1161. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа пайхамарна тIе (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) чагIар мелла цхьа стаг валийра. Цо цунна шовзткъа гергга хурманан диттан таьлланг туьйхира (я: тоха аьлла, омра а дина, тохийтира). Изза Абу Бакара а (АллахI реза хуьлда цунна) дира. Ткъа урхаллин мукъ Iумаран (АллахI реза хуьлда цунна) карахь болучу хенахь, кхеташо схьа а гулйина, царех дагавелира иза. Цигахь Iабд ар-Рахьман ибн Iавфа (АллахI реза хуьлда цунна) элира: «Уггаре а лахарачу таIзаран барам - дезткъазза сара (г1аж) тохар ду». ТIаккха Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) и барам къастийра таIзарна. (хIара хьадис ал-Бухарис, Муслима далийна).
Iукъба ибн Валидан хьокъехь дийциначу дийцарехь, Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) элира аьлла, Муслиман ривайатехь ду: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шовзткъа гIаж тухура таIзарна. Абу Бакара а (АллахI реза хуьлда цунна) тухура шовзкъа. Ткъа Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) езткъа гIаж тухура таIзарна. Шинне а таIзаран барам – суннат ду, ткъа суна хIара дукхаха деза» (хIара хьадис Муслима далийна).
Кхечу хьадисехь дийцина: «Цхьана стага тоьшалла дина - (ал-Валид ибн Iукъба) Iеттош гира шена аьлла». ТIаккха Iусмана (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Цо чагIар мелла ца хиллехьара, Iеттийна а хир вацара иза».
1162. МуIавис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) чагIар меллачуьнан хьокъехь элира аьлла: «Нагахь стага чагIар меллехь - (сара, я шед, я гIаш) детта цунна. Нагахь цо чагIар шозлагIа а меллехь - тIаккха а етта цунна. Нагахь цо чагIар кхоазлагIа а меллехь - тIаккха а етта цунна. Нагахь цо чагIар доьазлагIа а меллехь - корта баккха цуьнан» (ХIара хьадис Ахьмада, Абу Дауда, ат-Тирмизис, ан-Насаис, ибн Мажата далийна. Оцу тIе хьадисан дIаяздар Ахьмадниг ду. Ат-Тирмизис хIара хьадис дIадаьккхина, (мансух) ду аьлла. Изза Абу Дауда а дийцина, аз-ЗухIарера ду аьлла).
1163. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шаьш тухучу хенахь - юьхьана тIе ма тоха» (хIара хьадис ал-Бухарис, Муслима далийна).
1164. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ТаIзаран кхиэлаш кхочушъян мегаш дац маьждигашна чохь» (хIара хьадис ат-Тирмизис, ал-Хьакима далийна).
1164. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIа чагIар хьарам деш хаам боссийначу хенашкахь - Меднарчу бахархоша молуш хурманех дина маларш бен дацара» (хIара хьадис Муслима далийна).
1165. Iумар ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «ЧагIар хьарам деш хаам боьссиначу хенашкахь - пхеа сурсатех деш дара и: кемсех, хурманех, мазах, кIанах, мекхах. Ткъа чагIар-м - корта мел хьовзориг (бахориг) ду» (хIара хьадис ал-Бухарис, Муслима далийна).
1166. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Муьлхха а корта бахош долу маларш - чагIар лоруш ду. Цундела массо а тайпана корта бахош долу маларш - хьарам ду» (хIара хьадис Муслима далийна).
1167. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь цхьана хIумано дуккха а хилча вахош велахь - цуьнах кIеззиг долучух пайда эцар а ду хьарам дина» (ХIара хьадис Ахьмада, Абу Дауда, ат-Тирмизис, ан-Насаис, ибн Мажата далийна. Ткъа ибн Хьиббана бакъ (сахьихь) ду а аьлла хIара).
1168. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хи чу кишмаш тосура. Цо и (хи) кхаа дийнахь молура. Ткъа кхоалгIачу дийнахь сарахь, ша а мала а моле, нахе а молуьйтий, цул тIаьхьа бухадиссинарг дерриге дIаIанадора» (хIара хьадис Муслима далийна).
1169. Умму Саламас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIа дарба леха ца аьлла шуьга (я АллахIа шуна дарба ца дина) - шуна хьарам диначуьнгахь» (хIара хьадис ал-БайхIакъис далийна, ткъа ибн Хьиббана бакъ (сахьихь) ду а аьлла хIара).
1170. Ваил ал-Хьадрамис дийцина: «Цкъа ТIарикъ ибн Сувайда (АллахI реза хуьлда цунна) пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «Молханийн метта дарбанна чагIар лелон мегаш дуй?». Цо жоп делира: «Иза – дарба дац, муххале а цамгар ю иза» (хIара хьадис Муслима, Абу Дауда, кхинболучу динан Iилманчаша а далийна).