1177. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина,
АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) элира аьлла: «Сийлахь-беза гIазотан тIом бина а воцуш, я (и тIом бан
безаш ву ша аьлла) дагахь хилла а воцуш велларг - мунепикъаллин цхьана декъах
(хьалхаваланза а волуш) велла» (Муслим).
1178. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Мушрикашца тIом бе - шайн
бахамаш (сийлахь-дезачу гIазотехь) харже бахарца а, шайн синош дIадаларца а,
шайн меттанашца а» (хIара хьадис Ахьмада, ан-Насаис далийна, ткъа ал-Хьакима бакъ
(сахьихь) ду а аьлла хIара).
1179. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, ша цкъа АллахIан
элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира аьлла: «ХIай,
АллахIан элча! ЖихIад дан декхарийлахь буй зударий?». Цо жоп делла: «ХIаъ, жихIад дан дезаш бу
уьш, шегахь тIом боцуш долу. Иза – хьаьж дар а, Iумрат дар а ду»
(хIара хьадис ибн Мажата далийна, оцу хьадисан бух ал-Бухарин жайнахь а бу).
1180. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а)
дийцина: «Цкъа цхьана стага, АллахIан
элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, жихIад дан
пурба дийхира шена. Цо хаьттира: «Дийна дуй хьан да а, нана а?». Оцу
стага жоп делира: «ХIаъ». Цо элира: «Цаьршинна гIайгIа бе, цуьнгахь
хир ду хьуна хьан жихIад» (хIара хьадис ал-Бухарис, Муслима
далийна).
1181. Цуьнах тера хьадис Ахьмада а, Абу Дауда а далийна, СаIид
ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) элира аьлла: «ДIавало! И шиъ долучу а гIой,
цаьршингара даккха хьайна пурба. Нагахь цаьршимма хьуна пурба ца лахь - дика
хила цаьршинца».
1182.
Жарир ал-Бажалис (АллахI
реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) элира аьлла: «Мушрикашна юккъехь вехаш волучу муьлххачу а бусалбанца
дозуш хIума дац сан» (хIара хьадис Абу Дауда, ат-Тирмизис, ан-Насаис
далийна, амма ал-Бухарис оцу хьадисан хьокъехь бакъахьа дерг (мурсал) хилар ду
аьлла).
1183.
Ибн Iаббаса (АллахI реза
хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Макка караерзийначул тIаьхьа -
(кхечу махка) кхалхар дац, ва амма (сийлахь-деза) жихIад а, дика негат а ду» (хIара хьадис ал-Бухарис,
Муслима далийна).
1184. IабдуллахI
ибн ас-СаIадис (АллахI реза
хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) элира аьлла: «(Кхечу махка) кхалхар дIадер дац - бусалбанаш мостагIашца
тIом беш мел бу» (хIара хьадис ан-Насаис далийна, ткъа ибн Хьиббана бакъ
(сахьихь) ду а аьлла хIара).
1185. Абу Муса ал-АшIарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Дериггенал лакхахь (урхалла дийриг) АллахIан дош хилийта тIом беш верг ву-кха
АллахIан новкъахь» (хIара хьадис ал-Бухарис, Муслима далийна).
1186. НафиIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Бану Мусталикъхошна тIелетира - (шайна иза тIелетара
ву аьлла) царна дагахь а доцучу хенахь. Царех тIом бан арабевлла берриге
стегарий байъира (байъа аьлла, омра дира) цо. Церан берриге зударий йийсаре
бира. Оцу дийнахь иштта йийсаре ялийначарех яра ал-Хьарисан йоI Жувайрет а.
Суна хIара IабдуллахI ибн Iумара дийцина ду» (хIара хьадис
ал-Бухарис, Муслима далийна).
