1023. Абу Бакр ибн Мухьаммад ибн Iамр ибн Хьазма дийцина, шен дас а, дендас а (АллахI реза хуьлда царна) дийцира аьлла: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Йеменарчу бахархошка яздина кехат дахьийтира. Оцу (кехатна тIехь) дара: «Нагахь цхьамма хуъушехь, харцонца бакъ динера (муъма) стаг вийнехь, оцу тIехь гайта тоьшалла а делахь, - иза чIирана вен вогIуш ву, нагахь шайн стаг вийначеран цуьнца кхечу кепара (некъ лелон) лаам ца хилахь. Вийначу стагана дуьхьал бIе эмкал мах бала богIу. Буьззина мах дIабала безаш бу: нагахь стеган (буха хIума а ца дуьссуш) берриге мара баьккхинехь, я балдаш даьхнехь, я стен-боьршаллин хIуманаш дIахединехь, я хIоаш даьхнехь, я букъсурт лазийнехь. Баьккхиначу цхьана когана дуьхьал ах мах богIу. Коьртана (хье чохь болучу меттигна тIе кхачайоллалц) кIорга чов ярна я дегIе юлуш чов ярна – (буьззиначу) механ кхоалгIа дакъа такха догIу. Ша йолучуьра даьIахк меттах а йоккхуш (йохош, отуш) коьртана чов ярна – пхийтта эмкал йогIу. ХIора баьккхиначу куьйган я коган пIелгана дуьхьал – итт-итта эмкал йогIу. Церг кагъярна я (йоха а ца еш, ата а ца отуш коьртан) даьIахкан (кIайла) гучуйоккхуш чов ярна – пхи эмкал йогIу. Зуда ерна дуьхьал стаг вен вогIу. Нагахь нахана (стаг верна токхуш болу) мах дешица дIабала лаахь - цара дала дезарг цхьа эзар динар ду» (ХIара дийцинарг – деххачу хьадисах цхьа дакъа ду. Ахьмада а, ан-Насаис а, ибн Хузайма а, ибн ал-Жаруда а, ибн Хьиббана а, иштта «ал-Марасил» жайнахь Абу Дауда а далийна хIара. Оцу тIе бусалба динан Iилманчийн цхьабарт ца хилла: и хьадис, бух болуш ду аьлла, къобалдарехь [ДаIиф ал-ЖамиI: 2333].
1024. Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ца хууш (адам) дерна такха богIу мах пхеа декъе боькъуш бу: кхо шо а кхаьчна (доьалгIачу шаре яьлла стен) ткъа эмкал, диъ шо а кхаьчна (пхоьалгIачу шаре яьлла стен) ткъа эмкал, шо а кхаьчна (шолгIачу шаре яьлла стен) ткъа эмкал, ши шо а кхаьчна (кхоалгIачу шаре яьлла стен) ткъа эмкал, ши шо а кхаьчна (кхоалгIачу шаре яьлла боьрша) ткъа эмкал» (хIара хьадис ад-ДаракъутIнис далийна).
Абу Даудан а, ат-Тирмизин а, ан-Насаин а, ибн Мажан а дIаяздарехь (ривайатехь): «шо а кхаьчна (шолгIачу шаре яьлла стен) ткъа эмкал» лур ю аьлла дийцина ду «ши шо а кхаьчна (кхоалгIачу шаре яьлла боьрша) ткъа эмкал» яла йогIу богIучу метта.
Делахь а, хьалхара хьадис дийциначеран зIе сов тешаме (чIогIа) ю [ДаIиф ал-ЖамиI: 4012].
Ибн Абу Шайбас а далийна оцу хьадисан кхин ривайат, шен иснад асхьабана тIехь сецна «мавкъуф» а долуш. Делахь а, иза шайн иснад (пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) хьалакхочуш «марфуI» долучу дерриге ривайател а сов бакъ (бух чIогIа болуш) ду.
