1227. Iаиз ибн Iамр ал-Музанис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ислам даима а лакхенехь ду, я цкъа а эшамехь хир дац» (хIара хьадис ад-ДаракъутIнис далийна).
1228. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Хьалха дIа ма лойла аша салам я жуьгташка а, я керстанашка а. Нагахь шаьш новкъахь царех цхьанна дуьхьал кхетахь – цуьнан (некъан) уггаре а гаттоне татта (таIаве) аша иза» (хIара хьадис Муслима далийна).
1229. Ал-Мисвар ибн Махрама а, Марвана а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Хьудайбехь биначу машаречу бартана тIехь дIаяздина дара: «ХIара - Мухьаммад ибн IабдуллахIа а, СухIейл ибн Iамра а итт шарна тIом сацош а, оцу ханчохь шина а агIор болу нах кхерамза баха безар болуш а, вовшийн цхьа а новкъарло йоцуш, паргIат бита безар болуш а шина агIоно бина машаре барт бу!». (ХIара – Абу Дауда далийначу деххачу хьадисан дакъа ду. Оцу хьадисан бух иштта ал-Бухарис а балийна).
Цуьнах тера Анас ибн Маликан (АллахI реза хуьлда цаьршинна) хьадис Муслима а далийна. (Оцу тIехь дара): «(Цул тIаьхьа цара дIахьедар дира): шух (бусалбанех) бевдда тхайх (къурайшех) схьакхеттарш - оха шуна юхаберзор бац, ткъа тхох бевдда шух (бусалбанех) дIакхеттарш - тхоьга юхаберзон безар бу аьлла». (Наха) хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Боккъалаъ, ишттаниг яздан дохку вай?». Цо жоп делира: «ХIаъ. АллахIа Шен къинхетамах гена воккхийла-кха - вай дIа а тесна, царна тIе дIагIон верг! Ткъа уьш дIа а тесна, вайх схьакхета веанарг - АллахIа хьалха а воккхийла-кха, кIелхьарволе некъ гойтийла-кха Цо цунна!» (ХIара хьадис Муслима далийна).
1230. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Бусалба нахаца машаре барт бина хилла волу керста вийначу стагана - (кхин дерг-м дуьйцучохь а дац) я ялсаманин хаза хьожа а хаалур (кхетар) яц, цуьнан хьожа шовзткъа шеран некъан бохаллехь (хаалуш) яьржина йоллушехь а» (хIара хьадис ал-Бухарис далийна).