1187. Сулейман ибн Бурайдас (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена
а), шен дас элира аьлла дийцина: «Эскарна я
тобанна тIе бIон баьчча хIотточу хенахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна), весет дой, тIедуьллура цунна: АллахIах кхерар а, шеца
цхьаьна болучу бусалба нахаца дика хилар а. Цо элира цуьнга: «Новкъа довла шайна гIазоте - АллахIан
цIарца. АллахIна керстаналла диначарна дуьхьал тIом бе аша. ГIазоте дIа новкъа
довла шайна. Ва амма, массарна а юккъехь нийсонца дIаеккъалц, хIонсаш дола а ма
ерзае шайна. Цхьаммо а дина барташ а ма дохаде. Байъиначеран декъий сийсаз а ма
даха. Бераш а ма дайъа. Мушрикех болучу хьайн мостагIашна хьо дуьхьал кхетча -
кхаа хIумане кхайкха ахьа уьш. Нагахь царех муьлхха а цхьаъ цара къобалдахь а -
цаьргара и къобал а дай, паргIат бита ахьа уьш. Цкъа хьалха Ислам-дине берзаре
кхайкха уьш. Нагахь цара и тIеэцахь - маьрша бита ахьа уьш. Цул тIаьхьа
мухIажарш (Iаш) болучу кхалхаре кхайкха ахьа уьш. Нагахь цара и дахь
- уьш мухIажарийн йоллу ерриге бакъонаш йолуш хирг хилар а, иштта мухIажарашна
тIехь доллу дерриге декхарш тIехь долуш хирг хилар а довзийта царна. Нагахь уьш
цига кхалхарна дуьхьал хилахь - дIадовзийта царна: церан хьал кхинболучу
могIарерачу бусалба нехан санна хир дуйла. Вуьшта аьлча: Сийлахь-Везачу
АллахIан Iедал хир ду царна тIехь лелаш. ТIамца яьккхиначу хIонсах а, тIамза
караеаначу файъах а дакъа а кхочур дац царна - нагахь цара бусалба нахаца
цхьаьна жихIад ца дахь. Нагахь уьш Ислам-дин тIеэца дуьхьал хилахь – хIора
синан цIарах луш йолу ясакх схьаеха цаьргара. Ткъа нагахь уьш цунна реза хилахь
- цаьргара и къобал а дай, паргIат бита ахьа уьш. Нагахь уьш цунна а дуьхьал
хилахь - тIом бе цаьрца, АллахIера гIо а доьхуш. Нагахь
айхьа гIопанна чоьхьа болучу мостагIашна го лаьцнехь, ткъа царна шаьш ахьа
АллахIан а, Цуьнан элчанан а гIоьнна кIел лацар а лаахь, – ваIда ма дойла ахьа
царна АллахIан а, Цуьнан элчанан а гIоьнна кIел лаца. Хьайн а, хьайца болучу
нехан а гIоьнна кIел лаца ахьа уьш, хIунда аьлча ахьа а, хьоьца болучу наха а
царна дан хьакъ доллу дола ца дахь - иза жимоха къа хир ду АллахIан а, Цуьнан
элчанан а доланна кIел лацаран чIагIо лар ца ярал а. Нагахь ахьа го лаьцначу гIопанна чохь
болучу мостагIашна шаьш АллахIан суьдана хьалха хIиттон лаахь - АллахIан
суьдана хьалха ма хIиттабе ахьа уьш. Амма хьайн кхиэл ян ваIда е ахьа царна,
хIунда аьлча хууш ма дац хьан кхиэл АллахIан кхиэлаца нислур ю я яц» (Муслим).
1188. КаIб ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) ша гIазоте аравалале хьалха - кхечанхьа ваха воллу сурт хIоттадора»
(хIара хьадис ал-Бухарис, Муслима далийна).
1189. МаIкъила дийцина, ан-НуIман ибн
Мукъаррина (АллахI реза хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) ша тIом Iуьйранна хьалххе дIа ца болийча – делкъахан хиллалц а,
мехаш хьаккхалц а тIаьхьатоттуш гира суна» (ХIара хьадис Ахьмада,
Абу Дауда, ат-Тирмизис, ан-Насаис далийна, ткъа ал-Хьакима бакъ (сахьихь) ду а
аьлла хIара. Оцу хьадисан бух иштта ал-Бухарис балийна).
1190. Ас-СаIб ибн Жассама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа пайхамаре
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), буса тIелатар дича зен хила
тарлуш болучу мушрикийн
зударех а, берех а лаьцна хаьттича, цо жоп делира: «Уьш царех бу» (хIара хьадис ал-Бухарис,
Муслима далийна).
1191. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна)
дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Бадран
дийнахь, тIаьхьа а веана, шайх дIакхеттачу цхьана стаге элира: «Вухаверза -
мушрикерачу гIоне ладоьгIуш (сатуьйсуш) вац со» (Муслим).
1192. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цхьана
гIазотехь йийна Iуьллу зуда гиначу пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) - зударий а, бераш а дайъарна резавоцуш, инкарло йира» (хIара
хьадис ал-Бухарис, Муслима далийна).
