1232. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) чабол йолу (я: Iамийна, кечйина йолу) говраш хохкучу хенахь дакъалецира - ал-Хьафйаъ олучу меттигера дIа Санийат ал-ВадаI олучу меттиге кхаччалц. Иштта дакъалецира цо кегийра хохкучу (Iамонзачу, кечъянзачу) говрашкахь - Санийат ал-ВадаI олучу меттигера дIа Бану Зурайкъ маьждиге кхаччалц. Ибн Iумар а (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) вара оцу хахкаршкахь дакъалаьцначарех цхьаъ».
ХIара хьадис ал-Бухарис а, Муслима а далийна. Цул сов, ал-Бухарис оцу аьллачунна тIетоьхна Суфйана аьлларг: «ал-Хьафйаъ олучу меттигний, Санийат ал-ВадаI олучу меттигний юккъера юкъ – пхиъ я ялх миля ю, ткъа Санийат ал-ВадаIний, Бану Зурайкъ маьждигний юккъера юкъ – цхьа миля ю».
1233. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) говраш хахкарехь дакъалецира. Хохкуш йолучу яккхийрачу говрашна мел а еха юкъ къастийра цо» (хIара хьадис Ахьмада, Абу Дауда дийцина, ткъа ибн Хьиббана бакъ (сахьихь) ду аьлла хIара).
1234. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Толам баккхарна совгIат билгалдаккха мегаш дац - эмкалш хохкуш а, секхаIад кхуссучу къовсамашкахь а, говраш хохкуш а бен» (ХIара хьадис Ахьмада, Абу Дауда, ат-Тирмизис, ан-Насаис далийна, ткъа ибн Хьиббана бакъ (сахьихь) ду аьлла хIара).
1235. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Говраш хохкуш дакъалаца йиш йолуш ву стаг - нагахь иза шел а кхиниш хьалха бевриг хиларах тешна вацахь. Нагахь иза ша тIаьхьавуьссур ву аьлла, тешна велахь-м - оцу кепара къовсадаларш - пал бу (афёра ю)» (хIара хьадис Ахьмада, Абу Дауда далийна, гIийла зIе а йолуш).
1236. Iукъба ибн Iамира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Царна (керстанашна) дуьхьал тIеман ницкъ кечбе, дуьрстанаш ехкина говраш а» (8:60). Боккъалаъ, ницкъ – кхийса хаарехь бу! Ницкъ – кхийса хаарехь бу! Ницкъ – кхийса хаарехь бу!» (Муслим).