1048. Абу ХIурайрас а, Зайд ибн Халид ал-ЖухIанис а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Цкъа Iаьрбой баьхкина АллахIан элчанна тIе (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). Царех цхьамма аьлла: «ХIай, АллахIан элча! АллахIан цIарах сар аьлла доьху аса хьоьга: ахьа сайна АллахIан Жайница йогIуш йолу кхиэл яр». Вукху Iаьрбочо - динан гIуллакхах алсамо кхеташ хилла волучу - аьлла: «ХIаъ, кхиэл ехьа тхойшинна юккъехь, АллахIан Жайница йогIуш йолу. Вист хила пурба а лохьа суна». Цо (элчано) аьлла: «Схьадийца». Цо дийцина: «Сан кIант хIокху стагана ялхолла лелош вара. Ткъа цо хIокхуьнан зудчуьнца зина дина. Суна дийцинера: сан кIантана валлалц тIулгаш детта догIуш ду, аьлла. ТIаккха аса хIокху стагана оцунна дуьхьал бIе уьстагI белла, цхьаъ къона гIарбаш а елла. Цул тIаьхьа со Iилманан охIлане ваьлча, цара суна дийцира: сан кIантана бIозза шед тоха еза, цхьана шарна шен махках ваккха а веза иза, ткъа хIокху стеган зудчунна – яллалц тIулгаш детта дезаш ду, аьлла». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Сайн са Шен карахь долучух дуй ма бу аса: цхьа а шеко йоцуш, АллахIан Жайница йогIуш йолу кхиэл йийр ма ю аса шуьшинна юккъехь! Къона гIарбаш а, уьстагIий а юхадала деза хьуна. Ткъа хьан кIантана бIозза шед тохарца таIзар дан а догIу, шарна махках ваккха а вогIу иза. Ткъа хьо, хIай Унайс, хьада вало, и зуда йолучу а гIой, нагахь цо мукIарло дахь - яллалц тIулгаш детта цунна» (хIара хьадис ал-Бухарис а, Муслима а далийна, ткъа хьадисан дIаяздар Муслимниг ду).
1049. Iубад ибн ас-Самита (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Iама соьгара! Iама соьгара! АллахIа кхин некъ къастийна церан хьокъехь: нагахь (зуда-майра санна) цхьаьнакхетанзачу кIантстага а, йоIстага а зина динехь - царна бIозза шед тоха а еза, цхьана шарна махках баха а беза уьш. Нагахь оцале зуда ялийна хиллачу стага а, марехь хиллачу зудчо а зина динехь - царна бIозза шед тоха а, баллалц тIулгаш детта а догIу» (хIара хьадис Муслима далийна).
1050. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) маьждиган чохь а волуш, цунна тIе а веана, бусалба нахах цхьана стага аьлла: «ХIай, АллахIан элча! Зина дина аса!». Ткъа иза цуьнах дIавирзина. Оцу стага, цунна го а баьккхина, цунна юьхь-дуьхьал а нисвелла, юха а аьлла: «ХIай, АллахIан элча! Зина дина аса!». ТIаккха а цуьнах дIавирзина иза. Оцу стага ша-шена дуьхьал, юх-юха а деш, доьазза тоьшалла дича, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), иза шена тIе а кхайкхина, хаьттина цуьнга: «Хьераваьлла-м вац хьо?». Цо жоп делла: «ХIан-хIа». Юха цо хаьттина: «Зуда ялийна вуй, ткъа, хьо?». Цо жоп делла: «ХIаъ». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) омра дина: «ДIа а вигий, валлалц тIулгаш детта цунна» (хIара хьадис ал-Бухарис а, Муслима а далийна).
1051. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «МаIиз ибн Малик пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIевеаначу хенахь, (пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) хаьттина цуьнга: «Барт баьккхина, я хьаьстина (куьйгаш тоьхна), я хьежна хила мега хьо цуьнга?». Цо жоп делла: «ХIан-хIа, хIай АллахIан элча!» (хIара хьадис ал-Бухарис далийна).