1193. Самурас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Баккхийра мушрикаш бабе,
ткъа бераш кхоа де» (хIара хьадис Абу Дауда далийна, ткъа ат-Тирмизис бакъ
(сахьихь) ду а аьлла хIара).
1194. Абу ТIалибан кIанта Iелас (АллахI реза хуьлда цунна)
дийцина: «Бадрахь тIом болабалале хьалха вовшахлетира тхо*» (ХIара хьадис
ал-Бухарис далийна ду. Абу Дауда а далийна кхин а деха цуьнах тера ривайат).
* Бусалба нехан эскарера - Хьамзат,
Iела, Iубайд ибн ал-Хьарис вара. Мушрикийн эскарера - Шайба ибн РабиIа, Iутба ибн
РабиIа, ал-Валид ибн Iутба вара.
1195.
Абу ал-Аййуба (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «ХIай нах! Боккъалаъ, хIара аят - вайн, ансарийн хьокъехь доьссина ду.
Вуьшта аьлча, Сийлахь-Везачу АллахIан къамел: «Шаьш-шаьш хIаллак хуьлучу тIе ма
хIиттаде» (2:195). Румахойн эскарийн могIанна юккъе дIачухьаьддачунна инкарло
йиначарна дуьхьал жоп луш (Абу Аййуба аьлла ду и) (ХIара хьадис Абу Дауда, ат-Тирмизис,
ан-Насаис далийна. Оцу тIе ат-Тирмизис, ибн Хьиббана, ал-Хьакима бакъ (сахьихь)
хьадис ду а аьлла хIара).
1196.
Ибн Iумара (АллахI реза
хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Бану ан-Надир тайпанан пальмин дитташ дагаде
аьлла омра дира, дитташ а хьаькхира» (хIара хьадис ал-Бухарис, Муслима
далийна).
1197. Iубада ибн ас-Самита (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ТIемалошна
юккъехь дIасаеккъалц, тIеман хIонс дола ма ерзайойла аша, хIунда аьлча оцу
тайпана хIума хьарамчу нахана цIе а, эхь а хилла дIахIуттур ду дуьненахь а,
эхартахь а» (хIара хьадис Ахьмада, ан-Насаис далийна, ткъа Ибн Хьиббана
бакъ (сахьихь) ду а аьлла хIара).
1198. Iавф ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) вийначу мостагIчуьнан (салаб)
бахам* - иза вийначунна дIало аьлла омра дира» (хIара хьадис Абу Дауда
далийна).
* Салаб – иза вийначу мостагIчуьнгахь
долу массо хIума ду: цуьнан герз, духар, тIехуург, кхиндолу цуьнгахь мел дерг
а.
1199. Iабдуррахьман
ибн Iавфа (АллахI реза
хуьлда цунна) дийцина: «Бадрахь тIом
болалучу хенахь могIаре хIоьттина лаьтташ вара со. Сайн аьтту а, аьрру а агIор
дIахьажавелча - шина а агIор ансарех волу жима ши стаг гира суна. Циггахь
коьрте иккхира сунна - сайна уллохь цаьршиннал а нуьцкъала ши тIемалой
велар-кха аьлла. Оцу жимачу шина стагах цхьамма, хичаш а йина, соьга хаьттира:
«Ден ваша, Абу ЖехIал вевзий хьуна?». Аса жоп делира: «ХIаъ. Хьуна стенна
оьшу иза, вешин кIант?». Цо элира: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) сийсазвеш ву аьлла, хезна суна иза. Сайн са шен карахь
долучух дуй ма буу аса: нагахь суна иза гар нислахь - тхаьшшиннах цхьаъ вийна
бен вовшахкъаьстар ма вац со цуьнца». Со чIогIа цецваьллера цо аьллачу оцу
дешнех. Оцу тIе, вукху агIор волучу шолгIачу жимачу стага а, хичаш а йина, изза
хаьттира соьга. Цхьа хан яьлча, цIеххьашха Абу ЖехIал гира суна, синтем байна,
тIемалойн магIаршна юккъешхула хьийзаш. Аса элира: «Хьовсал! ХIан, дIора ву шуна
ашшима хоьттуш волу стаг». ДIачухьаьддачу жимачу шина стага, шаьшшиннан
тарраш а тоьхна, вийра иза. Цигара вухавирзиначу цаьршимма, пайхамар (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а вахана, цуьнах дерг цуьнга дIадовзийтина.
