1175. СаIийд ибн Зайда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шен бахам ларбеш стаг вийнехь – ткъа иза шахIид ву» (ХIара хьадис Абу Дауда, ат-Тирмизис, ан-Насаис, ибн Мажата далийна. Оцу тIе ат-Тирмизис бакъ (сахьихь) хьадис ду а аьлла хIара).
1176. IабдуллахI ибн Хаббаба (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Сайн дас олуш хезна суна, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIай, АллахIан лай! Питанийн зама тIееъча - (кхечо хьо) вийнарг хилар гIолехьа ду хьуна, (хьайн карах кхиниг) вийнарг хуьлучул а» (ХIара хьадис ибн Абу Хайсама, ад-ДаракъутIнис далийна. Цуьнах тера хьадис Ахьмада а далийна, Халид ибн Iурфута (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла).