1034. Ансарех цхьамма (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тоьшаллина дуй баар (доха ца деш) дитира жехIалаллин заманашкахь ма-хиллара. (Меднара) масех ансархо шайн стаг верна жуьгтий бехке бан хIоьттиначу хенахь, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цаьрга омра дира: «Шаьш дуьйцург бакъхилар тIечIагIдеш тоьшаллина дуйнаш даа»» (хIара хьадис Муслима далийна: 1670).
1035. СахIл ибн Абу Хьасма (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, шен тайпанан къанойх цхьамма элира аьлла: «IабдуллахI ибн СахIл а, Мухьаййис ибн МасIуд а, шайна тIехIоьттина йолу цхьа хало бахьанехь, Хайбаре бахара. Цхьа хан яьлча вухавирзиначу Мухьаййис ибн МасIуда дийцира: IабдуллахI ибн СахIл вен а вийна, гIу чу кхоьссина, аьлла. ТIаккха, жуьгташна тIе а вахана, цо аьлла: «АллахIах чIагIо ма йо аса: аша ма вийна иза!». Цара аьлла: «АллахIах чIагIо ма йо оха: вийна ма вац оха иза!». ТIаккха Мухьаййис ибн МасIуд а, цуьнан ваша Хьуваййис а, Iабд ар-Рахьман ибн СахIл а АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIе вахара. Цигахь Мухьаййис хьалха къамел дан воьлча, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Воккха-воккханиг хьалха а хуьлуш, хила дист!» (Ханна воккхаха верг ву цо вуьйцург). Дуьххьара хиллачух лаьцна Хьуваййиса дийцира, ткъа цул тIаьхьа Мухьаййиса долийра шен къамел. ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Я шун вийначух мах такха безара бу цара, я тIом хьабан безара бу цаьрга». Цо оцу хьокъехь цаьрга кехат дахьийтича, цунна дуьхьал жоп яздира цара: «АллахIах чIагIо ма йо оха: вийна ма вац оха иза!». ТIаккха цо Хьуваййисе а, Мухьаййисе а, Iабд ар-Рахьмане а хаьттина: «Кийча дуй шу, дуй а биъна, шайн вийначух богIу мах схьаэца?». Цара жоп делла: «ХIан-хIа». Цо аьлла: «ХIета, жуьгташа дуй буур бу-кха шуна: шаьш бехке дац аьлла». Цара аьлла: «Ткъа уьш бусалба ма бацийца». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шеггара бIе эмкал барамехь мах текхира царна. СахIлас аьлла: «Оцу эмкалех цIечу (я хьаьрсачу) цхьана эмкало мийра ма туьйхира суна» (хIара хьадис ал-Бухарис а: 6898, Муслима а: 1669 далийна).