1052. Iумар ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) шен цхьана хутIбанехь дийцина: «Боккъалаъ, АллахIа Мухьаммад ваийтина бакъонца. Цуьнга Жайна а доссийна Цо. АллахIа цуьнга доссийначу (КъурIанан) аяташна юккъехь - зина диначарна тIулгаш тоха, аьлла долу аят а дара. Оха дешна а ду и. Оха дагахь Iамийна а ду и. Цуьнан маьIнех тхо кхета ма-деззара кхетта а ду и. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) зинаш диначарна тIулгаш диттина. Иза кхелхиначул тIаьхьа оцу кеппара оха а диттина тIулгаш. Делахь а кхоьру-кха со, цхьа хан дIаяхача, наха аларах: «Тхуна-м ца карадо АллахIан Жайнахь зина диначарна тIулгаш детта, аьлла дина омра». АллахIа доссийна долу парз дитар бахьанехь нийсачу новкъах туьлура бу уьш. Боккъалаъ, тIулгаш тохар Сийлахь-Везачу АллахIан Жайно тIедуьллуш ду - шайн цхьаьнакхетар, ШарIо ма-бохху мах а бина, тIечIагIдарца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа зина диначу стегаршна а, зударшна а, нагахь и гучудоккхуш болу бух белахь: я тоьшалла, я берах хилар, я даре дар» (хIара хьадис ал-Бухарис а, Муслима а далийна).
1053. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Нагахь шух муьлххачу а цхьаьннан гIарбашо зина динехь, цо зина дар гучу а далахь, - таIзарна тоха йогIу шед тухийла цо цунна, ва амма бага ма лейойла цуьнга. Нагахь цул тIаьхьа юха а цо зина дар гучудалахь - юха а таIзарна йогIу шед тухийла цо цунна, ва амма бага ма лейойла цуьнга. Нагахь кхоазлагIа а цо зина дар гучудалахь - хьесин чуханах йоьхкина а, дIаюхкийла цо иза» (хIара хьадис ал-Бухарис а, Муслима а далийна, ткъа хьадисан дIаяздар Муслимниг ду).
1054. Iали ибн Абу ТIалиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шайн долахь болучу лайшна хьакъ долучу кепара таIзар де» (хIара хьадис Абу Дауда далийна, ткъа Муслима оцу хьадисан хаьдда «мавкъуф» долу ривайат далийна).
1055. Iимран ибн Хьусайна (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа зина даран бахьаница берах хиллачу жухIайнан тайпанах йолучу цхьана зудчо, АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIе а еана, аьлла: «ХIай, АллахIан пайхамар! ТаIзар дан догIу зулам даьлла соьгара. БогIу бекхам бехьа суна». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цуьнан верас ша волучу схьа а кхайкхина, аьлла цуьнга: «Хила ма-веззара дика хилалахь цуьнца. Бер дина яьлча, иза а ялош суна тIе схьавола». Цо кхочушдира шега дина хилла омра. Цхьа хан яьлча, и зуда а ялош, цунна тIе веара иза. ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), шена тIерачу духарца чIоггIа дIа а ехкий, яллалц тIулгаш детта цунна, аьлла омра дира. Цул тIаьхьа иза цунна докъан ламаз дан ветталуш а волуш, Iумар ибн ал-ХаттIаба хаьттина: «ХIай, АллахIан пайхамар! Боккъалаъ, докъан ламаз дан воллу хьо зина дина йолучу зудчунна?». Цо жоп делла: «Сел цIена тоба ма дара цо динарг. Цуьнан и тоба Меднарчу кхузткъе итт вахархочунна юккъехь дIасадекъа йиш йолуш делахьара - царна массарна а тоьур долуш. Кхин сов хIун дика далур дара цуьнга - Сийлахь-Везачу АллахIан дуьхьа шен лаамехь ша ейта схьаярал а?» (хIара хьадис Муслима далийна).
1056. Жабир ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) омра дира - баллалц тIулгаш тоха аьлла: аслам тайпанах цхьана стагана а, иштта цхьана жуьгтичунна а, цаьрца цхьаьна цхьана зудчунна а» (хIара хьадис Муслима далийна).
* IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цкъа АллахIан элчанна тIе (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) зина дина хилла долу жуьгтийн цхьа стаг а, жуьгтийн цхьа зуда а далийра. Цхьа хан яьлча, цунна тIе жуьгтий баьхкира. Цо хаьттира: «Товрато хIун де боху зина диначеран хьокъехь?». Цара жоп делира: «Оха церан яххьаш Iаьржачу басара йо, деза маххьаш а дохку царна тIе. Церан яххьаш галморзах а йохий, гIалахула а лелабо уьш». Цо аьлла: «Схьадал Товрат, нагахь шаьш бакъ луьйш делахь!». Товрат схьа а деана, и деша боьлла уьш. Зина диначарна тIулгаш детта аьллачу аятна тIе кхечначу хенахь, цхьана жимачу стага дIахьулдина иза. ТIаккха цул а хьалхараниг а, цул тIаьхьараниг а дIадийшира. Элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) уллохь лаьтташ волучу IабдуллахI ибн Салама аьлла: «Куьг дIадаккха ала цуьнга». Ткъа цо куьг дIадаькхича, нийсса оцунна бухахь хилла зина диначарна тIулгаш детта аьлла, омра деш долу аят. ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), царна тIулгаш детта аьлла, омра дина. Наха оцу сохьта кхочуш а дина цуьнан и омра. IабдуллахI ибн Iумара аьлла: «Со а вара царна тIулгаш тоьхначарех цхьаъ. Цо иза ларьеш, шен дегI дуьхьал лоьцуш а гира суна» (хIара хьадис ал-Бухарис а, Муслима а далийна).
