1215. Iубайд ибн ал-Жаррахьа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьаболу бусалбанаш - кхерамзалла яларехь кхечеран цIарах юкъарахила йиш йолуш бу» (хIара хьадис Ахьмада, ибн Абу Шайбас, гIийла зIе а йолуш, дийцина ду).
1216. Ат-ТIайаласис дийцина, Iамр ибн ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цунна) элира аьлла: «Уггаре декъаза (эгIаза, гIийла) бусалба а ву бухабиссиначу берриге бусалбанийн цIарах кхерамзаллина юкъарахила йиш йолуш».
1217. ИбрахIим ат-Таймис дийцина, шен дас элира, Абу ТIалибан кIанта Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) шен цхьана хьехамехь элира аьлла: «Цхьа бусалба - биссиначу берриге бусалбанийн цIарах кхерамазаллина юкъарахила йиш йолуш ву. Уггаре декъаза (эгIаза, гIийла) бусалба а цхьаьна ву кхечу бусалбанийн цIарах кхерамазаллина юкъарахила йиш йолуш» (хIара – деххачу хьадисан дакъа ду, ал-Бухарис а, Муслима а далийна).
Ибн Мажатан ривайатехь аьлла: «…Биссиначу бусалба нахах генна волу бусалба а цхьаьна-м ву церан цIарах кхерамазаллина юкъарахила йиш йолуш».
1218. Умм ХIаниа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Макка йоккхучу шарахь АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу яханера со. Дуьхьал кхоллар а лаьцна Iаш цуьнан йоI ПетIамат а йолуш (АллахI реза хуьлда цунна), луьйчуш карийра суна иза. Аса салам делира цуьнга. Ткъа цо хаьттира: «Мила ву иза?». Аса жоп делира: «Со ю, Абу ТIалибан йоI Умм ХIаниъ». Цо элира: «Марша йогIийла, Умм ХIаниъ!». Лийчиначул тIаьхьа бархI ракаIат ламаз дира цо, еккъа цхьа кхоллар тIе а хьарчийна. Цул тIаьхьа аса элира: «ХIай, АллахIан элча! Сан шича Iела ХIубайран кIант хьенех вен гIерташ ву-кха, со цуьнан кхерамазаллина юкъарахилла волу». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Умм ХIаниъ! Хьо кхерамазаллина юкъарахиллачу хIораннан а кхерамазалла ларъярехь юкъара ду-кха тхо» (Ткъа цо дина хилла долу ламаз - Iуьйраниг дара).
1219. Iумар ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Билггал, жуьгтий а, керстанаш а Iаьрбийн ахгIайренан дозанал арабохур ма бу аса. Цигахь бусалба воцу цхьа-цхьаъ вуьтур ма вац аса» (Муслим).
1220. Iумар ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Бану Надир тайпанан хьал-бахамаш хIонс хилла хIоьттира, АллахIа Шен элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кара кхачийна йолу. И (хIонс йоккхуш) бусалба нах я говрашкахь а, я эмкалшкахь а чухехкабелла бацара. И (хIонс) ерриге пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхечира. Шен цIерачарна цуьнах цхьана шарна лерина напхин дакъа дIакъастийра цо. Ткъа бухадиссинарг - говраш нисъян а, герз эцан а хьажийра цо, доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волучу АллахIан новкъахь тIамна кечам беш» (ал-Бухари, Муслим).
1221. МуIаз ибн Жабала (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна Хайбар йоккхуш гIазотехь дакъалецира оха. Цигахь тхан кара тIеман хIонс еара. ТIеман хIонсах цхьа дакъа тхуна юккъехь дIасадийкъира цо, ткъа диссина хилла дакъа - кхинболчу тIемалошна дIасаделира» (хIара хьадис Абу Дауда далийна, оцу тIе хьадис дийцархой вон а бац).
1222. Абу РафиIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Аса я бина барт а ца бохабо, я векалш паргIатонах а ца боху (я: лоций, совца а ца бо)» (хIара хьадис Абу Дауда, ан-Насаис далийна, ткъа ибн Хьиббана бакъ (сахьихь) ду а аьлла хIара).
1223. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь аша тIамза цхьа шахьар дIалацахь - тIеман хIонсан цхьа дакъа догIу шуна. Нагахь аша, цигара бахархой АллахIна а, Цуьнан элчанна а Iеса хилла йолу, цхьа шахьар тIамца яккхахь - оцу хIонсан пхоьалгIа дакъа АллахIна а, Цуьнан элчанна а дIакъастон догIуш ду, ткъа бухадиссина дерриге шуна кхочуш ду» (Муслим).