Цо хаьттина цаьршинга: «Муьлхачо вийна иза шуьшиннах?». Цаьршиннах хIораммо
а жоп делла: «Аса вийна иза». ТIаккха хаьттина цо: «Шайн тарраш цIан-м
ца дина ашшимма?». Цаьршимма жоп делла: «ХIан-хIа». Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цаьршиннан шина туьре а хьаьжна, элира:
«Ашшима шиммо а вийна иза». Цул тIаьхьа омра дира цо: вийначуьнан (Абу ЖехIалан
дегIаца хилла болу берриге) бахам МуIаз ибн Iамр ибн ал-Жамухьан кхачабе аьлла.
Ткъа оцу кегийрачу нахах дерг дийцича - и шиъ МуIаз ибн Iамр ибн ал-Жамухь а,
МуIаз ибн Iафраъ а вара (ал-Бухари, Муслим).
1200. Макхьула дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна), ТIаиферачу бахархошна тIелатар дечу хенахь – тIулгаш а, кхинйолу
хIуманаш а кхуьйсу гIирс (катапульта) дIахIоттабе аьлла омра дира» (ХIара
хьадис Абу Дауда далийна «ал-Марасийл» жайнахь. Оцу тIе хьадис дийцинарш теша
хьакъ долуш а бу. Iукъайла а далийна цуьнах тера хьадис, Абу ТIалибан кIанта
Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцира аьлла. Дийциначеран зIе дийна (мавсул)
елахь а, зIе гIийла йолуш ду).
1201. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) Маккина чу вахара, коьртахь тиллина гIем а йолуш. Цо (шен
коьртара) гIем дIаяьккхича, цунна тIе а веана, цхьана стага элира: «Ибн
ХатIал ву ХьаьжцIийнан кхолларах (шаршух) тасавелла Iаш». Ткъа цо элира:
«Ве иза!» (хIара хьадис ал-Бухарис, Муслима далийна).
1202. СаIид ибн Жубайра (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Бадрахь тIом болучу дийнахь
лаьцна волу кхоъ вийра» (хIара хьадис Абу Дауда шен «ал-Марасийл» жайнахь
далийна, оцу тIе хьадис дийцинарш тешаме хила хьакъ а бу).
1203. Iимран ибн Хьусайна (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а)
дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
йийсаре валийна волу мушрик - йийсаре вахначу шина бусалба стагана дуьхьал
хийцира» (ХIара хьадис ат-Тирмизис далийна, букъ (сахьихь) хьадис ду а
аьлла цо хIара. Ткъа оцу хьадисан бух Муслима а балийна).
1204. Жубайр ибн МутIIима (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) Бадрахь хиллачу тIамехь йийсаре биначу мушрикийн хьокъехь
элира аьлла: «МутIIим ибн Iадий дийна а хилча, иза сайга хIокху боьха хьожа
йогIучеран хьокъехь гIо доккхуш вист а хилча, - цунна дуьхьал дIахоьцур ма бара
аса хIорш» (ал-Бухари).
1205. Сахр ибн ал-Iайла (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь и нах
бусалба дине багIахь - шайн дахар а, бахамаш а ларбан хиъна царна» (хIара
хьадис Абу Дауда далийна, оцу тIе хьадис дийцинарш тешаме хила хьакъ а бу).
1206. Абу СаIийд ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АвтIасехь
тIом болучу хенахь марехь болу зударий йийсаре балийнера оха. Амма асхьабаш
цаьрца (майрачунний, зудчунний меттахь догIу) гIуллакх даийта кхоьруш хьал
хIоьттинера. ТIаккха Сийлахь-Везачу АллахIа (аят) доссийна: «(Иштта) марехь
болу зударий (а мегаш бац шуна), аша йийсаре бина шун гIарбашаш боцурш» (4:24)» (Муслим).
1207. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а)
дийцина: «Цкъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
Наждехьа тIеман тоба яхийтира. Со а вара оцу тобанан декъашхо. Йоккха хIонс - эмкалш
караяьхкира тхуна. Тхох хIоранна а шийт-шийтта эмкал кхача йогIура. Амма оцу тIе
тхох хIоранна а кхин а цхьацца эмкал тIеелира» (хIара хьадис ал-Бухарис,
Муслима далийна).