1057. СаIид ибн СаIд ибн Iубадас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Тхан тайпанах (цIийнах), жима а волуш, цхьа заьIапе стаг вара. Ткъа цо цкъа церан цхьана гIарбашца зина динера. И гIуллакх СаIд ибн Iубадас АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цуна) дIадовзийтича, цо аьлла: «ТаIзарна йоггIург шед (гIаж) етта цунна». Наха аьлла: «ХIай, АллахIан элча! Сел заьIапа ву иза, и (таIзар) лан гIора а доцуш». Цо аьлла: «ТIаккха, тIехь бIе кан болу хурманан диттан га схьа а эций, и тоха цунна цкъа». Ткъа цара (цо ма-аллара) кхочуш а дира и» (ХIара хьадис Ахьмада, ан-Насаис, ибн Мажас далийна, дика «хьасан» иснад а йолуш. Делахь а, цхьаболучу динан Iилманчаша «мавсул» ду аьлла хIара, ткъа вукхара - «мурсал» ду аьлла).
1058. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шаьш ЛутIан къомо дина къа деш болучу нахана тIекхачахь - и деш верг а ве, и шена дойтуш верг а ве. Нагахь шаьш дийнаташца лелаш волучу стагана тIекхачахь - иза а ве, и дийнат а де» (ХIара хьадис Ахьмада, Абу Дауда, ат-Тирмизис, ан-Насаис, ибн Мажас далийна. Хьадис дийцинарш шайх теша хьакъ болуш белахь а, цуьнгахь цхьацца къаьстам бацарш ду).
1059. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (зина диначарна) шед (сара, гIаж) тухуш таIзар дора, махкара а бохура уьш. Абу Бакара а (АллахI реза хуьлда цунна) шед (сара, гIаж) тухуш таIзар дора, махкара а бохура. Iумара а (АллахI реза хуьлда цунна) шед (сара, гIаж) тухуш таIзар дора, махкара а бохура» (ХIара хьадис ат-Тирмизис далийна. Хьадис дийцинарш теша хьакъ белахь а, цхьаболучу динан Iилманчаша шен иснад (пайхамаре (АлдлахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) хьалакхочуш «марфуI» дерг ду аьлла хIара, ткъа вукхара - шен иснад асхьабана тIехь сецнарг «мавкъуф» ду аьлла).
1060. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) неIалт кхайкхийна: зударех дIатарлучу стегаршна а, иштта стегарех дIатарлучу зударшна а. (Оцу тIе) аьлла цо: «Шайн хIусамашкара аралелхабе уьш» (хIара хьадис ал-Бухарис далийна).
1061. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Бехке веш кхиэл ма е - нагахь шайна (бехке цаван) доккха бахьана карош делахь» (хIара хьадис ибн Мажас далийна, гIийла «даIиф» иснад а йолуш).
Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Бусалба нах бехке бен кхиэл ма е шайн ницкъ ма-кхоччу» (хIара хьадис ат-Тирмизис а, ал-Хьакима а далийна, гIийла «даIиф» иснад а йолуш).
Абу ТIалибан кIанта Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Нагахь шеконе кийтарлонаш* елахь - бехке вен кхиэл ма кхайкхае» (хIара хьадис ал-БайхIакъис далийна).
* леварехь бехказа хила йиш йолу бахьанаш а, шеконаш а хIиттинехь.
1062. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сийлахь-Везачу АллахIа дихкиначу хIокху вон гIуллакхех ларло. Нагахь царех цхьамма муьлхха а цхьаъ дахь - Сийлахь-Везачу АллахIа ша хьул ма-варра, Iора а ца вуьйлуш (гIар а ца вуьйлуш) дIатоьйла иза, Сийлахь-Везачу АллахIе тоба а дойла цо. Нагахь цхьамма ша дина къа вайна гучудаккхахь - доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Везачу а АллахIан Жайнахь ма дарра таIзар дийр ду вай цунна» (ХIара хьадис ал-Хьакима далийна. Оцу хьадисан «мурсал» йолу ривайат, «ал-МуваттIаъ» жайнахь Зайд ибн Аслама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла, Малика а далийна).