1250. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь стеган (долахь) Iуьнан доцу, таллархойн доцу, хана доцу жIаьла делахь - хIора денна цуьнан ял цхьа къират кIезиг лур ю» (ал-Бухари, Муслим).
1251. Iадий ибн Хьатима (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Айхьа хьайн жIаьла (ижу талла) хьажочу хенахь - АллахIан цIе яккха. Нагахь хьо (ижу) даланза а долуш тIекхиънехь - урс хьакха деза ахьа цунна. Нагахь хьо цунна тIаьхьакхиънехь, хьуна ижу делла а карийнехь, амма жIаьло иза хьедина а дацахь - даа ахьа иза. Нагахь хьайна оцу хьайн жIаьлина юххехь кхин жIаьла карадахь, ижу делла а делахь - ткъа иза ма даа ахьа, хIунда аьлча хьуна ца хаьа оцу шина жIаьлех муьлхачо дийна иза. Айхьа хьайн секхаIад кхуссучу хенахь Сийлахь-Везачу АллахIан цIе яккха. Нагахь цул тIаьхьа айхьа Iалашо лаьцна хилла (долу ижу) ца карош, дайна цхьа де хан яьллачул тIаьхьа, хьайна иза карийнехь, нагахь хьайна цунна тIехь хьайн пхеран лар йоцург кхин лар а ца караяхь - даа ахьа иза, хьайна лаахь. Нагахь хьайна иза хи чу дахана карадахь - тIаккха ма даа ахьа иза» (хIара хьадис ал-Бухарис, Муслима далийна, ткъа хьадисан хIара дIаяздар Муслимниг ду).
1252. Iадис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Аса цкъа АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ира буьхьиг болучу Iасанца таллар дан мегаш дуй аьлла хаьттича, цо жоп делира: «Нагахь ахьа Iасанан иралла тоьхна (дожийнехь) - даа мегаш ду хьуна иза. Нагахь хьан цуьнах кхеттарг Iасанан шоралла елахь, цул тIаьхьа цо иза ден а дийнехь - иза даллалц (еза хIума) йиттина дийна лоруш ду хьуна. Иштта нисделча даа ма даа ахьа иза» (ал-Бухари).
1253. Абу СаIлабас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь ахьа хьайн пха Iодара баькхинехь, цул тIаьхьа хьан (ижу), хьан бIаьргана гучуьра а даьлла, дан а дайнехь, нагахь хьайна иза дахкадалале карийнехь - даа йиш йолуш ву хьо иза» (Муслим).