1157. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Ша бехказайоккхуш болу (Делан) хаам боьссиначу хенахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), минбар тIе хьала а ваьлла, оцу хиллачуьнан хьокъехь дерг нахана дIа а довзийтина, КъурIанан аят дIа а дешна, минбарна тIера ша охьавоьссича: шина стагана а, цхьана зудчуна а (догIучу) таIзарна (йоггIург) тоха аьлла омра дира» (ХIара хьадис Ахьмада, Абу Дауда, ат-Тирмизис, ан-Насаис, ибн Мажас далийна. ХIокху хьадисана тIе ал-Бухари а тевжина).
1158. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Ислам-динан исторехь дуьххьара мар-зудчо дуй бууш тоьшалла дина - Халил ибн Умаййас Шарик ибн СахIмаъ а, шен зуда а, зина дина аьлла, бехке диначу хенахь. ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла цуьнга: «Схьагайта (хьо бакъ хиларан) тоьшалла – (ца гайтахь) хьайн букъана тIехь таIзар лан дезар ду ахьа».
ХIара – Абу ЙаIлас дийциначу деххачу хьадисах цхьа дакъа ду, оцу тIе хьадис дийцинарш тешаме хила хакъ а бу. Цуьнах тера хьадис иштта ал-Бухарис а далийна, ибн Iаббаса а, цуьнан дас а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина ду аьлла.
1159. IабдуллахI ибн Iамир ибн РабиIас дийцина: «Абу Бакара а, Iумара а, Iусмана а, царел тIаьхьа баьхкиначара а лайна шовзткъаннал сов сара (гIаж) тухуш гина дац суна» (хIара хьадис Малика а, ас-Соврис а далийна «ал-ЖамиI» жайнахь).
1160. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь стага шен лайна (зина дина аьлла) харц цIе кхоьллинехь – цунна къематдийнахь таIзар дийр ду, нагахь иза цо ма-аллара ца хиллехь» (хIара хьадис ал-Бухарис а, Муслима а далийна).