1254. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа цхьана масех стага, пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а баьхкина, хаьттира: «Цхьана наха тхайна жижиг луш (дохьуш) хилча, амма тхуна цара оцу дийнаташна урс хьокхучу хенахь АллахIан цIе яьккхина я ца яьккхина хууш ца хилча, хIун дан деза оха?». Цо жоп делира: «Шаьш АллахIан цIе а яккхий, цул тIаьхьа дIадаа аша иза» (ал-Бухари).
1255. IабдуллахI ибн МугIаффала (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), вовшашна тIулгаш кхиссар а дихкина, тIаккха элира: «Цаьрца я экха а делур дац, я мостагIчунна зен а далур дац, амма цаьрца дан тарлург - тоьхна (кхечуьнан) церг кагъяр а, бIаьрг баккхар а ду-кха» (хIара хьадис ал-Бухарис, Муслима далийна, ткъа хьадисан хIара дIаяздар Муслиманиг ду).
1256. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьа а са чохь долу хIума гIакх (мишень) ма харжа» (Муслим).
1257. КаIб ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана зудчо уьстагIна (уьрсан метта) тIулг хьаькхна. Ткъа цуьнах дерг пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттича, оцу уьстагIан жижиг даа аьлла, омра дина цо» (ал-Бухари).
1258. РафиI ибн Хадижа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дийнаташ даа мегаш ду - нагахь цуьнан цIий охьадаханехь, нагахь иза АллахIан цIарца урс хьаькхна а делахь, (уьрсан метта хьаькхнарг) церг а, мIара а ца хилчахьана. ХIунда аьлча церг – даьIахк лоруш ю, ткъа мIараш – эфиопхойн арсаш ду» (ал-Бухари, Муслим).
1259. Жабир ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), дийнат дIа а дихкина, даллалц цунна еттар ца магийра» (Муслим).
1260. Авсан кIанта Шаддада (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, АллахIа дика хилар тIедиллина массо а хIуманехь. Цундела, нагахь шайн (цхьа хIума) ен езаш хилахь - дикачу кепехь йойла аша иза, нагахь шаьш урс хьакха дохкуш делахь - (иза а) хьокхийла аша дика. Шух хIораммо а ирдан ма-деззара ирдойла шен урс, ша дуьйш долу дийнат Iазапехь ма далладойла» (Муслим).
1261. Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ненан кийрахь долучу кIорнина урс хьакха. Цуьнан нанна урс хьакхар тоам болуш ду» (хIара хьадис Ахьмада далийна, ткъа ибн Хьиббана бакъ (сахьихь) ду аьлла хIара).
1262. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Бусалбанна шен и цIе лелор тоаме ду. Нагахь урс хьокхучу хенахь АллахIан цIе яккха иза вицвеллехь - ша и (жижиг) даа волавалале хьалха, АллахIан цIе а яьккхина, дIадуийла цо и».
ХIара хьадис ад-ДаракъутIнис далийна. Амма хIара хьадис дийциначеран зIена юккъехь волу цхьаъ чIогIа гIийла дагахь латтар долуш хилла ву. Цул совнаха, хьадис дийциначарех цхьаъ Мухьаммад ибн Йазид ибн Синан хилла. ЧIогIа дика стаг хилла ву иза. Делахь а, иза а иштта гIийла дагахь латтар долуш хилла ву. Iабд ар-Раззакъа а далийна хIара хьадис, ибн Iаббасана (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) тIекхаччалц бакъ йолучу иснадаца.
Цуьнах тера хьадис Абу Дауда а далийна «ал-Марасийл» жайнахь, хIокху кепара: «Бусалба волучо урс хьаькхна долу дийнат (даа) хьанал ду - (урс хьокхучу) хенахь цо АллахIан цIе яьккхинехь а, я ца яьккхинехь а» (хIара хьадис дийцинарш теша хьакъ бу).