1149. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийицна, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Къуьнан куьг даккха догIу - нагахь цо лачкъийнарг динаран доьалгIа дакъа я цул а сов елахь» (хIара хьадис ал-Бухарис а, Муслима а далийна, ткъа хIара дIаяздар Муслимниг ду).
Ал-Бухарин дIаяздарехь иштта ду: «Къуьнан куьг даккха догIу - нагахь цо динаран доьалгIа дакъа я цул а сов лачкъийнехь».
Ахьмадан ривайатехь аьлла: «Къуьнан куьг даккха - нагахь цо динаран доьалгIа дакъа лачкъийнехь. Ткъа цуьнан куьг ма даккха - нагахь цо лачкъийнарг цул а кIезигаха хIума елахь».
1150. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхо дирхIам мах болу турс лачкъийначу къуьнан куьг даккха аьлла, омра дира» (хIара хьадис ал-Бухарис а, Муслима а далийна).
1151. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIа неIалт аьлла - цхьа хIоа я муш лачкъор бахьана долуш, шен куьг даьккхина волучу къуьнна» (хIара хьадис ал-Бухарис а, Муслима а далийна).
1152. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Къурайшаш чIогIа гIайгIанехь хилла цхьа зуда бахьанехь, пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийна волучу заманчохь къола дина хилла йолучу. И гIуллакх Макка яккха гIазоте боьлхучу хенахь нисделла. Наха хаьттина: «Цуьнгахьа гIо лоцуш, АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) вист мила хир вара-те?». Эццахь аьлла цара: «И дан мила хIуттур вара - Iусама ибн Зайд воцург, АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дукхавезнарг волу?». Зуда АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIеялийначу хенахь, цуьнан хьокъехь (цуьнгахьа гIо лоцуш) вист хилла иза цуьнга. Эццахь АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) юьхьана тIера бос хийцабелира. ТIаккха элира цо: «АллахIа дIахIоттийна болу таIзаран барам хийца боху ахьа соьга?». Iусама аьлла цуьнга: «ХIай, АллахIан элча! Гечдар дехахьа суна!». Суьйре йоьлча, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), хьала а гIаьттина, (хIара чулацам а болуш) хутIба дешна. Хьакъ ма-дду АллахIна хастам а бина, цул тIаьхьа аьлла цо: «Делахь, хIай нах! Боккъалаъ, шул хьалха хилларш хIаллакбина шуна: цара шайна юккъерачу цIе яханачу наха къола дича - уьш (таIзар а ца деш) дIахецарой, халкъ-наха (гIийлачара) къола дича - царна таIзар дарой! Сан са Шен карахь долучух дуй ма буу аса: нагахь Мухьаммадан йоIа ПетIамата къола дахь, аса омра дийра ма ду - цуьнан куьг даккха аьлла». Цул тIаьхьа оцу къола дина йолучу зудчуьнан куьг даккха аьлла, омра дира цо. Ткъа наха оцу сохьта кхочушдира цуьнан омра. Оцу зудчо ша диначу къинна, дан ма-деззара, хаза тоба динера. (И зуда) маре яхара. Кест-кеста со йолучу а йогIура иза. Ткъа аса цуьнан дехарш АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цуна) дIакхачадора» (хIара хьадис ал-Бухарис а, Муслима а далийна, ткъа дIаяздар Муслимниг ду).
Кхечу ривайатехь дийцина, Iайшата элира аьлла: «Оцу зудчо, нахера юхалург хIуманаш а оьций, тIаккха оцу (ша юхалург схьаэцна йолучу хIуманашна) къера хила ца тигара иза».
1153. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а 1153уьлда цунна) элира аьлла: «Куьг даккха догIуш дац - тешамна ямарт хиллачунна, я (нахана юккъехь) талор диначунна, я (нахера) Iехийна хIума схьаяьккхиначунна» (ХIара хьадис Ахьмада, Абу Дауда, ат-Тирмизис, ан-Насаис, ибн Мажас далийна. Оцу тIе ат-Тирмизис, ибн Хьиббана бакъ хьадис ду а аьлла хIара).
1154. РафиI ибн Хадижа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Стоьмаш я хурманийн диттан баххьаш лечкъорна куьг доккхуш дац» (ХIара хьадис Ахьмада, Абу Дауда, ат-Тирмизис, ан-Насаис, ибн Мажас далийна. Оцу тIе ат-Тирмизис, ибн Хьиббана бакъ хьадис ду а аьлла хIара).
