1173. Абу Бурда ал-Ансарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Иттаннал сов шед тухуш таIзар дан йиш йолуш дац - нагахь и (таIзар) Сийлахь-Везачу АллахIа (барам а къастийна) тIедехкиначарех дацахь» (хIара хьадис ал-Бухарис, Муслима далийна).
1174. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Бакъахьарачу нахера даьллачу гIалатна гечдеш хила - нагахь цаьргара даьлларг (АллахIа Ша барам а къастош) тIедиллина таIзар такха догIу къа дацахь» (хIара хьадис Ахьмада, Абу Дауда, ан-Насаис, ал-БайхIакъис далийна).
1175. Абу ТIалибан кIанта Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Аса шена барам къастийна долу таIзар цаладелла веллачу стеган хьокъехь дагахьбаллам буьссур ма бацара суна - чагIар меллачарех стаг ца хилчахьана иза. Нагахь оцу тайпана дерг нислахь - аса цунна мах токхур бу» (хIара хьадис ал-Бухарис далийна).