу-динерачеран даздарш леллий оцу меттигехь?». Цо жоп делла: «ХIан-хIа, ца лелла». ТIаккха (АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) аьлла: «Хьайн нузар кхочушде ахьа. Амма нагахь адамо, АллахIна Iеса хила а, гергаралонаш дохо а, Адаман кIентан дан ницкъ ца кхочу долу хIума дан а нузар динехь - иштта долу нузар кхочушдан мегаш дац»» (ХIара хьадис бакъ иснадаца Абу Дауда, ат-ТIабаранис далийна, хьадисан дIаяздар тIаьхьарачуьнан ду. Цуьнах тера хьадис Ахьмада а далийна, Кардам ибн Суфйана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла).
1294. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Макка караерзийначу (яьккхиначу) дийнахь цхьана стага элира аьлла: «ХIай, АллахIан элча! Нагахь АллахIа Макка хьан кара схьалахь - Байт ал-Мукъаддисехь (Иерусалимехь) ламаз дан нузар динера аса». Цо аьлла: «Кхузахь де хьайн ламаз». Оцу стага шен хаттар юха а делла, ткъа цо юха а жоп делла: «Кхузахь де хьайн ламаз». Оцу стага шен хаттар юха а дича, цо жоп делла: «Кхочушде тIаккха» (хIара хьадис Ахьмада а, Абу Дауда а далийна, ткъа ал-Хьакима бакъ (сахьихь) ду аьлла хIара).
1295. Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дийнаташ дIадожа мегаш дац - кхаа маьждиге даха бен: ал-Хьарам маьждиге а, ал-Акъса маьждиге а, хIокху сан маьждиге а» (ал-Бухари, Муслим).
1296. Iумар ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, цкъа ша элира аьлла: «ХIай, АллахIан элча! ЖехIалаллин заманахь нузар динера аса - ал-Хьарам маьждигехь цхьана буса иIтикаф дан». Цо аьлла: «ХIета, кхочушде хьайн нузар» (ал-Бухари, Муслим. Цул сов, ал-Бухарин цхьана ривайатехь аьлла ду: «ХIета, маьждигехь цхьа буьйса яккха»).