1155. Абу Умаййа ал-Махзумис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа пайхамарна тIе (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьа къу валийра. И (къу) къера хилира ша къола дарна. Амма нехан хIуманех цхьа а хIума ца карийра цуьнгахь. ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Суна ца хета ахьа къола дина хир ду аьлла». Цо жоп делла: «Бакъдолуш, дан-м дина аса и». Цо изза шозза я кхузза, юх-юха а олуш, аьлла цуьнга. ТIаккха, куьг даккха цуьнан аьлла, омра дира цо. Куьг а даккхира цуьнан. Цул тIаьхьа и стаг юха а цкъа валийра АллахIан элчанна тIе (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). ХIета элира цо: «АллахIе гечдар деха, тоба а де Цуьнга!». ТIаккха цо аьлла: «АллахIе гечдар доьху аса, Цуьнга тоба а до аса!». ТIаккха цо аьлла: «Я АллахI! Къобалдехьа цуьнан тоба! Я АллахI! Къобалдехьа цуьнан тоба! Я АллахI! Къобалдехьа цуьнан тоба!» (ХIара хьадис Ахьмада, Абу Дауда, ан-Насаис далийна, ткъа хьадисан дIаяздар Абу Даудниг ду. Оцу тIе хьадис дийцинарш теша хьакъ «сикъат» а бу).
1156. Цуьнах тера хьадис ал-Хьакима а, ал-Баззара а далийна. Оцу (хьадисехь) Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ДIадуьло! Цуьнан куьг а даккхий, (даьккхиначара - цIий сацийта) дагаде иза» (ХIара хьадис ал-Баззара дийцина, дийциначеран зIе вон яц а аьлла цо).
1157. Iабдур Рохьман ибн Iавфа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Къу (лачкъийна хIума) меттахIоттон езаш вац - нагахь цо таIзар текхинехь» (ХIара хьадис ан-Насаис далийна, цул сов хаьдда «мункъатIыI» ду а аьлла цо хIара. Ткъа Абу Хьатима – тIеэца йиш йоцуш, «мункар» ду аьлла хIара).
1158. IабдуллахI ибн Iамр ибн ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цкъа АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дитташна тIехь болучу стоьмех лаьцна хаьттира. Цо жоп делира: «Нагахь оьшуш волучу стага (стом) биънехь, духарна юккъехь хIуммаъ дIа а ца хьуш, - цуьнгара бехк баккха ца богIу (я гIуда такха а, я таIзар дан а ца догIу цунна). Нагахь цо цхьаъ араяьккхинехь - цунна гIуда тоха а догIу, таIзар дан а догIу. Нагахь цо чудерзийна ялта дакъочуьра стоьмаш арабаьхнехь, шен мах цхьана туьрсан мехе нислуш болу, - цуьнан куьг даккха догIу» (ХIара хьадис Абу Дауда а, ан-Насаис а далийна. Ткъа ал-Хьакима бакъ «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара).
1159. Сафван ибн Умаййас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), (Сафван ибн Умаййан) тIекхуллург лачкъийна хилла волучу къуьнан куьг даккха аьлла, омра дина. (Сафван ибн Умаййа) оцу къуьнехьа гIо даккха воьллачу хенахь, (АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) аьлла: «И валош хьо суна тIевале хьалха дан ца мегара ахь и» (ХIара хьадис Ахьмада, Абу Дауда, ат-Тирмизис, ан-Насаис, ибн Мажас далийна. Ткъа ибн ал-Жаруда а, ал-Хьакима а бакъ (сахьихь) хьадис лерина хIара).
1160. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа пайхамарна тIе (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьа къу валийча, цо аьлла: «Ве иза!». Наха аьлла: «ХIай, АллахIан элча! Къола бен дац цо динарг». Цо аьлла: «ХIета куьг даккха цуьнан!». Цуьнан куьг даьккхира. Амма цхьа хан яьлча, шозлагIа а лаьцна схьавалийра иза. Цо аьлла: «Ве иза!». Наха цуьнгахьа гIо лацар бахьанехь, юха а дуьххьара санна нисделла. Цхьа хан яьллачул тIаьхьа юха а шозза лаьцна схьавалийна иза - юха а изза хилла. ПхоьазлагIа лаьцна схьавалийначу хенахь цо аьлла: «Ве иза!».
ХIара хьадис Абу Дауда а, ан-Насаис а далийна. Цул совнаха тIаьхьарчо аьлла, тIеэца йиш йоцуш «мункар» хьадис ду хIара аьлла. Оцо цуьнах тера кхин цхьа хьадис а далийна, ал-Хьарис ибн ХьатIиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцира аьлла. Аш-ШафиIис аьлла: «ПхоьазлагIа схьалаьцна болу къуй бабе аьлла долу тIедиллар «мансух» (дIадаьккхина, хийцина) ду».