1237. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Муьлхха а кIомсарш йолу дийнаташ даа хьарам дина ду» (Муслим).
Иштта ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) даа ца магийра муьлхха а кIомсарш йолу дийнаташ а, муьлхха а мIаранаш йолу олхазарш а» (Муслим).
1238. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Хайбар дийнахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цIерачу варрийн жижиг даар дихкира, ткъа говран жижиг даа магийра» (ал-Бухари, Муслим).
1239. Ибн Абу Авфас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна ворхI гIазотехь дакъалаьцна оха, оцу муьрехь цIоз а дууш» (ал-Бухари, Муслим).
1240. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Марр аз-ЗахIран (олучу меттигна) юххехула довлуш, лапъаьлла, пхьагална тIе а нисделла, цунна тIаьхьа хьаьлхира тхо. Пхьагал схьа а еана, Абу ТIалхье дIаелира аса. Ткъа цо, цунна урс а хьаькхна, пхьагалан гIогI а, тIехьара ши ког а бахьийтира АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). Цо и къобалдира» (ал-Бухари, Муслим).
1241. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) йиъ са долу хIума ер дихкира: зингат, накхармоза, хIуттут, йоккха зIок йолу хьоза (сорокопут)» (хIара хьадис Ахьмада, Абу Дауда далийна, ткъа ибн Хьиббана бакъ (сахьихь) ду аьлла хIара).
1242. Ибн Абу Iаммара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Аса цкъа Жабире хаьттира: «ЧагIалкхна талла эха мегаш дуй-те?». Цо жоп делира: «ХIаъ». Аса хаьттира: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла и иштта?». Цо жоп делира: «ХIаъ» (хIара хьадис Ахьмада, Абу Дауда, ат-Тирмизис, ан-Насаис, ибн Мажас далийна, ткъа ал-Бухарис, ибн Хьиббана бакъ (сахьихь) хьадис ду аьлла хIара).
1243. IабдуллахI ибн Iамара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина. Цкъа цуьнга, зу яа мегий-те аьлла, хаьттира. Цо жоп делира: «Ала: Сайга биссийначу хаамашкахь яа ца магийна карайо суна къеелла хIума, Iанийна цIий, хьакхин жижиг, боьха хилла долу. Иштта цIена доцуш ду АллахIан цIарца урс хьаькна доцу дийнаташ а» (6: 145). ТIаккха цунна юххехь хиъна Iаш волучу хенарачу стага дийцина, Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) элира, цкъа пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) уллохь зу хьахийначу хенахь, цо элира аьлла: «Цхьа боьха хIума ю иза». ТIаккха ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) аьлла: «Нагахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) иштта аьллехь - цо ма-аллара ду-кха и» (хIара хьадис, гIийла зIе а йолуш, Ахьмада, Абу Дауда далийна).
1244. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) яа а, мала а ца магийра боьхаллаш юучу дийнатийн жижиг а, шура а» (ХIара хьадис Абу Дауда, ат-Тирмизис, ибн Мажас далийна. Цул сов, ат-Тирмизис дика (хьасан) ду а аьлла хIара).
1245. Абу Къатадас (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) акхачу варрех лаьцна долучу деххачу хьадисехь аьлла: «Цуьнан (жижиг) диира пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)» (ал-Бухари, Муслим).
1246. Абу Бакаран йоIа Асмаа (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийна волучу хенахь, говрана урс а хьаькхна, йиира оха иза» (ал-Бухари, Муслим).
1247. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цкъа наха моьлкъа биира, шуьнехь хиъна Iаш АллахIан элча а волуш (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)» (ал-Бухари, Муслим).
1248. Iабдуррахьман ибн Iусман ал-Къурашис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана дарбанчо АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), пхьидах молханаш кечдан мегаш дуй аьлла, хаьттира. Ткъа цо дихкира уьш яйъар» (ХIара хьадис Ахьмада далийна, ткъа ал-Хьакима бакъ (сахьихь) хьадис ду аьлла хIара. Иштта Абу Дауда, ан-Насаис далийна хIара).