1272. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Хьасанна а, Хьусайнна а тIера Iикъикъатна цхьац-цхьацца уьстагI бийра» (ХIара хьадис Абу Дауда далийна, ткъа ибн Хузайма а, ибн ал-Жаруда а, Iабд ал-Хьаккъас а бакъ (сахьихь) ду аьлла хIара. ХIетте а, Абу Хьатима мурсал ду аьлла хIара. Цуьнах тера хьадис иштта ибн Хьиббана а далийна, Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла).
1273. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тхоьга омра дира: «КIант вича Iакъикъатна цхьатерра ши уьстагI бе, ткъа йоI йича – цхьа уьстагI бе» (ХIара хьадис ат-Тирмизис далийна, цо бакъ (сахьихь) хьадис ду а аьлла хIара. Цуьнах тера хьадис иштта Ахьмада, Абу Дауда, ат-Тирмизис, ан-Насаис, ибн Мажас далийна, Умм Курз ал-КаIбис дийцина аьлла).
1274. Самурас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIора кIант закъалтана сацийна ву - цунна тIера Iакъикъат даллалц. Цундела цуьнан ворхIалгIачу дийнахь цунна тIера дийнатна урс хьакха деза, цуьнан корта баша беза, цIе тилла а еза цунна» (ХIара хьадис Ахьмада, Абу Дауда, ат-Тирмизис, ан-Насаис, ибн Мажас далийна. Оцу тIе ат-Тирмизис бакъ (сахьихь) хьадис ду а аьлла хIара).