1036. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Тхуна тIе герз айдинарг - тхоьх вац» (хIара хьадис ал-Бухарис а, Муслима а далийна).
1037. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь стаг, (бусалба нехан) урхалчина муьтIахь хиларах а воьхна, (бусалба нехан) юкъараллех а къаьстина, веллехь - оцу хьолехь нисделла долу цуьнан валар жехIалаллин заманашкарчу валарех тера ду» (хIара хьадис Муслима далийна).
1038. Умму Салама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Iаммар – харцонца (бакъ урхалчина) дуьхьал гIаьттиначу зуламечу тобано вуьйр волуш ву» (хIара хьадис Муслима далийна).
1039. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIай, Умм Iабдан кIант! Сийлахь-Везачу АллахIан хIокху умматах урхалче лацадугIучаьрца муха хила боху хууш вуй хьо?». Цо жоп делла: «АллахIна а, Цуьнан элчана а дикаха хаьа цуьнах дерг!». Цо аьлла: «Царех чевнаш хилларш - байъина дIабохуш бац, царех йийсаре бинарш - бойъуш бац, царех (тIеман майданара) бевддачарна - тIаьхьадевлла лелаш дац, церан бахам - боькъуш бац» (ХIара хьадис ал-Баззара а, ал-Хьакима а далийна. Цул сов тIаьхьарачо хIара хьадис бакъ «сахьихь» ду аьлла. Амма иза гIалатваьлла, хIунда аьлча и хьадис дийциначеран зIенехь цхьаъ Кавсар ибн Хьаким ву, ткъа иза тIеэца йиш йоцуш витина ву «матрук»).
* Цуьнах тера а долуш, шен иснад асхьабна тIехь сецна «мавкъуф» хьадис ибн Абу Шайбас а, ал-Хьакима а далийна, Iалий ибн Абу ТIалиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла.
1040. Iарфаж ибн Шурайхьа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Нагахь шу цхьана бертахь долучу хенахь, шуна юккъера, барт бохон лаам болуш, цхьаъ валахь - ве аша иза» (хIара хьадис Муслима далийна).
___________
(1) Урхалче ла ца дугIуш дуьхьал бевллачу зуламхойн цIе Iаьрбойн маттахь аьлча – «багIй» ю. «БагIа» аьлла, яханачу заманан хормехь аьлча, «зулам дина, харцонца гIиттина» боху маьIна долу цуьнан. Ткъа хIокху декъехь цуьнан чулацам иштта бу: уьш, бусалба нехан имамна, харц некъ а эцна, дуьхьал бевлла зуламхой бу. Имамна муьтIахь хуьлучара бевлча, имама дан дезарг иштта хир ду. Цхьа хьалха уьш нийсачу новкъа кхайкхар тIехь ду цунна. Нагахь царна хьалха, уьш кхета ца буьтуш, новкъарло еш, шеконе гIуллакхаш а, хаттарш а делахь, и шеконаш дIайохур ю цо церан, кхачам боллуш, нийсо гучуйоккхуш, шеко меттара цахилар цIенна дIагойтуш жоьпаш а луш. Нагахь цул тIаьхьа уьш, шаьш айдина и зулам а дитина, муьтIахь хиларе бухаберзахь - новкъарло йоцуш бита беза уьш. Нагахь и некъаш шайца лелийча а, шаьш гIаттийначу зуламах уьш юхабовлуш бацахь - хьехам бийр бу цо царна, тIом хьебийр бу цо цаьрга. ХIетте а, шаьш бохучунна уьш тIера ца бовлахь - тIом бийр бу цо цаьрца.