Иштта Iамр ибн ШуIайба а дийцина, шен дас а, дендас а дийцира аьлла: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) омра дира: ца хууш (стаг) верна тIера ткъе итт кхо шо кхаьчна (стен) эмкал яларца, диъ шо кхаьчна ткъе итт (стен) эмкал яларца, шовзткъе пхи шо кхаьчна пхорйоьлла эмкал яларца» (хIара хьадис Абу Дауда а, ат-Тирмизис а далийна) [Сахьихь ал-ЖамиI: 6455].
1025. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлад цунна а, цуьнан дена а) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIна гергахь уггаре тилла (сонта, догвон, догъIаьржа) стаг кхоъ ву: АллахIан сийлахь-дезачу лаьтта тIехь (хьармахь) стаг вийнарг, шен гергараниг вийна воцу (куьг бехке воцу) стаг вийнарг, жехIалаллин заманашкахь шена дина хиллачу вонна дуьхьал бекхамна стаг вийнарг» (ХIара хьадис ибн Хьиббана далийна. Цо бакъ «сахьихь» хьадис ду а аьлла хIара) [Сахьихь ибн Хьиббан: 13/341]
1026. IабдуллахI ибн Iамр ибн ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шед тоьхна я гIаж тоьхна, ца хууш я ларамаза нисделлачу стаг верна богIу мах - бIе эмкал ю, царех шовзткъа пхора (яхка езаш) хила а еза» (ХIара хьадис Абу Дауда а, ан-Насаис а, ибн Мажас а далийна ду. Ткъа ибн Хьиббана бакъ «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара) [Сахьихь ал-ЖамиI: 2638].
1027. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIара ши пIелг цхьатерра бу» (цо буьйцурш - нана-пIелг а, цIаза-пIелг а бу) (хIара хьадис ал-Бухарис далийна: [6896].
Абу Дауда а, ат-Тирмизис а далийначу ривайатехь аьлла: «Дерриге пIелгийн мехаш цхьатерра ду. Ерриге цергийн мехаш цхьатерра ду. Хьалхарачу цергийн а, кхелийн а мехаш цхьатерра ду» [Сахьихь ал-ЖамиI: 2784].
Ткъа ибн Хьиббанан ривайатехь аьлла: «Шина куьйган а, шина коган а пIелгийн мехаш цхьатерра бу: хIора пIелгана дуьхьал итт-итта эмкал» [Сахьихь ал-ЖамиI: 3394].
1028. Iамр ибн ШуIайба дийцина, шен дас а, дендас а дийцира (АллахI реза хуьлда царна), АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь стаг лоьран говзалла (лоьран Iилма) а доцуш, лоьралла деш (лоьран болх беш) велахь, иза дIатакха декхарийлахь ву - нагахь цо цомгашниг вехь я цо и заьIапа вахь» (ХIара хьадис ад-ДаракъутIнис далийна, ткъа ал-Хьакима бакъ «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара. Иза иштта Абу Дауда а, ан-Насаис а, кхинболучу динан Iилманчаша а далийна. Делахь а, оцу хьадисан «мурсал» йолу ривайат чIогIоха ю цуьнан «мовсул» йолучу ривайатал а) [Сахьихь ал-ЖамиI: 4256].
1029. Iамр ибн ШуIайба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, шен дас а, дендас а дийцира, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIора даьIахк гучуйоккхуш* йиначу чевнна тIера пхи эмкал такха еза» (хIара хьадис Ахьмада а, Абу Дауда а, ат-Тирмизис а, ан-Насаис а, ибн Мажас а далийна).
* «Мавадихь» дешан цхьаллин терахь «мудихьа» ду, ткъа цуьнан маьIна – къаьсттина коьртана я юьхьана чов яр ду, чкъор а датIош, даьIахк гучу а йоккхуш, ва амма даьIахк йоха а ца еш.
Ахьмадан ривайатехь оцу тIе аьлла: «Дерриге пIелгаш цхьатерра ду. ХIора баьккхиначу пIелгана дуьхьал итт-итта эмкал такха еза» (ибн Хузайма а, ибн ал-Жаруда а бакъ «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара) [Сахьихь ал-ЖамиI: 4256].