1208. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а)
дийцина: «Хайбарахь тIом болучу дийнахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) тIеман хIонсах хIора дошлочунна шишша дакъа кхачийра,
ткъа хIора гIашлочунна – цхьацца дакъа кхачийра».
ХIара хьадис ал-Бухарис, Муслима а далийна, ткъа схьадалийна долу
хьадисан дIаяздар – ал-Бухаринаг ю. Ткъа Абу Даудан ривайатехь аьлла: «ТIеман
хIонсах хIора гIашлочунна цхьацца дакъа кхачийра, ткъа дошлочунна кхоъ кхачийра
– цхьаъ цунна, шиъ цуьнан говрана».
1209.
МаIн ибн Йазида (АллахI
реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «ТIеман хIонсах совгIатна тIелуш долу
дакъа - пхоьалгIа дакъа чусацийначул тIаьхьа а бен дIадала йиш йолуш дац» (хIара
хьадис Ахьмада, Абу Дауда далийна, ткъа ат-ТIахьавис бакъ (сахьихь) ду а аьлла
хIара).
1210. Хьубайб ибн Маслама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан
элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIеман хIонсах доьалгIа
дакъа совгIатна тIелуш гира суна - нагахь хIонс дIабоьлхучу новкъахь, тIеман Iалашо
кхочуш а яле, яьккхина елахь. ТIеман хIонсах кхоалгIа дакъа (деш а гира суна) -
нагахь юхабогIучу хенахь яьккхина хиллехь» (ХIара хьадис Абу Дауда далийна,
ткъа ибн ал-Жаруда, ибн Хьиббана, ал-Хьакима бакъ (сахьихь) ду а аьлла хIара).
1211.
Ибн Iумара (АллахI реза
хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо
а хуьлда цунна) цхьайолучу тIеман тобанашна къасттийна совгIатна дакъош тIеделира,
кхинболучу тIемалошна декъна хиллачул а сов (хIара хьадис
ал-Бухарис, Муслима далийна).
1212. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а,
цуьнан дена а) дийцина: «ГIазотан тIемашкахь тхан кара моз а, кемсаш а
кхочура. Ткъа оха и (дуу хIума) дуура - АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) гайтина а доцуш».
ХIара хьадис ал-Бухарис далийна, ткъа Абу Даудан ривайатехь
дийцина: «Царна тIера чусацийна пхоьалгIа дакъа а дацара» (ибн Хьиббана
бакъ (сахьихь) хьадис ду аьлла хIара).
1213. IабдуллахI ибн Абу Авфас (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена
а) дийцина: «Хайбар йоккхучу дийнахь тхан кара дукха даар-малар деара.
Муьлхха а стаг, тIе а веана, шена оьшшучул схьа а эцна, нацкъарвала йиш йолуш
вара» (хIара хьадис Абу Дауда далийна, ткъа ибн ал-Жаруда, ал-Хьакима бакъ
(сахьихь) ду а аьлла хIара).
1214. РувайфиI ибн ас-Сабита (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена
а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира
аьлла: «АллахIах а, эхартан дийнах а тешаш верг - дийнатна тIехаа йиш йолуш
ма вац, бусалба наха тIамза схьаяьккхиначу хIонсах йолучу: хихкина гIора а дайъина,
тIаккха, яла а йой, (хIонсана) юкъа а тухуш. Духар тIедоха йиш йолуш а ма вац иза,
бусалба наха тIамза схьаяьккхиначу хIонсах долучу: лелийна тиш а дина, юханехьа
(хIонсана) юкъа а тухуш*» (хIара хьадис Абу Дауда, ад-Дарамис далийна, оцу
тIе хьадис дийцинарш вон а бац).
* Оцу хьадисо хьарам хилар гойту
- хIонсана юккъера говр, я эмкал, я духар, я муьлхха а кхинйолу хIума, тIемалошна
юккъехь екъа езаш йолу: и екъа а екъале, лелон Iалашонца схьа а эцна, говр я
эмкал хIотталц хехка а хихкина, аз а йина, духар тиш а дина, хIуманна ца мегачу
а даьккхина, юханехьа хIонсана юкъа диллар. Ша схьаэцнарг хIонсах дIатоха ца
еза бохург дац и. ДIатоха-м муххале а еза цо и. Дуьненахь а, эхартахь а цуьнах
кIелхьара волийла яц цунна - цо ша схьаэцнарг юханехьа хIонсах дIатоххалц.