1224. Iабдуррахьман ибн Iавфа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ХIажарерачу цIермартхошкара синан цIарах йоккху ясакх схьаоьцуш гина ву со» (ХIара хьадис ал-Бухарис далийна. Оцу хьадисан хаьдда (инкъитIаI) ривайат иштта Малика а далийна шен «ал-МуваттIаъ» жайнахь).
1225. Iасим ибн Iумара, Анаса а, Iусман ибн Абу Сулаймана а (АллахI реза хуьлда царна) элира аьлла, дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Халид ибн ал-Валид Даумат ал-Жандал олучера Укайдир волучу вахийтира. Ткъа цара иза, схьа а лаьцна, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу схьавалийра. Ткъа цо иза вен ца вуьйш витира. Ясакх ялар тIе а дожош, машаре барт а бира цо цуьнца» (хIара хьадис Абу Дауда далийна).
1226. МуIаз ибн Жабала (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Йемене вахийтинера со. Омра дина тIе а диллира цо суна: хIора бусалба воцучу гIеметтаваханачуьнгара цхьа динар я оцу ахчане нислуш долу Йеменехь арахоьцу барзакъ схьаэца аьлла» (хIара хьадис Ахьмада, Абу Дауда, ат-Тирмизис далийна, ткъа ибн Хьиббана, ал-Хьакима бакъ (сахьихь) ду а аьлла хIара).