1030. Iамр ибн ШуIайба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, шен дас а, дендас а дийцира, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Вийначу керстанна* тIера дIатакха безаш болу мах - вийначу бусалба стагана тIера луш болучух ах мах бу» (хIара хьадис Ахьмада а, Абу Дауда а, ат-Тирмизис а, ан-Насаис а, ибн Мажас а далийна) [Сахьихь ал-ЖамиI: 4015].
* «ОхIлуз-зимма» олуш болу керстанаш бу оцу хьадисехь буьйцуш берш. Ткъа уьш - бусалба нахаца барт а бина, бусалба нехан Iуналлехь, цара ларбеш лаьтташ болу керстанаш бу. Делахь а, шай керстаналлина тIехь буьссу уьш. Ткъа шайна дола дарна дуьхьал бусалба нахана жизйат а токху цара, бусалба нехан махкара динан бакъонаш а ларйо цара.
Ткъа Абу Даудан ривайатехь иштта аьлла ду: «Бусалба нахаца машаран барт бина волу керста** верна мах - паргIата (лай воцу) стаг верна богIучу механ ах мах бу».
** Оцу керстанах Iаьрбойн маттахь «ал-муIахIад» олу. «Ал-муIахIад» лоруш ву – бусалба нахана кхерамазалла а елла, цаьрца барт а бина, бусалба нехан махка веана волу керста. Ткъа иштта волу керста вер а хьарам дина Ислам-дино, иштта иза лай вар а, йийсаре вар а.
Ткъа ан-Насаин ривайатехь аьлла: «Зуда заьIапе ярна (зудчунна чов ярна) богIу мах - стаг заьIапе варна (стагана чов ярна) богIуш боллу мах бу, нагахь (мах) цуьнан буьззиначу механ кхоалгIачу декъал сов болуш бацахь» (ибн Хузайма бакъ «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара) [Сахьихь ал-ЖамиI: 3719].
1031. Iамр ибн ШуIайба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, шен дас а, дендас а дийцира, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ларамаза стаг верна дуьхьал богIу мах - хуъушехь стаг верна богIу мах санна бу. Амма ишттачу хьолехь (ларамаза стаг вийна) стаг вен вогIуш вац. Ткъа и дерриге шайтIано Iехорца дужуш ду, вовшашца хьагI а йоцуш, вовшашна дуьхьал герз айдина а боцуш болу нах вовшийн цIийш Iенорна тIехь карзахбохуш долучу» (ХIара хьадис ад-ДаракъутIнис далийна. Цо гIийла «заьIпа» хьадис ду а аьлла хIара) [Сахьихь ал-ЖамиI: 4016].
1032. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «АллахIан элчан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) заманахь цхьана стага кхиниг вийнера. Ткъа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), вийначух шийтта эзар дирхIам мах а хIоттийна, и дIатакха аьлла омра дира» (ХIара хьадис Абу Дауда а, ат-Тирмизис а, ан-Насаис а, ибн Мажас а далийна. Делахь а, ан-Насаис а, Абу Хьатима а бакъахьа дерг хьадис «мурсал» хилар ду аьлла) [ДаIиф, ал-Ирваъ: 2245].
1033. Абу Римса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа сайца цхьаьна сайн кIант а волуш, пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу ваханера со. Цо хаьттира: «Мила ву хIара?». Аса жоп делира: «Сан кIант ву хIара». Цо элира: «Боккъалаъ, цо диначу зуламах цкъа а ахьа жоп дала дезара дац, ахьа диначу зуламах жоп цо дала а дезара дац***» (ХIара хьадис Абу Дауда а, ан-Насаис а далийна. Ткъа ибн Хузайма а, ибн ал-Жаруда а бакъ «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара) [Сахьихь ал-ЖамиI: 1317].
*** Цуьнан чулацам хIокху кепара бу: ахьа диначу зуламна, хьан карах хиллачу вер-вакхарна чIир хьан кIантера леха йиш йолуш яц; хьан кIентан карах хиллачу бохамна а, зуламна а чIир хьоьгара леха а яц йиш. Куьг бехке волучуьнгара бен леха бакъо яц чIир а, бекхам эцар а. Цхьана а хьолехь бакъо йолуш дац - куьг бехке волучуьнан метта кхечунна тIе куьг дахьар.