1263. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гIурбанна шишша маIа йолу ши уьстагI бийра. Шен ког дийнатан агIонна (вортанна) тIе а биллина, АллахIан цIе а яьккхина («АллахIу акбар» аьлла), АллахI сийлахь а вина, шен куьйга урс хьаькхира цо цаьршинна».
ХIара хьадис ал-Бухарис, Муслима далийна. Оцу тIе хIокху хьадисан цхьана ривайатехь дийцина, и ший а уьстагI берстина бара аьлла. Цуьнах тера хьадис иштта Iаванас а далийна шен «ас-Сахьихь» жайнахь. Муслиман цхьана ривайатехь ду, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан цIарца! АллахI массо хIуманал Воккха ву!» («БисмиллахIи валлахIу акбар»).
1264. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа гIурбадан кечвеллачу АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) омра дира: «СхьатIебалабе суна - маIаш а йолуш, Iаьржа когаш а болуш, Iаьржа гай а йолуш, бIаьргийн гонаш Iаьржа а долуш болу уьстагI». Цул тIаьхьа цо аьлла цуьнга: «Iайшат! Схьалохьа соьга урс». Цул тIаьхьа аьлла цо: «ТIулгах а хьакхий, ирдехьа иза». Цо и дича, (цуьнгара) урс схьа а эцна, уьстагI лаьтта охьа а бижийна, цунна урс а хьаькхна, тIаккха элира цо: «АллахIан цIарца! Я АллахI! Мухьаммадера къобалде Ахьа хIара, Мухьмаммадан доьзалера а, Мухьаммадан умматера а» (хIара хьадис Муслима далийна).
1265. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ГIурбадан таро йоллушехь гIурба ца динарг - оха ламаз дечу меттигна улле ма вогIийла-кха» (ХIара хьадис Ахьмада, ибн Мажас далийна. Делахь а, ал-Хьакима бакъ (сахьихь) ду аьлла хIара. Ткъа иза воцучу дукхаха болучу динан Iилманчаша (имамаша) хIара хьадис хаьдда (мавкъуф) ду аьлла).
1266. Жундуб ибн Суфйана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) заманчохь гIурбанаш дойъучу Iийданехь хилла ву со. Ша нахаца жамаIатехь ламаз дина ваьлча, урс хьаькхначу уьстагIашка а хьаьжна, цо элира: «Ламаз дале хьалха гIурба дийначо - цуьнан метта кхечу уьстагIна урс хьокхийла. Ткъа хIинца а гIурба денза волучо - АллахIан цIарца (шен гIурба) доьйла» (ал-Бухари, Муслим).
1267. Ал-Бараъ ибн Iазиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), когашна тIе ира а хIоьттина, элира аьлла: «Диъ дийнат гIурбанна ден мегаш дац: шен бIарзалла ган а гуш, цхьана бIаьргана бIарзделла долу дийнат; иза цомгаш хиларехь цхьа а шеко йоцуш, цомгаш долу дийнат; шен астагIаллина тIе бIаьрг а хIуттуш, астагIа долу дийнат; тIамарх диссина хIума доцу къена дийнат» (ХIара хьадис Ахьмада, Абу Дауда, ат-Тирмизис, ан-Насаис, ибн Мажас далийна. Оцу тIе ат-Тирмизис, ибн Хьиббана бакъ (сахьихь) ду аьлла а ду хIара).
1268. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(ГIурбанна) урс ма хьакха - оцале гуттарлера цергаш хьалаевллачу дийнаташна а бен. Нагахь цуьнах шуна хуьлуш хало елахь - ялх бутт кхаьчна болу уьстагI бен йиш ю шун» (Муслим).
1269. Iела ибн Абу ТIалиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) омра дира тхоьга: (гIурбанна дуьйчу дийнатан) бIаьргашка а, лергашка а леррина терго еш, дикка хьовса аьлла. Тхуна дехка а дихкира цо цхьана бIаьрган бIаьрса дайна долу дийнаташ, я хьалхашхула, я тIехьашхула датIийна, охьаолладелла лерг долу дийнаташ, иштта (лергашна горга) Iуьргаш даьхна, я хьалхара церг охьайоьжна долу дийнаташ гIурбанна дайъар» (ХIара хьадис Ахьмада, Абу Дауда, ат-Тирмизис, ан-Насаис, ибн Мажас далийна. Оцу тIе ат-Тирмизис, ибн Хьиббана, ал-Хьакима бакъ (сахьихь) ду аьлла а ду хIара).
1270. Iела ибн Абу ТIалиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) омра дира соьга: шен гIурбанна урс хьакха лериначу дийнатийн Iуналла а де, оцу дийнатийн жижиг а, цIоканаш а, кхоллар а къехошна дIаса а декъа аьлла. Цо суна циггахь хаспахошна цуьнах цхьаъ ялар а дихкира» (ал-Бухари, Муслим).
1271. Жабир ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Хьудайби машарна кIел куьг таIочу шарахь АллахIан элчанца цхьаьна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ворхIанна тIера (цхьана) эмкална а, ворхIанна тIера (цхьана) аттана а урс хьаькхира оха» (Муслим).