1041. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь стаг шен бахам ларбечу хенахь вийнехь - иза шахIид ву» (ХIара хьадис Абу Дауда, ат-Тирмизис, ан-Насаис далийна. Оцу тIе ат-Тирмизис бакъ «сахьихь» ду а аьлла хIара).
1042. Iимран ибн Хьусайна (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа ЯIла ибн Умаййа цхьана стагах леттера. ХIета, цаьршиннах цхьамма вукхунна цергаш йоьхкина. Ткъа вукхо, цуьнан багара шен куьг схьадаккха дагахь схьатоьхча, цуьнан хьалхара церг яьккхина. Цаьршимма шайн дов пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) даьккхина. Ткъа цо аьлла: «Вашас шен вешина цергаш йохка йиш ю, ткъа, эмкало санна?! ХIуманца (мехаца) меттахIоттор ца догIу шуна» (хIара хьадис ал-Бухарис а, Муслима а далийна, ткъа дIаяздар Муслимниг ду).
1043. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Абу ал-Къасима (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь хьан пурба а доцуш, цхьаъ (къайлах) хьоьга хьоьжуш хиллехь, ткъа ахьа, ласттийна тIулг а тоьхна, цуьнан бIаьрг баьккхинехь, - хьоьх хьаьрчаш цхьа а къа дац» (хIара хьадис ал-Бухарис а, Муслима а далийна, ткъа дIаяздар Муслимниг ду).
Ахьмадан а, ан-Насаин а ривайатехь иштта аьлла: «Оцу тIера цунна я мах а ца богIу, я бекхам а ца богIу» (ибн Хьиббана бакъ «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара).
1044. Ал-Барраъ ибн Iазиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дийнахь бошмийн Iуналла - бошмийн дайша дан дезаш ду. Буса хьайбанийн Iуналла - хьайбанаш долучара дан дезаш ду, хIунда аьлча уьш жоьпаллехь бу хьайбанаша буса мел диначух» (ХIара хьадис Ахьмада, Абу Дауда, ан-Насаис, ибн Мажас далийна. Ткъа Ибн Хьиббана бакъ «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара. Делахь а, хьадис дийцархойн зIенехь цакъастам бу).
1045. МуIаз ибн Жабална (АллахI реза хуьлда цунна) хезна - Ислам-дине а вирзина, цул тIаьхьа жуьгтийн дине ваьллачу стеган хьокъехь. (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) олуш: «И веллалц охьалахлур ма вац со. Иштта бу АллахIан а, Цуьнан элчанан а сацам!». (И ве аьлла) цо буьйр дира, ткъа и стаг вен а вийра (хIара хьадис ал-Бухарис а, Муслима а далийна).
Абу Даудан ривайатехь дийцина: «Веле хьалха, тоба а дай, Ислам-дине верза аьлла, некъ а кховдийра цуьнга».
1046. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь стага шен дин дIатасахь (я шен дин керстдахь) - ве иза» (хIара хьадис ал-Бухарис далийна).
1047. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цхьана бIаьрзечу стеган гIарбаш хилла, цунна дина бераш а долуш. Кест-кеста пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) сийдоцурш дуьйцуш а, цуьнан цIе емалъеш а хилла цо. (Оцу) къонахчо доьхкуш хилла цунна и, амма и (гIарбаш) юхаяла кхеташ ца хилла вонаш дийцарах. Цкъа цхьана буса, зIокберг схьа а эцна, и оцу зудчун гайх а гIортийна, тIевазвеллачу цо шен гIарбаш йийна. И гIуллакх пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дIахиъначу хенахь, цо аьлла: «Тешаш хилла хIуьттийла шу - ишттачу зудчун цIий Iанор магийна хиларна!» (ХIара хьадис Абу Дауда далийна. Хьадис дийцархой теша хьакъ бу).